СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Хасбулатов Я.1. «Стаг хила ваьллехь хьо ара…»

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Хасбулатов Я.1. «Стаг хила ваьллехь хьо ара…»»

Нохчийн литература.

Урок № 30.

Терахь:19.12-8в,г

Урокан ц1е: Хасбулатов Я.1. «Стаг хила ваьллехь хьо ара…» стихотворени. Ненан хьехам.

1алашонаш: Хасбулатов Ялимханан дахаран а, кхоллараллин а некьах болу хаамаш к1аргбар; монологически къамел кхиор, керланиг довзаран хьашто хилар. Ойла йаран хаарш, дустар, жам1 дар, маь1нийн дерзораш т1ехь болх бар. Даймахках, лаьмнех йолу поэтан ойланаш йовзийтар, махке, къоман г1иллакхашка безам кхоллар.

Кхочушдан лору жам1аш: дешархошна хаа деза къастош йеша, шаьш йешначух кхета, хиндолчу г1уллакхан прогноз йан; шайн белхан план XIOTTO, цу планан рог1аллехь болх бан, вовшашца а, хьехархочуьнца а къамеле бовла, къамел д1адахьа, 1ама беза шайн кхиамаш а, кхачамбацарш а довза, царах пайда эца.

Урокан тайпа: керла хаарш довзийтаран.

Гайтаман г1ирс: йаздархочун сурт.

Урок д1айахьар

      1. Урокана кечам бар.

Ойла т1ейерзор.

2. Дешархойн хаарш жигардахар. Ц1ахь бина болх таллар.

Йаздархочух лаьцна доцца дийцар.

  • Мичахь д1айахна Хасбулатов Ямлиханан бералла, къона хан?

  • Маца йазйина поэто шен дуьххьарлера стихаш?

  • Ц1ерш йаха Хасбулатовн гуларийн, уьш маца арайевлла, дийца.

  • Поэтан амал муха билгалйоккху йаздархочо Кусаев 1адиза?

  • Хасбулатовн муьлха произведенеш йешна аша?

  • Дагайог1ий шуна уьш?(Дешархоша йаздархочух лаьцна шаьш

кечбина хаамаш бовзуьйту.)

-«Дош» стихотворени шера йешийтар.

3.Керлачу хаарийн дуьххьара д1алацар.

Хасбулатов Ялимханан «Стаг хила ваьллехь хьо ара...» стихотворенеш къастош йешар.

Текст цкъа хьехархочо ша, цул т1аьхьа дешархошка йоьшуьйтy.

  • Дешнаш т1ехь болх: дукъ, мохь, осал, йамарт, ижу.

Лакхахь далийнчу дешнийн лексически маь1на даста. Царах пайда а оьцуш, аламаш х1иттабе.



      1. Кхетарх дуьххьарлера таллам. Стихотворенин хьокъехь иза талларан кенара къамел дар.

  • Х1ун башхалла йу стихотворенин куц-кепехь, муха гучуйолу и?

  • Муьлхачу барамехь йазйина йу стихотворени?

  • Шуна хетарехь, х1ун 1алашо йолуш далийна стихотворенехь хат­тарш?

  • Шуна х1ун хета: жоьпаш оьшуш хаттарш дуй стихотворенехь х1иттийнарш йа хаттарийн кепехь беш хьехам бу иза?

- Билгалдаккха дешнийн цхьаьнакхетаран т1едеана маь1на: «Ший- ла мох хьовзорах арахь...»

  • Нохчийн йахь йолчу к1антехь хила деза х1ун г1иллакхаш билгалдоху поэто шен стихотворенехь?

  • Нохчийн доьзалехь ненан сийлалла муха гойту авторо?

  • Нохчийн доьзалехь воккхачо жимачунна хьсхар даран мехаллех дийца.

«Махкана хазна а йоккхуш, Пенах а гуш цуьнан г1апарт, К1енташа лекха дукъ доккхуш, Хьо йуьстах ма латтахьара. - Баьхнерий Нанас...»

  • Маь1на даста оцу мог1анийн.

      1. Урокан жам1 дар.

  • Шен лаамийн доза хила дезар муха хьахадо поэто «Стаг хила ваьллехь хьо ара...» стихотворенехь?

  • Г1алатех муха ларло, боху поэто?

  • Къовсамехь к1анта ша муха гайта веза бохуш, билгалдоккху поэто?

    1. Рефлекси.

Дийца шайн кхиамех лаций.

Суна 1еми ...

Суна хии ...

Суна кхета хала дара ...

Со ца кхийти ...

Хаарийн мах хадор. (Мах дешархошка шайга хадабойту.)

    1. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

    1. Хасбулатов Ялимханан «Стаг хила ваьллехь хьо ара...» стихот­ворени дагахь 1амайе.






Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!