СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Урокан тема: Мамакаев Мохьмад Амаевич. «Зеламха» романан турпалхочун обарган Зеламхан васт.

Нажмите, чтобы узнать подробности

Романан хиламашкахула коьртачу турпалхочун дахар цуьнан амал кхиоран                                            хьелаш исбаьхьаллица довзийтар.

2. Вайн заман кегийрхой ишттачу турпалхойх масала а оьцуш г1иллакх оьздангаллица кхиор.

3.Нохчийн литературе болу безам алсамбаккхар.

Г1ирсаш: учебникаш, тетрадаш, интерактивни у.

Урок д1аяхьар.

1.Урокан кечам бар.

Хьехархо: Де дика хуьлда шун массера!

Хьеший шу марша дог1ийла! Тахана вай д1ахьур ю литературан рог1аллин урок.шайн оьшуш болу  г1ирс схьаэций кечло.

 Автора хIокху шен историйн романехь вайна вовзуьйту коьрта турпалхо, шен заманехь паччахьан Iедалан къизалло, халкъан тIехь латточу Iазапо, къоман Iадаташ емалдаро маьршачу дахарх хадийна, лаьмнашца Iуьллучу жимчу юьртара Харачуьра къона вахархо Зеламха ву. Оцу Iедалан харцонна дуьхьал нийсо езаш къийсамехь ша латтарца махкахь а, махкал арахьа а халкъашна къонах санна вевзаш билгалволу иза.  

Просмотр содержимого документа
«Урокан тема: Мамакаев Мохьмад Амаевич. «Зеламха» романан турпалхочун обарган Зеламхан васт.»

Урокан тема: Мамакаев Мохьмад Амаевич. «Зеламха» романан турпалхочун обарган Зеламхан васт.

1алашо:1. Романан хиламашкахула коьртачу турпалхочун дахар цуьнан амал кхиоран хьелаш исбаьхьаллица довзийтар.

2. Вайн заман кегийрхой ишттачу турпалхойх масала а оьцуш г1иллакх оьздангаллица кхиор.

3.Нохчийн литературе болу безам алсамбаккхар.

Г1ирсаш: учебникаш, тетрадаш, интерактивни у.

Урок д1аяхьар.

1.Урокан кечам бар.

Хьехархо: Де дика хуьлда шун массера!

Хьеший шу марша дог1ийла! Тахана вай д1ахьур ю литературан рог1аллин урок.шайн оьшуш болу г1ирс схьаэций кечло.

Автора хIокху шен историйн романехь вайна вовзуьйту коьрта турпалхо, шен заманехь паччахьан Iедалан къизалло, халкъан тIехь латточу Iазапо, къоман Iадаташ емалдаро маьршачу дахарх хадийна, лаьмнашца Iуьллучу жимчу юьртара Харачуьра къона вахархо Зеламха ву. Оцу Iедалан харцонна дуьхьал нийсо езаш къийсамехь ша латтарца махкахь а, махкал арахьа а халкъашна къонах санна вевзаш билгалволу иза.

Паччахьан олаллин дукъ дазделла гIорасиз хилла, цхьанхьарчу орцане сатесна висинчу муьлххачу а къехочунна дагавогIуш хилла майра Зеламха. Амма, XX-чу бIешеран юххехь, оцу харцонна дуьхьал цо болийна и къийсам кхойтта шарахь бахлой, хеда, нийсонан масалх.

2.Ц1ера болх таллар.

Сценка: 1901-чу шарахь , шийлачу гуьйренан де серладолуш Веданан г1опера арабаьхна и тутмакхаш буьйсанна хан яьллачу хенахьСоьлжа Г1аларчу ширачу набахте кхечира. Царех шиъ, цхьацца воккхуш, хаттарш дина, камераш чу авоьллина, не1арехь лаьттачу г1арроле, мохь тоьхна, кхозлаг1ниг чувалавайтира набахтин кемсарлехь болх беш 1ачу эпсаро. Оьг1азуо айвелла, когашкара дуьйна коьрте кхаччалц тутмакхе а хьаьжна:

-Хьан ц1е муха ю?-хаьттира эпсаро.

