СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Фонд оценочных средств по родному (чеченскому) языку 1-4

Нажмите, чтобы узнать подробности

Фонд оценочных средств по родному (чеченскому) языку 1-4

Просмотр содержимого документа
«Фонд оценочных средств по родному (чеченскому) языку 1-4»

Нохчийн мотт

ЙУЬХЬАНЦАРЧУ ШКОЛЕХЬ НОХЧИЙН МОТТ 1АМОРАН ПРЕДМЕТНИ ЖАМ1АШ:

-ладог1а хууш хилар: дуьйцучун чулацамах а кхеташ, къамел хазаран хьесапехь т1елацар;

- нохчийн меттан фонетически система йевзаш хила йезар: мукъа а, мукъаза а элпаш а, аьзнаш а къасто, дешнаш дакъошка декъа а, аьзнаш ала а хууш хилар;

-шен меттан доцу (т1еэцначу дешнашкахь бен ца лела) аьзнаш а, аьзнийн цхьаьнакхетарш а довза а, нийса схьаала а хууш хилар;

- дешнаш, церан грамматически форманаш а йевзаш, уьш муха кхоллаелла а, царах предложенеш вовшахтаса а, къамелехь пайда эца а хууш хилар;

-нийсайаздаран бакъонаш йевзаш хилар: доккха элп, дешдакъошца дош сехьадаккхар, сацаран хьаьркаш;

-карадирзинчу хаарех дешаран а, вовшашца йолчу йукъаметтигашкахь а пайда эца хууш хила везар: диалог д1аяхьа, хаттаршна жоьпаш дала, йевзаш йолчу лексикин бараме хьаьжжина, шегара хаттарш х1итто, текст йуьхасхьайийца, суьрташка хьовсуш предложенеш, тайп-тайпанчу теманашна билгалйинчу тематически кепашца йоцца монологически тексташ х1итто хууш хилар (чолхе доцу суртх1оттор, дийцар, ойлайар);

-хезаш а, шен дагахь а, къастош а йеша къаьстина предложенеш а, тексташ а цхьаьна, хууш хилар;

-текст дакъошка йекъа а, царна ц1ерш тахка а, план х1отто а, т1едахкарш т1едуза а, т1еяздан а, х1уманийн, суьртан куц-кеп довзийта а хууш хилар;

-мотт къоман культурин цхьа дакъа а, уьйран г1ирс а, пачхьалкхан мотт а хиларх кхеташ хилар.

ЙУКЪАРАДЕШАРАН ЙУЬХЬАНЦАРЧУ ДЕШАРАН НОХЧИЙН МЕТТАН ПРЕДМЕТАН ЧУЛАЦАМ

Программехь «Нохчийн мотт» предметан чулацам билгалбина дешаран декъан т1ег1анашка хьаьжжина. 2-4 -чуй классашкахь цхьаьнадог1уш (комплексно) къамел кхиор, грамматикин а, орфографин а пропедевтически курс.

«Нохчийн мотт» дешаран низамехула мах хадоран

г1ирсийн паспорт.


Рог1.

Дакъа

Мах хадоран г1ирсан ц1е

2 класс

1.

1амийнарг карладаккхар.

Талламан диктант «Гуьйре».

2.

Аьзнаш а, элпаш а.

Талламан болх «Школан беш».

3

Аьзнаш а, элпаш а.

Изложени «Комарийн дитт».

4

Дош а, предложени а.

Талламан болх «Лийчаэхар»

5.

Дош а, предложени а.

Талламан болх «Б1аьсте схьакхачар».


6.

1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар.

Талламан диктант «Хьуьнхахь»


3 класс

1

1амийнарг карладаккхар.

Талламан диктант «Г1арг1улеш».

2.

Аьзнаш а, элпаш а.

Талламан болх «Бошмийн доттаг1ий»

3.

Аьзнаш а, элпаш а.

Изложени «Буьрканах ловзар».

4.

Дешан х1оттам.

Талламан болх «Тхан школа».

5.

Къамелан дакъош.

Сочинени «Сан нана».

6.

Къамелан дакъош.

Талламан болх «Олхазаршна баннаш»

7.

1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар.

Талламан болх «Хасбешахь»


4 класс

1.

1амийнарг карладаккхар.

Талламан диктант «Шовда».

2.

Къамелан дакъош.

Талламан болх «Лар толу ж1аьла»

3.

Къамелан дакъош.

Изложени «Шеран заманаш».

4.

Чолхе предложени.

Талламан болх «Доттаг1ий»

5.

Т1едерзар.

Талламан болх «Воккха стаг»

6.

Шеран жам1.

Талламан болх «Шовданийн боьра»



«Нохчийн мотт» дешаран низамехула мах хадоран

г1ирсийн фонд.

