СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Фонд оценочных средств по чеченской литературе

Нажмите, чтобы узнать подробности

Фонд оценочных средств по чеченской литературе

Просмотр содержимого документа
«Фонд оценочных средств по чеченской литературе»

Муниципальное бюджетное общеобразовательное учреждение

«Средняя общеобразовательная школа №10» г. Грозного











Фонд оценочных средств

по чеченской литературе

уровня основного общего образования

(8 а,б, 9 а,б,в классы)


























Составитель: учитель чеченского языка и литературы Байраева З.А.


2018 год



«Нохчийн литература» 1аморан низамехула мах хадоран г1ирсийн паспорт.



8 класс.


Рог1.

Мах хадоран г1ирсан ц1е

Чийрик

Х1оттийнарг

1

Хьалхарчу чийрикна лерина сочинени

I


2

Шолг1ачу чийрикна лерина талламан болх (тест)

II

Нохчийн литература 8 класс: учебник Ахмадов М.М., Алиева З., Л.-А.

Исраилова Л.А.-Г., Момуева Х.Д.Къамел кхиорна лерина белхан тетрадь. Грозный: «Грозненский рабочий»-2018.

3

Кхоалг1ачу чийрикна лерина талламан болх (тест)

III

Нохчийн литература 8 класс: учебник Ахмадов М.М., Алиева З., Л.-А.

Исраилова Л.А.-Г., Момуева Х.Д.Къамел кхиорна лерина белхан тетрадь. Грозный: «Грозненский рабочий»-2018.

4

Йоьалг1ачу чийрикна лерина талламан болх (тест)

IV

Нохчийн литература 8 класс: учебник Ахмадов М.М., Алиева З., Л.-А.

Исраилова Л.А.-Г., Момуева Х.Д.Къамел кхиорна лерина белхан тетрадь. Грозный: «Грозненский рабочий»-2018.





















Нохчийн литературин хьалхарчу чийрикан талламан болх (сочинени)

Сочинени «Сан дай баьхна юрт»

План

1. Вина юрт, мича 1уьллу, иза муха ю.

2. Юьртан истори, сийлахь меттигаш, г1арабевлла нах.

3. Юьрте болу синхаамаш.



Нохчийн литературин шолг1ачу чийрикан талламан болх (Тест).



  1. Сулаев Мохьмад вина а, д1акхелхина а шераш.

1) 1922-1995 ; 2) 1920-1992; 3)1920-1969; 4) 1912-1986



  1. Сулаев Мохьмад вина меттиг

1)Г1ойт1а; 2)Олхазар –к1отар; 3) Йоккха Атаг1а; 4)Бено-юрт



3. Сулаев М. «Цавевза доттаг1» стихотворенин турпалхочо дина диканаш билгалдаха.

____________________________________________________________________________________________________________________________________

  1. Сулейманов Ахьмад вина а, д1акхелхина а шераш.

1) 1922-1995; 2) 1920-1992; 3)1920-1969 4) 1912-1986



5. Муьлхачу произведенин юкъара ду х1ара мог1анаш?

«Юха а мостаг1ий Баьччалла т1еэцна

Берзийна готте, Анас д1ах1оьтти

Юха а къевли д1а Мехкан тур ду х1инца

Хадийна гуо. Даьккхинарг цо!..»


1) «Дег1аста»; 3) «Тимуран тур»;

2) «Лаьмнийн дийцар»; 4) «Къоьзана».

6. Кхаа дешдекъах лаьтташ стопа а йолуш, тохар (ударный слог) хьалхарчу дешдекъана т1ехь делахь, иза ю:

1) ямб; 2) анапест; 3) дактиль; 4) хорей.

7. Сулейманов Ахьмадан муьлхачу поэми т1ера ду х1ара дешнаш:

К1ентан яххьий, йоь1ан эххьий

Ма гойла д1адаьлла де!

Кхана уьш д1адовлуш делахь,

Ца вехаш со тахна ле…


1) «Дог дохден ц1е»; 2) «Лойша суна»;3) «Дахаран генаш»; 4) «Ц1ен книга» я «1еса» поэма.

8. Эдилов Хасмохьмад вина а, д1акхелхина а шераш.

1) 1922-1995 ; 2) 1922-1991; 3)1920-1969; 4) 1912-1986

9. Халкъан барта кхоллараллина юккъе х1ун ца йог1у?


1) кицанаш; 2) х1етал-металш; 3) туьйранаш ; 4) стихотворенеш.

