СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Нохчийн мотт 3-чу классехь йиллина урок Урокан ц1е:"Къасторан хьаьркаш"

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Нохчийн мотт 3-чу классехь йиллина урок Урокан ц1е:"Къасторан хьаьркаш"»













Нохчийн мотт

3-чу классехь йиллина урок

Урокан ц1е:"Къасторан хьаьркаш"









Х1оттийнарг а, д1ахьошверг а:

Зайтемиров Сайдик













27.10.2018 ш.





Нохчийн мотт

Урокан ц1е: "Къасторан хьаьркаш"

1алашо: къасторан хьаьркийн маь1на, церан дашехь йолу меттиг йовзийтар; 1амийнарг карладаккхар; йозанан а, барта а къамел кхиор; г1иллакх- оьздангалла 1амор.

Урокана оьшу г1ирс: къасторан хьаьрках лаьцна кечйина презентаци, тептарш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жам1 даран г1ирс.

Юкъара дешаран ардам (УУД):

Предметни: дешархошна 1емар ду дешнашкахь къасторан хьаьркаш язъян а, церан меттиг дашехь йовза а. Дешархошна 1емар ду учебникаца а, тобанашкахь а болх бан, оьшург лаха, цунах пайдаэца, 1амийнарг карладаккха, г1иллакх оьздангалла 1ама.

Метапредметни:

Регулитивни: хьехархочун г1оьнца урокан коьрта 1алашонаш, т1едехкарш билгалдаха; уьш кхочушдарехь нийса некъаш каро; хуур ду шайн белхан план х1отто.

Коммуникативни: 1емар ду хьехархочун хаттаршна нийса жоьпаш дала; шайн хаарш масалшца т1еч1аг1дан; 1емар ду шайн оьшург хатта, вовшашца къамеле бовла.

Х1ума довзаран: 1емар ду учебникаца болх бан, оьшу г1ирс (материал) каро, цуьнах пайдаэца; ойлаяр, тидам бар кхуьур ду.

Личностни: нохчийн меттан башхаллаш евзаш, нохчийн мотт дика 1амо лаам кхуьур бу дешархойн.

Урок д1аяхьар.

l. Догдаийтаран мур.

- Де дика хуьлда шун!

- Диканца дукха вехийла хьо!

-Охьаховша бераш, х1инца вай нохчийн меттан йиллина урок ю. Вайна урокехь оьшу г1ирс схьаоьцуш кечамбе урокана.

ll. Ц1ера болх таллар.

-Муьлха шардар дара шуна ц1ахь кхочушдан делларг?

- Тхуна деллера шардар 64.

-Муха кхочуш дира аш и шардар?



-Оха х1етал -металан жоп лехира. Карийначу жоьпана мукъаза шиъ шалхачу элпана к1ел сиз хьаькхира.

- Х1ун дара цуьнан жоп?

- Цуьнан жоп дара "чкъург".

- Мукъаза шиъ шалха элп т1аьхьий- хьалхий нисделча муха яздан деза?

- Мукъаза шиъ шалха элп хьалха - т1аьхьа нисделча, хьалхарчу шалхачу элпан шолг1а хьаьрк ца яздо, ткъа шолг1а хьаьрк дуьззина д1аяздо.

( Дешархоша бакъо схьаюьйцу)

Тобанашкахь болх.

Т1едиллар : "Дайна элп караде".

Х1ора тобано т1адамийн метта дайна элп каро деза и каро дика хаа еза вай хьалха 1амийна бакъо.

1-ра тоба:

Ле...къа

ба...хьаш

2-г1а тоба:

...къес

ри...къ

3-г1а тоба:

т1е...т1а

ни...къ

4-г1а тоба:

Т1а...кха

до...кха

-Д1адеша аш яздина дешнаш.

-Оцу дешнашкахь муьлха элпаш дихкина аш?

-Муьлха аз хеза цигахь шуна?

-Ткъа аш «ч» х1унда яздина?

- Мукъаза шиъ шалха элп хьалха - т1аьхьа нисделча, хьалхарчу шалхачу элпан шолг1а хьаьрк ца яздо, ткъа шолг1а хьаьрк дуьззина д1аяздо.

Х1инца д1аяздо вай терахь , классера болх.



lll. Ц1енаяздаран минот.

Дика йо1 ю Айман,

Шеца долуш…(ийман)

- Ийман бохучу дашна хьалха муьлха элп хеза вайна?

-Ткъа тахана вайга хьошалг1а муьлха элп деана?

Ии

- Мукъа ду и я мукъаза ду ?

-Мукъа ду?

-Х1унда ду и мукъа?

-Багахула олучу хенахь цхьа новкъарло йоцуш хецна д1аалало и.

-Маса меженах лаьтта "И" элп?

-Шина меженах лаьтта.

(Хьехархочо яздаран бакъонаш гойту. Дешархоша тептарш т1е д1аяздо.)

lV. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

-Бераш, д1адеша х1етал-метал.

