СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Методическая разработка урока "Мотт а, къамел а. Барта а, йозанан а къамел"

Категория: Всем учителям

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Методическая разработка урока "Мотт а, къамел а. Барта а, йозанан а къамел"»

Урокан: « Мотт а, къамел а. Барта а, йозанан а къамел».



Урокан Iалашо: къамелан маьIнах йукъара кхетам балар; барта а, йозанан а къамелан башхаллех лаьцна кхетам балар; шен матте болу безам кхиор.

Урок дIайахьар.

Урокан кечам бар. Маршалла хаттар.

Дешархой балхана йукъабалор.


ЦIахь бина болх таллар. (хьехархочун тIедилларца дешархоша, вовшашка хаттарш а луш, шаьш толлу цIера болх)


Хаарийн актуализаци йар.

1.Стенах лаьтта предложени?

2.Йозанехь предложени дIа муха йолайо, чекх муха йоккху?

3.Предложенино хIун гойту?

4.Стенах олу ма-дарра къамел?

5.Ма-дарра къамел даим муьлхачу элпаца йаздан доладо?

6. Ма-дарра къамел хаттаран йа, айдаран предложени йелахь, чаккхенга муьлха хьаьрк х1оттадо?


Слайд.

- Кхочушдо т1едиллар . Классни уьна т1ехь.

« Ас нанна лерина байт йазйина», - элира Дауда.

- Дайда элира: «Ас нанна лерина байт йазйина».

Айзас соьга элира: «Суна хьоьца школе йан лаьа».


- Д1айеша предложенеш . Билгалдаккха ма-дарра къамел.

-Х1оттайе схема.


Слайд.

Дика 1аш дув ай-м х1инца элира медйишас.

Со кхуза муха кхаьчча хаьттира йр1а.

Эсилас эира ас дохьур ду шуна докъар.

Йо1а нене элира ас туьйра дуьцур ду хьуна.

- Д1айеша предложенеш.

- Нийса сацаран хьаьркаш а х1иттош д1айазйе уьш.






Iалашо йовзийтар.

Хьехархочун дош. (суьрте а хьовсуш дешархой къамелан йукъабалабо)


Слайд.

Схемашца йог1у предложенеш х1иттайе.

АД: «МКЪ»,

«МКЪ» - ад.

АД: « МКЪ?»

АД: « МКЪ!»

Масала: Султана Салмане элира: «Со хьоьца театра вог1ур ву».

Хийца а ца хуьйцш , ма-дарра далийначу къамелах ма-дарра къамел олу.

Йозанехь ма- дарра къамел кавычкаш йукъехь а йаздо, доккхачу элпаца д1а а доладо.















Ма-дарра къамелах лаьцна хаам беш долчу дешнех

авторан дешнаш олу.




Хьехархочун дош.

Хаттар : Дагадаийта шайна , муьлха къамел 1амийра аша йуьхьанцарчу классехь? ( барта а, йозанан а)


Йуьхьанцарчу 1амийнарг карладаккхар.

Слайд.

- Хьовсал шайна хьалха долчу суьртан тIе?

- КIант хIун деш ву?

-ЙоI хIун деш йу? ?(кIант кехат йаздеш ву(кIанта деш дерг йозанан къамел ду), ткъа йоI телефон чухула къамел деш йу ( иза барт къамел ду)

Мас тайпана къамел девзи шуну?(барта а, йозанан а)

-ДIадеша тахана вай жоп дала дезаш долу хаттар.

Слайд.

-Стенна оьшу адамашна къамел? (интер. у тIехь дIайаздина хила деза хаттар)

- Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? ХIун Iамор ду вай урокехь?

Дешархоша шаьш олу урокан тема.(вай тахана маттах а, къамелах а лаьцна дуьйцур ду.)





Къамелан г1оьнца адамашна вовшашка хаам а, хаттар а, хьехар а до.




Слайд.

Классни у тIехь болх кхочушбо. (Iамийнарг тIечIагIдеш)

-Дийца муьлхачу къамелан кепах пайдаэцна кхузахь. Схьайазйе. Текстана цIе тилла.

