10 класс
Нохчийн мотт
РогIалла | Предметан таллам бен дакъа | Мах хадоран гIирсан цIе |
1 | Маттах лаьцна хаамаш | |
2 | Лексикологи | |
3 | Фонетикех хаамаш | |
4 | Морфологи а, орфографи а | |
5 | Къамелан дакъош | |
Талламан диктант № 1
Дуьненан ирс
Цхьа мехкан дай, цхьа кура элий хиллера сакьера хевшина Iаш. Даарх-маларх шаьш буьзча, догIмашна паргIато луш, кузашна тIетийсинчу гIайбеш тIехула шаьш агIорбевлча, элаша вовшашка хаьттинера, хьуний-хьуний хIун дезара, хьанна мила хила лаьара вайна кху дуьненахь аьлла.
Шен болчун тIе кхин оццул бахам безара шена, аьллера цхьамма. Кхаа мехкан эла хила лаьара шена аьлла, билгалдаьккхинера вукхо. КхоалгIачо, шена дуьненан да хила лаьара олуш, жоп деллера хаттарна. Вукху шимма цуьнга бехк баьккхинера.
«Шу ца кхийти сох, – церан бехк тIе ца лаьцнера кхоалгIачо, – шу а ца девзаш, шуна а ца вевзаш, йуьрта йисттехь цхьа жима хIусам а йина, сарралц даьккхинарг сарахь пхьор даъал бен а ца хуьлуш, цхьана бертахь, сайна муьтIахь йолчу хIусамненаца вехаш хилла велара со, тIаккха хир вара-кх сох дуьненан да», – аьлла. Важа ши эла ойланашка ваханера, кхоалгIаниг бакьлуьйш вуйла а хиъна.
Ткъа хьанна ца лиънера, хьанна, кху дуьненан да хилла ваха, кху дуьненах шен нус йан, xIapa дуьне шена декхарла дерзо?!
Нохчийн фольклор (151 дош)
Талламан диктант № 2
Хьасанан ойланаш
Тахана хилча санна, дика дагадогIура Хьасанна ша жима волуш хилла цхьадолу хIуманаш. Лекхачу лаьмнийн хIазарна йуккъехь эчиган некъаца йахйелла жима гIала Iуьллу Алтайн лаьтта тIехь.
ГIалин йистехь, регIан басахь, лаьтта ХьасангIеран цхьаъ бен чоь йоцу цIа. Лаьттах йоьгIначу утармаш тIе шина aaгIop у тухуш, йуккъе жир йоьхкина, дина ду иза. ДогIа тIехь ца сацийта, воттана хьаькхна, у тоьхна бу раз тхов а. ДогIано дашош, малхо дагош лаьтта уй ченан баса дахана. Шайн бахам къаго гIерташ, чеш лоьцуш, поппар а хьаьхна, кораш долчу цхьана пенна кир тоьхна Хьалимата.
Жимчохь дуьйна луларчу берашца йахь йолуш волчу Хьасана йарезаз йуьйгIира шайн кора кIел. Цу тIера чIениг этIаш a, гIaдужуш а, шайн генара Даймохк дагаоьхуш, гIийла ойланаш йеш Iа кхузахь наний, кIанттий. Кхузара дIахьаьжча, дуьйлинчу те тIехула боьду нIаьна санна, генна шерачу арахула малхбузехьа гIерта цIерпошт го. «Дуьне мел ду, генарчу мехкашка дIасалела маьрша, ирсе нах. Вай маца хир ду-те иштта маршо йолуш?» – ойла йо Хьасана.
Хь.Ш. Яндарбиев (153 дош)
ТIедиллар.
-
Текстера 1-чу абзацера дерзоран цIерметдош легаде.
-
Массо а хенашца хийца 2-чу предложенера хандош.
-
3-чу абзацан 1-чу предложенера хандош схьайазде, цуьнан спряжени билгалйакхха.
Шеран талламан диктант № 3
Дахаран кхоларш
Сарралц къегина лаьттина малх суьйренга керчинера. Анайисте кхаччалц схьабеана и, йоьза чара санна, боккха бара. И цIийбеллера, шен йозалла айъина боллуш санна. Гезгамаша а хилла, стиглахь йаьржинера цуьнан зIенарш. Малхбалехьара а, лаьмнашкара а тIегIертачу суьйренан IиндагIаша дIабойъуш лаьттара маьлхан тIаьххьара суй.
Малх чубуьзна баларца дуьнено кхин бос ийцира. ТIаьхь-тIаьхьа дукълуш лаьттара тIегIертачу маьркIажан боданан IиндагIаш. Гучудуьйлура седарчий, амма церан лепар а цхьабосса дацара: цхьадерш – сирла, ткъа вуьш –кхоьлина,тIе чим тесча санна.
Соьлжа-ГIала йара суьйранна чуйоьрзуш. Урамашкара адамаш лахделлера.
Доьду хи санна, хьаьдда ду дахар, амма цуьнан ирхенаш а, охьенаш а нисло. Де-буьйса санна, серлонехь а, боданехь а нисдала а тарло и. Адамийн дог-ойла гуттар а къуьйсуш йу диканой, воной, оьздачой, маьттазчой, хьаналчой, хьарамчой. Цу къийсамах цIена чекхвала ца хууш верг а, ца лууш верг а хуьлу. Даг тIехь йисна хьоькхнаш йуьхь-чкъурах ларйеш, массарах тарвала гIертахь а, ойланашка вуьйлу ишттаниг. Шерашкахь гена мел вели а, тIейазло цунна дахаран кхоларш. Къаьсттина чIогIа дагалецамашка воху ишттаниг суьйренаша а, Iаьнан йехачу буьйсанаша а.
Хь.С.Эдильгериев (160 дош)
ТIедиллар.
-
Текстан 2-чу абзацера антонимаш схьайазйе.
-
Морфемийн таллар кхочушде дешнийн: «йозалла», «чубуьзна».
-
4-чу абзацера чолхе цIердешнаш, буха сиз а хьокхуш, билгалдаха.
-
2-чу абзацера хуттургаш схьайазйе, церан тайпанаш билгалдаха.
Изложенеш
ВорхӀ кӀант ву Даркешан. ВорхӀе а – ден дозалла. Цуьнан гӀортораш. ВорхӀе а – пепнаш санна, догӀмаш долуш, болатах воьттича санна, онда. ХӀумманах а бӀаьргнегӀар тухур доцуш. Вухавер воцуш. Ӏуьргара текхарг а йоккхур йолуш, чӀарх-аьллий, шайтӀанан ненан багара маха а бохьур болуш, майрий. ГӀиллакхах вухур воцушший, йахь дӀалур йоцушший.
Иштта кхиийна уьш дас. Цо хӀинца а олу шен кӀенташка: «Хьалха а ма хила, тӀаьхьа а ма хила. Шун меттиг йуккъехь йу».
Цкъа воккхахволчу Аьрзус, Ӏен а ца велла, хаьттира дега:
– И йуккъера меттиг хӀунда хоьржу ахь тхуна, ва дада?
Даркеш оьгӀаз ца вахара оцу хаттарна. Тера дара цо и лардинчух. «Хьалхавийла Ӏеминарг массо а хӀуман тӀехь а хьалхара хила лууш хуьлу, тӀехьа сеца Ӏеминарг массо а хӀуман тӀехь а тӀаьхьара хила лууш хуьлу. Хьалхавалий, тӀаьхьависий стаг гуттар а караво. Муьлххачу а гӀуллакхан коьрта йозалла шена тӀеоьцуш йерг йукъ йу. И онда йелахь, халкъан доь довр дац», – жоп делира Даркеша.
Ден хьехар лардира кӀенташа, ЦӀагарца паччахьан салташна кӀело йан баханчохь а. Коьрталла ца къевсира цхьаьнцца а. Кхечаьрца нийсса лийтира вежарий ХьаргӀий, Олхазаррий, Маккхаллий. ТӀаьхьарчунна пхьаьрсах чов а йинера.
Салтийн тоьпаш а йохьуш, ЦӀагаран тоба цӀа йирзича, гихоша доккха са даьккхира… Цхьана Аружин йуьхь тӀехь ца хаалора йа хазахетар а, йа халахетар а. Иза йоьллера шен кхузткъе итт шара чохь кӀентий кхерамечу новкъа а бохуш, уьш могуш-маьрша бухаберзаре хьежарх.
ВорхӀ кӀант ву Даркешан доьзалехь. ВорхӀ кӀант – ненан ворхӀ са. Цхьана деган эшшарехь деттало и ворхӀ са, цхьанна цатам хилча, берриге а кийра Ӏовжош, хазахетар хилча, кийрахь меттиг ца тоьуш…
Кхо кӀант дена дуьхьал хӀоьттира. Хьалха вистхилира кхааннах воккхахволу ХьаргӀа.
– Дада, тхо духадирзи, зен-зулам ца хуьлуш.
– Бакъахьа хир ду, – кӀентийн бӀаьра ца хьожуш, бен доцчуха жоп ло Даркеша. – ПаргӀат хила.
Нана йолчу боьлху кӀентий.
– Нана, тхо духадирзи, могаш-маьрша долуш.
– Некъан хьовзамах, йуьхьӀаьржонах лардойла шу вайнДала,– меллаша дека тийналлехь Аружин аз. – ДӀадуьло, паргӀатдовла.
Воккхахволчу вешина Аьрзуна тӀебоьлху вежарий.
– Тхо духадирзи, дагалаьцнарг кхочуш а дина.