2 класс.

  1. 1амийнарг карладаккхар. Талламан диктант «Гуьйре».

Диттийн г1аш мажделла. Денош дацлуш ду. Олхазарш бовхачу махка д1аоьху. Арара йалташ чудерзийна. Дешархой деша буьйлабелла.


Грамматически т1едиллар:

1 вариант- мукъачу шалхачу элпашна буха сиз хьакхар;

2 вариант- мукъазчу шалхачу элпашна буха сиз хьакхар.


  1. Хьалхарчу чийрикан жам1даран талламан болх «Школан беш».

Школан беш.

Школан йоккха беш йу. Дукха дитташ ду бешахь. Дешархоша белхаш бо бешахь. Цара дика 1алашйо иза. Цундела дитташ т1е стоьмаш а латабо.

Грамматически т1едиллар:

1 вариант- дакъошка декъа дош дешархоша;

2 вариант - дакъошка декъа дош 1алашйо.

  1. Изложени «Комарийн дитт».

Тхан кертахь комарийн дитт ду. Со цунна т1евалало. Ас га дегийча, комарш дитта к1ел охьаоьгу. Нанас, йишас шаршу а лоций, царна а эгайо ас комарш. Тхан дитта т1ера комарш ч1ог1а мерза йу.

  1. Шолг1ачу чийрикан жам1даран талламан болх «Лийчаэхар»

Лийчаэхар.

Аьхка йовхачу хенахь тхо х1ора дийнахь доьлху хи т1е. Лийча дика айма йолуш меттиг хаьа тхуна. Лекха боцчу берда т1ера чукхийсало тхо. Хи т1ехула некадеш, йуьйсина буьрка санна, лела тхо. Хаза хуьлу аьхка луьйчуш!

Грамматически т1едиллар:

-Схьайазде шиъ шалха мукъаза элп долу дош.



  1. Кхоалг1ачу чийрикан жам1даран талламан болх «Б1аьсте схьакхачар».



Б1аьсте схьакхачар.

Б1аьстей, 1ай къовсаделла. Шен меттиг д1айоьхура б1аьстено. Дуьхьалделира 1а. Схьахьаьжира бовха малх. Дилхира 1а, охьадуьйладелира ладарш. Д1алецира б1аьстено шен меттиг. Зезагашца аренаш къарзйира хазахеттачу б1аьстено.

Грамматически т1едиллар:

-Схьайазде х1ума билгалйен дешнаш.

  1. Шеран жам1даран талламан болх «Хьуьнхахь».

Хьуьнхахь.

Ц1ена ду хьуьнхара х1аваъ. Абу хьуьнха талла воьду. Ж1аьла а дуьгу цо шеца. Хьун тийна хета. Амма хьуьнхахь кхехкаш дахар хуьлу. Цхьанхьа тебна цхьогал доьду, кхечанхьа хьуьнан к1оргехь генаш кегдеш лела партала ча.

Грамматически т1едиллар:

Предложенешкахь буха сиз хьакха:

1 вариант - х1уманийн дар билгалден дешнашна;

2 вариант - х1уманийн билгало гойту дешнашна.



«Нохчийн мотт» дешаран низамехула мах хадоран

г1ирсийн фонд.

3 класс.


  1. 1амийнарг карладаккхар. Талламан диктант «Г1арг1улеш».

Хаза хуьлу гурахь г1арг1улеш йоьлхуш. Кхо са бой йоьлху уьш лакха стигалхула. Церан маьхьарий хеза лаьттахь. Дехха лаьтта адамаш царна т1аьхьахьоьжуш. Г1арг1улеш бовхачу махка д1айахар – гуьйре йоларан билгало йу.

Грамматически т1едиллар:

1 вариант – хьалхарчу предложенехь х1ума билгалъен дош лаха;

2 вариант – шолг1ачу предложенехь х1ума билгалъен дош лаха.

  1. Хьалхарчу чийрикан жам1даран талламан болх «Бошмийн доттаг1ий».

Бошмийн доттаг1ий.

Дитта т1ехь д1атоьхна бен бу. Цу чохь олхазарш деха. Олхазарш бошмийн доттаг1ий дуйла хаьа суна. Ас уьш къехка ца до. Цундела тхан дитташ т1е стоьмаш дуккха а латабо.


Грамматически т1едилларш.

1. Шолг1а предложени меженашца талла.

2. Сехьадаха ма-деззара декъа а доькъуш, д1айазде дешнаш: дитта, доттаг1ий, тхан, къехка, дукха.



  1. Изложени «Буьрканах ловзар».

