СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Тема: Къинхетам а, къизалла а.

Категория: ОРКиСЭ

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Тема: Къинхетам а, къизалла а.»

Урок № 10

Класс – 7

Терахь ______

Хьехархо:


Тема: Къинхетам а, къизалла а.


1алашо: берашца яхьах, хьаг1ах лаьцна дийцинарг т1еч1аг1дар;

адамашца а, 1аламца къинхетаме хила дезар дийцаре дар;

къизалла – оьздачу стагехь хила йиш йоцу сакхт хилар

довзийтар; адаме, 1аламе безам т1е а ч1аг1беш; къоман

г1иллакхехь къинхетаме, оьзда т1аьхье кхиор.


Урокан г1ирс: «Нохчийн г1иллакх-оьздангалла»,

«Элчано элира…хьадисаш»

«Халкъан кицанаш, аларш».


Урокан некъ



I.Догдаийтаран мур


Адамехь товш бу къинхетам,

Адамехь товш ю камаьршо.

Уьш эрна дешнаш ма хета,

Хьажа уьш дуьненчожь даржо.


II. Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур


- Муха хуьлу оьзда яхь? Даладе масалш.

- Стенах олу харц яхь?

- Цунах лаьцна х1ун дуьйцур дара ахь?

- Стенах олу хьаг1?

- Х1ун башхалла ю яхьна, хьаг1на юкъахь ерг? Даладе масалш.


III. Керла тема. Къинхетам а, къизалла а.


- Вайн къоман оьздангаллехь йоккха меттиг д1алоцу къинхетамо. Адамашца а, ткъа иштта массо гонахарчу кхечу садолчу х1уманашца а къинхетаме хилар – иза стеган уггаре а хьалхара декхар ду. Муьлххачу хьолехь стага шегара къизалла гайтар осалалла хилла. Вовшашца болу къинхетам вайн къоман юкъараллехь гучуболуш хилла буоберашца, жоьра бисинчу зударшца, ваша воцчу йишица, во1 воцчу деца, къеначу нахаца болчу лерамца. Делан бакъ дин – дерриге адамах Дала бина къинхетам бу. «Шу вовшашца къинхетаме хилахь – Ша шуьца къинхетаме хир ву», - боху Дала шен сийлахьчу Къуръан чохь.

13 – Къиймат дийнахь уггаре йоккхачу къизаллехь вверг ша дуьненахь волуш нахана т1ехь къизалла лелийнарг хир ву. (11, 12, 149, 153, 219, 215 – хьадисаш)


Дешнаш т1ехь болх:


Буобераш – да, я нана делла дисина бераш;

жоьра бисина зударий – ц1ийнан да велла биснарш.


IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар


- Стенах олу къинхетам?

- Муха хила еза адамийн вовшашца йолу юкъаметтиг?

- Муха хмла еза адамийн 1аламца йолу юкъаметтиг?

- Х1ун башхалла ю къинхетамна, къизаллина юкъахь?

- Къинхетамах, къизаллех лаьцна муьлха хьадисаш девза шуна?


V. Урокан жам1 дар.


- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;


VI. Рефлексин мур


-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?


VII. Ц1ахь бан болх: язйинарг 1амо, кицанаш, дийцарш, аларш





Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!