СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Довзийтаран кехат 6-11 классаш

Категория: ОРКиСЭ

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Довзийтаран кехат 6-11 классаш»



Довзийтаран кехат

6 класс

Вайнехан г1иллакх-оьздангалла хьехаран урокашкахь сан коьрта 1алашо ю нохчийн къоман г1иллакхаш, оьздангаллин барамаш дешархошна бовзийтар а, къоман г1иллакхехь къона т1аьхье кхиор а.

Цу 1алашоне кхача аса 5-чу классера дуьйна 11-чу классе кхаччалц д1ахьо бераш кхетош-кхиорехь беш болу болх.

Х1ора классехь вайнехан г1иллакх-оьздангалла хьеха билгалдина 18 сахьт ду. Уьш хьехар д1адоладо дешаран ах шо д1адаьлча, 3-4-чу чийрикашкахь.

6-чу классашкахь аса берашна довзуьйту ц1ахь лелон хьайбанаш а, церан доладар а; борз а, цунах лаьцна халкъан дийцарш а; нохчийн халкъан дезденош а, церан оьздангаллин маь1на а; п1ерасканан де а, цуьнан дозалла а; марха досту де а, цуьнан дозалла а; г1урбанан денош; Мохьаммад пайхамар вина де а, бутт а; дуьйцу муха хила еза акхарошца йолу юкъаметтигаш; къоршкъури яккхар а, цуьнан исторически чулацам а.

Цу урокашкахь аса тидаме оьцу муха г1иллакхаш лардеш хилла хьалха заманахь, дусту уьш таханлерачу денца, ткъа иштта йовзуьйту царна юкъара башхалла. Заманца хийцаделлачу х1уманашца хийцаделла г1иллакхаш билгалдоху; цу хийцамашкахь г1иллакхаш муха лело деза довзуьйту.

6-чу классехь дешаран ах шо чекхдолуш, берашна хаа деза: чохь садолчу 1аламца адамийн хила еза юкъаметтигаш; нохчийн халкъан дезденош, церан оьздангаллин маь1на а; п1ерасканан де а, цуьнан дозалла а; марха досту де а, цуьнан дозалла а; г1урбанан денош; ц1ахь лелочу хьайбанашца, акхарошца цолу юкъаметтигаш, уьш лардар а, царна таллар а; къоршкъури яккхар а, цуьнан исторически чулацам а.























Довзийтаран кехат

7 класс

Вайнехан г1иллакх-оьздангалла хьехаран урокашкахь сан коьрта 1алашо ю нохчийн къоман г1иллакхаш, оьздангаллин барамаш дешархошна бовзийтар а, къоман г1иллакхехь къона т1аьхье кхиор а.

Цу 1алашоне кхача аса 5-чу классера дуьйна 11-чу классе кхаччалц д1ахьо бераш кхетош-кхиорехь беш болу болх.

Х1ора классехь вайнехан г1иллакх-оьздангалла хьеха билгалдина 18 сахьт ду. Уьш хьехар д1адоладо дешаран ах шо д1адаьлча, 3-4-чу чийрикашкахь.

7-чу классашкахь аса берашна йовзуьйту коьртачу декъана нохчийн г1иллакх-оьздангаллин коьрта мехаллаш: стеган сий, собар, майралла, сонталла, яхь, хьаг1, къинхетам, къизалла, комаьршалла, б1аьрмецигалла, тешам, тешнабехк; ткъа иштта дийцаре до ламаз дар Дала т1едиллинчу парзех коьртаниг хилар.

Цу урокашкахь аса тидаме оьцу муха г1иллакхаш лардеш хилла хьалха заманахь, дусту уьш таханлерачу денца, ткъа иштта йовзуьйту царна юкъара башхалла. Заманца хийцаделлачу х1уманашца хийцаделла г1иллакхаш билгалдоху; цу хийцамашкахь г1иллакхаш муха лело деза довзуьйту.

7-чу классехь дешаран ах шо чекхдолуш, берашна хаа а, довза а деза: нохчийн г1иллакх-оьздангаллин коьрта мехаллаш: адаман дахаран мах; бехке воцу стаг вийча, хуьлуш долу къа а, дог1у та1зар а; сий, собар, майралла, сонталла, яхь, хьаг1, къинхетам, къизалла, комаьршалла, кхоаме хилар, б1аьрмецигалла, тешам, тешнабехк; берана мотт 1амарца 1амо дезарг; мацах хиллачух масал эцар; ламаз дар – Дала т1едиллинчу парзех коьртаниг хилар.