Байн мох а хьоькхуш, хаза де дара. Бераш бай т1е ловза дахара. Бакаран буьрка а йаьхьира цара. Бераш футболах левзира. Школе даха хан хуьлуш, Бакаран вашас д1айаьхьира буьрка. Бераш ц1а дахара. Делкъанна х1ума а йиъна, школе дахара бераш. Школан керта уьш кхоччуш горгали бийкира.

  1. Шолг1ачу чийрикан жам1даран талламан болх «Тхан школа»

Тхан школа.

Тхан школа ломана йуххехь йу. Тхан школан йоккха беш йу. Дика 1алаш йо иза школо. Тхан школаца йоьхье йаьлла лулара школа. Оха тхешан школах дозалла до. Со школе т1аьхьа ца вуьсу цкъа а. Тхан школал хаза школа йац тхан йоккхачу йуьртахь.

Грамматически т1едилларш.

1. Кхоалг1ачу предложенехь коьрта меженашна к1ел сиз хьакха.

2. Шайн билгалонашца гайта цхьа орам болчу дешнийн орам а, чаккхе а: школа, школан, школо, школаца, школах, школе, школал.

  1. Кхоалг1ачу чийрикан жам1дара талламан болх «Олхазаршна баннаш».



Олхазаршна баннаш.

Бовхачу махка д1адахана олхазарш б1аьсте йаьлча йухадог1у. Аннийн кескех царна баннаш до бераша. Т1аккха дитташ т1ехь уьш д1ач1аг1до. Олхазарш бошмийн доттаг1ий ду. Дитташ талхошйолу са долу х1уманаш йуу цара. Олхазарш бошмашкара лелхо мегар дац. Уьш, мелхо а, т1ек1адо х1ума дан деза.

Грамматически т1едилларш.

  1. Хьалхарчу предложенехь билгалъйаха коьрта меженаш.

  2. Дешнийн х1оттам къастабе

1-ра вариант: таллархо, д1адеша, урамаш

2-г1а вариант: йаздархо, схьакхечи, къоламца.

  1. Дешнаш дуккхаллин терахье даха: олхазар, зезаг, адам, тоьрмиг, аре.



  1. Шеран жам1даран талламан болх «Хасбешахь».

Хасбеш.

Хасбеша дахара бераш. Цигахь белхаш бира цара. Цхьаболчара хасстоьмашна асар дира, вукхара хи диллира. Дукха хасстоьмаш гулбийр бу хасбешара. Цигахь йийна дика кхуьуш йу копастанаш а, ж1онкаш а, наьрсаш а. Муьлхачу хасстоьмана хи маца дилла деза а, молханаш муьлханаш тохадеза а хьоьху агрономо берашна.

Грамматически т1едилларш.

1. Хьалхарчу предложенехь билгалъйаха коьрта меженаш, дешнашна т1ехула къамелан дакъош билгалдаха.


2.Текста йукъара схьайазде цхьаллин а, дуккхаллин а терахьера кхоккха дош.



3.Сехьадаха ма-деззара декъа а доькъуш, д1айазде дешнаш: йийна, асар, хасстоьмаш, дукха, диллира.










«Нохчийн мотт» дешаран низамехула мах хадоран

г1ирсийн фонд.

4 класс.


  1. 1амийнарг карладаккхар. Талламан диктант «Шовда».

Тхуна гена доцуш шовда ду. Шовданан хи шийла хуьлу. Тхан йуьртахоша мала цигара хи кхоьхьу. Баккхийчу наха шовданан го тобеш белхаш бо. Оха, бераша, лардо шовда бехдарх. Хи ц1ена хилча, цамгарш йевр йац. Иза тхуна школехь а хьоьху.

Шовданна чу хьаьжча, бухара г1ум а, кегий т1улгаш а гуш хуьлу. Сирла ду шовданан хи.

Грамматически т1едилларш:

1 вариант- хьалхарчу предложенехь коьрта меженаш къастайар;

  1. вариант – шолг1ачу предложенехь коьрта меженаш къастайар.



  1. Хьалхарчу чийрикан жам1даран талламан болх «Лар толу ж1аьла».

Лар толу ж1аьла.

Сан вашас Х1арона к1еза деара. Оха цунна ц1е тиллира Тарзан аьлла. Соьца гуттар а ловзуш хуьлура к1еза. Хи т1е лийча со воьдуш хилча, т1аьхьах1уттура иза.

Д1аоьхура хан. Тарзан доккха хилира. Цуьнан лергаш ира, дог1аделла дара. Иза лар толу ж1аьла хиллера. Х1арона кест-кеста хьунхахь талла дуьгура Тарзан. Х1инца, доккха а хилла, соьца к1езиг ловзу иза.


Грамматически т1едилларш:

1) Билгалдаха къамелан дакъош хьалхарчу предложенехь.