-Зеламха,-элира и хаза хьаьвзина,1аьржа мекхаш долчу къуоначу стага.

-Ден ц1е?

-Гушмазукъа.

-Маса шо ду хьан?

-Ткъе ворх1алг1а.

-Вина меттиг?

-Веданан к1оштара, Харачойн –эвла.

-Муьлхачу къоманах ву хьо?

-Нохчо.

-корматалла?

-Ахархо.

Кхин тутмакхе хаттар ца деш . кест-кеста цу шеен ирхъхьаьвзинчу т1апачу мераца цхьаьна и хьаьрса корта айбой ,тутмакхах б1аьрг а тухуш: дег1ана юккъерачу барамехь ву, коьрта т1ера чо-1аьржа бу, цкъоцкъамаш. Мекхаш-1аьржа ду, маара а, бат а шайн барамехь ю,юьхь -ц1ена, б1аьргаш таь1ано- мокхачу басехь,йоцца лергина, ч1ениг к1ел йитина маж а-1аьрж,кхин а билгалбаккха битам бац, аьлла д1аяздира эпсаро тутмакхан массо а амат.

Шега кхин х1ун хоту, ца хууш леррина д1ахьаьжинчохь Зеламха висча , оьг1азваханчу эпсаро вон б1аьргаш а къерзош:

-Х1ун до ахь, ши б1аьрг хье т1е а баьккхина? Со Д1акхалла-м ца воллу хьо?-аьлла, аз айдира.

Кхин шена т1ера д1а ца вирзича, вист ца хуьлуш, къеззиг ойла а йина.

-Х1ан-х1а, -элира Зеламхас, шена ледаро хуучу оьрсийн метан дешнаш вовшахтесна, бегаш бечуха, вела а къежаш,-со хьакха юуш вац.

Т1аккха довхачу хе вагийча санна, хьала а иккхина:

-Къу , зуламхо!... курхалча!... Ас вахкор ву хьо кху чохь…Хьакха мичахь ю хоуьйтур ду хьуна ас кху чохь, ж1аьла!- бохуш мохь хьоькхура эпсаро.

Цкъа-шозза цуьнга и мохь ма хьаькха. -Цу декъазчу тутмакхо хьуна дина х1ама дац, -ала дагадеъча а, х1ан-х1а , кхузара нах кхарна шайна дика бевзаш хила а тарло аьлла, дош ца олуш, сецира тутмакхаш балош веана поручик

3. 1амицнарг т1еч1аг1дар.

Хьехархо: Вайна ма хаара тахана вай вуьйцург обарг Зеламха ву.

Хьалхе урокехь вай романан чулацам къасточу хенахь вай билгалдаьккхира Зеламха къонах хилар. Цуьнах лаьцна стихотворени, кица я шира дийцар кечдан дезара аша. Кийча дуй шу?

Дешархоша рог1аллица д1адоьшу кицанаш:


- Даймохк безаш воцург къонах вац

-Яхь йоцу к1ант Даймахкана хьакъ вац.

- Ша вина, кхиъна Даймохк мел хьоме, мел мерза, мел сийлахь бу яхь йолчу к1антана

-Майра хиларх ца олу стагах къонах ву.Адамашна пайдехь волчух олу дика къонах.

-Къонахчун ц1е халкъо йоккху. Ша шен ц1е яккхарх къонах ца хуьлу.

-Стаг шен дешан да хила веза. Шен дешан да воцург къонах ца хилла я хир вац.