«БIаьвнаш».

Ширачу заманахь вайн нах бIаьвнаш чохь Iаш хилла. Лаьмнашкахь бехачу цара цхьацца хаамаш беш хилла вовшашка. МостагI гучуваьлча, бIаьвна буьххьехь гIаролхочо цIе латош хилла.

Хаттарш:

-Бераш, стенна оьшу вайна къамел?

Къамел деш ца хилча вовшех кхетар дарий вай? (Дацара.)

Нийса жоп иштта хила деза:


Слайд.


//Къамело адамашна хIума довза а, вовшех кхета а гIо до. Къамел барта а, йозанан а хуьлу. Вай олург а, вайна хезарг а барта къамел ду, ткъа вай йаздеш а, доьшуш а долу къамел йозанан ду.//




Керланиг тIечIагIдар. Классни у тIехь болх.

Белхан тептар тIехь болх

-ДIадеша тIедиллар. Муха кхочушдан деза иза?


- Предложени муьлхачу элпаца йолайо? Чекхйаккха предложени:

-Къамел вайна оьшу ________________ (вовшех кхета)


СадаIаран миноташ. (хьехархочун харжамца)

Iамийнарг тIечIагIдар.

Интер.у тIехь болх. (текстаца барта болх кхочушбо)


Слайд.

Рефлекси.

Муьлхачу къамелах олу барта къамел?

Муьлхачу къамелах олу йозанан къамел?

Стенна оьшу адамашна къамел?

Муьлхачу къамелах олу ма-дарра къамел?

Ма-дарра къамелах лаьцна хаам беш долчу дешнех х1ун олу?

- Х1ун башхо йу ма-дарра а , барта а, йозанан а къамелана йукъахь?


Хаарийн мах хадорца жамI дар.

-Муха хийти шуна вайн урок?

-ХIун керланиг Iемира шуна урокехь?

(Урокехь бинчу белхан мах дешархошка шайга хадабайта мегар ду)







Слайд .

Хан йисахь кхочушбо болх.

Iамийнарг тIечIагIдар. ЖамI дар.

Кхочушдо т1едиллар.

салман тхан йуьртахь массарна а вевзаш ву цо говза Iалашдо жа шен болх салманна дика хаьа салман волчу Iама нах оьху сийлахь бу жаIунан болх.

-ГIалаташ нис а деш дIайазйе предложенеш.

- Дийца барта къамел ду иза, йа йозанан ду.



Слайд.

Кхочушдо тIедиллар.

- Кхочушхилла ойла гойтий кху предложенеша? Нийса хIиттина йоцу предложенеш нис а йеш, дIайазйе.Текстана цIе тилла.

Карийра,зингатна,буьртиг. Бара, иза, беза.

Ца, меттах, баккхабелира,иза, цуьнга.

Накъосташа,цо,кхайкхира.

Буьртиг, чутакхийра, туьйлиг, чу, цара.

-Билгалдинчу дашна маьIна даста. (дошамца болх)

Туьйлиг – муравейник (зингатийн цIа)

Слайд.

Дешнийн маь1на дастар.

1. Вакъбад -кряква

2.Аттйокх –кукушка

3.Алхаз- тетерев

4.ГIаргIули- журавль

5.Зарзар- соловей

6.Зевзал- королек









Кроссворд тIехь болх (хаарш зер)

ЧIерийдохург



1. 2. 6. 3. 4. 5.

Суьрташ тIехь болх дIахьо дешнийн маьIнаш достуш

1. Вакъбад -кряква

2.Аттйокх –кукушка

3.Алхаз- тетерев

4.ГIаргIули- журавль

5.Зарзар- соловей

6.Зевзал- королек

ЦIахь бан болх балар.

  1. Белхан тетрадь т1ехь болх.

  2. Ма- дарра къамел йукъахь долуш 5 предложени йалайе.

  3. Бакъонаш карлайаха.




























Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!