– Нахана хьалха корта охьабахийта меттиг-м ца йитина аш вайна? – хоьтту Аьрзус.
– Ца йитина, – жоп ло ХьаргӀас.
– Дика хир ду, – там хиларца боху воккхахволчу вашас. – Хьовса шайн гӀуллакхе…
Л.М.Яхъяев (343 дош)
Хьесап:
1. Ден дозалла. 4. Аружин доьналла.
2. Ден хьехамаш. 5. Дена дуьхьал хӀоттар.
3. КӀенташа ден хьехар лардар. 6. Доьзалехь йолу йукъаметтиг.
2. ГӀаргӀулийн илли
«Де дика хуьлда хьан, сан хьоме Уми!» – халла, xӀopa дешдакъа къастош, дийшира кӀанта, цецваьлла ненанене а хьоьжуш. Умина-м лаьара нохчийн маттахь довха, эсала, мерза дешнаш хозийла.
– Немцойн маттахь йаздина, – элира Султана, – немцойн меттан хьехархочуьнга кхайкха гӀой со?
Ненананас ца оьшу боххушехь ариккхира.
Уми ца кхетара. Цунна цкъа а дага ца деанера кӀантана шен ненан мотт бицлур бу бохург.
– Уми ойлане йуьйжира. Цунна дагадеара шовзткье кхоалгӀa шо. Дагадеара цхьаъ бен воцу кӀант ша тӀаме новкъаваккхар. Дагадеара вокзалехь дуккха а нах хьаьвддий-бевддий лелар. ЦӀаьххьана, бакъдолуш санна цунна хезира шен кӀентан аз, хӀетахь оцу шийлачу Ӏуьйранна дегайовхонца декна долу: «Нана, ас дуй буу хьуна, со йухавоьрзур ву хьомечу лаьмнашка – Даймахке».
Вочу ойланаша некхе лазар туьйхира кьеначу Умина. ГӀийла делха доладелира дог...
Чуволлушехь кехат схьаийцира хьехархочо.
«Де дика хуьлда хьан, сан хьоме Уми, – гочдан вуьйлира хьехархо. – Муха Ӏаш йу хьо? ДагавогӀий хьуна со? Ас йаздо хьоьга xӀapa могӀанаш, гӀийла велха а воьлхуш. Хьуна ма мотталахь, шелехь, гӀелехь массарна а вицвелла, хийрачу нехан неӀаршка хӀуьттуш, со лелаш ву. ХӀан-хӀа. Сан цӀа а, доьзал а, машен а ю. Сингаттамо таӀийначу дагна йеззарг эца йиш йу сан. Амма бац сан Даймохк, мел дукха ахча даларх, и эца таро а йац...
Со хедира цунах фронте дӀа ма-вахханехь: шовзткъе кхоалгӀачу шеран декабрь баттахьсо йийсаре вигира мостагӀаша. ТӀаккха – концлагерь. Французашцацу чуьра ведда, къилбен Франце вахара со. Зуда йалийра. Ткъа цул тӀаьхьа цӀа ван дага ца деара.
Сан къизачу кхолламо со ца кхачош хӀун меттиг йисира: ах дуьне теллира ас, айса лоьху синтем ца карош.
Ткъа дукха хан йоццуш Истамал-гӀалахь цхьа некъахо кхайкхира соьга. Вай санна кхайкхира: «ХӀей!». Некъаш хедош со тӀехьаьдира цунна, амма тӀегӀоьртинчу машенаша некъ бихкира сан.
Со миччахь хиларх, суна тӀаьхьа уьду и тамашена аз: «ХӀей!». Набарх а воккху цо.
Цул тӀаьхьа ас ойла йира: сан нана йай и-м соьга кхойкхуш. Даймохк бу шен тилвеллачу кӀанте мохь бетташ. Цхьана маьӀӀаргонна цӀа а вогӀура со хӀетахь: сайн хӀуманаш дӀа а хьарчийна, кехаташ а кечдина тохавелира, тӀаккха а ца хӀоьттира со: дӀавоьдуш къона а, могаш а, хаза а ма вара со, ткъа бакъо йуй сан къежвелла, къанвелла вуоча а ваьлла, вухаверза».
Масийтта шо хьалха эвлах йелира адамийн тоба. Царна деза дара шаьш дӀавуллург дийна ву, вац цахаар. Уми дуьхьал йара, цо дехарш дора моллига. Амма гӀиллакхо лоьхура дийна верг а дӀаволлар, нагахь цо Даймохк дӀатеснехь, нагахь иза тӀепаза вайнехь.
Иштта дӀавоьллира кӀант.
Умина хетара шен кӀанте болу безам лахьте берзийча санна. Амма и тешара, цо сатуьйсура, туьйранахь санна, цхьа тамашена хӀума хиларе.
Ткъа хӀинца xӀapa кехат...
ХӀаъ, хӀинца цӀаьххьана кхийтира Уми шегара даьллачу гӀaлатах: цӀа воьрзур вац цуьнан кӀант цкъа а, вистхир вац цуьнга шен дайн маттахь, велла цуьнан кӀант, велла тоххарехь.
Оцу ойланах Уми гӀийла къурдаш дан йуьйлира. БӀаьрхиша цуьнан садукъдора. Дерриг дуьне бӀаьрхиш хилла даьржинера.
Ткъа и дахаре йухайерзийра геннара, стиглан бухара, схьахезачу маьхьарша. Иза хьалахьаьжира, дехха могӀанаш дина цхьа Ӏаьржа тӀадамаш дара цигахь гуш. ТӀаккха цунна хезира цхьа тамашена аьзнаш. Иза дара дуьненахь а уггаре гӀийла илли – Даймахках къаьсташ гӀаргӀулийн илли.
Ӏ.-Хь.Ӏ. Хатуев (483 дош)
Хьесап:
1. КӀантepa кехат. 4. Ненан ойланаш кӀаргйалар.
2. Хьехархочуьнга кхайкха вахар. 5. Умин гӀийла къурдаш.
3. Кехатан Ӏийжаме мoгӀaнaш. 6. ГӀаргӀулийн илли.
Тесташ
«Къамелан дакъош» темина талламан болх
Тест № 1 (1-ра вариант)
1. Нохчийн маттахь къамелан дакъа ду:
1) 6;
2) 3;
3) 4;
4) 10.
2. Нохчийн маттахь коьрта къамелан дакъа ду:
1) 10;
2) 9;
3) 6;
4) 3.
3. ГӀуллакхан къамелан дакъош ду:
1) дештӀаьхье, хуттург, дакъалг;
2) дештӀаьхье, хуттург, дакъалг, айдардош;
3) цӀердош, билгалдош, терахьдош, цӀерметдош, куцдош, хандош;
4) цӀердош, билгалдош, терахьдош, цӀерметдош, куцдош, хандош, дештӀаьхье, хуттург, дакъалг, айдардош.
4. ЦӀердош:
1) къамелан дакъа ду;
2) предложенин коьрта меже йу;
3) предложенин коьртаза меже йу;
4) предложенин шакъаьстина меже йу.
5. Хандешан хӀоттаман сказуеми ду:
1) йижаза йара;
2) хьоьхур ду;
3) лекхира йиш;
4) йаха кечйелира.
6. Дацаран дакъалг ца цӀердешнашца … яздо:
1) даима цхьаьна;
2) къаьстина;
3) наггахь цхьаьна;
4) наггахь къаьстина.
7. Терахьдешнаш хуьлу:
1) цхьалхе, чолхе, хӀоттаман;
2) мухаллин, доладерзоран;
3) йаххьийн, къастамза, гайтаран;
4) берта, бертаза.
8. ХӀара дешнаш дакъалгаш ду:
1) ткъа, делахь а, йа, хӀетте а;
2) чу, тӀехь, кӀел, уллохь;
3) чул, амма, бакъду, цхьабакъду;
4) дуьххьадӀа, ур-атталла, хьовха.
9. «Сихвала» хандешан хан билгалйаккха:
-
йахана хан;
-
карара хан;
-
йогӀу хан;
-
нийса жоп дац.
10. ХӀара цӀерметдешнаш дефисца ца яздо:
1) цхьа?волу, кхи?волу, наггахь?волу;
2) со?со, и?ша, шу?шаьш;
3) муьлх?муьлха, мил?милла, хьаъ?хьаъа а;
4) тхо?тхаьш, шун?шайниг, цуьнан?шен.
11. Айдардешнаш кхаа тайпане декъа тарло:
1) мухаллин, доладерзоран, юкъаметтигаллин;
2) азтардаран, синхаамийн, кхайкхаран;
3) цхьалхе, чолхе, хӀоттаман;
4) хенан, меттиган, бараман.
12. ДештӀаьхье:
1) къамелан дакъа ду;
2) дешан дакъа ду;
3) предложенин меже йу;
4) йукъадало дош ду.
13. Куцдешан предложенехь … уьйр хуьлу:
1) цӀердашца;
2) хандашца;
3) билгалдашца;
4) терахьдашца.
14. ХӀара цӀердешнаш цхьаллин терахьехь бен ца лела:
1) йовхарш, аьшпаш, йоькаш;
2) стаг, йоӀ, йис;
3) Салман, Ӏийса, Асет;
4) хьонка, хӀаваъ, тов.
15. РогӀаллин терахьдашо гойту:
-
масалла;
-
рогӀалла;
-
мухалла;
-
хан.
