СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Нохчийн мотт мероприяти

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Нохчийн мотт мероприяти»


Сан хьоме хьехархо,

хьан дика амалаш,

жимчохь а дуьйна схьалоцу ас.

К1адвалар, сингаттам, хьай болу бала,

дагчу д1абиллина ца гойту ахь.

Ца къастош цхьа а, хьай долуш санна,

хьостура берий дог жима ахь.

Олу ас х1инца: хьан дика амалаш, жимчохьа ца бина хамбийр бу ас



Бекалахь ненан мотт, машар а кхайкхош!

1алашонаш:

1. Нохчийн мотт бийца атта хилар, хьалдолуш хилар д1ахаийтар.

2.Нохчийн мотт ца байта кхио а, ларбан а безар;

3.Вайн дегнашкахь ненан матте болу безам ч1аг1бар, нохчийн мотт марзбар.


Мероприяти д1аяхьар:


Хьехархочун дош.

Нохчийн меттан де пачхьалкхан т1ег1ана т1ехь даздар дозалла ду. Боккха кхаъ а, доккха хазахетар а ду иза вайн дерриге а нохчийн къомана. Нохчийн мотт ларбар, цуьнан сий-пусар дар – иза нохчийн г1иллакхаш, оьздангалла , къоман истори ларар ду. Вайн литература а, мотт а кхиорехь дуккха а 1илманчаш а, яздархой а бу къахьоьгуш. 2003-чу шарахь 23-чу мартехь т1еэцначу Нохчийн республикан Конституци т1ехь нохчийн мотт, оьрсийн маттаца цхьаьна, пачхьалкхан хилар д1акхайкхира. Цул т1аьхьа Нохчийн парламенто арадаьккхинчу «Нохчийн республикан меттан хьокъехь» долчу законо, нохчийн мотт а, кхидолу меттанаш а Нохчийн Республикехь леларан низам билгалдаьккхира.

Оцу закона буха т1ехь Нохчийн респуликан куьйгалхочо Россин турпалхочо Р.А.Кадыровс куьг яздина 25 апрель-Нохчийн меттан де, аьлла.

Нохчийн Республикин Президентан УКАЗ

11.05.2007ш. Соьлжа-ГIала № 207

Нохчийн мотт Iалашбаран, кхидIа шарбаран, кхиоран, нохчийн культура кхиорехь, къоман башхалла ларъярехь цо лело маьIна лакхадаккхаран Iалашонца:

«Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» долчу Нохчийн Республикин законна куьг яздина апрелан 25-гIа де Нохчийн меттан Де д1акхайкхо.

«Нохчийн меттан Де дIакхайкхоран хьокъехь» долу 2005-чу шеран 15-чу апрелехь лера № 90 йолу Нохчийн Республикан Президентан указ дIадаккха.

XIapa указ бакъонан ницкъ болуш ду зорбатоьхначу дийнахь дуьйна.

Нохчийн Республикин Президент Р.А. КАДЫРОВ.


25-г1а апрель (нохчийн дуьххьарлера газета «Серло» арадаьлла де)


Нохчийн меттан дезчу денна лерина ду таханлера вайн вовшахкхетар.

(Дош вайн библиотекин белхалочуьнга Гакаева Яхитига ду. Цо дуьйцу шен выставкех лаьцна)


Хьехархочун дош:

Эзарнаш шерийн истори йолуш къам ду нохчий. 1илманчаша ч1аг1дарехь, Йеменера дуьйна Шумерехула, Митани, Урарту пачхьалкхашкахула схьаеана ширачех долчу вайн къоман лар Кавказе. Шайл хьалха кху махкахь цхьа а къам даьхна доцуш, Къилбаседа Кавказан орамера, бухера къам ду нохчий. Коьртачу декъана, вешан матте, махке болу безам, уьш ларбан болу лаам сов хиларца даима а къаьсташ хилла вай къам.Кест-кестта хьахош хезна вайна шолг1ачу дуьненан т1амехь эшначул таьхьа Японис шен керлачу кхиоран лакхенашка боьду некъ шен мотт а, г1иллакхаш а к1орггера 1аморца д1адолийна, бохуш. Оцу новкъахь уьш баккхийчу кхиамашка а кхаьчна, къаьсттина экономикехь. Нагахь, ден а делла, массо а аг1ор кхиамийн лакхенашка вай кхача лууш делахь, вай а дан деза изза: вайн нохчийн мотт а, г1иллакх-оьзданнгалла а 1аморна т1ера д1адоло деза дерриге а, вай массо а къоман культуран буха т1ехь ч1аг1вала а веза. Нагахь вай оцу буха т1ехь хилахь, вайна кхераме яц цхьа а харц-идеологи, вайн къона т1аьхье вайга ларлур ю зуламечу синцамгарех. Шен исторехь дуккха а халонаш лайна вай къомо. Хийла чолхе мур беана, къам дерриг х1аллакьхилла герга а хуьлуш.

