СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до 24.05.2025

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Беркате аьхке Х.Хасаев

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Беркате аьхке Х.Хасаев»

Нохчийн литература

Урок №1

4 кл

Хьехархо-Исраилова Зарима Салмановна

Тема: Беркате аьхке. ХЬ. Хасаев.

1алашо: Хь. Хасаевн дахар кхолларалла йовзийтар ; цуьнан дийцар «Беркате аьхке» довзийтар ; ниийса а , кхеташ а , шера а дийцаран тексташ еша 1амор; 1аламан тидам бан а, цуьнан доладан лаар кхиор.

Г1ирс: яздархочун сурт.,аьхкенан сурт.

Урок д1аяхьар.

1.Урок йолор.

-Хьоме дешархой, вайн доладелла керла дешаран шо. Кху шарахь дешаран урокашкахь шуна 1емар ду дукха хаза дийцарш, стихаш. Бевзар бу дукха яздархой. Кху шарахь вай йоьшур ю нохчийн, оьрсийн, дозанал арахьарачу яздархойн произведенеш. Цара шуна хьоьхур ду диканиг дан, вочух лардала.

-Керлачу шарахь вай д1адолор ду книжкин керла дакъа. Д1аеша цуьнан ц1е. Стенах лаьцна дуьйцур ду цу декъа т1ехь?

2.Мотт шарбаран болх бар.

Полла.

Суна сенлуш болчохь бай,

Тахна къорза полла бай.

Мало эццахь йедда йай,

Дег1 делла сан х1инца дай.


Х1инццалц деза дара и

Ц1ахь аьлларг а к1езиг ди,

Синтар ден а кора к1ел

Ца оьцура кара бел.


Урокаш ца кечйеш ц1ахь

Бийла бора ас сайх нах,

Мало, левел кхин ахь со!

Суна кхин а полла го!

(Ш. Хасаров)

3.Хьехархочун дош.

- Вай тахана д1адоьшур ду Хь. Хасаевс яздина «Беркате аьхке» ц1е йолу дийцар.

Хасаев Хьамзат Дочу-Борзера Ваштаройх хилла, нохчийн яздархо а, 1илманча а хилла.

4.Хьехархочо д1адоьшу дийцар.

Дошам.

1.Дозуш-кхузахь , вовши ца хилча йиш йоцуш;

2.Синбилгалонаш- буьйса д1аяьлла СА хуьлуш йолу билгалонаш.

5.Сада1аран миноташ.

Дехкий девдда даьхкира

Цхьаъ, шиъ, кхоъ, диъ.

Маса сахьт даьлла хьаьвсира

Цхьаъ, шиъ, кхоъ, диъ.

Пису дог1у довдалаш

Цхьаъ, шиъ, кхоъ, диъ.

Сихха гена довлалаш

Цхьаъ, шиъ, кхоъ, диъ.

6.Бераша з1енаца д1адоьшу дийцар «Беркате аьхке» ц1е йолу дийцар .

7.Чулацамах кхетор.

-Стенах лаьцна ду дийцар?

-Стенах хаьдда хила йиш яц адамийн а, дийнатийн а , ораматийн а дахар?

-Муха хуьлу дийнатийн дахар аьхка?

Иза иштта х1унда хуьлу?

-Муха хуьлу бацалахь тхин т1адамаш? Д1аеша и меттиг.

-1уьйранна тхин т1адамийн тидам биний ахь?

-Муха хуьлу 1алам 1уьйранна малх гучуболучу хенахь?

-Халкъан муьлхачу тидамех пайдаэцарца хиъна авторна де декхна хирг хилар?

-Хьан дуьйцур дара аша аьхкенан 1уьйренах лаьцна?

8. Берашка дагахь дешийтар «Беркате аьхке» ц1е йолу дийцар

9.Жам1 дар.

-Муьлха дийцар дийшира вай кху урокехь?

-Стенах лаьцна дара дийцар?

-Х1ун керланиг хии шуна 1аламах лаьцна?



Ц1ахь: шера д1адеша дийцар , чулацам схьабийцар, аг1о 3-4.





Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!

Закрыть через 4 секунд
Комплекты для работы учителя
Поделитесь с друзьями
ВКонтактеОдноклассникиTwitterМой МирLiveJournalGoogle PlusЯндекс