1 | 2 | 3 | 4 | 5 | 6 | 7 | 8 | 9 | 10 | 11 | 12 | 13 | 14 | 15 | | «5» | «4» | «3» | «2» |
4 | 3 | 1 | 1 | 4 | 1 | 1 | 4 | 4 | 1 | 2 | 1 | 2 | 4 | 2 | 13-15 | 10-12 | 7-9 | 1-6 |
«Къамелан дакъош» темина талламан болх
Тест № 1 (2-гӀа вариант)
1. Вешан ойла а, дагахь дерг а вай дӀадуьйцу маттаца.
ХӀокху предложенера хандош ду:
1) йаханчу хенан;
2) карарчу хенан;
3) йогӀучу хенан;
4) билгалзачу кепехь.
2. Цо стоьла тӀе кехат диллира.
ХӀокху предложенехь дештӀаьхье йу:
1) цо;
2) тӀе;
3) кехат;
4) диллира.
3. ХӀара хандешнаш хьалхарчу спряжени чу догӀу:
1) деша, хатта;
2) ласта, теша;
3) такха, лачкъа;
4) латта, Ӏама.
4. «ГӀелвала» хандешан хан билгалйаккха:
-
йахана хан;
-
карара хан;
-
йогӀу хан;
-
нийса жоп дац.
5. Мухаллин билгалдешнийн даржаш ду:
1) йуьхьан, йуьхьза, йукъара;
2) йуьхьанцара, дустаран, тӀехдаларан;
3) цхьалхе, чолхе, хӀоттаман;
4) коьрта а, коьртаза а.
6. Дош карладоккхуш кхолладелла чолхе куцдешнаш йаздо:
1) дефисца;
2) къаьстина;
3) цхьаьна;
4) цӀоьмалгаца.
7. ХӀумма а, аддам а боху цӀерметдешнаш ду:
1) гайтаран;
2) хаттаран;
3) дацаран;
4) дерзоран.
8.Цхьацца, шишша, пхиппа терахьдешнийн тайпа ду:
1) масаллин;
2) рогӀаллин;
3) декъаран;
4) дакъойн.
9. ХӀара цӀердешнаш 4-чу легар чу догӀу:
-
адам, дуьне, йамартло;
-
йоза, бӀов, ков;
-
эчиг, дечиг, диг;
-
дошло, доттагӀ, мостагӀ.
10. Билгалдешнаш хуьлу:
1) берта а, бертаза а;
2) лааме а, лаамаза а;
3) долахь а, йукъара а;
4) къастаман а, къастамза а.
11. ХӀара билгалдешнаш даржашца хийцало:
-
мухаллин билгалдешнаш;
-
йукъаметтигаллин билгалдешнаш;
-
доланиг дожаран кепах хилла билгалдешнаш;
-
билгалдешнаш даржашца хийца ца ло.
12. ДӀабаханчу беттан ткъе итте а де хаза лаьттира.
ХӀокху предложенера терахьдош ду:
1) хӀоттаман;
2) чолхе;
3) цхьалхе;
4) декъаран.
13. Бовр буй-техьа хьоь болу сан безам цкъа а, гур вуй-техьа сайл дукхах хьо йезарг цхъа а.
ХӀокху предложенера билгалдаьхна дешнаш ду:
-
айдардешнаш;
-
хуттургаш;
-
дакъалгаш;
-
дештӀаьхьенаш.
14. Куцдош ду:
1) оьзда йоӀ, дашо малх;
2) мела мох, шийла шовда;
3) шолгӀа шо, ткъа синтар;
4) меллаша вогӀу, шозза эли.
15. Айдардешнаш предложенехь:
1) меженаш хуьлу;
2) меженаш ца хуьлу;
3) меженаш хуьлу айдардош даьржина хилча;
4) меженаш хуьлу айдардош даьржина ца хилча.
1 | 2 | 3 | 4 | 5 | 6 | 7 | 8 | 9 | 10 | 11 | 12 | 13 | 14 | 15 | | «5» | «4» | «3» | «2» |
2 | 2 | 1 | 4 | 2 | 1 | 3 | 3 | 4 | 2 | 1 | 1 | 3 | 4 | 2 | 13-15 | 10-12 | 7-9 | 1-6 |
10 класс
Нохчийн литература
РогIалла | Предметан таллам бен дакъа | Мах хадоран гIирсан цIе |
1 | Арсанов С-Б.А. «Маца девза доттагӀалла» роман | |
2 | Мамакаев М.А. «Зеламха» роман | |
3 | Нохчийн литература. Эдилов Х.Э. «Сийлаха» поэма | |
4 | Дешаран шарахь Ӏамийнарг карладаккхар | |
Тесташ
Тест № 1 (1-ра вариант)
1. «Маца девза доттагIалла» цIе йолчу исторически романан автор ву:
1) Мамакаев Мохьмад;
2) Ошаев Халид;
3) Арсанов СаьIид-Бей;
4) Нажаев Ахьмад.
2. Ахмадов Мусан «Лаьмнел лекха» драмин турпалхо ву:
-
ГӀойсум;
-
Жаьмбик;
-
Элси;
-
Леча.
3. Произведенехь йаздархочо гойтучу коьртачу ойланах йа цунна ала луучух … олу:
-
эпиграф;
-
метафора;
-
тема;
-
идея.
4. Нохчийн поэтан Яралиев Юсупан къинхьегаман дахар дӀадоладелла:
-
1969-чу шарахь;
-
1976-чу шарахь;
-
1985-чу шарахь;
-
1991-чу шарахь.
5. Исбаьхьаллин произведенешкахь адамийн амалш а, дахар а гайтаран кепах … олу:
1) автограф;
2) васт;
3) жанр;
4) тема.
6. Бексултанов Мусан «Дахаран хин генара бердаш» повестан тема ю:
1) безаман;
2) доттагӀаллин;
3) исторически;
4) доьзалан.
7. «Деззачу атлазан дарин йу таппаш, ахь цIе тоьхханарг хадор йу ас».
ХӀокху поэмин юккъера бу и могIа:
1) «Заманан лараш»;
2) «Кханенга воьду»;
3) «Лаьттан цинц»;
4) «Сийлаха».
8. Нохчийн литературехь дуьххьара поэма йазйинарг ву:
1) НажаевАхьмад;
2) Мамакаев Мохьмад;
3) Арсанукаев Шайхи;
4) Мамакаев Ӏаьрби.
9. ХӀума поэтически а, исбаьхьаллин а билгалонашца гойтучу суртхӀотточу гӀирсах … олу:
1) аллегори;
2) олицетворени;
3) пейзаж;
4) эпитет.
10. «ЦӀий хуьйдина лаьмнаш» цӀе йолчу поэмин автор ву:
1) Бадуев СаьIид;
2) Мамакаев Мохьмад;
3) Мамакаев Ӏаьрби;
4) Бексултанов Муса.
11. Абдулаев Лечин «Къонахийн некъ хуьлуш бацийца атта» цӀе йолу стихотворени лерина ю:
-
Айдамиров Абузарна.
-
Мамакаев Ӏаьрбина.
-
Ахмадов Мусана.
-
Ошаев Халидна.
12. Нохчийн литературехь дуьххьара дийцар йаздинарг ву:
1) Сальмурзаев Мохьмад;
2) Ошаев Халид;
3) Бадуев СаьIид;
4) Нажаев Ахьмад.
13. Эдилов Хас-Мохьмадан «Сийлаха» поэмехь ИбрахIиман доьзал дакъазбаьккхинарг ю:
1) Жовжан;
2) Бикату;
3) Маржан;
4) Аружа.
14.«Даймехкан декхаро гӀаттийна вогӀу со…»
ХӀокху дешнийн автор ву:
1) Айдамиров Абузар.
2) Арсанукаев Шайхи.
3) Мамакаев Мохьмад.
4) Дикаев Мохьмад
15. Произведени дӀайолалуш далийначу, цуьнан коьрта маьӀна шайца гучудолучу говзачу дешнех … олу.
-
долор;
-
кица;
-
эпиграф;
-
эпитет.
1 | 2 | 3 | 4 | 5 | 6 | 7 | 8 | 9 | 10 | 11 | 12 | 13 | 14 | 15 | | «5» | «4» | «3» | «2» |
3 | 1 | 4 | 2 | 2 | 4 | 4 | 2 | 4 | 2 | 3 | 1 | 4 | 3 | 3 | 13-15 | 10-12 | 7-9 | 1-6 |
Тест № 1 (2-гӀа вариант)
1. «Маца девза доттагIалла» цIе йолчу исторически романан автор ву:
1) Мамакаев Мохьмад;
2) Ошаев Халид;
3) Арсанов СаьIид-Бей;
4) Нажаев Ахьмад.
2. «Александр Чеченский» повестан коьрта турпалхо хӀокху йуьртара дӀавигна вара:
1) АтагӀара;
2) Чечанара;
3) ГӀойтӀара;
4) Алдара.
3. «Зеламха» цӀе йолу роман хӀокху жанрехь йазйина йу:
-
публицистически;
2) исторически;
3) фантастически;
4) реалистически.
4. Нохчийн поэт Цуруев Шарип дуьххьара зорбане ваьлла:
-
1969-чу шарахь;
-
1977-чу шарахь;
-
1985-чу шарахь;
-
1991-чу шарахь.
5.«Кхийра кхаба» стихотворенин автор ву:
1) Исмаилов Абу;
2) Абдулаев Леча;
3)Яшуркаев Султан;
4) Цуруев Шарип.