10.  Нохчийн яздархочо Эдилов Мохьмада язйина:

1) «Лаьмнийн дийцар», 2) «Цавевза доттаг1»; 3) «Дахаран генаш»; 4) «Сий делахь, латта».



Нохчийн литературин кхоалг1ачу чийрикан талламан болх (Тест).


  1. Арсанукаев Шайхи вина а, д1акхелхина а шераш:

1) 1922-1995 ; 2) 1920-1992; 3)1930-2012; 4) 1912-1986


2. Ш. Арсанукаевн «Тимуран тур» поэми т1ехь толам къовсуш леттарг мила ву?

1) Борзаб1аьрг; 2) Чаку 3) Бахьадур; 4) Бахьаг.


  1. Муьлхачу авторан, муьлхачу произведени т1ера ду х1ара дешнаш:


«…И даь1ахкаш – шовзткъе доьалг1ачу шарахь Казахстанехь кхелхинчу кхуьнан доьзалан яра, шен махкахь д1айохка ц1а яхьаш… Да, нана, зуда, к1ант,йо1».

  1. Дадашевн «Дайна бер»; 2) С.-Хь. Нунуевн «Лазийна шовда»;

  1. С. Яшуркаевн «Маьрк1аж-бодан т1ехь к1айн хьоькх»; 4) М. Ахмадовн «Мохк бегийча».


4. Стихотворенин мог1анийн чаккхенаш цхьана екаш хилча олу :

1) строфа ; 2) ритм; 3) эпитет ; 4) байт.


5. Сатуев Хьусайн вина а, д1акхелхина а шераш:

1) 1922-1995 ; 2) 1920-1992; 3)1930-2012; 4) 1935-1995


6. Мила ву х1окху дешнийн автор?

Мацца а, б1аьргашна

Ца гучу дукъ т1е

Даг чуьра йовхо д1а

Т1аьххьара хьош,

Сайн некъан беза мохь

Бихкина букъ т1е,

Сайн метта лела ас

Дуьтур хьо, Дош.

  1. Сулейманов А.; 2) Арсанукаев Ш.; 3) Хасбулатов Я.; 4) Бексултанов М.


7. Дустар схьа а карадай, к1ел сиз хьакха:


Болатан туьрах суйнаш санна.

Керла мехкаш лоьцуш схьа,

Дуьне ма-дду уьш баьржира

Дайн кхерч тесна, гена д1а.


8. «Нашхахь» стихотворенин автор мила ву?

1)Хасбулатов Я.; 2) Бексултанов М.; 3)Сатуев Хь.; 4) Сулаев М.


9. Бесултанов Муса вина юрт

1) 1алхан-юрт; 2) Олхазар-к1отар; 3)Йоккха Атаг1а.


10. Билгалдаьхна дешнаш муьлха къамелан дакъа ду?

Наггахь,т1ехьа тосий ворта,

Кхуссу:

- Сихо! Же!Же!Же!

Иштта кхочу д1а ши доттаг1,

Ц1е тиллинчу Лун-ирзе.

  1. Т1едерзар; 2) Айдардош; 3) Юкъадало дош.



Нохчийн литературин йоьалг1ачу чийрикан талламан болх (Тест).


  1. Ахмадов Муса вина шо:

1) 1942 2) 1956 3) 1963

2. Язъян волавелла шо:

1) 1967 2) 1981 3) 1970


3. Муьлхачу журналан коьрта редактор ву Ахмадов Муса:

1) «Вайнах» 2) «Орга» 3) «Стела1ад»


4. Хенан латтамаш билгалбаха :


Дег1аста, Дег1аста…

Вала да воцуш,

Хьо б1арзъелла хьийзачу,

Хьан к1ентий оьгучу

Доьхначу дийнахь,

Шайн берийн хьарамчу

Рицкъанехь кхехкаш,

Тхан наной хьан къина

Боьлхучу дийнахь,

Дала ларйойла хьо,

Тхан Нана-Дег1аста.


5. «Дег1аста» стихотворенин автор мила ву

1) Бексултанов М. 2) Бисултанов А. 3) Ахмадов М.


6. Муьлхачу авторан, муьлхачу произведени т1ера ду х1ара дешнаш:


« Веза хилла волу Дела, ворх1е латта а, ворх1е стигал а кхоьллинарг, массо х1ума ган а, тидам бан а ницкъкхочург, адамашна рицкъ даккха аренаш, локхалла гайта лаьмнаш кхоьллинарг, экханна хьаннаш, ч1ерана х1ордаш леринарг, Хьуна бу-кха хастам а, шукру а


1) Дадашевн «Дайна бер»;

2) М. Ахмадовн «Боч1а».