2) Дешдакъошца декъа дешнаш: цунна, доккха, т1аьхьах1уттура


  1. Шолг1ачу чийрикан жам1даран талламан болх «Доттаг1алла».

Доттаг1алла


Доттаг1 воцуш стаг мегар вац. Доттаг1 воцу стаг, т1ам боцу олхазар санна, ву. Доттаг1чунна тешаме хила веза. Доттаг1алла даггара лело деза. Доттаг1чух дагаволуш хила веза. Доттаг1чунна т1е хало йеана меттиг а 1оттайелла доттаг1 дешарна т1аьхьависча, цунна г1о дан деза. Иштта хилчий бен хьох бакъволу доттаг1 а хир вац.


Грамматически т1едилларш:


  1. Кхоалг1а предложени къамелан дакъошца талла.

  2. Цхьаорам болу дешнаш билгалдахий, т1ехула дожарш х1иттаде.

  1. Кхоалг1ачу чийрикан жам1даран талламан болх

«Воккха стаг».

Воккха стаг

Х1ора 1уьйранна вог1ура воккха стаг акхаройх а, олхазарех а дерш 1амочу ц1а чу. Мунданаш тойеш йа керланаш йеш хуьлура иза цу чохь. Оцу 1уьйранна а ша йан йолийначу акхачу бедан мунда, хьаькхна, шардеш кечдинчу жимачу уьн т1ехь д1а а ч1аг1йина, ша йаржийна нехаш, нуй хьаькхна, гул а йина, тускар чу тийсира цо.

Грамматически т1едилларш:


  1. Хьалхара предложении къамелан дакъошца талла.

  2. Массо предложенийн йукъара ц1ерметдешнаш билгалдаха.


5.Шеран жам1даран талламан болх «Шовданийн боьра».


Шовданийн боьра.


Дуккха шовданаш долуш бара х1ара боьра. Кегийра, ц1ена г1ум ловзош хьалакхуьйсура ша санна шийла, сирла шовданаш. Кхуза оьхура Малх-Арера мехкарий хит1а. Кхузахь малхчубузуш цхьанакхетара уьш кегийчу нахаца.

Кхузахь дара уггар доккха шовда а, йуххехь коьллаш а, жима д1анехьа хьун а йолуш.

Зама маьрша йацара,ткъа шовданийн боьра йуьртана йуьстахо бара. Цундела наноша ца магадора цига хит1а эхар.

Грамматически т1едилларш:


  1. Шолг1а предложении къамелан дакъошца талла.

  2. Цхьаорам болу дош схьалаха, уьш муьлхачу дожарехь ду билгалдаха.


I-IV классийн дешархойн ненан маттах долчу хаарийн

х1итточу оценкийн барамаш.



  1. II-IV классашкахь йечу талламан диктантийн мах хадор.


1. Диктантехь орфографически а, пунктуационни а гӀалаташ къаьст-къаьстина лору, оценка йукъара йуьллу.

  1. Диктантана «5» дуьллу, нагахь цхьа а орфографически гӀалат дацахь йа цхьаннал сов пунктуационни гӀалат ца хилахь.

  2. «4» дуьллу, кхааннал сов орфографически а, щиннал сов пунктуационни а гӀалат ца хилахь (йа шиъ орфографичсски, кхоъ пунктуационни гӀалат хилахь).

  3. «3» дуьллу, йалханнал сов орфографически а, пхеаннал сов пунктуационни а гӀалат ца хилахь (йа 5 орфографически, 5 пунктуационни гӀалаташ хилахь).

  4. «2» дуьллу, иттаннал сов орфографически а, пхеаннал сов пунктуационни а (йа бархӀаннал сов орфографически а, ворхӀаннал сов пунктуационни а) гӀалаташ ца хилахь.

Дсшархочун балха тӀехь гӀалат лара деза, орфографически

а, пунктуационни а, муьлхха а бакъо талхош, диктант йазъйале оццу классехь йа цул лахарчу классашкахь Ӏамийнчух иза хилахь. Нагахь санна талламан диктантехь 5 ша дина нисдарш хилахь (нийса цайаздинарг нийсачуьнца хийцина) оценка цхьана баллана лаг1йо, иштта оценка «5» ца дуьллу, диктантехь 3 йа цул сов нисдарш хилча.


Оценка йуьллуш, ца лоруш дуьту:

  1. Программехь йоцу йа Ӏамийна йоцу орфографически а, пунктуационини а бакъонаш талхош долу гӀалаташ/

  2. Тилкхаздаьлла гӀалат (описка) лору, масала, белхало хила дезачохь белхано йаздинехь, Ӏуьйре хила дезачохь Ӏуьйле йаздинехь.

  3. Нохчийн маттахь зевне мукъаза й (йот) яздар, масала: йоза хила дезачохь йеза йаздахь, йаздахь.

