СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Тема: Сай нохчийн фольклорехь. 6 класс. Этика

Категория: ОРКиСЭ

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Тема: Сай нохчийн фольклорехь. 6 класс. Этика»

Урок № 15

Класс – 6

Терахь ______

Хьехархо:


Тема: Сай нохчийн фольклорехь.


1алашо: берашца акхарошца йолу юкъаметтигах, уьш лардарх, царна

талларх лаьцна 1амийнарг т1еч1аг1дар; сайх лаьцна нохчийн

фольклорехь дуьйцург довзийтар; 1аламе безам т1еч1аг1бар;

нохчийн къоман г1иллакхаш, оьздангаллин барамаш

дешархошна бовзийтар; къоман г1иллакхехь

къинхетаме къона т1аьхье кхиор.


Урокан г1ирс: «Нохчийн г1иллакх-оьздангалла», «Стела1ад»

«Халкъан дийцарш, кицанаш», «Нохчийн фольклор»


Урокан некъ


I. Догдаийтаран мур


Ламанах бухдуьйлу шал шийла шовданаш

Шен бекъачу кийранна 1аббалца ца молуш,

Варша йисте ва йолу марг1ала сийна буц

Шен оьздачу зорханна буззалац ца юуш,

Цу хьуьнан хотешкахь берзан йорт ва етташ,

1инан к1орге ва буьйлуш, сема ла ва дуьйг1уш,

Иччархочун ва тоьпо лацарна ша кхоьруш,

Мокхазан цу бердах куьран га ва хьоькхуш,

Цу попан орамах торг1ал т1а ва детташ,

Лергаш дуьхьал ва туьйсуш, кур аркъал сеттабеш,

Орцал лакха ва буьйлуш, г1елашна ва г1ерташ,

Масане сай лела г1елашца ва боцуш…


II. Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур


- Муха хилла хьалха заманахь акхарошца йолу юкъаметтиг?

- Барзах, цуьнан амалех лаьцна х1ун дуьйцур дара аш?

- Акхарошна талларх лаьцна х1ун хаьа шуна?

- Муьлхачу экхана талла магош ца хилла?

- Акхарошца йолу юкъаметтигаш муха хила еза боху вайга Дала?


III. Керла тема: Сай нохчийн фольклорехь.


- Нохчаша ша тайпа лерам беш экха ду сай. Иза т1аьхьарчу хенахь вайн хьаннашкахь дацахь а, цхьана хенахь дуккха а хиллачух тера ду. Х1унда аьлча, вайн къоман барта кхоллараллехь 1аламат йоккха меттиг д1алоцу цо. Сай цхьалхачу къонахчуьнца бустуш, башха лирически илли а ду халкъан, шен исбаьхьалла 1аламат лекхара а йолуш. Цигахь буьйцург сай белахь а, илланчас билгалйоху цуьнан амалш цхьалхачу, х1инца а доьзал кхоьллина чуверзаза волчу къонахчун ю: цуьнан молучу а, юучу а х1уманна т1ехь оьзда а, леларехь т1ахъаьлла хилар, цуьнан сингаттамаш, карзахе, сирла ойланаш.


Дешнаш т1ехь болх:


Варша йисте –

1инан к1орге –

Иччархр –


IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар


- Хьанна гина шух сай?

- Мичахь гина шуна иза?

- Сайх лаьцна муьлха дийцарш хаьа шуна?

- Илли т1ехь муха сайн амалш юьйцу вайна? (оьздангалла, т1ахъаьлла хилар, карзахе,

сирла ойланаш, сингаттамаш)

- Баккхийчара муьлха аларш, кицанаш олуш хезна шуна сайх лаьцна?


V. Урокан жам1 дар.


- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;


VI. Рефлексин мур


-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?


VII. Ц1ахь бан болх: кицанаш, аларш, хьадисаш.







Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!