СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Нохчийн меттан йиллина урок «Предложенин коьртаза меженаш. Къастам».

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Нохчийн меттан йиллина урок «Предложенин коьртаза меженаш. Къастам».»

Нохчийн меттан йиллина урок

« Предложенин коьртаза меженаш.

Къастам».

5 класс















Урокан ц1е: Предложенин коьртаза меженаш. Къастам.

Урокан 1алашо: Хаа деза стенах олу къастам,цо муьхачу хаттаршна жоп ло. Барта а, йозанан а къамелехь цуьнах нийса пайдаэцар.Муьлха къамелан декъах хуьлу къастам.



Урокан г1ирс: Презентаци, компьтер, проектор.



Урок д1аяхьар.

I.Орг. момент.

- Де дика хуьлда шун, сан кегий доттаг1ий! Х1инца массо а вовшашка а хьажий велало, т1аккха массара а цхьаний ала : «Де дика хуьлда вайн!»

Шуна х1оранна хьалха кхоккха сурт ду, царех шайн таханлера дог-ойланца д ог1уш дерг хьалаайдайша.








II.Синтаксисан пхи минот. (Предложени уьн т1ехь д1аязйина ю).

Хазац1естан к1удал эцнера дас Хьавана.

1. Предложенин коьрта меженаш билгалйохур ю вай.

2. Къастамана сиз хьокхур ду вай. Цхьаьнга а кхочушдалур дарий иза? ( проблема)

-Ца дало. Ткъа х1унда? ( Дешархоша евзаш меже яц къастам)

3. Стенах лаьцна дуьйцур ду аьлла хета шуна вай тахана? Д1аязъе вайн урока тема.

4. Муха хир ю вайн урокан 1алашо ?( Дешархоша шаьш х1оттайо 1алашо)

4.Дийца аларан 1алашоне хьаьжжина муьлха тайпана ю и предложени.

5.Маь1на ца девзаш цхьа дош дуй кху предложенехь?

Ц1естан к1удал – медный кувшин.

6. Таллам бер вай оцу дешнийн цхьаьнакхетарна.

7. Ткъа кхин а цуьнан билгалонаш гойтуш дош муьлха ду кху предложенехь? (хаза)

8. Муьлха къамелан дакъош ду и дешнаш? (билгалдешнаш).

-Ткъа предложенин муьлха меже хир ю иза?


III. Учебника т1ерачу бакъонах пайда а оьцуш, хьалаюзур ю кеп.


2. Учебника т1ехь боху дукхахьолахь къастам билгалдашах хуьлу. Далор вай масалш.

Синтаксически талла предложенеш.

а ) Арахь машенан г1овг1а елира.

Бацалахь лепара ц1ен а, можа а зезагаш.

Бабас к1антана хаза туьйранаш дуьйцура.

Лулара йо1 еара кхаъ бохьуш.

Стохкалера шо дагаоьхуш 1ара Хьава.

аь). Д1аязде дешнийн цхьаьанакхетарш. Къастам бе царна.

Сан ваша, хьан къолам, церан хьаша,стохкалера шо, юьртара ц1а, довха де.

1. Муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло дозуш долчу дешнаша?

2. Предложенин муьлха меженаш хир яра уьш?

III. Физминот.(Релаксин соцунг1а)


IV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Т1адамийн метана маь1ница бог1уш болу къастамаш а бохкуш д1аязъе предложенеш.

Хаза хуьлу лаьмнашкахь (б1аьстенан) суьйре! Гобаьккхина (говзачу ) куьйгаша басар хьаькхча санна (баьццара) хьаннаш. Хьаьрса-хьечаша хьалххехь заза доккхий мел генара юьрта кхачайо (исбаьхьа) хьожа. Дашочу (маьлхан) з1аьнарша эсала хьоьсту басешна куз хилла 1охку и (хаза) зезагаш.

Г1оьнна дешнаш: баьстенан, говзачу, баьццара, исбаьхьа, маьлхан, хаза.

- Хьалхара предложени синтаксически талла.




2. Тайп- тайпана билгалонаш гойту дешнаш даладе х1окху дешнашна:

Йо1, кхача,шо, б1аьсте.



3.Д1аеша стихотворени.

Арабели къорза полла,
Малхехь техка сийна Маш,
Мерза хьаош деган ойла,
Тхилахь луьйчу зезагаш.

Тайна даьржи бешахь заза,
Кху б1аьстенан х1аваэхь,
Амма беш ю нехех юьзна,
Зазанах а ма ду эхь!

Же, ма 1елаш, бераш-кераш,
Кара эца шада, бел,
Схьагулъелаш сихха нехаш,
Серлаяккха къона беш!

- Стенах лаьцна дуьйцу кху стихотворенехь?

- Шеран муьлхачу беттаншкахь ю и хан?

- Синквейн ялае б1аьсте дашна .

-Схьаязъе къастамаш шайца болу цхьана дешдекъах лаьтта ц1ердешнаш.



4.Проектарца экрана т1ехь гойту суьрташ. Дешархоша царех пайда а оьцуш предложенеш ялайо. Шайн предложенешкахь къастамаш хилийта хьовсу.

IV. Ц1ера болх : Лаха а лахий кицанаш язде, шайца къастамаш а болуш.

V.Жам1.

1. Вай х1оттийна 1алашоне кхочушйиний вай?

2.Керла х1ун девзи вайна тахана урокехь?

3. Уггар хаза х1ун хийтира шуна урокехь?

4. Ткъа хала?

5. Х1инца юха а шайна дог-ойлане хьаьжжина сурт хьалаайде.

-  Ловзар «Самукъане предложени» (тобанашкахь кхочушбо и болх)

Тобанаша вовшашна дешнаш ло. Цаьрца предложени яло еза, самукъане чулацам а болуш.

 




Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!