  4. Дешнашкахь дифтонгаш йазъйар: къега- къиэга, терса- тиэрса, оза-уоза, йеха - йиэха, и. дӀ. кх. а.

  5. ЦӀердешнийн къовсаме йаздар: стогалла- стагалла, мох – мохан-механ - махан, морха, и. дӀ. кх. а.

Дешархоша далийтинчу гӀалаташна йукъара даккхий а, кегий а гӀалаташ къасто деза.


Даккхий гӀалаташ лору:

  1. Хьалхенца Ӏамийна а, йозанехь алсам пайдаоьцуш а йолу орфографичсски, пунктуационни бакъонаш талхош долу гӀалаташ:

  2. Мукъазчу элпашна йуккъе йаздеш долу къасторан хьаьркаш, масала: хӀаллакьхилла, меттахъхъайра.

  3. Дсшхьалхенца йолчу йа чолхечу инфинитиван суффиксийн йазъяр.

  4. Хандсшнех хиллачу тайп-тайпанчу къамелан дакъойн йаздар (оху -охуна йа охана, тоьгу - тоьгуна йа тоьгана).

  5. Хандешан ихначу хенан йазйар, масала: бохура йа бахара, моьттура йа моттара.

  6. Кху кепара цӀердешнийн йаздар: дечиган йа дечган, эчиган йа аьчган.


Дсшархочун балха тӀехь цхьамогӀа (кхоъ йа цул сов) цхьана бакъонна нислуш гӀалаташ хилахь, диктантана оценка лакхайаккха мега, масала, дешан чаккхенга н йаздарехь, доца шеконан элпаш (а, и, у,) йаздарехь.

Комплексни талламан белхашкахь, диктантах а, т1едилларех а

(фонетически, лексически, орфографически, грамматически, пунктуационни) лаьттачу, ши оценка йуьллу-х1ора балхана шен-шен.


Т1едилларийн мах хадорехь куьйгалла оьцу кху некъех:

«5» дуьллу, массо а т1едиллар нийса кхочушдинехь;

«4» дуьллу, т1едилларийн ¾ дакъа нийса динехь;

«3» дуьллу, болх ах йа цул сов нийса бинехь;

«2» дуьллу, болх эханал к1езиг бинехь.

«1» дуьллу, цхьа а т1едиллар кхочуш ца динехь.


Билгалдаккхар:

Орфографически а, пунктуационни а г1алаташ, т1едиллар кхочушдарехь дина долу, диктантан мах хадош лору.




Нохчийн меттан литературни дешар.



«Нохчийн мотт» дешаран низамехула мах хадоран

г1ирсийн паспорт.


Рог1.

Дакъа

Мах хадоран г1ирсан ц1е

2 класс

1.

1амийнарг карладаккхар.


Талламан болх (тест)


2.

Исбаьхьаллин литература.

Талламан болх (Тест).

3

Халкъан барта кхолларалла.

Талламан болх (Тест).

4

1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар.

Талламан болх (Тест).


3 класс

1

1амийнарг карладаккхар.




Талламан болх (Тест).

2.

Исбаьхьаллин литература.

Талламан болх (Тест).

3.

Халкъан барта кхолларалла.

Талламан болх (Тест).

4.

1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар.

Талламан болх (Тест).


4 класс

1.

1амийнарг карладаккхар.

1аламан суьрташ.

Талламан болх (Тест).

2.

Халкъан барта кхолларалла.

Талламан болх (Тест).

3.

Нохчийн къоман йаздархой.

Талламан болх (Тест).

4.

1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар.

Талламан болх (Тест).







2 класс



Нохчийн литературин хьалхарчу чийрикан

талламан болх (тест)

1. Муьлхачу произведени йукъара ду х1ара мог1анаш?Мила ву автор ?

«Нана-дитт ,ца лов аса мох,

Ч1ог1а беттало и сох.

Дехьа суна жимма г1о»,-

Олуш ,дистхилира г1а.

__________________________________________________________________________________________________________________________________________________________

2 Гуьйренан муьлха тидамаш бевза хьуна?

______________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________

3. Нохчийн йаздархочо Мамакаев Эдуарда йазйина:

«Чен к1орнеш лийчор.» « Гуьйренан 1уьйре»

«К1ентий» « Г1иллакх»


4.Муьлхачу авторан, муьлхачу произведени т1ера ду х1ара дешнаш:

Шен сил а мерзаниг ,

Малхал а хазаниг,

Х1ун хир ду дуьнен чохь

Хьол хьоме нана?

____________________________________________________________________________________________________________________________________

5. «Чен к1орнеш лийчор.» произведени автор мила ву?

____________________________________________________________________________________________________________________________________



Нохчийн литературин шолг1ачу чийрикан

талламан болх (Тест).

