СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Мастер-класс Къона т1аьхье синоьздангаллехь кхетош-кхиор «Дахар»

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Мастер-класс Къона т1аьхье синоьздангаллехь кхетош-кхиор «Дахар»»

Мастер-класс

Къона т1аьхье синоьздангаллехь кхетош-кхиор

«Дахар»

11 класс

Хьехархочун дош.

Де дика хуьлда шу ! Марша а дог1ийла,хьоме хьеший!

Цхьа шатайпа хаза де ду тахана.

Х1унда ду аьлла хета шуна?

Дуккха а хьеший т1еэцна х1усамдайша.

Ткъа хьеший муьлхачу х1усамехь хуьлу?

Барт болчу х1усамехь.

Барт муьлхачу х1усамехь хуьлу ?

Беркат долчу х1усамехь.

Барт а , беркат а муьлхачу х1усамехь хуьлу?

Ирс долчу х1усамехь.

Ирс, барт, беркат , цхьана хилар гойтуш муьлха байт евза вайна?

Дахаро стаг хьосту,

Дахаро стаг 1овжаво ,

Дахаро стаг чахчаво.

Дахар бохучу деш маь1на даста хьовсий вай. (ладуг1у жоьпашка)

Оьрсийн матте даьккхича муха эр дара вай?

Жизнь

Г1арбевллачу оьрсийн яздархоша «дахар» боху дош юкъахь долуш далийна мог1наш дагадаийтал шайна. (жоьпашка ладуг1у)

аг1о 1

Мила ву кху дешнийн автор?

Гергарчу хьесапехь далийна кхин цхьа а дешнаш дагадог1ий шуна?

(жоьпашка ладоьг1начул т1аьхьа слайдашца гойту

1.Слайд.

Жизнь дается человеку только один раз.

И прожить её нужно так,

чтобы не было мучительно больно за бесцельно прожитые годы…..

(Н.А.Островский)

2. Слайд.

В человеке должно быть все прекрасно:

И лицо, и одежда, и душа , и мысли.

(А.П.Чехов)

3. Слайд.

Сердце, природою данное мне,

Бейся спокойно и весело.

Будь на пиру я, будь на войне,

Ты не теряй равновесия.

аг1о 2

(Мамакаев М. А.)

Хаттар ло : (Мила ву кху дешнийн автор ?)



Хьехархочун дош.

Гочдан хьовса и дешнаш. Шаьш девлча хаам бе. (ладуг1у жоьпашка, цул т1аьхьа хьехархочун варианте а.)



4.Слайдаца гойту.

Х1ай сан дог, Дала суна делла долу,

Детталолахь парг1ат, самукъане.

Велахь со синкъерамехь а, я т1амехь а,

Хьо хилалахь цхьанаэшшара. (Мамакаев Мохьмад Амаевич)

Хьехархочун дош.

Даймохк, Нана, адамалла, къонахалла, доьналла, безам, 1алам, адамийн чолхе юкъаметтигаш, церан дикалла, ледарло, юха а дикалла – и дерриг хаало вайн нохчийн яздархойн кхоллараллехь.

Бес- бесара ду дахаран некъаш, адамийн кхолламаш а. Оьмарш ю еха а, йоца а. Яздархой а бу иштта. Уьш цхьаберш беха парг1атчу кхолламан хоршахь кхоллараллин ирс нислой.

Цхьатерра луш дац адамашна кхолламан дакъа. Бакъду пох1малла а ма дац цхьатерра.

Цхьадерг баьгна седа санна дов, латта т1ехь доца нур къагадой.Ткъа цхьацца дерг пох1маллин шен кхолламан седа баьгначул т1аьхьа а дехха, г1ел ца луш деха латта т1ехь, адамашна серло луш , дегнашкахь шовкъ г1иттош , лазамна дарба деш, доьналлина ницкъ луш .