Дагадоуьйтур вай цкъа а вайна дицлур доцу 1944 шеран 1аьржа февралан 23-г1а де. Цу хьокъехь аьлла-кх 1963-чу шарахь Москвахь д1аяьхьначу ерригсоюзни 1илманан-практически конференцехь вай г1араваьллачу поэта а, хьехархочо а Сулейманов Ахьмада : «Х1ора стагана сийлахь долу кхо х1ума ду дуьненчохь вовшахдаккха йиш йоцуш, даима а цхьаьна хила дезаш. И кхо х1ума – мотт а, халкъ а, Даймохк а ду. Оцу кхаа декъах муьлха а цхьаъ д1акъаьстича, дисина ши дакъа дахалуш дац. Нохчийн къам казахийн, киргизийн мохк ца тайна а, оцу махкахь даха а, 1ен а ца хууш ца г1ератар шайн Даймахка. Кху дуьнен т1ехь мел йолу дуьхьалонаш а эшош, шаьш 13 шарахь хала гулбина бахам а битина, нохчий шайн Даймахка г1ертар Дала дела и сийлахь кхо х1ума вовшах а тоьхна, юха а дуьззина къам хила даха. »

Рашидов Шаид)


Доккхачу лаьтта т1ехь

Хазалла лоьхуш,

Сада1ар дицдина

Еттарх а йорт,

Хьегаран хьу елла,

Шена т1евоьхуш,

Хиллера ц1ийх боьлла

Сан Ненан мотт.


Зезагийн лесторехь,

Техкарехь диттийн,

Къайленаш соь юьйцуш

Ловзарехь х1орд,

Ладоьг1ча шабаршца

Бешарчу ниттийн,

Соь ницкъ лург хиллера

Сан Ненан мотт.


Иллига бирзича

1енадеш б1аьрхиш,

Делхадеш, ловзадеш

Кийрара дог.

Кхолабеш, юха а

Къагабеш б1аьргаш,

Серло лург хиллера

Сан Ненан мотт.


Диканехь я вуонехь

Дош ала дезча,

К1орггера ян воьлча

Хиллачийн чот,

Эхь, иман я г1уллакх,

Доьналла эшча,

Хьекъал лург хиллера

Сан Ненан мотт.


Вахар а х1ун оьшу

Цунах д1ахаьдча?

Бицбина вехаш верг

Ю яьсса ботт.

И саннарг карор бац

Мел дукха лехарх,

Даймехкан дозалла

Сан Ненан мотт.

Слайд 6


Хьехархо:


Дуьненан мехала долу кхо х1ума вовшахтоха аьтто хиллехь а, уьш кхоччуш вовшех доза а, кхио а ца дуьтуш,г1одар меттана , дестечо бер санна, Советан 1едало чехош таханлерачу дийне девлла вай вешан Даймахкахь нохчийн мотт а буьйцуш.

- Дедех лелош йисина, я ворх1е а дегара дуьйна безам хеташ ларъеш схьаеана цхьацца х1ума хуьлу-кх нохчийн доьзалехь, шаьлта хилла а, тур хилла а, я суьлхьанаш, я п1елгах дуллу мухар хилла а. Иштта вайн ворх1е а, барх1е а, иссе а дех вайна ирсъэца дисина дика ду нохчийн мотт.

Оцу маттал деза дац царех дисина долу тур а, шаьлта а, мухар а, я цхьа а х1ума а. Я б1аьвнаш а яц цул еза, меттах ца хьуьйш, шаьш шайх цецъюьйлуш, б1ешерашкахь, аьрцанийн баккъаш т1ехь а, вортош т1ехь а, бердашца нисса хьала хиттина йолу. Беза мотт бу, царех буьйцуш бисина болу! Оцу маттаца уьш муьлш хилла а хууш, хьуо мила ву а хууш, нах муьлш бу а хууш хила веза. Амма мел хало хиларх, шайн мотт ларбина вайн дайша. Цо гойту. Вайн къоман кхиарехь, иэс лардарехь матто д1алоцу меттиг мехала а, йоккха а хилар. Вайн къоман кхетам кхио аьтто беш, цуьнан тешаме г1оьнча хилла схьабеана нохчийн мотт. Оцу хьокъехь халкъан поэта Арсанукаев Шайхис уггаре а нохчийн мотт ца буьйцуьйтуш, советски идеологино кегийройх вай дайх дисинчу оьздачу г1иллакхаш т1ера галл баха г1ертачу хенахь, шел говза кхин ала йиш йоцуш, башха хаза аьлла:

( Ш. Арсанукаев байт д1айоьшу хьехархочо)


Доьзалехь бийцар а Дастам а хеташ,

Хьо винчу ненан мотт Д1атесна ахь.

“Сов къен бу дешнашна, Бац атта кхеташ”, -

Бохуш и сийсазбан Ца хета эхь.


Ладог1ал цкъа соьга,“Хьекъале корта”.