  1. «Маликатан доттаг1ий?» автор мила ву?


1.Гайсултанов Махмаев Ж.

Саракаев Хь. Берсанов Х-А.



  1. Муьлхачу произведени т1ера ду х1ара дешнаш:

Гуьлмаьнда а туьлий,цо

Писух хаза «хьаша»йо,

«Хьаша»лела г1иллакхе ,

Йуззалц шура йиъна шен.



3.Мила ву цу произведенин автор ?

__________________________________________________________________



4.«Бексолтин алаша» произведени автор мила ву?


__________________________________________________________________

5 Муьлхачу произведени т1ера ду х1ара дешнаш:

Мила ву цуьнан автор?

«Хьажал ,хьайниг з1оьмалг ю»,

«Ткъа хьайниг бирдолаг ду» ,-

Хьайниг-оьпа…»

Хьайниг –зу…»,-

Вовшех хьерчаш ши к1ант ву.

__________________________________________________________________

__________________________________________________________________



Нохчийн литературин кхоалг1ачу чийрикан

талламан болх (Тест).

  1. «Ши накъост» произведени автор мила ву?


__________________________________________________________________



2. Муьлха стихотворени йа дийцар дешаро хаийтира хьуна балхо хазахетар а,ирс а дохьуш хилар?

__________________________________________________________________

  1. «1а» стихотворени автор мила ву?

Мамакаев 1. Кагерманов Д.

Махмаев Ж. Саракаев Хь.

4 Муьлхачу произведени т1ера ду х1ара дешнаш, мила ву автор:


Маса лела сахьтан цхьамза!

Буьйса, йуккъе кхача хьо,

Баьрчче ваккха к1ет1а хьийза

Веза хьаша-Керла шо!


__________________________________________________________________


5.Стенах тардо дуьххьарлера ло йаздархоша?

_______________________________________________________________

_______________________________________________________________

Нохчийн литературин йоьалг1ачу чийрикан

талламан болх (Тест).


  1. Шерачу муьлхачу хенахь д1адог1а мега синтарш?

____________________________________________________________________________________________________________________________________





2 .Муьлха олхазарш ду вай долчу йухадог1уш? Царех муьлханиг кхочу хьалха?

______________________________________________________________________________________________________________________________________



3.«Пхьагал дитта т1ехь» автор мила ву?

Н.Носов. Сатуев Хь.

Толстой Л. Бианки В.

4. Муьлхачу произведени т1ера ду х1ара дешнаш, мила ву автор:


-Доьлхуш доьду 1а-и десте,-

Воккха дадас олу тхан,-

Йоьлуш йог1у нана-б1аьсте ,

Олхазарш ду уьдуш ц1а.

____________________________________________________________________________________________________________________________________

5. Муьлха туьйра хазахийтира хьуна?

__________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________

3 класс

Нохчийн литературин хьалхарчу чийрикан

талламан болх (тест)

1 Сулейманов Ахьмад вина а, д1акхелхина а шераш.

1) 1922-1995; 2) 1920-1992; 3)1920-1969 4) 1912-1986

2 Муьлхачу произведени йукъара ду х1ара мог1анаш? Мила ву автор ?

Лаьмнашкахь даима дина сий Ненан

Воккхачо лийринана жимачо,деш г1уллакх

Раг1 хьоьгахь ю тахна вас ца еш дена,

Д1аэца цуьнгара дайн оьзда г1иллакх.

____________________________________________________________________________________________________________________________________

3 Арсанукаев Шайхи вина а, д1акхелхина а шераш:


1) 1922-1995 ; 2) 1920-1992; 3)1930-2012; 4) 1912-1986


4 Нохчийн йаздархочо Эдилов Мохьмада йазйина:

« Гуьйре» «Коьмаьрша хьун»

«Аьхке» «Дог1а деанчул т1аьхьа»



  1. Муьлхачу авторан, муьлхачу произведени т1ера ду х1ара дешнаш:

Ирс ахь х1ун до ? Стенга доьду?

Беркат долчу доьзале!

Барт, ахь х1ун до? Стенга боьду?

Ирс хиллачу доьзале!

____________________________________________________________________________________________________________________________________

4 «Оха болх а бо, деша а доьшу» произведени автор мила ву?

__________________________________________________________________




5 Нохчийн йаздархочо Хасаев Хьасана йазйина:

«Б1ешарийн къийсамехь …» «Аьхке»

«Г1арг1улеш, «хабарш» а дуьйцуш» «Комаьрша хьун».





Нохчийн литературин шолг1ачу чийрикан

талламан болх (Тест).

  1. «Асвадан адамалла?» автор мила ву?


1.Гайсултанов Ш.Арсанукаев

Саракаев Хь. Кагерманов Д.



