СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Методическая разработка урока по чеченской литературе Раиса Ахматова «Нене»

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Методическая разработка урока по чеченской литературе Раиса Ахматова «Нене»»

Нохчийн литература 11 класс.


Коьчал : Хьехархочо хаьржинчу произведени т1ехь болх бар.

Раиса Ахматова «Нене»

«Лаьмнел лекха бу ден синхаам,

х1ордал к1орга бу ненан безам».


1алашо: 1.Р.С.Ахматован дахар а,кхолларалла а карл-р; стихотворени «Нене» йовзийтар, маь1на дастар , цунна т1ехь болх бар.Нене болу безам, берашна совбаккхар.

2. Хьалха ненах лаьцна 1амийна произведенеш карлайахар:

а) Сайдуллаев Хьасан «Ненан б1аьрхиш»

б) Саракаев Хьасан «Ирсе б1аьрхиш».

Урокан г1ирс: Р.С. Ахматован сурт, книгаш, суьрташ.


Урокан некъ.


I.Урокана кечам бар.


II.Хьехархочун дош.


-Де дика хуьлда массеран!

- Х1инца вай д1ахьур йу ненан меттан литературан урок.

- Тахана вай дийца леринарг уггаре дезачух а,хьомечух а цхьаъ ду-Нана йийцар,ненах довха дош алар,нана массарна йезар.


Хамзатова Хеда эшар «Нана».

-Нана бохург доккха х1ума ду.Нана йу вайна дахар делларг.Нана йу шен сина эшам беш,вай кхетош,вай кхиош,вайх нах деш йерг.


- Таханлерачу урокан коьчал йу. Хьехархочо хаьржинчу произведени т1ехь болх бар.


-Ткъа ас хаьржинарг йу Р.Ахматова, цо йазйина стихотворени «Нене» ц1е йолу.


1.Р.Ахматован дахарх а, кхоллараллех а лаьцна дийцар.


2.Раиса Ахматован «Даймахке» стих. Йешар.

3. Р.Ахматова стих «Нене».

Цхьа сингаттам баьлча, хилча хазахетар,

Йог1ур йу хьо йолча-ахь д1акхайкха со.

Со йоьлуш-хьо йела, йелхахь сан догэца,

Ларйе къаьхьчу балех, хьехар суна деш



а) къастош,кхетош стихотворени йешар.

б) шуна ца девзаш а ,маь1нех шу к1еззиг кхеташ дешнаш дуй текстан т1ехь?

в) халчу дешнаш т1ехь болх бар:


Г1ортораш-(подпорка)

ДагадогIий шуна вай дешна Бадуев СаIида йаздина дийцар «Iимран». Цо шен цIено чу ца кхетийта хIиттийна хилла гIортораш.

тIекъамаш - (ныть); Iийжамаш йац боху ша безаш.

Артделла – бIаьра са эшна бохург ду.


4. Чулацам тIехь болх.

- ХIун коьчал йу аьлла хета шуна кху стихотворени?

( Нене болу безам бу.)

- Нена санна безам латто безаш кхин хIун ду вай?

(Даймохк!)


- Нана ца хилча бобер лара мегар ду, ткъа Даймохк ца хилча хIун ала мегар ду вай ?

- Даймохк боцу стаг стенах тера ву ?

(Бух бойначу диттах тера ву )

- Цу дешнийн маь1нех муха кхета шу ?

(Орам ца хилча дитт дакъало).

5. Кхин цкъа а йоьшур йу вай стихотворени.

Дешархоша цхьацца б1ог1ам боьшуш йоьшу стихотворени.

Х1ора б1ог1амерчу дешнийн маь1на досту.


- Муьлххачу а стеган дахарехь г1алаташ хуьлу, ткъа нана къинт1ера йаккхар иза коьрта декхар ду х1ора а стеган.


- Ненан йозаллех лаьцна вайн пайхамарийн, эвлийаийн а, элчанан а ду дешнаш.