Шайн кхоллараллийца вайна серло елла, дегнашкахь шовкъ г1аттийна, лазамна дарба дина, доьналлин ницкъ белла нохчийн къоман яздархоша. аг1о3

Аттачех ца хилла нохчийн къома г1арабевллачу яздархойн дахар .Дуккха а халонаш а, харцонаш лан дезна церан.Маьрша некъ царна бихкина хиллехь а, адамийн марзонца, Даймахке болчу безамца, шайн тешаме , майрачу деган некъ схьакховдийна вайна нохчийн къоман хьакъ болчу яздархоша.

Слайд. Дерево без листьев. (г1аш доцу дитт)

Хаттар.

Х1окху суьрта т1ехь долчу диттах лаций шайна хетарг ала. Муха хета шуна х1ара сурт?

Нийсажоп иштта хила : цхьалха ду, сингаттаме ду , кхоьлина ду…

Хьехархочун дош.

Г1аш доцу дитт. Иза цхьалла,сингаттам  бу,цо хедайо адамийн  ойланаш,гергарлонаш.
Ткъа вайн 1алашо ю,х1ара дитт дендар ,ц1ена ойланаш нийсачу новкъа ерзо
Деган йовхо карзахйохуш адамалла, дикалла , комаьршалла,оьздангалла  дуьненчохь алсамъяккхар.

Х1окху хаттарна т1аьхьо юха доьрзур ду вай.

(слайдаца гойту Мамакаев Мохьмадна лерина долу дешнаш)

5. Слайд.

Вара ша нохчийн к1ант,

Дахарехь бихкинчех халонийн ц1ов,

Яздархо, хир доцуш кхолларан пох1ма

Нохчийчохь цхьаьнггехь а шегахьчул сов.

Вара и поп санна, ондачу дег1ехь-

Сократан хьаж, б1аьргаш хьекъале, мекх,

Йоккха лар йитина поэзин декъехь,

Къар ца луш, велира и зерех чекх.

Наггахь бен ца хезчохь дахаран аьзнаш, аг1о 4

Къилбседан Шан Х1ордан йистехь ткъа шо

Даьккхира цо, 1едало лаьцна,

Нийсо а, бакъдерг а къийсарна .



Хаттар: Хьанна лерина ю аьлла хета шуна х1ара стихотворени?

Жоп деллачул т1аьхьа слайдаца Мамакаев Мохьмадан сурт гойту.

(Слайдаца гойту Ошаев Халидна лерина йолу байт )

6. Слайд.

Дахаран к1урк1манехь даима вара,

Халонаш лайнехь а киртиггий , балий,

Шен дош, шен бакъ лардеш кийча вала

Яздархо вара иза.

Тахна а г1ерг1аш ду «Алун шераш»,

«Брест – ц1еран б1ар» совг1ат ду вайн т1аьхьенна.

Хиллехь а Советийн Ц1ен партизан,

Къийсарна хьаькмашца, харцо гуш церан,

Лаьцначу цо пхийтта шо хан

Текхира ца хуьлуш къера.



Хаттар : Хьанна лерина ду и дешнаш?

Жоп деллачул т1аьхьа слайдаца Ошаев Халидан сурт гойту.

(слайдаца гойту Айдамиров Абузарна лерина стихотворени)

7. Слайд.

Хиллачийн ков доьллуш, диллина з1ар

Ца соцуш, вайн дедайн стогалла язъеш

Вара нохчийн к1ант

Вай къоман селханех шен тептарш яздеш.

Дуьхьлонаш дукха ярх, ца вели къар, аг1о 5

«Лаьмнашкахь ткъес» туьйхи. «Дарц» дели. «Еха буьйсанаш» романан да.



Хаттар: Хьанна лерина ю стихотворени?

Жоп деллачул т1аьхьа слайдаца Айдамиров Абузаран сурт гойту.

(слайдаца гойту Гадаев Мохьмад – Селахьна лерина йолу байт)

8. Слайд.

И вина борз уг1учу ломанан 1ин чохь,

Лаьттан тхов тиллинчу тишчу буьн чохь,

Дада шен ваьхначохь, къаьхьа кад муьйлуш….



