СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Класс – 10 Тема: Адамалла. Къинхетам. Комаьршалла.

Категория: ОРКиСЭ

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Класс – 10 Тема: Адамалла. Къинхетам. Комаьршалла.»

Урок № 4

Класс – 10

Терахь ______

Хьехархо:


Тема: Адамалла. Къинхетам. Комаьршалла.

1алашо: берашца стеган сий, нийсонах лаьцна дийцинарг т1еч1аг1дар;

адамаллех, къинхетамах, комаьршаллех болу юкъара кхетам

бовзуьйтуш, тахна вайна юкъахь лела кицанаш, дийцарш царах

лаьцна

долу довзийтар: къоман г1иллакхехь къона т1аьхье кхиор а.

Урокан г1ирс: «Халкъан кицанаш, аларш, тидамаш»

«Исбаьхьа шовда», газетан вырезкаш

«Халкъан кицанаш, аларш»


Урокан некъ


  1. Догдаийтаран мур


Адамехь товш бу къинхетам,

Адамехьтовш ю камаьршо.

Уьш эрна дешнаш махета,

Хьажа уьш дуьненчохь даржо.


II. Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур


- Муха кхета шу «стеган сий» - бохучу дешнийн маь1нех?

- Стенах олу нийсо?

- Мичахь хила еза иза?

- Х1ора вай яздинчу кицанан маь1на хьан дийр дара аш?

- Дийца, стеган сий, нийсонах лаьцна х1ун дийцарш девза шуна?

- «Исбаьхьа шовди» т1ера дийцарш хьан дуьйцур дара аш?.


III. Керла тема: Адамалла. Къинхетам. Комаьршалла. (38-39)


План:

  1. Урокан тема а, 1алашо а йовзийтар.

  2. Адамалла.

  3. Оьздангаллехь йоккха меттиг д1алоцург – къинхетам.

  4. Комаьршалла.

  5. Халкъан кицанаш, аларш, хьадисаш:

- Комаьрша лулахо уггар хьалха кхочур ву. Иза схьакхеттачу малхал а тоьлу.

- Комаьршачун кисанахь гуттар а ахча хир ду.

- Комаьршачунна майралла эшац.

- Комаьрша хиларал а тоьлу, къинхетаме дог хилар.

- Комаьршалло стаг шен х1усаме верзаво.

- Комаьршаллина бекхам хуьлу.

- Комаьршачу куьйгаша дуккха а оьцур ду, аьлла.

- Комаьршалла, г1иллакх – ши доттаг1а.

хьадисаш:

- Къийамат дийнахь уггар йоккхачу къизаллехь верг, ша дуьненахь волуш нахана т1ехь къизалла лелийнарг хир ву. (13)

- Шен деца, ненаца къинхетаме волчу стагана Хьаьжц1а ваханчунна йоллу ял ю. (90)

- Жоьжахата боьлхучу нахана юккъехь бен а ма вац цхьа а къинхетам боцу стаг (къинхетам боцу стаг жоьжахата г1ур ву, бохург ду иза) (100)

- Ялсамане г1ур ду 4 х1ума: эхь хеташ хилла йолу юьхь, бакълуьйш хилла болу мотт, саг1а далалуш, комаьрша хилла долу куьг, къинхетаме хилла долу дог. (111)


Дешнаш т1ехь болх:


Къинхетам, комаьршалла, адамалла.


IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар


- Муха кхета шу адамалла, комаьршалла, къинхетам – бохучу дешнийн маь1нех?

- Х1ун з1е ю царна юкъахь?

- Комаьршаллех лаьцна муьлха кицанаш, дийцарш девза шуна?


V. Урокан жам1 дар.


- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;


VI. Рефлексин мур


-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?


VII. Ц1ахь бан болх: 1амийнарг схьайийца, кицанаш дагадаийта.



Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!