Хийла вайна хезна а хир ду уьш.

(Ненан йозаллех лаьцна дийцар).


-Х1ора стага а ша мел деш долу х1ума а ненан пурбанца дан деза, вог1уш, воьдуш хаийтар массо а доьзалхочунна т1ехь ду.


III -Ненах лаьцна цхьана Р. Ахматовас йазйина ца 1а.

- Дагайог1ий шуна вай йешна Сайдулаев Хьасана йазйина поэма «Ненан б1аьрхиш».


-Хьан буьйцур бара вайна цуьнан боцца чулацам?


1. Ден а, ненан а цхьаъ бен воцу к1ант кхиъна волу. Иза воккха хиларца цара цунна оцу ломахь г1арбаьлла дика динний, г1ирссий, т1емалочун духаррий эцна.

Кегийрхошца ламанца сакъера ваха лууш хуьлу к1ант, ткъа дас- нанас пурба ца ло, пурба ца делча к1ант ца воьду.


2. Амма Даймахкана т1е кхерам беача дуьххьара ден- ненан пурба доцуш араволу к1ант. Мостаг1 йуха тухуш цигахь валар нисло цуьнан.

И нене д1ахаийта ца х1утту цхьа а. Дуьххьал д1а ала а ца х1уьттуш мерз- пондарца к1ант валар д1адийцар т1еийцира накъосташа.


3. Буьйсанна декачу олхазаран эшарх тарлуш, набарна бер дижош нанас олучу аганан иллех тарлуш бекара пондар.

Пондара дуьйцура, нанас шен цхьаъ бен воцу к1ант мел везаш кхиийна.

Ц1еххьана пондаран мерзаша хазийра ламанан лечан г1ерг1ар, лоьман ц1ийзар, берзан уг1ар.


4.Боьлхура пондар, тийжара пондар. Ладоьг1ура к1ант винчу нанас.

Гора цунна бармахь дакъа. Вистхуьлуш цхьа а воцуш, кортош охкийна лаьттара т1емалой. Кхийтира нана. Бармахь 1уьллург кхуьнан к1ант вара.

Иза майра леттера Даймохк ларбеш мостаг1ех. Шена хилларг хиъначул т1аьхьа кийрахь йоьлхура нана.

( кийсак йешар)


IV.- Иштта вай дешна Саракаев Хьасана йаздина дийцар « Ирсе б1аьрхиш».

- Хьан эр дара маца болабелла Сийлахь - боккха Даймехкан т1ом?

( Сийлахь - боккха Даймехкан т1ом болабелла 1941 ш).


- Хьаьнца хилла и т1ом?

( фашистски Германица)

- Вайн нохчийн къомо дакъа лаьцний оцу т1амехь?

( Доккха дакъа лаьцна Сийлахь- боккха Даймехкан т1амехь нохчийн къомо.Иттанаш эзарнаш вайнехан йахь йолу к1ентий майра летта т1еман арахь, дукхах берш цигахь даимна 1ахка а буьсуш.


- 1944 шарахь вайн нохчийн халкъ бехк гуьнахь а доцуш махках доккху. Вайн къомана т1екхаьчнарг йокха киртиг йара

Баккхийчара дуьйцуш хезна, оцу хенахь адамашна т1е х1оттийна къизалла муха хилла. Ца лабаллал боккха бала наношкахь хилла. Наношна хьалххахь бераш мацалла а, шелонна а леш хилла. Шайн бер ца далийтархьама, кийрара дог доьлхушшехь ца бевзачу нахе д1алуш хилла бер.


- Вайн къам д1адохийна чул т1аьхьа вовшех къаьстинчу ненах а, к1антах а лаьцна ду и дийцар.

(боцца чулацам).


- Вайн къам ц1а дирзинчул т1аьхьа, нанна новкъахь шен к1ант дуьхьал кхета. Иза нана йехаш йолчу йуьрта лоьран болх бан хьажийна хуьлу.Нохчийн къам вайна ма- хаъара хьаша ч1ог1а т1елоцуш ду.