-Вуьззина къонах цкъа а шен бала балхош вац


Хьехархо: Вуно хаза кицанаш дали аша Къонахаллех лаьцна дуккха кицанаш хилла вай, цо гойту вайн халкъана даима мехала хетарг—къонахалла хилар. Стеган къонахалла цкъа а баьккхинчу толамех гайтинчу доьналлех билгалдаьлла 1аш дац. Даима цуьнца долчу г1иллакхашца цо дечу кегийчу даккхийчу а г1уллакхашца билгалдолу.

Х1инца вай романах хиламах, авторах лаьцна хаарш карладохур ду.

-Мила ву «Зеламха» романан автор?

-Х1ун хиламаш бу цу т1ехь буьйцуш?

Дешархо: «Зеламха» романан автор Мамакаев Мохьмад Амаевич ву.

Дешархошка Мамакаев М. А. кхоллараллех лаьцна дуьйцуьйту.

Хьехархочо:Мамакаевс язйина стихаш евзи шуна ?

-хьа юьйцур яра суна уьш. «Т1улгаша а дуьйцу», «Орган т1ехь са тесна», «Даймахке», »Зама».

Хьехархо: Х1инца вай тобанаш йийр ю. Аша шайн тобанашна ц1е тилла еза (дахар , маршо, яхь)

Х1ора тобанна луш т1едиллар ду.

-Дешнашца Зеламхан куц, кеп х1оттадар.

Хьехархо: кхин д1а х1ора тобанна пхиппа хаттарш ло.

1.Мила ву Солтамурд?

2. Зезаг мила ю?

3.Х1ун бахьана дара Зеламха а кхин гергарнаш набахте бахийтар?

4.» Х1ун дийра ду и делан кхел иштта хилла-кх, элира Хушулас, шен деган лаам а та1ийна.»-х1унда олу цо иштта.

5.- Ой юха ц1а дирзича, вай стенга даха деза?-цецъелира зуда. Цубалхах шеен х1усамнана ца кхетарг хиларх тешначу Зеламха, г1аддайна вела а къежна:

-Хьалхацкъа юха дерза мА деза цига, хаьий хьуна?-хаьттира Зеламхас. И хьун ала г1ерта шен зудчуьнга?

6.Набахтера Зеламхан накъостий муьлш бу ?

7.Мила ву писарь Зеламхан?

8.Шаьш Г1излара-г1алара банке кхаьчча, х1ун аьлла коьртачу казначейн т1евирзира Зеламха?

9.Мичахь вара иза?

10.Зеламхан к1ентийн ц1ераш ?

11.Солтамурдан к1ентан ц1е?

12.Зеламхана гина г1ан, муха дара?

13.Элмарзас бина тешнабехк?

14.Обарго паччахьан эпсаршка ша т1аьхьара бечу т1амехь х1ун олу?


Синквейн ялае шайн табанна тиллинчу ц1арна.

М-ла: Дахар

1.-

2.-

3.-

4.-

5.-

Къонах.

1.-

2.-

3.-

4.-

5.-

4.Жам1 дар. 1)Слайд.

  1. Х1ун зама ю романехь гайтинарг?

  2. Х1ун догойла кхоллаелла шун повесть ешча?

  3. Х1ун бахьана ду Зеламха обаргалла лело араваьккхинарг?

  4. Зеламхас ша цхьаъ висаран ечу ойланин маьгна муха хета хьуна?

  5. Шуна лаьарий шайн дахар иштта хуьлийла?


2) Хьехархо: Вайн халкъахь олуш хилла шен бийца къонахий боцург –къам дац, шеен дийца къам доцург къонах вац.

Вай кхин а къонахий бу бийца .Масала :

Слайд Байсангур Беноевский.,

Шейх Мансур.,

Ханпаша Нурадилов.,

И. Бейбулатов массане бу уьш вайн бевзарш ца бевзарш , даима сий дир дув вай царна. Оцу лакхене кхача дала шуна хьуьнар лойла.


Урокехь дика дакъа лецира1…,2…….,3……..,

5. Ц1ахь : «Зеламха» роман ешар, хаттаршна жоьпаш дала хаар.





Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!