6. Произведени дӀайолалуш далийначу, цуьнан коьрта маьӀна шайца гучудолучу говзачу дешнех … олу.
-
долор;
-
кица;
-
эпиграф;
-
эпитет.
7.«Деззачу атлазан дарин йу таппаш, ахь цIе тоьхханарг хадор йу ас».
Х1окху поэмин йуккъера бу и могIа:
1) «Заманан лараш»;
2) «Кханенга воьду»;
3) «Лаьттан цинц»;
4) «Сийлаха».
8. Бексултанов Мусан «Дахаран хин генара бердаш» повестан тема ю:
1) безаман;
2) доттагӀаллин;
3) исторически;
4) доьзалан.
9. «Элпаш ас ишколехь Iамийнехь а, оьшучу вастехь со яздан Iамийнарг газета ду»
ХӀокху дешнийн автор мила ву:
1) Айсханов Шамсудди;
2) Мамакаев Мохьмад;
3) Сальмурзаев Мохьмад;
4) Дудаев Iабди.
10. Исбаьхьаллин произведенешкахь адамийнш амал а, дахар а гайтаран кепах … олу:
1)васт;
2) автограф;
3) жанр;
4) тема.
11. Эдилов Хас-Мохьмада дуьххьара йазйина поэма ю:
1) «Нохчийн кIант Волгин йистехь»;
2) «Сийлаха»;
3) «Ненан безам»;
4) «Октябран серло».
12. «Зеламха» цӀе йолчу романехь дов доладелира:
1) ахча къевсина;
2) Зезаг къевсина;
3) латта къевсина;
4) дош-даше даларна.
13. Нохчийн литературехь дуьххьара дийцар йаздинарг ву:
1) Сальмурзаев Мохьмад;
2) Ошаев Халид;
3) Бадуев СаьIид;
4) Нажаев Ахьмад.
14. Ахмадов Мусан «Лаьмнел лекха» драмин турпалхо ву:
-
ГӀойсум;
-
Жаьмбик;
-
Элси;
-
Леча.
15. ХӀума поэтически а, исбаьхьаллин а билгалонашца гойтучу суртхӀотточу гӀирсах … олу:
1) аллегори;
2) олицетворени;
3) пейзаж;
4) эпитет.
1 | 2 | 3 | 4 | 5 | 6 | 7 | 8 | 9 | 10 | 11 | 12 | 13 | 14 | 15 | | «5» | «4» | «3» | «2» |
3 | 4 | 2 | 2 | 1 | 3 | 4 | 4 | 2 | 1 | 2 | 2 | 1 | 1 | 4 | 13-15 | 10-12 | 7-9 | 1-6 |
11 класс
Нохчийн мотт
РогIалла | Предметан таллам бен дакъа | Мах хадоран гIирсан цIе |
1 | Синтаксис, пунктуаци, цхьалхе предложени | |
2 | Чолхе предложени | |
3 | Ма-дарра а, лач а къамел | |
4 | Пунктуаци | -
«Бохам» талламан болх. -
Тест «Чолхе предложенеш» |
Талламан диктант № 1
Микин дахар
Генарчу Алтайн пана лаьттачу лаьмнийн сийначу хьаннаша хьулйина Iуьллу Лесное-йурт. Оцу йуьртахь цкъа дукхе-дукха хьалха ханнийн лохачу цIа чохь шен дененаца вехаш Iаш вара Мика. Микин да тIам тIехь вийнера. Цуьнан, нохчий цIера бохуш, вагон тIехь нана а кхелхинера. Хала дара оцу махкахь адамийн дахар, къаьсттина шайн махках баьхначу нохчийн а долуш. Ло диллича, тIебогIуш некъ цахиларна, йоцачу аьхка бора цигарчу наха Iаьнна кечам. Шен итт шо бен дацахь а, Йоккхачу Бабица эса Iаьнера даккхал докъар гулдора Микас. Йуьйш, асарш деш, баьрзнаш деш, картолаш лелайора, гурахь схьайохий, цIийна бухахь долчу ор чу йерзайора.
Журавлиха олуш, чохь чIерий долуш, хаза хьаьъна хи дара йуьртан йуккъехула лам чуьра охьадогIуш. XIopш хьалха Iийначу генарчу Нохчийчоьнан ламанан хих, БIаьстах, тера дара Журавлиха, цкъа тийна, йуха зевне, хьаьъна догIуш. Цкъа цхьана хенахь гIаргIулеш гуллуш хилла боху кхуьнан бердашца. Цундела тиллина хина и хаза цIе. Оцу хица шен хенарчу берашца хьалаоьхуш, схьадевлча цIазамаш а, гурахь хилча мангал-комарш а, кхезарш а кхоьхьура Микас тускар чохь. Дукха гена девлча, хьуьнан кIоргехь тилалуш меттиг а йогIура берийн. ТIаккха масийтта aгIop шайтIанан маьхьаро дIасакхоьхьуш, тилвеллачун мохь хезара.
Хь.Ш.Яндарбиев(177 дош)
Талламан диктант № 2
Борз
Лаьтта тIехь акхарой, дийнаташ, сагалматаш бен ца хиллачу ширачу заманахь цхьа чIогIа мох баьлла хилла. Дитташ охьадеттаделла, хIордаш, хиш лаьтта тIехула даьржина, лаьмнаш охьахирцина, къематде хIоьттина хилла.
Йерриге садолу хIума дIасайедда. Йеккъа цхьа борз йисна цу махана дуьхьал йирзина, шекйоцуш. Мера тIера цIоганна тIе кхаччалц шен схьайаьлла цIока махо ловзош, хиъна laш хилла гила борз. Кхано, цхьа хан йаьлча, мох дIатийна, сирла малх а хьаьжна, дIахIоьттина Латта. Йерриге садолчу хIумано, тIе а гулйелла, хеттарш дина:
– Дитташ охьадетташ, лаьтта тIехула хиш даьржина, лаьмнаш охьахерцаш, массо а садолу хIума шайн са дадийна йеддий-хьаьддий лелачу хенахь, хьо меттах а ма ца йелира, ва борз?
ДегIа тIера охьаледаш цIийн тIадамаш долуш, генна дIахьажийна ши бIаьрг болуш, курра Iачу барзо жоп делла:
– Сан когаш бухахь дерг сан дайн латта ду, мел къематде тIедарах, Даймохк битина, йаха меттиг болуш йац со хIокху Лаьтта тIехь.
Ойлане кортош а охкийна, йуьхьIаьржа а хIиттина, бенашка дIасайахана акхарой. Борз-м йисна, царна тIаьхьа а хьоьжуш, шена хиллачу чевнаша дегI а Iийжош, кога акха йала шен кхин Даймохк а боцуш.
Нохчийн фольклор(169 дош)
ТIедиллар.
-
Текстера тIедерзар схьаязде.
-
1-чу предложенера къастамаш схьайазбе.
-
Текстан тIаьххьара предложени синтаксически талла.
Шеран талламан диктант № 3
Бохам
Пхи шо дара моьтту суна сайн цу гурахь, Iаьнна кечйинчу алах сан вашас цIе тесча. Тхойшиъ сирникех ловзуш вара, вовшашна уьш, лета а йеш, тIекхуьйсуш; сарахь дара иза, маьркIажан бода къовлалуш.
Сан ваша, сол ши шо воккхахволу, тIаьххьара а, и ловзар кIорда а дина, ала тIе сирникаш кхийса хIоьттира. Асамохь хьоькхура, саца бохуш. ЦIе эххар а марсайелира, тхойшинга дIа а ца йайъалуш.
Тхойшиъ ведда, божалан тхов тIе а ваьлла, дIалечкъира, шипаран бисткхачалучухула хьерайаьллачу цIаре а хьоьжуш. Йол дукха йара, арц санна, ирх а йахана, paгIy санна, йехха йоьттина. Маьхьарий дара тхойшинна хезаш, тхан да а, девежарий а, лулахой а болуш йукъахь. «Ши кIант лаха, ши кIант! – бохуш, мохь беттара тхан дас. – Йол йита, ши кIант схьалаха, ваьгний хьажа ши кIант!»
Со вилхира, мохь а баьлла, дена тхойшиъ велла моьттиний а хиъна.
И йогу цIе а, маьхьарий а, и дIасауьду нах а битина, дас тхов тIера охьаваьккхира тхойша: «Велха ма велха, дукхаваха шуьшиъ, шуьшиъ дийна хилчхьана... йол-м жIаьлеша йаахьара», – бохуш, тхойшиъ кхеравеллий а хиъна, веларца хьеста а хьоьстуш.
М.Э. Бексултанов(169 дош)
ТIедиллар.
-
Текстера шакъаьстина къастам схьайазбе.
-
Текстера хуттургаш йоцу чолхе предложени схьалаха, цуьнан грамматически лардаш билгалйаха.
-
3-чу абзацера ма-дарра къамелан схема хIоттайе.
Изложенеш
Жимачу хенахь башха иэс ца хуьлу кегийчеран гонаха долчун терго йан: Даймехкан хазаллин, къоман сийлаллин, йуьртахойн гӀиллакхийн, лулахойн дикаллин, баккхийчу нехан мехаллин. Де кхоьлина ца хилчахьана, дуьненан исбаьхьалле кхийда дог маьрша дитича, цунах тоам беш лела бераллехь.