3)С. Яшуркаевн «Маьрк1аж-бодан т1ехь к1айн хьоькх»;

4) М. Ахмадовн «Лаьтта т1ехь лаьмнаш а х1иттош».


7. Жарадат, Забу, Хелисат, Курбика- х1ара дийцаран турпалхой муьлхачу произведени юккъера бу?

  1. Бадуев С. «Олдам»;

  2. Ахмадов М «Боч1а».

  3. Хамидов 1.-Хь. «Д1а-коч, схьа-коч»


8. «Дарцан буса» поэма язйина:

  1. Ямлихан Хасбулатов; 2) 1алвади Шайхиев; 3)Ахьмад Сулейманов.


9. Стихотворенин мог1анийн чаккхенаш цхьана екаш хилча олу :

1) строфа ; 2) ритм; 3) эпитет ; 4) байт.

10. «СИЙ ДЕЛАХЬ, ЛАТТА!» стихотворенин автор мила ву?

1) Арсанукаев Ш.; 2) Шайхиев 1.; 3) Эдилов Х.















9 класс.


Рог1.

Мах хадоран г1ирсан ц1е

Чийрик

Х1оттийнарг

1

Хьалхарчу чийрикна лерина сочинени

I


2

Шолг1ачу чийрикна лерина талламан болх (тест)

II

Нохчийн литература 9 класс: учебник Арсанукаев А. М., Эдилов С.Э.

Арсанукаева 1. М., Хажбикарова М. И. Къамел кхиорна лерина белхан тетрадь. Грозный: «Грозненский рабочий»-2018.

3

Кхоалг1ачу чийрикна лерина талламан болх (тест)

III

Нохчийн литература 9 класс: учебник Арсанукаев А. М., Эдилов С.Э.

Арсанукаева 1. М., Хажбикарова М. И. Къамел кхиорна лерина белхан тетрадь. Грозный: «Грозненский рабочий»-2018.

4

Йоьалг1ачу чийрикна лерина талламан болх (тест)

IV

Нохчийн литература 9 класс: учебник Арсанукаев А. М., Эдилов С.Э.

Арсанукаева 1. М., Хажбикарова М. И. Къамел кхиорна лерина белхан тетрадь. Грозный: «Грозненский рабочий»-2018.













Нохчийн литературин хьалхарчу чийрикан талламан болх (сочинени)

Сочинени «Нохчийн халкъан иллешкахь ненан васт»



План

  1. Адин Сурхон ненан васт.

  2. Оьрсийн к1ентан ненан васт.

  3. Цхьатерра юй цу шиннан ойланаш?

  4. Х1ун маь1на ду церан вастийн. Царех хьайна хетарг ала.



Нохчийн литературин шолг1ачу чийрикан талламан болх (Тест).


1. Муьлхачу шарахь арадала доладелла, «Серло» ц1е а йолуш, нохчийн дуьххьарлера газета?

1) 1923; 2) 1925; 3) 1934; 4) 1922;


2. Хьан аьлла х1ара дешнаш : « Нохчийн мотт ч1ог1а къен хетар даржош берш цунах цхьана а кепара кхеташ боцу нах бу. Мелхо а, и мотт, шен г1оьнца адаман ойланан уггаре а к1оргера аг1онаш йийцалур йолуш, ч1ог1а хьалдолуш бу».


1)Яковлев Н.Ф.; 2)Семенов Л.П.; 3) Толстой Л.Н ;4) Услар П.К.;


3. Муьлхачу илли т1ера ду х1ара мог1анаш ?

«…-Хьо вийхира ва соьга цу юьртан тхьамданаша, Ас вехча велира хьо цу юьртан тхьамданашна, Дег1аха мерза са цара хьайга ва дехахь, Ахь даккхий д1алолахь дег1аха мерза са».

1)Аьккхийн Жанхотан илли»; 2) «Эвтархойн Ахьмадан илли»; 3) « Эла Къахьармин илли»; 4) «Теркаца хьала-охьа вехаш хиллачу эла Мусостан, Адин Сурхон илли»


4. Халкъан барта кхоллараллина юккъе х1ун ца йог1у?

1) кицанаш; 2) х1етал-металш; 3) туьйранаш ; 4) стихотворенеш.


