СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Класс – 11 Тема: Ворх1е да вовзар - х1у ц1ена хилар.

Категория: ОРКиСЭ

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Класс – 11 Тема: Ворх1е да вовзар - х1у ц1ена хилар.»

Урок № 3

Класс – 11

Терахь ______

Хьехархо:


Тема: Ворх1е да вовзар - х1у ц1ена хилар.


1алашо: «Доьзалан корта – да. Дехой – ц1ийнан нах», - боху тема

т1еч1аг1ъяр; ворх1е да вовзар - х1у ц1ена хилар довзийтар;

нохчийн къоман г1иллакхаш, оьздангаллин барамаш

дешархошна бовзийтар; къоман

г1иллакхехь къона т1аьхье кхиор.


Урокан г1ирс: «Г1иллакхийн хазна - ирсан некъаш»,

газетан вырезкаш


Урокан некъ

  1. Догдаийтаран мур


Воккханиг лерина ворх1е да санна,

Дуьхьало ца йина, дош каг а деш,

Орцанна г1иттина вовшашна, хьанна,

Дуьне а дитина сий лардеш, леш.



II. Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур


- «Доьзалан корта – да» - бохучу дешнийн маь1на хьан дийр дара аш?

- Шуна хетарехь, х1унда бу дехой ц1ийнан нах?

- Ден доьзалца йолу юкъаметтигах лаьцна х1ун дуьйцур дара аш?

- Хьаьнгахула хуьлу дукхахьолахь дас бер кхетош-кхиорехь беш болу болх?

- Дех лаьцна кхин х1ун кицанаш хаьа шуна?


III. Керла тема: Ворх1е да вовзар - х1у ц1ена хилар.


План:

  1. Урокан тема а, 1алашо а йовзийтар.

  2. Берашна ворх1е да вовзар.

  3. «Ворх1е да вовзар –х1у ц1ена хилар», - бохучу дешнийн маь1на.

  4. Дийцарш, аларш, кицанаш:

- Дика кхетош кхиийна бераш - ден, ненан ирс ду. Вон кхиийначу доьзало да, нана делхор ду. Вон кхиийна доьзал дений, нанний кийчча юьхь1аьржо ю.

- Дас дола деш боцу доьзал – акхабала герга бу.

- Дегахь хьекъал, кхетам хилар – коьртачех ду бераш кхетош-кхиорехь.

- Бер хьоьстуш дайтина г1уллакх сийлахь ду: г1уллакх ларар, цуьнан хама бар, динчу г1уллакхах бер ша доккхадер, т1ейолчу ханна шеко йоцуш хир ду.

Хастамбе Далла

1.Суьйранна вирзича х1усме, 2. «Хастам бу-кх вайн Далла ,- ала

Чекхдаьлча доьзалан пхьор, Буьйсанга ваккхарна со,

Ахь динарг, даза дерг дуста, Ца кховдош ца лалун бала,

Набаро баржоле мор. Зуламах ларварна Цо».


3.1уьйранна маьлхан ц1е яьржаш, 4. Ахь Дела латтаве дагахь,

Д1аяйча, тар набаран, Даима а хастам а беш.

Хастам бе вайн Далла, маьрша Хьоь Дала бохуриг далахь,

1уьйренга хьо ваккхарна. Хьекъар ю хьан ирсан беш.

Дешнаш т1ехь болх:


Юьхь1аьржо – цхьа галдаьлларг дича холча х1оттар;;

Хама бар – пусар дар (ларар).


IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар


- «Ворх1е да вовзар - х1у ц1ена хилар ду», - бохучу дешнийн маь1нех муха кхета шу?

- Маса да вевза хьуна хьайн?

- Дуьненахь маса да ву царах?

- Х1ун хаьа хьуна хьайн дедех лаьцна?

- Муха хьекъал ло хьуна дедас, дас?


V. Урокан жам1 дар.


- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;


VI. Рефлексин мур


-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?


VII. Ц1ахь бан болх: ворх1е ден ц1ераш схьаязъян; кицанаш, дийцарш,

аларш.




Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!