СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Тема: Говр а, цуьнца доьзна нохчийн г1иллакхаш а. 6 класс.

Категория: ОРКиСЭ

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Тема: Говр а, цуьнца доьзна нохчийн г1иллакхаш а. 6 класс.»

Урок № 2

Класс – 6

Терахь ______

Хьехархо:


Тема: Говр а, цуьнца доьзна нохчийн г1иллакхаш а.


1алашо: берашна нохчийн г1иллакх-оьздангалла урокан 1алашо

йовзийтар; говраца доьзна нохчийн г1иллакхаш дийцаре дар;

говрах лаьцна кицанаш, аларш, дийцарш довзийтар;

хьайбанашка болу безам т1е а ч1аг1беш,

къоман г1иллакхехь къона т1ехье кхиор.


Урокан г1ирс: «Нохчийн г1иллакх-оьздангалла»,

«Г1иллакхийн хазна – ирсан некъаш»

«Халкъан тидамаш, аларш, кицанаш»


Урокан некъ

I. Догдаийтаран мур

……………………………………………..

II. Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур


- Муьлхарш ду ц1ахь лелон хьайбанаш?

- Муха хила деза ц1ахь лелочу хьайбанийн доладар?

- Муха ду и шун доьзалехь?

- Шун ц1ахь муьлха ц1ахь лелон хьайбанаш ду кхобуш?

- Царах угар дукха муьлхарг деза хьуна?

- Х1ун бахьана ду и хьуна дукхадезаран?

- Ахь х1ун г1о до баккхийчарна ц1ахь лелон хьайбанийн доладарехь?


III . Керла тема: Говр а, цуьнца доьзна нохчийн г1иллакхаш а. (152)


- Ц1ахь лелочу хьайбанашлахь къонахчо угаре а ч1ог1а гергарло говраца лелош хилла. Иза шен нийса накъост санна хеташ хилла, де эшначу дийнахь шена орцахъяла кийча юй хууш. Говрах, цуьнан дика амалш гучуйохуш, «сан ц1ена гила» олу халкъан иллешкахь.

Говро нохчочун дахарехь доккха маь1на лелоран билгало ю вайн маттахь цунах йоккхуш масех ц1е хилар а: говр – юкъара ц1е; бекъа – жима говр; айг1ар – 1амоза говр; дин – т1ехуу, хохку говр; гила – т1ехуу, хохку говр; алаша – южу говр; 1аспар – къена говр.

Говр, къаьсттина хохкуш ерг, ч1ог1а лерина лелош хилла, ша тайпа кхача а латтош, малдой хи а малош, шен рожехь лийча а еш.


Халкъан кицанаш, аларш

- Алаша хастае, дина хаа. -Говран дикалла боларх хиъна, стеган дикалла собарх хиъна. - Дика дин а боьду цкъа гор. -Дика дин - боьршачу стеган т1ам. - Дикачу динна, цкъа тоьхча, шарахь тоьа шед. - Дин некъаца бевза, к1ант аренца вевза. -Сагатделлачу къонахчун дог дино хьаьстина.

- Говр хила лууш велахь – дуьрста лаха.

- Говр боларца евза, йо1 хьажарца.

- Говрара воьссинарг – вира т1е хуур вац.

- Говр – стеган т1емаш.

- Гена новкъа ваьллехь – говр сиха ма лелла.


IV. Урокехь дийцинарг т1еч1аг1дар


- Ц1ахь лелочу хьайбанашлахь къонахчо угаре а ч1ог1а лорург муьлхарг хилли?

- Говраца доьзна х1ун нохчийн г1иллакхаш девза шуна?

- Хьан юьйцур яра аш говрийн ц1ераш?

- Говрах лаьцна туьйра а, хилларг а, дийцар а хьан дуьйцур дара аш?


V. Урокан жам1 дар.


- Говрех лаьцна шайна хуу аларш, кицанаш, стихаш, дийцарш схьадийцар

- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;


VI. Рефлексин мур


-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?


  1. Ц1ахь бан болх: говрех лаьцна кицанаш, дийцарш,

туьйранаш, аларш.




Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!