СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Методическая разработка внеклассного мероприятия на чеченском языке «Даймахке сатийсар».

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Методическая разработка внеклассного мероприятия на чеченском языке «Даймахке сатийсар».»

МБОУ «Майртупская СШ №3 им. Салманова Л.С-А.»

« Даймахке сатийсар».


Вед.1.Муьлххачу а адаман мохк дуьххьара кхерча т1ера д1аболалуш бу.


Вед.2.Кхерч боцучу стага ларбийр бац Даймохк.


Вед .1.Мохк боцучу стага лардийр дац дуьне .


Вед .2. Даймохк бохург доккха х1ума ду.


Вед. 1. Цуьнца йу шайерриге оьздангалла, г1иллакх.


Вед .2. Ткъа г1иллакх доцург оьзда хуьлийла а дуй?




1.Жимачо воккхачун сий дар…


2.Г1ийла ,миска дехачу адамийн г1о дар ,


3.Хьаша-да ларар,


4.Ден, ненан сий дар.


5. Шен халкъан , мехкан дика ц1е яккхийтар.



Вед .1.Уьш ду уьш , вайн дайн оьзда г1иллакхаш.


Вед .2. Хийла халонех уьш к1елхьарабаьхнарш.



----------------------------------------------------



Вед. 1 Хетало , шаерриг оьздалла вайн махко кхуллуш санна. Вайн вешан

Даймахке болчу безамца хаало иза .



Вед 2 Ларамза дац, уггаре хьомечу адамца –ненаца Даймохк бустуш хилар.



Вед 1. Шен ненан сий лардечо, Даймехкан сий лардийр ду.


Вед 2.Нана йу дуьненан марзо , олуш ма хиллара, вайх х1оранна деган зезаг.



Вед 1 Нохчийн нана, ахь ланза х1ун дисна.?


Вед 2 Нохчийн нана , хьуна ганза х1ун дисна ?


Вед 1.Ахь лайна уьш дерриш:


Вед 2. Даймахках къастар,


Вед 1 1ожаллин бала,


Вед 2 мел ду уьш, дог морцуш, хьан дег1ах чекхдевлларш ,НАНА.





Вед 1. Нене безам бийца дешнаш тоьар дац.



Вед.2. доза дац цуьнан.

Вед .1. 1ожаллин к1елхьара шен доьзалхо воккхуш, хийла нанас д1аделла шен са.


«Даймехан косташ»



Вед. 2 Кхоьлину шийлачу 1944-чу шеран 23-чу февралехь д1адоладелира

нохчий махках бахар .




Вед 1.Цхьа бехк боцуш, шаерриг адамийн бакъонаш д1айаьхна, хийрачу махкахь

беза некъ эцна арабевлира уьш.



Вед 2. Кхин а доьхна сурт дара ломара йарташкахь.


Вед 1.Уьш махках баха ницкъ ца тоьъна,некъаш вуон хиларна, цхьанхьа схьа а гулбина ,

ца оьшучу т1елхигех санна , ц1е тесира царах…




Вед 2 Дукха халонаш лайна вайнаха.




вед1.Кхин х1умма а ца хилча, и цхьа буйса тоьар йара.




Вед 2. Цара лайнарг, царна гинарг , церан хилла лазам –доза дац цуьнан,

цара лайначу къизаллин.




вед 1. Амма Сибрехахь даьккхинчу 13 шаро мела а ч1аг1бира церан Даймахке болу безам.




вед 2. Барт, вовшийн сий дар. Дин, вовшашна г1о дар, воккханиг ларар, г1ийлачуьнга

хьажар, мацалла, йахь-собар.




вед 1. Уьш дара нохчий шайн махка берзийнарш.




Вед 2. Йохьах , собарх, майраллех оьздангаллех ца бухуш, эшийна

цара шайерриге халонаш.


Вед .1. Цхьа минот, шайн Даймохк бицбина , дайн оьзда г1иллакхаш дицдина

ца йаььккхина цара хан.


--------------------------------------


Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!