СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Класс – 11 Тема: Мехкан кхел.

Категория: ОРКиСЭ

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Класс – 11 Тема: Мехкан кхел.»

Урок № 8

Класс – 11

Терахь ______

Хьехархо:


Тема: Мехкан кхел.


1алашо: советан 1едал т1едале а, т1едеъча а къоман оьздангаллех

1амийнарг т1еч1аг1дар; мехкан кхелах лаьцна юкъара кхетам

балар; мехкан кхело дикчу аг1ор нисдина хьал – дахар

довзийтар; Даймахке безам болуш,

г1иллакхе, майра, доьналла долуш, оьзда т1аьхье кхиор.


Урокан г1ирс: «Нохчийн г1иллакх-оьздангалла»

«Г1иллакхийн хазна – ирсан некъаш».

Газетан вырезкаш.


Урокан некъ.


  1. Догдаийтаран мур


Дийцар: мехкан кхелан сацам


  1. Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур


- Муха кхоллабелла нохчийчохь хьоладай?

- Х1ун амалш, г1иллакхаш, оьздангаллин бехкамаш хилла цаьрца?

- Муха хьал хилла нохчийн юкъараллехь Россехь революции хиллачул

т1аьхьа?

- Х1ун бахьана дара дукхахболчу нохчаша советан 1едалан г1о лацаран?


III. Керла тема: Мехкан кхел.


План:

  1. Урокан тема а, 1алашо а йовзийтар.

  2. Мехкан кхелах лаьцна юкъара кхетам.

  3. Мехкан кхелан х1оттам, уьш къастош а тидаме оьцуш хилла г1иллакхаш.

  4. Мехкан кхело сацам т1еэцаран бакъонаш.

  5. Мехкан кхелана, нахана юкъахь з1е латтош хилла нах – туркхаш.

  6. Мехкан кхелана т1едехкина декхарш.


Дешнаш т1ехь болх:


Мехкан кхел - нохчийн къоман векалийн кхеташо.

З1е латтош – связь.

IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар


- Х1ун ю мехкан кхел?

- Маса стагах лаьтташ хилла мехкан кхел?

- Мехкан кхелана юкъа стаг х1ун г1иллакхаш тидаме оьцуш къастош

хилла?

- Х1ун 1алашонца кхоьллина мехкан кхел?

- Мехкан кхелана, нахана юкъахь з1е латточу стагах х1ун олу?

- Х1ун декхарш т1едехкина мехкан кхелана?


V. Урокан жам1 дар.


- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;


VI. Рефлексин мур


-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?


VII. Ц1ахь бан болх: аг1о: 221-226. кицанаш, хьадисаш.




















МЕХКАН КХЕЛАН САЦАМ

...Генна хьалха д1аяханчу заманахь уггаре а лекхачу лаьмнаш т1ехь, Малхйистахь, шарахь цкъа гуллуш хилла Нохчийчохь мел волу къонаха-т1емало. Вехаш-1аш мел генахь хилча а, малх кхетале йиллинчу метте кхача везаш хилла х1ора а. Ткъа малх схьакхеттачул т1аьхьа т1аьххьара веанчун корта боккхуш хилла.
Иза хууш вуно маса шен дин лоьллуш вог1уш хилла цхьаъ. Амма ламанан буххе иза схьанислуш, маьлхан хьалхара з1аьнарша серлабоккхуш гина цунна ламанан бухь а, нах гуллуш йолу майда а.
"Со т1аьхьависина ваьлла! Х1инца аса динан болар лаг1 ца дахь, наха со воьхна эр ду суна", - аьлла, дагадеанчу къоначу к1анта схьадаьккхина к1айн йовлакх хьаькхна юьхь т1ера хьацар а дакъийна, шена т1ера бедар а нисйина, х1умма а ша шен син дуьхьа вог1уш воцуш санна, меллаша ламанан буьхь т1е а ваьлла, нахана т1евахана.
- Хьо т1аьхьависина, жима къонаха! Дайн 1едал кхочушдеш, хьан корта баккха беза тхан. Вала кечло! - аьлла тхьамданаша цуьнга.
Вист ца хилла к1ант. Дег1е зуз доуьйтуш долу и дешнаш схьа-хезча а, воха ца воьхна. Дуьненах сирла б1аьрг тоьхна, нахана ца хоуьйтуш ц1еначу х1аваах кийра бузош доккха са а даьккхина, 1ожалла т1еэца кечвелла к1ант.
Тхьамданаша хаьттина цуьнга:
- Жима къонаха, дийцахь, муьлхачу бахьаненна хьевелира хьо?
К1анта баккхийчу нахах бехк лаьцна, корта охьабахийтина.
- Дийца! - аьлла т1едожийна цунна тхьамданаша. К1анта эххара дийцина бахьана:
- Сийсара зуда ялийнера аса, цундела шен хенахь новкъа валар ца хилла хьевелла со...
- Дан х1ума дац, дайн 1едал кхочуш даза ца довлу тхо, - аьлла тхьамданаша.
Амма кхэл кхочуш ян нах кхиале, хаам кхаьчна: "Ма-валла вог1уш кхин цхьа бере ву", - аьлла.
Собар дина наха и стаг схьакхаччалца. Ша майдана т1е хьала-воллушехь. беречо мохь тоьхна:
- И к1ант д1ахеца, со ву т1аьххьарниг...
 
Т1евеанчуьнга а хаьттина тхьамданаша, кхэл кхочушъяле хьалха, т1аьхьависаран баьхьана.
- Сийсара т1ехьийза йо1 маре яханера сан, - аьлла боху оцу к1анта. - Иза яхана волу к1ант тахана шен хеннахь кхуза ца варна кхоьруш, са хилале схьа а веана, лам буххехь коьллашна юккъехь лечкъина 1аш вара со. Со кхийринарг хила а хили: и к1ант, шуна ма-хаара, дукха хан йоццуш бен схьа ца кхечи. Ткъа со кийча ву вала. Кхочушде дайн 1едал...
Цецбаьхна оцу хаамо тхьамданаш. Дийцаре дан охьахевшина уьш и г1уллакх. 1уьйрана охьахевшина делкъанга бевлла тхьамданаш, делкъана охьахевшина суьйренга бевлла уьш, сацам ца хуьлуш. Эххара а шайн кхэл кхайкхийна цара:
- И тайпа яхь йолу, догц1ена к1ентий вайна юккъехь кхиарна, вайн дайн 1едал, б1ешерашкахь къонахийн-т1емалойн низам ч1аг1деш хилла долу, кхин лелон ца оьшу аьлла хета тхуна. Х1инца дуьйна д1а цхьанна а мостаг1чух, унах, баланах кхера ца оьшу вай...


Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!