  1. Муьлхачу произведени т1ера ду х1ара дешнаш:

Сан Каказ, со вина

Турпалхойн нана!

Ханпаша хьан к1ант ву-

Вевзарг шен сийца.

__________________________________________________________________

  1. Мила ву цу произведенин автор ?

_________________________________________________________________



  1. «Бохам » произведени автор мила ву?



5 Муьлхачу произведени т1ера ду х1ара дешнаш:

Мила ву цуьнан автор?

Ж1ов, морзахий, херх схьаоьций

Муса болх бан волало.

Бабина до жима г1ант цо,

Стоьлан ког а д1анисбо.

__________________________________________________________________

__________________________________________________________________



Нохчийн литературин кхоалг1ачу чийрикан

талламан болх (Тест).



1 Мила ву Махьмуд Эсанбаев?

______________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________



2. Муьлхачу произведени т1ехь дуьйцу Махьмуд Эсанбаевх лаьцна?

__________________________________________________________________

3 «1а» стихотворени автор мила ву?

Мамакаев 1. Кагерманов Д.

Махмаев Ж. Саракаев Хь.

__________________________________________________________________


4 Муьлхачу произведени т1ера ду х1ара дешнаш:


Шийла мох бу арахь хьоькхуш,

Хьийзош лайн и х1ур,

Корех лета, шок а лоькхуш,

г1иттош шийла к1ур.


__________________________________________________________________


  1. Муьлхачу дийцар т1ехь ду 1ай динатийн дахарх лаьцна дуьцуш? И хьан йаздина?

_______________________________________________________________

_______________________________________________________________

  1. Муьлха стихотворени йа дийцар хазделла хьуна?

Авторийн, произведенийн ц1ераш д1айазйе.



________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________





Нохчийн литературин йоьалг1ачу чийрикан

талламан болх (Тест).


  1. Муьлхачу произведени т1ера ду х1ара дешнаш:

Мила ву цуьнан автор?

1аржъйелчу басешкахь наггахь

К1айдаргаш го геннахь лакхахь,

Малх къега кху мелчу дийнахь,

1аь г1уьтту, к1ур санна, арахь.



____________________________________________________________________________________________________________________________________



2 .Муьлха зезаг ду б1аьста гучудериг?

___________________________________________________________________



3.Муьлха олхазарш схьадог1у б1аьста?

______________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________



4.Стенца декъалбо Саидов Билалас зударий шен стихотворени т1ехь?

______________________________________________________________________________________________________________________________________

  1. «Тешам боцу лулахой» ц1е йолчу туьйранехь муьлха турпалхо дика хийтира хьуна? Х1унда?

__________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________

4 класс

Хьалхарчу чийрикан жам1даран талламан болх.


1.ДIаеша текст.

Къонах хьенах олу?
Мацах, ша вехачу йуььртахь а, боллучу махкахь а дика цIе йоккхуш цхьа къонах хилла. Цуьнан « къонах» аьлла цIе дIа хIунда йахана талла дагадеъна цхьана сонтачу стагана:

- Хьох хIундда алахь а, наха « къонах» олу. Хьо сол а тIех къонах велахь, соьца ницкъ а, майралла а къовса йеза ахь.

- Ой, ахь хIун дуьйцу, ницкъ хьан сайчул а сов хилар гуш ду, ткъа майралла ас хьуна дIало. Вало чу, чай мер ду вайшим­ма, - аьлла, и сонта стаг чу а вигна, хьаша а вина, лелийна оцу къонахчо. ШолагIчу дийнахь сонтаниг ца воьдуш, цуьнан таьлсаш чу кхунна аьлла бийна хиллачу уьстагIан гIогI а диллина цо. Йуха а ца кхеташ, сонтачо хаьттира:

- Ванах ницкъ а бац хьоьгахь, сол майра а вац хьо, ткъа хьох наха дика къонах хIунда олу техьа?

- Хьажал хьо, иштта хьо цецвийллал доккха хIума а дац хуьна иза-м, ойла йе ахьа: ас хьо чувеъча, хаза хабар дитйцирий хьоьга, даа-мала а хIоттийрий хьуна?. ХIинца, хьо цIа воьдуш, тоьлсаш чу жижиг а диллиний хьуна? Сох хьайна оццул пайда баьлла хилча, хьан хIун дов, со дика къонах ву аьлча? – жоп дел­ла дикачу къонахчо.



1. ХIун талла дагадеанера сонтачу стагана? Буха сийна сиз хьакха.

2. ХIун элира цо къонахчуьнга? Буха можа сиз хьакха.

3. Муха гучудолу стеган къонахалла? ( Шайна хетарг дIаязде.)
________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________


Шолг1ачу чийрикан жам1даран талламан болх.