Мукъачеран, мукъазчеран,

Нагахь юкъахь далахь дов,

Машар барца дехьа, сехьа,

Кхуссу оха, доккхий ков.

Алал, доттаг1, дов д1адерзош,

Х1ун дан деза сиха ахь?

Жоп : (Къасторан хьаьркаш)

Зайтемиров Сайдик

-Стенах лаьцна дара и х1етал метал, х1ун дан деза дов д1адерзош , муха бийр бара аш царна юкъахь машар?

-Къасторан хьаьркаш йохкур яра.

-Ткъа, бераш, тахана вайн урокан тема х1ун ю аьлла хета шуна?

- Тахана вай урокан тема "Къасторан хьаьркаш"ю аьлла хета.

-Бераш, аш нийса боху, вай тахана урокан тема ю "Къасторан хьаьркаш.







V. Керла тема хьехар.

а) Бакъо таллар.

-Д1аеша 32 аг1он т1ера бакъо.

-Муьлха элпаш лела къасторан хьаьркийн маь1нехь?

-Элпаш ь, ъ къасторан хьаьркийн маь1нехь лела.

- Цара х1ун гойту?

- Мукъа аз мукъазчух д1ауьйш ца хилар гойту.

-Муьлхачу элпана т1ехьа бен ца яздо къасторан «ь»?

-Къасторан «ь» хьаьрк «к» элпана т1ехьа бен ца яздо.

2.Шардарехь къасторан хьаьркийн тидам бар.

- Д1адеша 66 шардаран т1едиллар.

- Муха кхочуш дан деза вай и шардар?

- Ъ,ь элпашна а, цара къастош долчу мукъаза а, мукъа а элпашна к1ел сиз

хьакха дезаш ду.

- Муьлхачу элпашна хьалха яздина ъ,ь элпаш?

-Мукъазчарна т1ехьа, мукъачу элпашна е-ний, я-ний, яь-ний хьалха яздина.

-Муьлхачу элпана т1ехьа язйина аш къасторан хьаьрк?

(Уьн т1ехь кхочуш йо. Цул т1аьхьа дешархоша шайн тептарша т1е д1аязйо.)

Vl.Сада1аран минот.

- Цхьа жимма сада1ий вай ?

Г1иллакхе верг наха лору,

Г1оза ваха цара олу.

Г1атта ваг1ахь воккханиг,

Г1иллакх ма ду коьртаниг.

-Бераш, шуна муьлха г1иллакхаш девза?

- Воккханиг вог1уш, охьахиъна велахь, хьалаг1атта веза, воккхачунна некъ хадо мегар дац.

Иштта кхин масалаш даладо дешархоша.







Vll. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

1. Тобанашкахь болх.

Мила ву тидаме.

-Бераш, вай х1инца тобанашкахь болх бийр бу. Маь1нехь т1еоьшу -елла, -яьлла а, къасторан хьаьркаш а йоьхкуш, д1аязде шайн тобанера дешнаш.

1-ра тоба:

Т1ех...

ч1аг1...

цец...


2-г1а тоба:

Мац...

(шел...

лах...



3-г1а тоба:

Гал...

сен...

ц1ан...


4-г1а тоба:

Хьаг...

йох...

йиц...


Х1ора тхьамдано шаьш девлча шайн тобано яздина дешнаш схьадуьйцу.

-Муьлха къасторан хьаьркаш йихкина аш?

аь) Шаьш бен болх.

-Д1адешша шардар 71.

- Муха кхочуш дан деза иза?

-Оьш- оьшучу къасторан хьаьрк ъ,ь дуьллуш, схьаязъян езаш ю.

- Оцу предложенехь муьлхачу дашна йиллина аш къасторан хьаьрк?

- Шекьяьлла дашна.

-Шекьяьлла дашна муьлха къасторан хьаьрк йиллина аш?

- Къасторан к1еда "ь" хьаьрк.

- Нийса боху, х1инца шайн тептарш т1е д1аязде шардар.



Vlll. Рефлекси.

-Х1ун керланиг девзи шуна тахана урокехь?

-Х1ун хазахийти шуна тахана урокехь?

- Вай х1оттийна 1алашо кхочуш хилла аьлла хетий шуна?

- Т1ейог1у урок муха хила лаара шуна?

- Шайна урок хазахеттехь самукъане смайлик хьалаайба, шайна урок хаза ца хеттехь г1айг1ане смайлик хьалаайба.

lХ. Урокан жам1 дар.

-Муьлха элпаш лела къасторан маь1нехь?

-Элпаш ъ,ь къасторан маь1нехь лела.

-Цара х1ун гойту?

-Мукъа аз мукъазчух д1ауьйш ца хилар гойту.

Х. Ц1ахь бен болх.

Шардар 70, аг1о 34.

- Т1ера схьаязъе шайца къасторан хьаьркашца дешнаш долу предложенеш. Къасторан хьаьркаш долу дешнаш билгалдаха къоламца, 1амае бакъо.


























Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!