Жоп деллачул т1аьхьа слайдаца гойту Гадаев Мохьмад – Селахьан сурт.

(слайдаца гойта Ахматова Раисин лерина йолу байт)

9. Слайд.

Дерриг а дуьненна ц1е а йолуш йийца,

Вайн литература йовзийтинарг,



Къоман дукха а дика динарг,яра иза.

Шайн ц1арах дош ала, бакъонаш къийса,

Вайн нохчийн зударша йина векал.

Жоп деллачул т1аьхьа гойту слайдаца Раиса Ахматован сурт.

Хьехархочун дош.

Нохчийн къоман дуккха а бу яздархой , хьехамчаш, 1илманчаш. Цара вайна йитина шайн кхоллараллин лар, цунах пайдаэцар вайна т1ехь ду.

Адамийн уггар дика а, мехала а амалш шайца хиларна чекхбевлла уьш массо халонех.



Т1едиллар:

Адамийн уггар дика а, мехала а йолу амалш билгалъяхи вай .

Нийса жоп иштта хила деза: адамалла, собар , ийман, г1иллакх,оьздангалла, яхь, дикалла.

аг1о 6

Хаттар.

Стаг цкъа а г1елвийр воцург х1ун ю?

« Г1иллакх ялсаманера схьадеъна», Г1иллакх - динан ах ду.

(жоп: дикаллий, г1иллакхий ду стаг цкъа а г1елвийр воцуш)



Г1иллакх бохучу дашна даладе синквейн.

Оьзда,собаре

1амаво, кхетаво, лору

Г1иллакх ду мел долчу х1уманан терз……

Дахар



Тобанашкахь болх

1-ра тоба – адамалла бохучу дешан маь1на дар.

2-г1а тоба –

3 г1а тоба –

1-ра тоба.

Адамалла,ма доккха  маь1на ду цу дешан.?! И яцахьара ма хала хир дара дуьненчохь ваха Цуьнца ду вовшашца къинхетаме хилар, г1ийлачунна г1о дар.  

Адамаллица ду г1иллакх-оьздангалла,комаьршалла цара латтош  ю дахаран з1е.Цо дебадо вайна юкъахь има-беркат, безам, ирс.


2-г1а тоба

Дикачу адамаша шайн хазачу г1иллакхашца, г1уллакхашца хаздеш ду вайн дахар. Цара дуг1уш ду вайн дегнашка керла синтарш,ц1еначу ойланехь гойту дахаран хьежамашка .

3-г1а тоба

Адамалла-иза ломах схьадолу хьоста ду,нехан  х1усамашка а кхочуш,шен дикаллин орамаш вайн дегнех  туьйсуш,дегнаш чуьра мекха д1айоккхуш.



аг1о 7

Хьехархочун дош.

Адамийн дахарехь зеделлачух лаьцна муьлха кицанаш девза шуна? (Х1ора кицан маь1на даста.)

Х1ун гойту кицанаша?

Кицанашкахь-халкъан хьекъал.

Б1ешерийн дахарехь халкъо йитинчу барта кхоллараллин, мах хадийна вер воцуш хазна ю кицанаша д1алоцуш долу дакъа.

Кхечу халкъаша а санна,нохчийн халкъо а дахаран тидам беш хилар а, маь1на нийса даккха хууш хилла хилар а гойту цара.

Церан башхалла ю, доца а,хаза а хиларал совнаха ,доккха маь1на оцу х1оранна а дайша чу диллина хилар .Ша аьлча ,цаьрца халкъан хьекъал гучудолу.

Масала, схьалоцур вай цхьа кица «Ворда юьйхи-дечиг, сту бели -жижиг». Х1уманан т1аьхьало йоцу стаг гойту оцу кицано. Цкъа а ширлур бац цуьнан чулацам.