Ахмадов Муса «Нохчийн хиш»

1.Стихотворени т1ехь хьахийна доцу вайн мехкан кхин муьлха хиш девза шуна? Д1аязде уьш

_________________________________________________________________

_________________________________________________________________

_________________________________________________________________

2.Книга т1ера Терк-хих лаьцна болу хаамаш схьайазбе.

Йазде цунах лаций.

_________________________________________________________________

_________________________________________________________________

_________________________________________________________________

_________________________________________________________________

_________________________________________________________________

3.Шу дехачу меттехь муьлха хи ду? Довзийта иза вайн махкахошна а.

________________________________________________________________

________________________________________________________________

________________________________________________________________

________________________________________________________________

4.Вайн махкахь долчу хин ц1арах йолу вайн мехкан шахьарш а йу. Муьлха хиш дууьш?

________________________________________________________________



5.Вайн мехкан уггар деха а, уггар чехка а хи муьлханиг ду? Муьлхачу йарташна йуххехула чекхдолу иза? Т1аьххьара а х1ун хуьлу цунах? Йазде цунах лаций.

________________________________________________________________

________________________________________________________________

________________________________________________________________

 Кхоалг1ачу чийрикан жам1даран талламан болх.
Туьйра « Хьекъалдолу йо1 а, кхелахо а».

1.Туьйранан турпалхой муьлш бу? Кхарах муьлха амалш билгалйовлу цара дечу г1уллакхашкахь: къинхетам, догдикалла, харцо, йамартло, тешнабехк, тешам, ларам, хьанал хилар, сонталла, хьекъал? Д1аязъе уьш.

_______________________________________________________________

_______________________________________________________________


2.Дуста вовшашца «Къоьллел хьекъал тоьлла», «Хьекъалдолу йо1 а, кхелахо а» ц1ерш йолу туьйранаш. Дустаран жам1аш таблици чу язде.


Дустаран дозанаш


«Къоьллел хьекъал тоьлла»


«Хьекъал долу йо1 а, кхелахо а»



Автор







Коьрта турпалхой







Коьрта ойла







Коьрта хиламаш







Туьйранан дерзор







3.Муьлха ду кху туьйранан коьрта маь1на? Д1айазде.


__________________________________________________________________

__________________________________________________________________

 Доьалг1ачу чийрикан жам1даран талламан болх.
Берсанов Хож-Ахьмад «Жима Зарет»

1.Дийцар т1ехь муьлха дешнаш хета хьуна коьрта? Схьайазде уьш.

_________________________________________________________________

_________________________________________________________________

_________________________________________________________________

2.Йазде, хьуна хетарахь, х1ун дара Хьусайне хи чу йоьдучуьра Зарет хьалайаккхийтинарг?

3.Хьан дахарехь нисъеллий иштта меттигаш? Хьайн дийцар кхоллий, д1айазйе цуьнан план. Ц1е тилла цунна.

_________________________________________________________________

_________________________________________________________________

_________________________________________________________________

_________________________________________________________________

_________________________________________________________________

4.Йоцца отзыв х1оттае х1окху дийцарна. Планах пайда эца.( Къамел кхиорна лерина белхан тетрадах пайдаэца)

_________________________________________________________________

_________________________________________________________________

_________________________________________________________________

(Автор, произведенин ц1е)

Х1ара произведени________________________________________________

_________________________________________________________________

_________________________________________________________________

_________________________________________________________________

_________________________________________________________________

_________________________________________________________________

_________________________________________________________________ 

(Йазде, хьанах лаьцна дуьйцу кху произведенехь)

Хьайна хетарг ала.

-Суна хетарехь,сан доттаг1аша а х1ара произведени йеша йеза.

-Суна ца лаьа х1ара произведени сан доттаг1аша йоьшийла.

Дийца, х1унда хета хьуна иза иштта.

_________________________________________________________________

___________________________________________________

___________________________________________________

___________________________________________________

___________________________________________________
___________________________________________________


___________________________________________________

I-IV классийн дешархойн ненан маттах долчу хаарийн

х1итточу оценкийн барамаш.


II-IV классийн дсшархойн мах хадорехь хьехархочо куьйгалла оьцу кху некъех:
Талламан белхана лерина 40 минот.

Х1ора т1едилларна 2 балл ло.
Т1едилларийн мах хадорехь куьйгалла оьцу кху некъех:

«5» дуьллу, массо а т1едиллар нийса кхочушдинехь;

«4» дуьллу, т1едилларийн ¾ дакъа нийса динехь;

«3» дуьллу, болх ах йа цул сов нийса бинехь;

«2» дуьллу, болх эханал к1езиг бинехь йа т1едиллар кхочуш ца динехь.




Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!