СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Класс – 11 Тема: Нохчийн доьзалан д1ах1оттам.

Категория: ОРКиСЭ

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Класс – 11 Тема: Нохчийн доьзалан д1ах1оттам.»

Урок № 1

Класс – 11

Терахь ______

Тема: Нохчийн доьзалан д1ах1оттам.

1алашо: берашна нохчийн г1иллакх-оьздангалла урокан 1алашо

йовзийтар; царна

нохчийн доьзалан д1ах1оттамах кхетам балар; нохчийн къоман

г1иллакхаш, оьздангаллин барамаш дешархошна бовзийтар;

къоман г1иллакхехь къона т1ехье кхиор.

Урокан г1ирс: «Нохчийн г1иллакх-оьздангалла»,

«Г1иллакхийн хазна – ирсан некъаш»


Урокан некъ


I Догдаийтаран мур


Дахаран къайленаш йостуш ду дкшар

Массарна хууш ду и ч1ог1а иэшар,

Цундела, иэшаеш массо а хало,

Ахь 1илма 1аморехь ма елахь мало.


II Нохчийн г1иллакх-оьздангалла хьехаран уроках лаьцна кхетам балар.


- Этика урокашкахь айса шарахь хьоьхур дерг берашна доцца довзуьйту. Бовзуьйту урокана оьшу г1ирс.


III Керла тема: Нохчийн доьзалан д1ах1оттам.


План:

  1. Урокан тема а, 1алашо а йовзийтар.

  2. Доьзал – иза шина аг1ор долу жоьпалла ду.

  3. Бер дуьненчу даьлча, цунна ц1е тиллар. («йоккха ц1е»– дийцар)

  4. Да берана массо х1уман т1ехь масал хилар.

  5. Ненан бераца йолу юкъаметтиг ц1ена хилар.

  6. Словарни болх:

- Доьзал – иза боьрший, стей ши адам дино а, шен къоман 1адато а ма-бохху, цхьаьна даха а, шайн т1аьхье йоло а, вовшахкхетар ду.

7. Доьзалх долу кицанаш, аларш:

- Доьзал – ирсан дог1а.

- Доьзал болчун хьал и боцчунна ца девза.

- Дуьненчу далазчу берана бедар ма тега.

8. Доьзалх лаьцна хьадисаш:

- Дас к1антана дала и оьздангалла йолуш кхиорал деза х1ума дац.

- Массо а адаман, берийн харцлер д1аяздеш ду, кхоъ доцург: т1амехь мостаг1а

1ехоран дуьхьа харцлер; заахало дуьйцуш; шина стеган юкъ тоярхьама харцлер.


IV 1амийнарг т1еч1аг1дар


- «Доьзал» - бохучу дешан маь1на хьан дийр дара аш?

- «Доьзал – иза шина аг1ор жоьпалла ду» - бохучух муха кхета шу?

- Бер дуьненчу даьлча, цунна ц1е тилларх лаьцна х1ун дуьйцур дара аш?

- Доьзалехь ден-ненан берашца юкъаметтиг муха хила еза?

- Нохчийн доьзалан д1ах1оттам муха куьцехь хила тарло?

- «Доьзалан корта – да» - маь1на де цу дешнийн.

- Маса стаг ву шун доьзалехь?


V Урокан жам1 дар.


- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;


VI Рефлексин мур


-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?


VII Ц1ахь бан болх: язйинарг схьайийца, доьзалх лаьцна кицанаш, дийцарш. (аг1о 102-110)







Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!