«Ала йо1е, хаза –несе», аьлла ду кица .Дика чулацам хилла ца 1аш,оцу кицано 1амаво доьзалехь йо1-б1аьрг санна оьздангаллин , г1иллакхан дозанаш лардан.Керла ялийначу несера цхьацца ледарло йолуш хуьлу я и х1уманаш дан ца ларайо.Цунна г1еххьачул хан оьшу бухарчу доьзалах д1атаръяла, церан амалшка ерзан. Х1инца санна юьхьаза бехкаш дохуш ца хилла хьалха оьздачу доьзалшкахь. Цундела доьзалш сих-сиха бухуш ца хилла «Нехан динара хотталахь вуссу», аьллачу кицано а гойту, цхьана нехан диканах дозаделла долчу х1уманан чаккхе хилар . «Ши к1ира,аьлла шелахочо», бохуш кица ду ц1еххьана вовшийн цхьацца х1ума ца тайна берта баханчарна , иза дахлур доций гойту цо. Я ц1еххьана , цхьа ишттане х1онс карайог1ий , кураволуш верг а хуьлу. Хаан ду массарна а дуьненан даьхний чекхдовлуш хилар, бохург а ду цуьнца

«Кхийринчун нана ца йилхина , бохучу кицано гойту бер кхетош-кхиорехь, иза галдаларна кхоьруш , дийнахь –бусий къахьеган дезаш хилар . К1орггера маь1на ду цу кицанан . Х1уъ-х1уъа а лелон мегар дац, цхьа дагахьдоццу , х1ума хир ду бохург иза . Иза тидаран дуккха а аг1онаш гучаевлла ю хьекъал долчу нахана. Ткъа вай тахана юьйцуш т1еевлла , гуш йолу лакхенаш ю цу кицанийн.

Доккха маь1на диллина дайша х1окху кицанна юкъа : «Вочу ден дика к1ант-мекханна т1едиллина сир ду. Дикчу ден вон к1ант-сиранна т1елацаелла мекха ю. Хено цхьанна т1ера сир дожадо –мекха гучуйолу, вукхунна т1ера мекха д1айоккху сир гучудолу.» Деха нисделлехь а цу кицано гойту вочу ден дика к1ант шен дикаллийца гена воьдуш цахилар. Воллин хьу юьссу цуьнан ц1ийца. Мел тилла лелахь а дикчу ден вон к1ант хено ларт1е валаво. Церан шайн ц1ийнах йоьлла ю и дикалла.

Тахана а дегнийн корах п1елг бетта оцу кицано ,цкъа а ширлуш дац ,цкъа а шен маь1на хуьйцур дац цо нохчийн халкъ мел дехан.

«Яйначу т1аьхьено дай хестабо , саьхьарчу зудчо ц1ийнда хеставо »,-бохуш а ду кица . «Сан тайпана х1ара дуй ,сан дай иштта хиллий бохуш ,вуьшта хиллий !»-бохуш,еккъа кураллаш лелош адамаш а карадо ,д1ахьаьвсича ,гонаха болчу нахал ледара карабо ишттанаш, цаьргара

аг1о 8

вонехь-диканехь питанаш а дуьлу. Дуккха х1уманаш аьлла ду,вай ца дийцича а ,саьхьарчу зудчух. Хьекъал долчу дайша и ши адам юьх-юьххе х1оттийна.

«Цицган б1аьрг биллинарг дехкан 1уьрга хьоьжу,»аьлла вайн кицано. Цкъа а шенчунна т1ера вера вац цхьа х1ума лелон 1амийна стаг , цунна массанхьа а кхерамаш туьйсу дагахь долчу «дехкаша».

Советскийн заманахь кхолладелла а ду цхьа кица : «Завскладо цицигана нуй туху»,-аьлла . Цо гойту завсклад муха стаг хилла ,ревизи ян веанчуьнца цуьнан хуьлуш хилла юкъаметтигаш а гойту цо.

«Дуьме ца кхаьчначу цициго и-м ас буур а бацара»,-аьлла.Массарна а хеза вайна гонаха х1ора дийнан дахарехь.