Иштта зудчо шен х1усаме кхойкху к1ант. Ц1еххьана нанна, шен коьртехь дукха ойланаш йолчу, цхьацца билгалонаш гучуйовлу и шен к1ант хиларх.


- Х1инца вай д1айоьшур йу и шиъ вовшех кхетарх лаьцна кийсак.

( кийсак йешар).

- Тидаме эцал х1инца вай бийцира шина произведени боцца чулацам .

- Хьалхарчу произведенехь нене х1ун деана?

(Нене деана вон, цуьнан цхьаъ бен воцу к1ант велла).



- Шолг1ачу произведенехь авторо х1ун гайтина?

(Нанна хилла хазахетар).


- И бакъду. Нанна шен цхаъ бен ца хилла к1ант схьакараво. Иза нохчийн къам д1адохийначу хенахь ненах къаьстина хилла.


V. – Вайн халкъан ненах а, Даймахках а лаьцна дуккха а кицанаш ду.


- Хьанна хаьа, хьан дуьйцур дара вайна?

1. Шен ненан сий лардечо Даймехкан сий а лардийр ду.

2. Нана д1айаьлча, дех деваша хуьлу.

3. Нана йелча, деган т1ера зезаг дужу.



4. Нанна шен бер даима жима хета.

5. Нанас берана тохале, шен куьйга к1ела г1айба боьхку.

6.Нанас шена тоьхча а, бер нене кхойкхуш хуьлу.


VI- Нана боху дош йуккъехь а долуш дешнийн цхьаьнакхетарш хьан кхуллур дара?

( Ирсе нана, дика нана, оьзда нана, комаьрша нана, бусалба нана,дог ц1ена нана, къинхетаме нана, хаза нана, тешаме нана, хьоме нана, сийлахь нана, беркате нана).


VII – Ненах лаьцна байташ.


- Дешархочо йоьшу шен байт:

Нана.

Сан нана, со йина, кхиийна нана!

Хууш дац х1ун хир кху дуьненах кхана.

Йахалахь, Йелалуш массо а ханна,

Къона а латталахь, хьо тахана санна.

Генахьа хилча а, ненан васт лаьтта.

Б1аьргашна хьалха а, ойланашкахь г1уьтту .

Къастаман къаьхьа кад ас генахь муьйлу.

Хьан деган йовхо дег1ах чекхйуьйлу.

Сан нана, со йина, техкийна нана!

Миччахь со йелахь а, дехар ду хьоьга.

Хьайн комаьрша куьйгаш кховдаде соьга.


VIII- Ненах , Даймахках лаьцна вайн поэташа кхоьллина дуккха а байташ йу.

- Х1инца вай ладуг1ур ду цаьрга.

( Дешархоша йоьшу байташ )

« Нана», «Даймехкан косташ», « Даймохк – Нана», « Ненан са», «Сийлахь Нана!Хастам хьуна!»

IX. Урокан т1еч1аг1йар.


1- Таханлерачу урокехь хьанах лаьцна дийци вай?

( Ненах лаьцна дийци).


- « Нене» ц1е йолу стихотворении хьан йазйина.

( Р.С.Ахматова).

- Р. С. Ахматова коьрта 1алашо х1ун йу?

(Нене болу безам а, нанна халахетар ца дар а).


2. Урокан жам1 дар.


3. Ц1ахь бан болх.


Р.С.Ахматован стих. «Нене» дагахь 1амо


X. Урок йерзор.

- Лаьар- кха, г1айг1а бала бицбина, нанойн дегнаш цхьажимма серладовлийла. Дала лойла, массо а нанна могашалла, ирсе дахар, шайн доьзалех даккхийдер!

Дала декъал йойла, массо а Нана!

Ладог1арна , баркалла !























Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!