Цхьана хазачу бӀаьстенан дийнахь ненера пурба а даьккхина, Шовда денана йолчу йаханера, жимма цуьнца марзо эца. Бабина чӀогӀа дукхайезара жима Шовда. Ша йолчу йеъча, цунна там бан гӀертара. Нанас шега цӀахь, йохайарна кхоьруш, ца йуьлуьйту пхьегӀаш йуьлуьйтура. Мухха хьакхахь а, шен чу нуй, горгам хьокхуьйтура. ТӀаккха цо диначу гӀуллакхашна, бекхамна санна, сихха нохчийн пешан цӀергахь сискал йоттий, цуьнца йетшура молуьйтура.
Жимма луьйш-олуш Ӏийначул тӀаьхьа, Шовдина уггар мерза хета къайле гучуйоккхура бабас. Шен даг тӀе гилгаш дохуш санна, хетара йоӀана, цо шен куьйган керайукъахь масех шекаран бӀелиг кховдийча. Ткъа наггахь гӀожан буьххьехь долу цӀазамаш а, бӀараш а лора.
Шовдина хазахетара бабин тӀорказ. Цхьа хаза, тайп-тайпанчу басаршца дехкина тӀехь зезагаш, тӀетесна тир йаьккхина кечдина кӀадин киса. ЙоӀана моьттура бабин массо а къайле цу чохь лачкъийна йу. Шен бераллин хьекъале хьаьжжина, и къайле лаьтташ йу моьттура цу чохь долчу дуккха а бӀелигех, кампетех, кхийолчу бес-бесарчу хӀуманех.
Иштта цхьана дийнахь йоӀа бабица къамеле йаьллачохь хаьттира:
– Баба, гуттар и хьан тӀорказ дуьйцуш ма хуьлу Зийдат, цо йоккха меттиг дӀалоцу бохуш. Иза ара ца доккхуьйтуш, халахета, моьтту суна, цунна. Ахь ма олий, хьан цу чохь дуьненан меха йолу къайле йу. Зийдатца ца доькъу ахь, соьца санна, цу чуьра хьайн мерза бӀелигаш а, кампеташ а?
И хаттар хезча, баба доггах йелайелира. Цул тӀаьхьа Шовда куьг лаьцна меллаша тӀорказна тӀейигира цо. Цунна тоьхна долу догӀа схьа а даьстина, хьалайехира цу чуьра дуккха а хӀуманаш. Амма йоьӀан бӀаьрг ца кхийтира ша сатуьйсучух. Цхьа лерина дӀахьарчийна тиша бедарш схьайаьстира бабас.
– ХӀара сан деден Хьаьжин-цӀа воьдуш тӀехь хилла духар ду. Кху духаран йозалла йийцина ца йаллал йеза йу. Оцу хенахь Хьаьжин-цӀа гӀаш боьлхура нах. Сан дедена дуккха халонаш тӀеӀиттайелла некъан бохаллехь. Халонашца цхьаьна тишдала доладелла хилла духар. Амма ша цӀавирзича, шена гучувала веанчу стагана и тӀехь долуш маракхеташ хилла иза,хийла цига кхача сатесначу стеган ког а, бӀаьрг а ца кхаьчначу йезачу меттигашкахь шена тӀехь дӀа а, схьа а деана духар ду хӀара бохуш. Цуьнан дозаллина тхан денанас хӀара массарна а гучохь кхозуш латтадора, – дийцира цо.
ТӀаккха тӀетуьйхира:
– ХӀара сан ненанана Кулсум маре йоьдуш цунна тӀехь хилла гӀабали а, цу юкъах дихкина хилла долу дато доьхка а ду.
Кхин а цхьацца шира, шен дагна хьоме хӀуманаш гайтира бабас йоӀана.
– Шовда, хӀара йу-кх хьан Бабин йерриг къайле, – дегочу озаца элира йоккхачу стага.
Ш. Х.Дашаева (404 дош)
Хьесап:
1. Бераллин хан.
2. Шовда денана йолчу йахар.
3. Бабин тӀорказ.
4. Шовдин хаттар.
5. Бабин къайле.
2. Дохкойала, нана
Бер дӀа а дижийна, нана дӀайахна. Мел шек доцуш Ӏуьллу иза мерзачу набарх.
Там хир барий-техьа цунна нана йоцчу кхечуьнгара? ХӀан-хӀа. Иза цуьнан нана йу: дуьненан марзо, бӀаьрган серло, деган йовхо. Иштта беран марзонах йоьллачу нанна а синтем ца хуьлу бер дуьзна а, деладелла а ца хилча. Мосазза мерзачу набарх йуьйлуш, шен гӀийлачу узамца охьадижийна цо иза.
Нагахь и сиркхо хилча, гӀайгӀанах кийра бузий, ойланна гӀелло нана. Дагарадолий-техьа нанна бер цкъа а? ХӀан-хӀа. Иза дицдина цхьа минот а ца йоьду цуьнан. Ша мел сиха, йуькъачу гӀовгӀанашкахь йалларх, беран аз кхочу ненан лере, мел генахь хиларх.
И шен бер дӀа а тесна, лелалур ярий-техьа нана? Мичара! Берах ца йала пхьид йиъна, боху, нанас. Иза нийса ду. Бер – ненан сих са хуттуш, дагца дог нисдеш, бӀаьр-нуьрца нур кхоллалуш, цуьнан цӀийх схьадаьлла ма ду. Шен дегӀан са а берал мерза хир дац нанна. Нанна бер хаза гӀан санна деза ду. И доккха хиларе сатуьйсуш, багара церг ларйеш, ткъа дуьххьара и карийча мел хаза кхаъ кхочу нене.
– Алахь, сан хазаниг, – бохуш, доьлучу дагца нанас берана Ӏамабо шен халкъан сийлахь мотт. Ткъа хуьлийла йуй къинхетам байна нана. ХӀан-хӀа. Нана, беро ша дуьххьар дуьненчу долуш, шена хуучу маттахь шега гӀo дехнарг йу. Цундела нанна беран марзо йоккха йу дуьненан массо исбаьхьаллел.
Иштта деза бер дижийна, нана дӀайахна-кх. ХӀун ду нанас лелориг?
Майрачунна оьгӀазйахарх, хӀун къуьйсу ахь бераца? Хаалахь: хьан оьгӀазаллех берриге бохам берана хуьлий. Шен дегӀе куьг кхаччалц, декъаза де лелош, ша хӀума хаъал хилча «нана» боху дош дицделла, хьуна тӀедан даго ца дуьтуш, лелар ду хьуна иза. Ткъа къа дац цуьнан, дуьненахь нана боху дош ала йиш йоцуш кхиа доьлча?
Диц ма де, бер дӀа а дижийна, хьо дӀайаха хьалагӀоттуш, беран цӀаьххьана мохь баьлла, цо хьайх катохар.
– Хьох йаьлла Ӏелур йуй-техьа? – бохуш, ахь йаьхначу обанийн тача хӀинца а данза ду беран йуьхь тӀера.
Дохкойала, нана, хьайн бер самадалале. Мел холчахӀуттур ду иза, ша самадаьлча, хьо йуххехь ца гахь.
Къа ца хета хьуна, чоь ма-ййу дӀасахьоьжуш, хьоькхучу маьхьарца массо орцахваьккхина, хьо тӀейалайар доьхуш, холчахӀутту долчу цунах.
Дохкойала, нана: гӀенах, самах хьо лоьхуш, синтем байна хьийза долчу цу хьайн беран къа хьаьрчарий-техьа хьох.
Дохкойала, нана, хьайн дилхан дог дашадай, къинхетам, безам цунна чохь гулбай; хьайн дахарехь ахь дендолчу массо диканал, и самадалале, хьо цунна гар ду.
Дитахь, хӀай нана, ца къийсича мега дерш, царах хьунайа нахана цуьрриг хила пайда бац, нагахь да-нана дезна, уьш ахь лийринехь, хьо йезийта хаалахь, хьайн жимачу кӀорнина.
Дохкойала, сихха, берах ма къаста!
Ӏ.У.Юсупов (408 дош)
Хьесап:
1. Бер дижийна, дӀайахна нана.
2. Нанна бер чӀогӀа деза ду.
3. ДӀайаккха оьгӀазло хьайн даг чуьра, хӀай, къинхетаме нана!
4. Хьайн жимачу беран дуьхьа дохкойала, нана!
Тесташ
Тест № 1 (1-ра вариант)
1. Предложени олу:
1) рогӀехь дӀайаздинчу дешнех;
2) ойланан а, къамелан а уггар цхьалхечу декъах;
3) йозанехь вовшахкхеттачу дешнех;
4) дешнийн цхьаьнакхетарех.
2. Дешнашна йуккъе уьйр а тосуш, дешан хийцалучу декъах олу:
1) суффикс;
2) чаккхе;
3) лард;
4) дешхьалхе.
3. Варийлахь(1) Дука(2) нуй (3) шайн Бабин неӀара тӀехьарниг мабалахь(4) и (5) суна бевзар бу хьуна.
ХӀокху предложенехь цӀоьмалгаш йахкаран нийса вариант къастайе:
1) 1,2,4. 2) 2,4,5. 3) 1,3,4,5. 4) 1,2,3,4.
4.Дуккха а адамаш, къаьсттина бераш, чӀогӀа хазахеташ хьуьйсура хаьхкинчу говрашка.
ХӀокху предложенера билгалдаьхна дешнаш ду:
1) шакъаьстина йуххедиллар;
2) даьржина тӀедерзар;
3) йукъадало дешнаш;
4) латтаман дурс.