Довзийтаран кехат


8 класс


Вайнехан г1иллакх-оьздангалла хьехаран урокашкахь сан коьрта 1алашо ю нохчийн къоман г1иллакхаш, оьздангаллин барамаш дешархошна бовзийтар а, къоман г1иллакхехь къона т1аьхье кхиор а.

Цу 1алашоне кхача аса 5-чу классера дуьйна 11-чу классе кхаччалц д1ахьо бераш кхетош-кхиорехь беш болу болх.

Х1ора классехь вайнехан г1иллакх-оьздангалла хьеха билгалдина 18 сахьт ду. Уьш хьехар д1адоладо дешаран ах шо д1адаьлча, 3-4-чу чийрикашкахь.

8-чу классашкахь аса берашна довзуьйту адамо ша – шеца, чохь, арахь, новкъахь, баккхийчаьрца, кегийчаьрца лело деза г1иллакхаш; ткъа иштта коьрта х1ума тилларан маь1на; стеган духарца хила еза ц1еналла; диканехь, вуонехь лело деза г1иллакхаш иштта д1а кхин а. Цу урокашкахь аса тидаме оьцу муха г1иллакхаш лардеш хилла хьалха заманахь, дусту уьш таханлерачу денца, ткъа иштта йовзуьйту царна юкъара башхалла. Заманца хийцаделлачу х1уманашца хийцаделла г1иллакхаш билгалдоху; цу хийцамашкахь г1иллакхаш муха лело деза довзуьйту.

8-чу классехь дешаран ах шо чекхдолуш, берашна хаа деза: адамо ша-шеца, чохь, арахь, новкъахь, баккхийчаьрца, кегийчаьрца лело деза г1иллакхаш: стеган духарца хила еза ц1еналла; коьрта х1ума тилларан маь1на; диканехь, вуонехь лело деза г1иллакхаш; т1екаре-чукаре; хьаша т1еэцар; меттан оьздангалла; заманца вайнехан духарш хийцадалар; нахе вистхиларан кепаш; нохчийн г1ишлош яран ламасташ.























Довзийтаран кехат


9 класс


Вайнехан г1иллакх-оьздангалла хьехаран урокашкахь сан коьрта 1алашо ю нохчийн къоман г1иллакхаш, оьздангаллин барамаш дешархошна бовзийтар а, къоман г1иллакхехь къона т1аьхье кхиор а.

Цу 1алашоне кхача аса 5-чу классера дуьйна 11-чу классе кхаччалц д1ахьо бераш кхетош-кхиорехь беш болу болх.

Х1ора классехь вайнехан г1иллакх-оьздангалла хьеха билгалдина 18 сахьт ду. Уьш хьехар д1адоладо дешаран ах шо д1адаьлча, 3-4-чу чийрикашкахь.

9-чу классашкахь аса берашна довзуьйту баккхийчеран мог1аре х1оттар а, цуьнца доьзна стагана т1едужу декхарш а: Бер дуьненчу далар а, цунна ц1е тиллар а; нанас беран де 1уналла; стеган 15 шо кхачарца бералла д1аерзар; к1анта, йо1а шайн хиндолчу дахарна кечам бар; гергарло таса луучу нехан бух таллар; стунцахошца, марзахошца лело деза г1иллакхаш; стага ша-шеха жоп дала дезар; боввалар-ша кхоьллинчу доьзалх долу жоьпалла шена т1елацар. Цу урокашкахь аса тидаме оьцу муха г1иллакхаш лардеш хилла хьалха заманахь, дусту уьш таханлерачу денца, ткъа иштта йовзуьйту царна юкъара башхалла. Заманца хийцаделлачу х1уманашца хийцаделла г1иллакхаш билгалдоху; цу хийцамашкахь г1иллакхаш муха лело деза довзуьйту.

9-чу классехь дешаран ах шо чекхдолуш, берашна хаа деза: нанас беран дечу 1уналлах лаьцна; бер дуьненчу даларх, цунна ц1е тилларх лаьцна; к1анта, йо1а шайн хиндолчу дахарна кечам барх лаьцна; марзахошца, стунцахошца лело дезачу г1иллакхех лаьцна; боввалар-ша кхоьллинчу доьзалх долу жоьпалла шена т1елацарх лаьцна а.






















