СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Тема: Нохчийн халкъан дезденош а, церан оьздангаллин маь1на а. 6 класс. Этика

Категория: ОРКиСЭ

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Тема: Нохчийн халкъан дезденош а, церан оьздангаллин маь1на а. 6 класс. Этика»

Урок № 7

Класс – 6

Терахь ______

Хьехархо:

Тема: Нохчийн халкъан дезденош а, церан оьздангаллин маь1на а.

1алашо: берашна олхазаршца хила еза юкъаметтигаш, сагалматийн

дахарх лаьцна дийцинарг карладакххар, царах лаьцна кицанаш,

аларш, туьйранаш дийцийтар; садолчу 1аламе болу безам

т1еч1аг1бар; нохчийн халкъан дезденош а, церан оьздангаллин

маь1на а берашна довзийтар; къинхетаме, оьзда,

г1иллакхе къона т1ехье кхиор.

Урокан г1ирс: «Нохчийн г1иллакх-оьздангалла»,

«Г1иллакхийн хазна – ирсан некъаш»

«Халкъан тидамаш, аларш, кицанаш»


Урокан некъ


  1. Догдаийтаран мур


Иман долчохь барт хир бу,

Ткъа барт болчохь ирс а ду.

Хьайн сакхташ д1адахалахь,

Къахьегарца хьанала.


II. Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур


Текхаргах а, ч1ег1ардигах а лаьцна долчу дийцапан чулацам бовзийтар.

- Зингатах, хьолахочух лаьцна долу дийцаран чулацам бовзийтар.

- «Зингат» - стих. йийцаре яр.

- Муьлха кицанаш, аларш, тидамаш хаьа шуна олхазарех, сагалматех лаьцна?


III. Керла тема: Нохчийн халкъан дезденош а, церан оьздангаллин маь1на а.


Харш тосу ц1ай.

Лаьтта т1ехь хьанала къахьегар нахана марздеш, цуьнан мах беза буйла хоуьйтуш, тайп-тайпана дезденош (ц1айш) хилла вайнехан. Царах цхьаъ ду харш тосу ц1ай. Иза 1ай – б1аьстий къаьстинчул т1аьхьа ши к1ира даьлча билгалдоккхуш хилла. Оцу дийне хьаьжжина хир ду шеран ялта а, т1едог1у шо а, бохуш, ч1ог1а лерина кечам беш хилла цунна. Хьалххе кечдеш хилла дуьххьара харш тосуш, ба1ал боккхуш, д1адаха деза стерчий. Гота д1айолалуш стерчийн юьхь а лаьцна д1аваха веза стаг юьртахь шен оьздангаллица, хьанал вахарца, г1иллакх хиларца, бусалба динехь доьзал кхиош хиларца къастош хилла – юьртахойх массо а реза волуш. Харш тосу де – ц1ай хиларе терра, оцу дийнахь тайп-тайпана къийсадаларш хуьлуш хилла: говраш хохкуш, я хьалхабовларх бовдуш, я кхитайпа хьуьнарш гойтуш.



Дешнаш т1ехь болх:


Ц1ай – дезденош;

Ялта – дууш долу рицкъа;

Къийсадаларш – соревнования.


IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар


- «Ц1айш» - бохучу дашах муха кхета шу?

- Бусалба дин т1еэцале хьалха нохчийн къоман х1ун дезденош (ц1айш) хилла?

- Х1ун дуьйцур дара аш харш тосу ц1айх лаьцна?

- Х1инца дуй и г1иллакхаш вайна юкъахь?

- Кхин муьлха нохчийн халкъан дезденош девза шуна?


V. Урокан жам1 дар.


- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;


VI. Рефлексин мур


-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?


VII. Ц1ахь бан болх: язйинарг 1амо, къинхьегамах кицанаш






Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!