5. Нохчийн маттахь легар къастадо:
1) доланиг дожаран чаккхенца;
2) коьчалниг дожаран чаккхенца;
3) дийриг дожаран чаккхенца;
4) хотталург дожаран чаккхенца.
6. Доцца аьлча, экскурси дика чекхйелира.
ХӀокху предложенера доцца аьлча бохург:
1) йукъадало дош ду;
2) хуттург йу;
3) даран суьртан латтам бу;
4) шакъаьстина меже йу.
7. ХӀара дешнаш антонимаш дац:
1) йахь – хьагӀ;
2) ирс – докъазалла;
3) буьйр – омра;
4) комаьрша – пис.
8. Орфографи олу:
1) меттан дерриге а дешнех;
2) дешнийн нийсайаздар Ӏамочу бакъонех;
3) йозанехь сацаран хьаьркаш хӀитторан бакъонех;
4) меттиган маттах.
9. Дешан хӀоттаман дакъош ду:
1) подлежащи, сказуеми, къастам;
2) цӀердош, билгалдош, куцдош;
3) орам, чаккхе, дешхьалхе, суффикс, лард;
4) айдардош, дештӀаьхье, дакъалг, хуттург.
10. Терахьдешнаш хуьлу:
1) цхьалхе, чолхе, хӀоттаман;
2) мухаллин, доладерзоран;
3) йаххьийн, къастамза, гайтаран;
4) берта, бертаза.
11. Дацаран дакъалг ца деепричастицайаздо:
1) даима цхьаьна;
2) даима къаьстина;
3) цхьаьна а, къаьстина а;
4) дефисца.
12. Дуьххьарлера нохчийн абат («Нохчийн джуз ду хӀара») хӀоттийнарг вара:
1) Досов Къеда.
2) Эльдарханов Таьштамар.
3) Ошаев Халид.
4) Солтаханов Эльбек.
13. Латтаман дурсду хӀокху предложенехь:
1) Селхана, уьссалгӀачу ноябрехь, гӀурбанан хьалхара де дара.
2) Карина, ненан цхьаъ бен йоцу йоӀ, чӀогӀа качйина йара.
3) Кхин охьаа ца лахлуш, къамеле йелира зуда.
4) Цуьнан да, Ӏилманча, дика вевзаш вара Нохчийчохь.
14. Сахиллалц шен хазачу эшаршца иза новкъайоккху зарзаро.
ХӀокху предложенин грамматически лард йу:
1) иза новкъайоккху;
2) новкъайоккху зарзаро;
3) эшаршца новкъайоккху;
4) новкъайоккху.
15. Чолхе предложени олу:
1) шина йа масех цхьалхечу предложених лаьттачух;
2) йеа йа масех цхьалхечу предложених лаьттачух;
3) кхаа йа масех цхьалхечу предложених лаьттачух;
4) пхеа йа масех цхьалхечу предложених лаьттачух.
1 | 2 | 3 | 4 | 5 | 6 | 7 | 8 | 9 | 10 | 11 | 12 | 13 | 14 | 15 | | «5» | «4» | «3» | «2» |
2 | 2 | 1 | 1 | 2 | 1 | 3 | 2 | 3 | 1 | 2 | 1 | 1 | 2 | 1 | 13-15 | 10-12 | 7-9 | 1-6 |
Тест № 1 (2-гӀа вариант)
1. Предложенино гойту:
1) адамаша ден къамел;
2) адамийн кхочушхилла йаьлла ойла;
3) вовшашца уьйр йолуш цхьаьнакхетта дешнаш;
4) дешнийн фразеологически цхьаьнакхетарш.
2. Дешан хӀоттаман дакъош ду:
1) подлежащи, сказуеми, къастам;
2) цӀердош, билгалдош, куцдош;
3) орам, чаккхе, дешхьалхе, суффикс, лард;
4) айдардош, дештӀаьхье, дакъалг, хуттург.
3. Доцца аьлча, экскурси дика чекхйелира.
ХӀокху предложенера доцца аьлча бохург:
1) йукъадало дош ду;
2) хуттург йу;
3) даран суьртан латтам бу;
4) шакъаьстина меже йу.
4. Подлежащи хуьлу:
1) лааме, лаамаза;
2) грамматически, логически;
3) мухаллин, меттиган;
4) берта, бертаза.
5. Лексика бохучу декъа йукъа ца йогӀу:
1) лексикологи;
2) семасиологи;
3) лексикографи;
4) орфографи.
6. ХӀара предложени йукъара-йуьхьан йу:
1) БӀаьстенан мохо бешара гӀаш лестадора.
2) Нехан динара хотталахь вуссу.
3) Селхана регӀахь догӀа деара.
4) Арахь шелйелла.
7.Ӏуьйранна кхеттачу малхо чехка башийра буткъа ша.
ХӀокху предложенин грамматически лард йу:
1) башийра ша;
2) кхеттачу малхо;
3) малхо башийра;
4) чехка башийра ша
8.Кхушара къаьсттина хьийкъинера муьргаш.
ХӀокху предложенехь къаьсттинабоху дош:
1) латтам бу;
2) къастам бу;
3) кхачам бу;
4) цхьа меже йац.
9. ХӀара дешнаш синонимаш ду:
1) стигал – латта;
2) гоьза – гарс;
3) токхо – йакхо;
4) дахар – Ӏожалла.
10. Хьоме дешархой, шаьш дуьненчохь дехаш мел ду, мехкан а, халкъан а сий ларделаш.
ХӀокху предложенерахьоме дешархой:
1) даьржина тӀедерзар ду;
2) латтаман дурс ду;
3) предложенин шакъаьстина меженаш йу;
4) йукъадало дешнаш ду.
11. Массо а машарца ваха веза бохуш, закон ду-кх вайн мехкан.
ХӀокху предложенера тӀетуху предложени йу:
1) бахьанин;
2) бехкаман;
3) къастаман;
4) кхачаман.
12. Оцу минотехь йай-й шок туьйхира?Мохьмад луьйчуьра сецира.
ХӀокху предложенехь:
1) цӀоьмалг йилла йеза;
2) тире йилла йеза;
3)тӀадам билла беза;
4) шитӀадам билла беза.
13.Хоийла хьуна (1) мел хала бакъо а(2) нагахь (3) кхоччуш (4) дика хьо цунах кхеташ хуьлий (5) хьайга нийса а (6) кхетош а (7) йийцалур йуй.
ХӀокху предложенехь цӀоьмалгаш йахкаран нийса вариант къастайе:
1) 2,3,5,6. 2) 1,3,5,6,7. 3) 1,2,3,4,5,6. 4) 1,2,5,6.
14.Тешам? иза къонахчун коьрта амал йу. Мотт? иза массо хӀуманан а бух бу.
ХӀокхупредложенешкахь:
1) цӀоьмалг йилла йеза;
2) тӀадам билла беза;
3)тире йилла йеза;
4) шитӀадам билла беза.
15.ХӀинца вайн йолу алфавит тӀеэцна:
1) 1908 шарахь;
2) 1918 шарахь;
3) 1927 шарахь;
4) 1938 шарахь.
1 | 2 | 3 | 4 | 5 | 6 | 7 | 8 | 9 | 10 | 11 | 12 | 13 | 14 | 15 | | «5» | «4» | «3» | «2» |
2 | 3 | 1 | 2 | 4 | 2 | 3 | 1 | 2 | 1 | 3 | 2 | 4 | 3 | 4 | 13-15 | 10-12 | 7-9 | 1-6 |
Тест № 1 (3-гӀа вариант)
1. Предложени олу:
1) рогӀехь дӀайаздинчу дешнех;
2) ойланан а, къамелан а уггар цхьалхечу декъах;
3) йозанехь вовшахкхеттачу дешнех;
4) дешнийн цхьаьнакхетарех.
2. Дошамаш хӀиттор Ӏамочу лексикологин декъах олу:
1) этимологи;
2) лексикографи;
3) семасиологи;
4) диалектологи.
3.Ӏаьрбийн маттара тӀеэцна дешнаш лела:
1) 3-чу классехь;
2) 5-чу классехь;
3) 2-чу классехь;
4) 4-чу классехь.
4.Интонологи цӀе йолу дакъа йукъадогӀу:
1) фонетикина;
2) морфологина;
3) синтаксисана;
4) пунктуацина.
5. Дешнашна йуккъе уьйр а тосуш, дешан хийцалучу декъах олу:
1) суффикс;
2) чаккхе;
3) лард;
4) дешхьалхе.
6.Дошкхоллар хуьлу:
1) нийса, духанехьа;
2) берта, бертаза;
3) схьадаьлла, схьадалаза;
4) чолхе, цхьалхе.
7.ШолгӀачу легарна йукъадогӀу:
1) лач дожаршкахь -чу чаккхе йолу билгалдешнаш;
2) лааме мухаллин а, йукъаметтигаллин абилгалдешнаш;
3) доланиг дожарх хилла лаамаза билгадешнаш;
4) коьчалниг дожарехь -ица чаккхе йолу билгадешнаш.
8.Чолхе предложенеш хуьлу:
1) чолхе-цхьаьнакхетта, чолхе-карара, чолхе хуттургаш йоцуш;
2) т1етуху, коьрта, коьртаза;
3) йуьхьан, йуьззина, ц1еран;
4) дийцаран, хаттаран, айдаран.
9. Доцца аьлча, экскурси дика чекхйелира.