5. Дудаев 1абди вина а, д1акхелхина а шераш:

1)1901-1937 ; 2) 1922-1995 ; 3) 1920-1992; 4)1930-2012;

6. Нохчийн х1инцалера алфавит х1оттийна ю:

  1. кириллицин буха т1ехь; 2) латиницин буха т1ехь; 3)1аьрбийн алфавита буха т1ехь;

4)гуьржийн алфавита буха т1ехь.


7. «Лергашна хезна доцу, дагна кхиъна доцу, коьртехь сецна доцу тоьшалла дина суна, б1аьрга т1е б1аьрг а х1оттийна…»

Х1окху дешнийн автор мила ву?

  1. Сальмурзаев М.; 2) Дудаев 1.; 3) Айсханов Ш.


8.  Нохчийн халкъан иллеш муьлхачу жанрана юкъадог1у:

               1) проза;            2)  поэзии;         3) драматурги;        4)  барта кхолларалла.


9. Муьлхачу илли т1ехь массо а цхьаьна гайтина ву, вайн халкъан турпалхой:

 Мадин Жаьммирза, Таймин Биболат, Зайтин Шихмирза, Жумин Акхтула, Баьччин Элмарза.

1) «Аьккхин Жанхотан илли»;                                            3) «Жумин Акхтулин илли»;

2) «Чечанарчу Мадин Жаьммирзан илли»;                       4) «Эла Муслстан, Адин Сурхон илли».


10. «Ц1еран арц» повесть т1ехь муьлха турпалхо ву 40 шо хир долуш?

         1) Хонмурд;                             2) Кулдевич;

        3)  Мирза;                                    4) Элберт.




Нохчийн литературин кхоалг1ачу чийрикан талламан болх (Тест).



  1. Нохчийн литературин бухбиллархо ... ву.

1) Ахмадов Муса;2 ) Бадуев Саь1ид-Салихь; 3) Гайсултанов 1умар;

4) Нажаев Ахьмад.


  1. Стихашкахь язйинчу произведенехь ... олу.

1) баллада; 2) роман; 3) поэма; 4) повесть.


  1. Нажаев Ахьмад вина а, д1акхелхина шераш:

1)1901-1937 ; 2) 1922-1995 ; 3) 1920-1992; 4)1895-1943;


  1. Мамакаев 1аьрби вина юрт:

1) Элистанжа; 2) Хьалха-Марта; 3)Лаха –Невре.


5 . «Нохчийн лаьмнашкахь» поэмин автор мила ву?

1)Мамакаев 1.; 2) Бадуев С.; 3) Айсханов Ш.


6. Х1ун бахьана дара Бадуев С.-С. «Бешто» повестехь Бештога Бусана цаяхар?

1)Бешто Бусанех цавашар; 2)Бештона Бусанин нах резацахилар; 3)Бештон куралла;

4)Бусанина Бешто цавезар.


  1. «Кавказан латта», «Йо1е», «Даге», «Сайн к1анте», «Нохчийн»-х1окху произведенийн автор ... ву.

1)Мамакаев Мохьмад; 2) Рашидов Шаид; 3)Мамакаев 1аьрби; 4)Окуев Шима.


8. Муьлхачу стиховоренера ду х1ара мог1анаш?


Ц1ен зезаг дасталац гарманан арахь,

Стиглара можа малх хьоьжуш ца хилча.

Ирс долуш хилла вац уьйрех д1атилча,

Даймахках ваьллачун дог хуьлу ирча.

  1. «Кавказан латта»; 2) «Йо1е»; 3) «Даге»


9. «Г1ирмасолтас яьккхина са» дийцаран автор мила ву?

1) Мамакаев 1аьрби; 2) Хамидов 1абдул-Хьамид; 3) Сальмурзаев Мохьмад.


10. Товсолт, Нурбика, Нурседа, Анна Львовна х1ара романан турпалхой муьлхачу произведени юккъера бу?


1) «Нохчийн лаьмнашкахь», 2) « Лаьмнаша ца дицдо», 3)«Абубешар»



Нохчийн литературин йоьалг1ачу чийрикан талламан болх (Тест).

  1. « Сай» стихотворенин автор мила ву?

  1. Гацаев С.; 2) Сулаев М.; 3) Мамакаев 1.


  1. Гацаев Са1ид вина а, д1акхелхина а шереш:

1)1901-1937 ; 2) 1922-1995 ; 3) 1920-1992; 4)1938-2012


3. Мила ву дуьххьара нохчийн абат язйинарг, муьлхачу шарахь араяьлла иза?

