СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Тема: Мацах хиллачух масал эцар.

Категория: ОРКиСЭ

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Тема: Мацах хиллачух масал эцар.»

Урок № 17

Класс – 7

Терахь ______

Хьехархо:

Тема: Мацах хиллачух масал эцар.

1алашо: берашна ламаз 1аморах, школе даха кечдарах лаьцна дийцинарг

т1еч1аг1дар; мацах хиллачух масал эцарх лаьцна довзийтар;

вайнехан г1иллакхаш, оьздангаллин барамаш дешархошна

бовзийтар; баккхийчеран

сий деш, къоман г1иллакхехь къона т1аьхье кхиор.

Урокан г1ирс: «Сатийсаман кхоллам»

«Нохчийн-г1иллакх-оьздангалла»

газетан вырезкаш.


Урокан некъ


I.Догдаийтаран мур


Хьо вацахь адамашна хьайн йовхо етташ,

Эрна ду жам1атехь ламазаш дар.

Халкъана, махкана лелахь пебетташ,

Хаалахь, боьха ю ахь юьту лар.


II. Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур


- Ламазах лаьцна х1ун дуьйцур дара аш?

- «Ц1еналла – ах дин ду» - бохучух муха кхета шу?

- Ламазо адам къинойх ц1андарх лаьцна хьан дуьйцур дара аш?

- Х1ун кечам бо бераша а, дай-наноша а школе дахарна?

- Цу хьокъехь берийн, дай-нанойн декхарх лаьцна х1ун хаьа шуна?


III .Керла тема. Мацах хиллачух масал эцар.


Стаг шен ворх1е дена хьалха декхар хилла ца 1аш, жоьпаллехь ву т1ейог1учу ворх1е т1аьхьенна хьалха а. Х1унда аьлча, кхуьнгара даьлла вуонан, я диканан дакъа цуьнан ворх1 т1аьхьенна а кхочу дела. Нагахь цуьнгара дика болх баьллехь, иза ворх1е т1аьхьенна а юьхькъ1ам хилла. Нагахь цуьнгара цхьа юьхь1аьржо яьллехь, цунах д1акъаста ворх1 т1аьхье хийцаяла езаш хилла. Оццул доккха жоьпалла шен белшаш т1ехь а долуш, дуьненчу волу стаг ларлуш хилла вуочух, харцонах, нагахь шен кхиъна синкхетам белахь. Иштта, шена цхьа чолхе, хала киртиг т1ех1оьттича, стаг юханехьа хьожуш хилла, ишттачу хьолехь шен дайша, я махкахь ц1еяхначу къонахаша х1ун дина. Цара динчуьнга хьожжий, некъ карош хилла цунна оцу чолхечу хьолера вала.. Цкъа мацах хиллачух масал эцаро стаг ларвеш хилла наха буьллучу бехках.


Дешнаш т1ехь болх:


Жоьпалла – ответственность;

Юьхькъам –

Чолхе - сложный


IV. Урокехь дийцинарг т1еч1аг1дар.

- Х1унда ву стаг шен ворх1е дена хьалха жоьпалле?

- Х1ун жоьпалла ду цуьнан т1ейог1учу ворх1е т1аьхьенна хьалха?

- Х1ун деш хилла стага шена цхьа чолхе, хала киртиг т1ех1оьттича?

- Муха ларлуш хилла стаг наха буьллучу бехках?

- Шайн маца да вевза шуна?


V. Урокан жам1 дар.


- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;


VI. Рефлексин мур


-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?


VII. Ц1ахь бан болх: язйинарг 1амо, кицанаш, дийцарш, аларш






Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!