ХӀокху предложенера доцца аьлча бохург:
1) йукъадало дош ду;
2) хуттург йу;
3) даран суьртан латтам бу;
4) шакъаьстина меже йу.
10. ХӀара предложени тӀедожоран йу:
1) Шийла йара тахана арахь.
2) Ма сиха дӀадели-кх хӀара де!
3) ЦӀахь бан белла болх кхочушбе.
4) Хьо вогӀий соьца?
11.Х1окху предложенера цӀерметдош йукъаметтигаллин ду:
1) Иза мила ву?
2) Цо хьаьнга дийцира цунах лаьцна?
3) Ткъа со мича ваха веза?
4) Суна-м ца хаьа, иза мила ву.
12.Чолхе предложени олу:
1) шина йа масех цхьалхечу предложених лаьттачух;
2) йеа йа масех цхьалхечу предложених лаьттачух;
3) кхаа йа масех цхьалхечу предложених лаьттачух;
4) пхеа йа масех цхьалхечу предложених лаьттачух.
13.ХӀокху хандешнаша хьалха йахана хан гойту:
1) вицвелла, ладегӀна, хьагйелла;
2) дагаихнера, баьхнера, хьагйеллера;
3) дийци, ладуьйгӀи, вицви;
4) ладугӀура, дуьйцура, хьаглора.
14.Спряжени олу:
1) цӀердош дожаршца хийцадаларх;
2) цӀерметдош йаххьашца хийцадаларх;
3) хандош терахьашций, хенашций, классашций, саттамашций хийцадаларх;
4) билгалдешан даржашца хийцадаларх.
15.Дуьххьарлера нохчийн абат («Нохчийн джуз ду хӀара») хӀоттийнарг вара:
1) Досов Къеда;
2) Эльдарханов Таьштамар;
3) Ошаев Халид;
4) Солтаханов Эльбек.
1 | 2 | 3 | 4 | 5 | 6 | 7 | 8 | 9 | 10 | 11 | 12 | 13 | 14 | 15 | | «5» | «4» | «3» | «2» |
2 | 3 | 4 | 1 | 2 | 1 | 2 | 1 | 1 | 3 | 4 | 1 | 2 | 3 | 1 | 13-15 | 10-12 | 7-9 | 1-6 |
Тест № 1 (4-гӀа вариант)
1. Предложенино гойту:
1) адамаша ден къамел;
2) адамийн кхочушхилла йаьлла ойла;
3) вовшашца уьйр йолуш цхьаьнакхетта дешнаш;
4) дешнийн фразеологически цхьаьнакхетарш.
2.ХӀара предложени чолхе-карара йу:
1) И дӀабоьду некъ стенга боьдуш бу, дийцахьа суна.
2) ХӀинца, суна хаьа, мало йан мегар дац.
3) Кхин охьа а ца лахлуш, къамеле йелира зуда.
4) Малх хьаьжнера, делахь а йовхо кӀеззиг йара.
3.Х1ара дешнаш дакъалгаш ду:
1) ткъа, делахь а, йа, хӀетте а;
2) чу, тӀехь, кӀел, уллохь;
3) чул, хӀета, ур-атталла, мел;
4) маржа-йаӀ, Ӏалелай, жолам-йаӀ, гап-гип-гап.
4. Кху предложенера тӀехьбоху дош чӀагӀдаран дакъалг ду:
-
Тхан хьехархо а тӀехь, тхо дерриге а экскурсе дахара.
2) Паднара тӀехь Ӏуьллура гӀора эшна кӀант.
3) Цу суьрташ тӀехь цунна вевзира шен да.
4) Бешарчу дитташ тӀехь дека олхазарш.
5.ХӀара предложени тӀедожоран йу:
1) Шийла йара тахана арахь.
2) Ма сиха дӀадели-кх хӀара де!
3) ЦӀахь бан белла болх кхочушбе.
4) Хьо вогӀий соьца?
6.ХӀокху предложенера сказуеми хандешан хӀоттаман ду:
1) ГӀиллаккхий, оьздангаллий йиший, ваший ду.
2) Суна школехь деша лаьа.
3) Дешар – серло, цадешар – бода.
4) КӀантана йеза шен нана.
7. Нехан шуьнехь къонах а верстар вац, нехан хьаьвди тӀехь дин а берстар бац.
ХӀара предложени йу:
1) чолхе-карара;
2) хуттургаш йоцу чолхе;
3) чолхе-цхьаьнакхетта;
4) цхьалхе,цхьанатайпанчу меженашца.
8.Латтаман дурсду хӀокху предложенехь:
1) Селхана, уьссалгӀачу ноябрехь, гӀурбанан хьалхара де дара.
2) Карина, ненан цхьаъ бен йоцу йоӀ, чӀогӀа качйина йара.
3) Кхин охьа а ца лахлуш, къамеле йелира зуда.
4) Цуьнан да, Ӏилманча, дика вевзаш вара Нохчийчохь.
9.Дешан хӀоттаман дакъош ду:
1) подлежащи, сказуеми, къастам;
2) цӀердош, билгалдош, куцдош;
3) орам, чаккхе, дешхьалхе, суффикс, лард;
4) айдардош, дештӀаьхье, дакъалг, хуттург.
10.Кху предложенера къастамаш цхьанатайпана бац:
1) Уьш дара керла, ховха, хаза зезагаш.
2) КӀанта деара цӀен, можа Ӏежаш.
3) ГӀопана гонаха йара лекха аннийн керт.
4) Керт мел йу дӀасакхийсина йара аннийн, аьчган, ангалин гергаш.
11.Схьагарехь, шеко йоццуш, тешна а, хетарехь бохучу йукъадалочу дешнийн маьӀна ду:
1) рогӀалла йа уьйр-йукъаметтиг гойтуш;
2) тайп-тайпанчу кепара дог тешна хилар гойтуш;
3) тайп-тайпана хаамаш, синхаамаш гойтуш;
4) хаам хьаьнгара хуьлу гойтуш.
12. Варийлахь(1) Дука(2) нуй (3) шайн Бабин неӀара тӀехьарниг ма балахь(4) и (5) суна бевзар бу хьуна.
ХӀокху предложенехь цӀоьмалгаш йахкаран нийса вариант къастайе:
1) 1,2,4. 3) 1,3,4,5.
2) 2,4,5. 4) 1,2,3,4.
13.Чолхе-карара предложени олу:
1) цхьабосса бакъо йолуш цхьаьнакхеттачу цхьалхечу предложених лаьттачух;
2) кхеторан меженаш шена шена чохь йолчу предложених;
3) цхьанатайпана йа шакъаьстина меженаш шена чохь йолчу предложених;
4) коьртачу а, т1етухучу а предложенех лаьттачух.
14. Йа цхьанна совгӀатана йелира цо и говр, йа къуша лачкъийна иза.
ХӀара предложени йу:
1) цхьалхе, цхьанатайпанчу меженашца;
2) чолхе-карара;
3) хуттургаш йоцу чолхе;
4) чолхе-цхьаьнакхетта.
15.ТӀаккха Зараана хааделира цуьнан беснеш тӀехула (охьа)Ӏийдало тӀадамаш.
ХӀокхупредложенераохьа:
1) дешт1аьхье йу, къаьстина а йазйо;
2) дешхьалхе йу, цхьаьна а йазйо;
3) дешхьалхе йу, къаьстина а йазйо;
4) йа дештӀаьхье а, йа дешхьалхе а йац.
1 | 2 | 3 | 4 | 5 | 6 | 7 | 8 | 9 | 10 | 11 | 12 | 13 | 14 | 15 | | «5» | «4» | «3» | «2» |
2 | 1 | 3 | 1 | 3 | 2 | 3 | 1 | 3 | 3 | 2 | 1 | 4 | 4 | 2 | 13-15 | 10-12 | 7-9 | 1-6 |
11 класс
Нохчийн литература
РогIалла | Предметан таллам бен дакъа | Мах хадоран гIирсан цIе |
1 | Айдамиров А.I. «Йеха буьйсанаш» роман | |
2 | Сулейманов Ахьмадан кхолларалла | |
3 | Бексултанов М.Э. «Корталин Хантоти» дийцар | |
4 | | |
Тесташ
Тест № 1 (1-ра вариант)
1. Вайн хиша, шовданаша, ярташа, ирзуша, гунаша, лаьмнаша, Ӏаннаша, даккъаша, боьраша хӀун боху хьоьжуш, уьш толлуш, Даймехкан паспорт деш вуша, бохуш, топоними язйинарг ву:
1) Мамакаев Мохьмад; 3) Айдамиров Абузар;
2) Сулейманов Ахьмад; 4) Ошаев Халид.
2. Произведенин жанраш къастае (повесть, поэма, …):
1) «Маца девза доттагӀалла» _______________________
2) «Александр Чеченский» _______________________
3) «Кхетаме Хьамид» _______________________
4) «Нохчийн лаьмнашкахь» _______________________
5) «Бож-Ӏела» _______________________
3. Лойша суна шийла шовда,
Амма цIена шовда ло!
Адмийн дегнаш, чуьра мекха
ДIайаьккхина, цIандийр ду.
ХӀокху байтан автор ву:
1)Сулейманов Ахьмад;
2) Нажаев Ахьмад;
3)Айсханов Шамсуддин;
4) Бадуев СаьIид-Салихь.
4.«Еха буьйсанаш» романехь оьрсийн эскарехь эпсар лаьттина турпалхо:
1) Аьрзу; 3) ХортIа;
2) Маккхал; 4) Берса.