Дайша кхин а цхьа х1ума а аьлла :«Г1орашна к1елд1ах волуш к1ант а ,г1орашна т1ехула йолуш йо1 а ма лойла вайна !»

Зудчун амалехь волчу стагах а,стеган амалехь йолчу зудчух а юьхь1аьржо йолу ,бохург ду иза.

Хьехархочун дош.

Аша дика болх бина. Дела реза хуьлда шуна!

Суна хетарехь, вай х1ора а декхарийлахь ву , шен доьзал оьздангаллин  ойланехь кхетош-кхио, шайн дахарехь цаьрга  а дийг1ийта адамаллин синтарш. И ю-кх вайн сирла кхане, цуьнца   доьзна ду-кх  адамийн дахар!
  Вай дуьйлалуш диттан сурт гайтира . Ткъа муха дара иза, дагадаийта хьовсий вай ? (описать)



Хаарш карладехи, шордина аьлла хета суна .

Вай юьхьанца гайтина дитт духарца хаздан мегар дуй ?

(Гойту диттан шолг1а сурт ( слайд-- баьццарчу духарца)

Х1окху хаттаре юха х1унда дирзина аьлла хета шуна?

(ладуг1у жоьпашка , т1аккха хьехархочо шена хетарг олу)

Йовхо - иза вайн хаарш ду. Цуьнца дозаделла ду кху дитте заза даккхийтар, стом балийтар. Хаарш  дацахьара,хуур дацара дахарехь зеделлачун маь1на дан.   Хаарш а,кхетам а боцчу стагехь хир яц адамалла.
Адамалла,ма доккха  маь1на ду цу дешан.?! И яцахьара ма хала хир дара дуьненчохь ваха .Цуьнца ду вовшашца къинхетаме хилар,г1ийлачунна г1о дар.  аг1о 9

Хьехархочун дош.
Аттачех ца хилла нохчийн къоман г1арбевллачу яздархойн дахар. Х1етте а доьналла а, собар а, ийман а, адамалла а хилла цаьргахь.Маьрша некъ царна бихкина хиллехь а, адамийн марзонца, Даймахке болчу безамца, шайн тешаме , майрачу деган некъ схьакховдийна вайна нохчийн къоман хьакъ болчу яздархоша. Адамашна серло луш , лазамна дарба а деш , доьналлин ницкъ луш дехаш ду церан пох1малла . Дела реза хуьлда царна!

Ларамза дац вай дахарх лаьцна дийцар. Ша Дала дуьненчу кхуллушехь хаттар ло боху хьуна мел хан еза дуьненчохь яккха , хьайн дахар муха хилийта лаьа хьуна , мел рицкъа деза , валар муха хилийта лаьа хьуна . Ахь Деле дехнарг ду боху хьан дахарехь хуьлуш дерг.

Ткъа вай цецдуьйлу цхьацца хиламаш хилча. Дика а, вон а Делера дуйла хаа деза. Вай зуьйш луш ду цо дерриге а.



Хьехархочун дош

Х1инца боцца повестан чулацам бовзийта лаьа суна.

Хамзат Саламов . Повесть о приемной матери (боцца чулацам бовзийта лааьр –кх)

Ас х1унда йийци аьлла хета шуна х1ара повесть? ……………….

Жоп ло хьехархочо :

Дахаро стаг хьосту

Дахаро стаг 1овжаво

Дахаро стаг чахчаво

Амма стаг, стаг хила веза.

Повестан турпалхо Хамзат Саламов ву . Шелара вахархо. Вай санна волу вахархо, хьехархо ву. Х1инцца волуш ву, Шелахь школехь истори а, литература хьоьхуш ву.

Ткъа х1ара шуна йийцар х1ун бахьана ду аьлла хета шуна? (шайн хетарг олуьйту) (вывод)

Повесть еша лаахь журнал «Вайнах» №2, 2014 шо.

Дерзош.

Ладуг1у записе.

«Сегодня Бог проснулся утром рано».

Ладог1арна массарна баркалла ала лаьар-кх! аг1о 10




Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!