Довзийтаран кехат


10 класс


Вайнехан г1иллакх-оьздангалла хьехаран урокашкахь сан коьрта 1алашо ю нохчийн къоман г1иллакхаш, оьздангаллин барамаш дешархошна бовзийтар а, къоман г1иллакхехь къона т1аьхье кхиор а.

Цу 1алашоне кхача аса 5-чу классера дуьйна 11-чу классе кхаччалц д1ахьо бераш кхетош-кхиорехь беш болу болх.

Х1ора классехь вайнехан г1иллакх-оьздангалла хьеха билгалдина 18 сахьт ду. Уьш хьехар д1адоладо дешаран ах шо д1адаьлча, 3-4-чу чийрикашкахь.

10-чу классашкахь аса берашна довзуьйту нохчийн г1иллакх-оьздангаллин коьрта мехаллех лаьцна: стеган сий; нийсо; адамалла; къинхетам; комаьршалла; яхь; эхь-бехк; декхар; маршо; къонахалла; доттаг1алла; майралла; собар;ткъа иштта оьздангалла кхоллаяларх лаьцна; доьзалехь ден-ненан меттигах лаьцна; ворх1е да ларар а, царна хьалжа долу жоьпаллех лаьцна; оьздангалле хьаьжна нехан бекъабаларх лаьцна. Цу урокашкахь аса тидаме оьцу муха г1иллакхаш лардеш хилла хьалха заманахь, дусту уьш таханлерачу денца, ткъа иштта йовзуьйту царна юкъара башхалла. Заманца хийцаделлачу х1уманашца хийцаделла г1иллакхаш билгалдоху; цу хийцамашкахь г1иллакхаш муха лело деза довзуьйту.

10-чу классехь дешаран ах шо чекхдолуш, берашна хаа деза: нохчийн къоман оьздангаллин коьртачу мехаллех лаьцна: стеган дахар а, оьздангаллин мах а; стеган сий, нийсо; адамалла, къинхетам, комаьршалла; яхь; эхь-бехк, декхар; маршо; къонахалла, майралла, доттаг1алла; собар; ткъа иштта довза деза стага шен дег1аца лело деза г1иллакхаш; оьздангалле хьаьжжина, нехан бекъабалар.





















Довзийтаран кехат


11 класс


Вайнехан г1иллакх-оьздангалла хьехаран урокашкахь сан коьрта 1алашо ю нохчийн къоман г1иллакхаш, оьздангаллин барамаш дешархошна бовзийтар а, къоман г1иллакхехь къона т1аьхье кхиор а.

Цу 1алашоне кхача аса 5-чу классера дуьйна 11-чу классе кхаччалц д1ахьо бераш кхетош-кхиорехь беш болу болх.

Х1ора классехь вайнехан г1иллакх-оьздангалла хьеха билгалдина 18 сахьт ду. Уьш хьехар д1адоладо дешаран ах шо д1адаьлча, 3-4-чу чийрикашкахь.

11-чу классашкахь аса берашна довзуьйту: нохчийн доьзалан д1ах1оттам; ворх1е да вовзар-х1у ц1ена хилар; арахьара чудеана хийра г1иллакхаш, 1адаташ, ламасташ; ненахой, стунцахой лераран г1иллакхаш; мехкан кхел;оьздангаллехь заманца хийцалург а, хийцадала йиш йоцург а; дег1ана зуламе долу х1умнаш иштта д1а кхин а. Цу урокашкахь аса тидаме оьцу муха г1иллакхаш лардеш хилла хьалха заманахь, дусту уьш таханлерачу денца, ткъа иштта йовзуьйту царна юкъара башхалла. Заманца хийцаделлачу х1уманашца хийцаделла г1иллакхаш билгалдоху; цу хийцамашкахь г1иллакхаш муха лело деза довзуьйту.

11-чу классехь дешаран ах шо чекхдолуш, берашна хаа деза: нохчийн доьзалан д1ах1оттам; ворх1е да вовзар-х1у ц1ена хилар; мехкан кхел; арахьара чудеана хийра г1иллакхаш, 1адаташ, ламасташ; оьздангаллехь заманца хийцалург а, хийцадала йиш йоцург а; дег1ана зуламе долу х1умнаш; къола дар, саг1а дехар-эхье, хьараме х1умнаш; нехан сакхташ дийцар, харцо кхоллар къилахь хилар иштта д1а кхин а.




Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!