5. «Цу вайн раьгӀнашкахь цхьа сурт ду хӀуттуш, дарц дала кечделлачу хенахь (дукха хьолахь Ӏа дулучу муьрашкахь): мох а болий, аьрцнаш угӀа дуьйлало, берзлой санна…»
ХӀокху дешнийн автор ву:
1) Хамидов Ӏабдул-Хьамид; 3) Гадаев Мохмад-Салахь;
2) Сулейманов Ахьмад; 4) Бадуев СаьӀид-Салихь.
6. Цхьана шарахь дуьнен тӀе а бевлла, цхьана шарахь дуьнен тӀера дӀа а бевлла йаздархой, билгалбаха:
1) Арсанов СаьӀид-Бей, 3) Ошаев Халид,
Мамакаев Мохьмад; Исаева Марьям;
2) Ахматова Раиса, 4) Арсанукаев Шайхи,
Гацаев СаьӀид; Рашидов Шаид.
7. Хара турпалхой шайн-шайн произведенешка нисбе.
-
Аружа ______________________ «Зеламха».
-
Арсби ______________________ «Нохчийн лаьмнашкахь».
-
Селехьат ______________________ «Бож-Ӏела».
4) ЗӀока _______________________«Маца девза доттагӀалла».
5) Майма _______________________ «Сийлаха».
8. «Наггахь, сайн сагатделча», «Ӏаьржа бӀаьрг», «Хьалхара парта» произведенийн автор ву:
1) Айдамиров Абузар; 3) Мамакаев Мохьмад;
2) Бексултанов Муса; 4) Ахмадов Муса.
9.«Мохьмад-Салахь санна верг эзар шарахь цхьаъ бен ца вогӀу хӀокху Лаьтта тӀе. Мохьмад-Салахь кеста вогӀур вац. ГӀеххьа заманаш оьшу иштта цхьа Мохьмад-Салахь кхолла».
ХӀокху дешнийн автор ву:
1) Саидов Билал; 3) Сулейманов Ахьмад;
2) Сулаев Мохьмад; 4) Ахмадов Муса.
10. Аьрзу, Васал, Ӏаьлбаг.
ХӀара турпалхой лахарчу произведени тӀера бу:
1) «Лийрбоцурш»; 3) «Лаьмнаша ца дицдо»;
2) «Еха буьйсанаш»; 4) «Маца девза доттагӀалла».
11. Нохчийн поэтессин Ахматова Раисин автобиографически поэмин цӀе ю:
1) «Даймахке сатийсар»; 3) «Ненаца дина къамел»;
2) «Дагалецамаш»; 4) «Дагалецамийн новкъа».
12. Айдамиров Абузаран «Йеха буьйсанаш» романехь нохчийн халкъо муьлхачу бIешарахь паччахьан Iедалан коллониальни политикина дуьхьал латтийна къийсам гойту?
1) XIX бIешарахь; 3) XVIII бIешарахь;
2) XXI бIешарахь; 4) XX бIешарахь.
13. «Даймахке сатийсар», «ЦIен Берд», «Дарта».
ХӀокху стихотворенийн автор ву:
1) Сулейманов Ахьмад; 3) Айсханов Шамсуддин;
2) Гадаев Мохьмад-Салахь; 4) Бадуев СаьIид-Салихь.
14. Йаздархо, поэт, Ӏилманча ваьхна 1909-1972 шерашкахь. Дуьнен тӀехь ваха доьгӀна хиллачу 63 шарах 30 шо гергга набахтешкахь текхна цо.
Мила ву и:
1) Ошаев Халид; 3) Мамакаев Мохьмад;
2) Арсанов СаьӀид-Бей; 4) Гадаев Мохьмад-Салахь.
15. Исбаьхьаллин произведени тӀехь адамийн амалш а, дахар а гайтаран
кепах олу:
1) метафора; 3) персонаж;
2) дустар; 4) васт.
1 | 2 | 3 | 4 | 5 | 6 | 7 | 8 | 9 | 10 | 11 | 12 | 13 | 14 | 15 | | «5» | «4» | «3» | «2» |
2 | ⃰ | 1 | 4 | 3 | 3 | ⃰ | 2 | 3 | 2 | 4 | 1 | 2 | 4 | 4 | 13-15 | 10-12 | 7-9 | 1-6 |
ДогӀа
2. 1) «Маца девза доттагӀалла» – роман.
2) «Александр Чеченский» – повесть.
3) «Кхетаме Хьамид» – дийцар.
4) «Нохчийн лаьмнашкахь» – поэма.
5) «Бож-Ӏела» – комеди.
7.1) Аружа – «Сийлаха».
2) Арсби – «Маца девза доттагӀалла».
3) Селехьат – «Нохчийн лаьмнашкахь».
4) ЗӀока – «Зеламха».
5) Майма – «Бож-Ӏела».
Тест № 1 (2-гӀа вариант)
1. Исбаьхьаллин произведенешкахь адамийн амалш а, дахар а гайтаран кеп йу:
1) автограф; 3) жанр;
2) васт; 4) тема.
2.Мохьмад-Салахь санна верг эзар шарахь цхьаъ бен ца вогӀу х1окху Лаьтта тӀе. Мохьмад-Салахь кестта вогӀур вац. ГӀеххьа заманаш оьшу иштта цхьа Мохьмад-Салахь кхолла».
ХӀокху дешнийн автор ву:
1) Саидов Билал; 3) Сулейманов Ахьмад;
2) Сулаев Мохьмад; 4) Ахмадов Муса.
3. Нохчийн поэзехь дуьххьара гӀулчаш йаха волавелла:
1) Саидов Билал; 3) Мамакаев Iаьрби;
2) Ошаев Халид; 4) Дудаев Iабди.
4. Нохчийн дуьххьарлера прозаик ву:
1) Дудаев Iабди; 3) Сальмурзаев Мохьмад;
2) Ошаев Халид; 4) Нажаев Ахьмад.
5. Нохчийн литературехь халкъан иэсана чӀогӀа тӀеӀаткъам бина йолу роман йу:
1) «Йеха буьйсанаш»; 3) «Товсолта ломара дӀавоьду»;
2) «Дарц»; 4) «Зеламха».
6. «Ирсан орам» цӀе йолчу романан коьрта турпалхой бу:
1)Акаев Руслан, Васа; 3) Зовра, ЗабиӀат;
2) Сийлаха, ИбрахӀим; 4) Зеламха, Бици.
7. «Зеламха» цӀе йолчу романехь дов доладелира:
1) ахча къевсина; 3) латта къевсина;
2) Зезаг къевсина; 4) дош-даше даларна.
8.ХӀара турпалхой шайн-шайн произведенешка нисбе.
1) Васал _______________________«Лаьмнел а лекха».
-
Алымкхан _______________________«Ӏаьржа бӀаьрг».
-
ЖемиӀат ______________________«Дерачу кхолламан кхел».
4) Резет _______________________«Аружа».
5) ГӀойсум _______________________«Йеха буьйсанаш».
9. Дахарера гӀуллакхаш гойтуш, билггалволчу стагах дуьйцуш йолу жима эпически произведенийу:
1) очерк; 3) поэма;
2) дийцар; 4) новелла.
10. Произведенин жанраш къастайе (повесть, поэма, …):
1) «Йеха буьйсанаш» _______________________
2) «Аружа» _______________________
3) «Ӏаьржа бӀаьрг» _______________________
4) «Батто сагатдо» _______________________
5) «Зингатийн барз а ма бохабелаш» _______________________
11. «Даймохк» цӀе а йолуш, нохчийн дуьххьарлера газет арадаьлла:
1) 23.02.1923; 3) 15.06.1934;
2) 18.03.1925; 4) 12.08.1990.
12. Халкъан барта кхолларалла толлуш волчу Ӏилманчех олу:
1) фольклорист; 3) яздархо;
2) Ӏилманча; 4) талламхо.
13. Мамакаев Мохьмадан «ЦӀий хуьйдина лаьмнаш» поэма зорбанера арайаьлла:
1) 1936 шарахь;
2) 1928 шарахь;
3) 1930 шарахь;
4) 1924 шарахь.
14. Нохчийн поэзехь дуьххьара гӀулчаш йаьхнарг ву:
1) Дудаев Iабди; 3) Ошаев Халид;
2) Мамакаев Iаьрби; 4) Саидов Билал.
15. Произведени дӀайолалуш далийначу, цуьнан коьрта маьӀна шайца гучудолучу говзачу дешнех … олу:
-
долор; 3) эпиграф;
-
кица; 4) эпитет.
1 | 2 | 3 | 4 | 5 | 6 | 7 | 8 | 9 | 10 | 11 | 12 | 13 | 14 | 15 | | «5» | «4» | «3» | «2» |
2 | 3 | 4 | 3 | 1 | 1 | 2 | – | 1 | – | 4 | 1 | 2 | 1 | 3 | 13-15 | 10-12 | 7-9 | 1-6 |
ДогӀа
8. 1) Васал – «Йеха буьйсанаш».
2) Резет – «Ӏаьржа бӀаьрг».
3) ЖемиӀат – «Дерачу кхолламан кхел».
4) Алымкхан – «Аружа».
5) ГӀойсум – «Лаьмнел а лекха».
10. 1)«Йеха буьйсанаш» –роман.
2) «Аружа» – поэма.
3) «Ӏаьржа бӀаьрг» – дийцар.
4) «Батто сагатдо» – стихотворени.
5) «Зингатийн барз а ма бохабелаш» – повесть.