СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Доклад «Беза хьо –Нана мохк»

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Доклад «Беза хьо –Нана мохк»»

Доклад «Беза хьо –Нана мохк»

Дай баьхна латта.

Хьоьца ду сан ирс а,

Ас мел йен ойла.

Хьан дуьхьа къахьега,

1ожал т1еиэца,

Ца луун долу к1ант

Дена ма войла!

Х1окху т1аьхьарчу шерашкахь нохчий иманах, оьздангаллех бохаран х1ун бахьана ду те?

Бахьана вай баккъал а иманехь ца хилар ду.

Делах, къематдийнах тешаш, кхоьруш а, нехан не1алтах кхоьруш, бусалба динехь нисвелла стаг галвоккхур вац дуьненан бахамо, хьоло,къелло,мацалло, цхана а халонаша а.

Дала а, пайхамара а бусалба адамашна т1едехкина декхарш вай кхочушдеш цахилар гучудолу, уггаре а хьалха, вайн доьзалийн йукъаметтигашкахь.





Муьлхха а къам доьзалех кхоллало. Доьзалш- къоман бух,орамаш, цо мутт оьцу хьоста ду. Доьзал ша къастийча, иза жима къам ду. Цундела, къоман иман, сий, хьекъал, кхетам, могашалла а - ша дерриге а, х1ораммо а, шен доьзал, муха кхолларх, иманехь кхетош-кхиорах дозуш хуьлу. Ткъа оцу доьзалан иманан оьздангаллин г1аролехь лаьттарг зуда, нана йу.

Бераш иманехь кхиорехь коьрта меттиг д1алоцу зудчо, нанас. Адаман уггар хьалхара хьехархо нана йу.

Цо 1амадо бер хьалхара дош ала,бохамах лардала, диканиг, вониг къасто къинхетаме хила ,нанас хьоьху берана оьзда г1иллакхаш.

Муьлхха а къам, пачхьалкх а беа б1ог1амна т1ехь лаьтта - дешаран, могашаллин, культуран, экономикан а. Царех коьртаниг дешар ду. Дешар – къоман хьекъалан, кхетаман, культуран, хьолан а хьоста ду. Т1екхуьучу х1ора т1аьхьено 1илма ца 1амийча, цунна ца хаьа шен къоман д1адахнарг, дуьненахь хилларг, долуш дерг, шен къоман т1ехиндерг

муха кхолла деза а.

Дешар ца дешча къоман 1илманчаш, белхан говзанчаш, лоьраш, хьехархой, экономисташ ца кхуьу. Лоьраш ца хилча, къоман могашалла ца ларло. 1илманчаш ца хилча къоман мотт, истори, культура ларлур йац, экономика кхиалур йац.

Дешар ца 1амийча, къам кхетамна б1аьрзе дуьсу.

А. Айдамиров. «Вайн амалш».










Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!