СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Класс – 11 Тема: Нехан сакхташ дийцар, харцо кхоллар.

Категория: ОРКиСЭ

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Класс – 11 Тема: Нехан сакхташ дийцар, харцо кхоллар.»

Урок № 15

Класс – 11

Терахь ______

Хьехархо:


Тема: Нехан сакхташ дийцар, харцо кхоллар.

1алашо: берашца къола дар, саг1а дехар – иэхье, хьараме х1умнаш

хиларх лаьцна хьалха урокехь дийцинарг т1еч1аг1дар; нехан

сакхташ дийцар, харцо кхоллар вуон г1иллакхаш хилар

довзийтар; вайнехан г1иллакхаш, оьздангаллин барамаш

дешархошна бовзийтар; къоман г1иллакхехь

къона т1аьхье кхиор.

Урокан г1ирс: «Даккхий къинош», газетан вырезкаш

«Г1иллакхийн хазна – ирсан некъаш»

«Мотт ларбар»


Урокан некъ.



  1. Догдаийтаран мур


Ирс ду-кха къастадахь вон-дика вовошех,

Дуьненан хьийзарехь кура ца волуш,

Гора я1, дахар вайн, доца ду, доца,

Д1адоьду, сихаллехь, вай вовшех дохуш.


  1. Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур


- Къола дарах лаьцна х1ун эр дара аш?

- Муьлха кицанаш девза шуна къола дечунах лаьцна?

- «Къуьнна къола дича, Дела велавелла», - бохучу кицанах муха кхета шу?

- Х1унда хир бац синтем къола деш волчу стагана?

- Къола дар, саг1а дехар – иэхье, хьараме х1умнаш хиларх лаьцна х1ун

дуьйцур дара аш?


III. Керла тема: Нехан сакхташ дийцар, харцо кхоллар.


Халкъан кицанаш, тидамаш, аларш:

- Харцонна дуьхьал х1отта хьуьнар долуш воцу стаг оцу харцоно хьийзор

ву.

- Харцо – зуламан юьхьиг ю.

- Ницкъ ца кхочуш, нийсо езар – г1ело ю. Шен ницкъах пайда оьцуш харцо

лелор – ямартло ю.

- Хьекъал долуш а, тешаме а, нахаца дика а, хьанала а волчу стагаца мел

харцо лелийча а, иза иэшалур вац; цуьнан сий дайа г1ортарх – цуьнан

сий а довр дац.

- Хьекъалан тешаме доттаг1 – бакъо ю; хьекъалан мостаг1 – харцо.

- Бакъ ле атта ду; харц ле хала ду. Бакълер юьхьк1ам бу; харцлер –

юьхь1аьржо.

- Харцонца атагана та1зар дарал доккха зулам дац. Харцонца стагана

т1ехь йина суд т1ера йолуш яц, иза парг1атваьлчи а.

- Нахана харцо ян мегар дац. Харцоно стаг нахала а, дакъаза а воккху.

Дешнаш т1ехь болх:


Г1ийбат – и хуьлу ахь ихсанах долу я цо дина, амма цунна дийца ца луучу х1уманах дийцар. Башха дац иза цуьнан дег1аца, бедаршца, берашца, зудчуьнца, цуьнан белхан говзвллех, иштта кхечу х1уманех хьакхалуш делахь а. Иза хьараме х1ума ду.


IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар.


- «Ямартло», - бохучу дешан маь1нех муха кхета шу?

- Юьхьк1ам, юьхь1аьржо. Х1ун хаьа шуна царах лаьцна?

- Юьхьк1амна, юьхь1аьржонна юкъахь х1ун башхалла ю?

- Стенах олу г1ийбат? Моццул къа ду нехан сакхташ дийцича?


V. Урокан жам1 дар.


- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;


VI. Рефлексин мур


-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?


VII. Ц1ахь бан болх: кицанаш, дийцарш, аларш, тидамаш,

хьадисаш




Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!