1) 1862 ш. Досов Къеда; 2) 1870 ш. Эльдаров Таьштмар; 3) 1920 ш. Джамалханов Зайнди.


4. Нохчийн поэзехь дуьххьара г1улчаш яьхнарг ву:

            1) Дудаев 1абди; 2) Мамакаев 1аьрби; 3) Сальмурзаев Мохьмад;

4) Айсханов Шамсудди.


5. Х1окху дешнийн автор ву:

     «…нохчийн фольклор 1амор, аьттехьа а меттигера маь1на долуш хилла ца 1а. Цкъацкъа нохчийн фольклоран масех дашехь дуккха а эзарнаш шерийн геннара аьзнаш хеза».

1) Пушкин А.С.; 2) Яковлев ; 3) Услар П.К.; 4) Семенов Л.П.


6.  Муьлхачу шарахь арадала доладелла, «Серло» ц1е а йолуш, нохчийн дуьххьарлера газет?

                       1)   1923;                2) 1925;               3) 1934;               4) 1922.


7. 1.-Хь. Хамидовн «Лийрбоцурш» ц1е йолчу турпалаллин драмин коьртачу турпалхочун ц1е яра ...

1) Шерипов А.; 2) Нурадилов Х.; 3)Мухамед- Мирзоев Хаважи.


8. Къамелехь адамийн синхаам к1арг а беш , х1ума поэтически а, исбаьхьаллин а билгалонашца гойтучух х1ун олу?

1) эпитет; 2) эпиграф; 3)эпилог.


9) Литературин произведенехь исбаьхьчу дешнашца х1оттийначу 1аламан суьртах х1ун олу?

1) сюжет; 2) кульминаци; 3) пейзаж.


10) 1918-чу шарахь Лаха-Неврехь вина нохчийн г1араваьлла яздархо мила ву?

1) Дудаев 1абди; 2) Мамакаев 1аьрби; 3) Сальмурзаев Мохьмад;

4) Айсханов Шамсудди.
































V-IХ классийн дешархойн ненан маттах долчу хаарийн

х1итточу оценкийн барамаш


Сочиненийн мах хадор.

5-9 классашкахь язъечу сочиненийн барам хила тарло кху тайпана:

5 классехь-0,5 я 1,0 аг1о;

6 классехь-1,0 я 1,5 аг1о;

7 классехь-1,5 я 2 аг1о;

8 классехь-2 я 3 аг1о;

9 классехь-3 я 4 аг1о.

И сочиненин барам цу т1ехь сецна боций хьехархочунна хаа деза, х1унда аьлча кхин дуккха а т1едахкаршца бозуш бу цуьнан чулацам:

  1. дешархойн йозанан хат1 тайп-тайпана хилар;

  2. сочиненин тайпане хьаьжжина цуьнан чулацам хийцабалар.

1. «5» дуьллу:

а) дешнаш харжарехь я предложенеш х1итторехь цхьаннал-шиннал сов г1алат дацахь;

аь) цхьаннал сов доцуш жима орфографин я пунктуацин г1алат хилахь.

2. «4» дуьллу:

а) дешнаш харжарехь я предложенеш х1итторехь кхааннал сов г1алат ца хилахь;

аь) шиннал сов орфографин а, шиннал сов пунктуацин а г1алат дацахь.

3. «3» дуьллу:

а) дешнаш харжарехь я предложенеш х1итторехь пхеаннал-ялханнал сов г1алат дацахь;

аь) пхеаннал сов орфографин а, ялханнал сов пунктуацин а г1алат дацахь.


4. «2» дуьллу:

а) дешнаш харжарехь я предложенеш х1итторехь ворх1анга кхочуш г1алат делахь;

аь) кхойттанга кхочуш орфографин а, пунктуацин а г1алат делахь, царна юкъахь ворх1анга кхочуш орфографин г1алат а долуш.


Сочиненина ши оценка юьллу: хьалхарниг литературина, шолг1аниг нохчийн маттана.

Республикерчу берриге а нохчийн меттан, литературин хьехархоша шайн балха т1ехь пайдаэца безар бу оценкийн оцу норманех.


V-IХ классийн дешархойн тесташ хааршна мах хадорехь хьехархочо куьйгалла оьцу кху некъех:

1. «5» дуьллу, нагахь санна тесташ т1ехь цхьа а г1алат дацахь.

2. «4» дуьллу, цхьаннал сов г1алат ца хилахь.

3. «3» дуьллу, шиннал сов г1алат а ца хилахь.

4. «2» дуьллу, кхааннал сов г1алат хилахь.




Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!