Ладог1ал, яккхий д1а Лергара потт:

Йист йоцу х1орд санна, Бу хьуна шорта

Ша хууш волчунна Вайн нохчийн мотт.


Г1иллакхе, оьзда бу, Доттаг1че буьйцуш.

Мостаг1че вистхуьлуш - Ду ира герз,

Хьомечу езаре Безам ахь буьйцуш -

Бека и, шех хуьлий Хьан деган мерз!


Мерза бу, моз санна, Ша безачунна

Ламанан шовданал Ц1ена бу и.

Лермонтовс, Толстойс а Ладег1на цуьнга,

Услара даггара хестийна и.


Б1ешераш хийла д1а Ихна, и бекаш,

Хьацарлахь, къийсамехь Кхиъна и бу,

Кхоьллинчу халкъашна Сов хьанал бецаш

Даима ша хила Нохчийн мотт бу.


Вайн халкъан ойланаш, Дахар а г1ийла -

Далхадеш къийсамна Г1иттийна цо.

Нохчочун майралла, Оьздалла хийла

Зевнечу иллешкахь Екийна цо!


Кхидолчу къаьмнашна Шайнаш а санна,

Нохчашна шайн мотт а Сов хьоме бу,

Нагахь хьо ца ваг1ахь Хьайн халкъацанна,

Хаалахь, декъазниг, Хьо цхьалха ву.


Слайд 7 (Услар)


-Нохчийн мотт исбаьхьа, хаза, хьалдолуш, ира мотт бу. Дог-ойла ма-ярра ц1ена, нийса,юьззина д1айийца,билгалъяккха йиш ю вайн маттахь.,,Нохчийн мотт ч1ог1а къен хетар даржош берш цунах кхеташ боцу нах бу”,-аьлла воккхачу 1илманчас П.К.Услара ш а нохчийн мотт толлуш. Цо язйина дуьххьара нохчийн меттах лаьцна этнографи. Цо г1о дина Къеди Досована духьарлера нохчийн меттан букварь язъян. Иза араяьлла 1862 шарахь. Дуьнен т1ехь 3000 ца кхоччуш мотт бу. Царех 3-4 хаа беза х1оранна. Нохчийн мотт хаза а, исбаьхьа а, хьалдолуш а хилар гайтана дукхах болу яздархоша шайн произведенешкахь,стихотворенешкахь. Нохчийн х1инцалера литературни мотт кхуьуш бу шерачу аренгарчу нохчийн диалектан буха т1ехь. Оцу диалектехь мотт буьйцуш берш бехаш бу Грозни-г1алахь а, цунна гонаха йолчу еа-пхеа районехь а.

Вайн йоза гуттара хилла дац оьрсийн алфавитан бух т1ехь.

1920-24-чуй шерашкахь иза хилла 1аьрбийн графикан бух т1ехь, цул т1аьхьа 1925-37-чуй шерашкахь латински графикан бух болуш х1оттийна нохчийн йоза. Вайн х1инца а бу баккхий нах латински графикан бух т1ехь хиллачу йозанна школехь 1амийнарш. Царна дика хаьа латински элпашца яздан. 1938-чу шарахь дуьйна тахханалц вайн йоза ду оьрсийн графикан бух т1ехь. Вайн меттан аьзнийн х1оттам чолхе бу.Оьрсийн маттера элпаш ца тоьу царна ц1е тилла.Цундела ду вайн алфавитехь шалха мукъа а, мукъаза а элпаш. У ь ш вай 5-чу классера схьа 1амош ду. Церан нийсаяздаран бакъонаш шуна хууш ю.


Ас юха а сайн къамел дIадийр ду,

Къайлакхоьхьуш логах дуьйлу къурдаш.

Ас доIа а ненан маттахь дийр ду,

ТIегулбина нохчийн меттан мурдаш.


Iехош Дала хьаналдинчу декъах

Тхайн синошна чукIаргделла даьIнаш,

Токхур оха къоман сийлахь декхар,

ЮьхькIайн лоьхуш нохчийн меттан маьIна.


Кхеташ дуй тхо-м: тIера чан дIаэцна,

Тептар санна, юхакего боло

ТIаьхьалонна дIабиллалуш бац и,

Буьйцуш хилар – и бу цуьнан толам.


Цу кхетамах, дарба санна, ийна

Безачарна лезна и цабалар.

Цунах кхета тIаьхьависна Iийнарг,

Орцахвалий, тхуна юххевала.


Къилба тило хьийза бода хьаьъча,

Гур ду вайна, некъ вайн нийса хиллий.

Маьршадохуш даг чу хьийза кхаьънаш,

Аьр вай тIаккха нохчийн коьрта илли!

Адам Ахматукаев


Мациев Ахьмада йоккха лар йитина нохчийн меттан 1илманехь. 1илманчаша, хьехархоша, журналисташа, нохчийн маттаца хьашт мел долчара тахана а шуьйра пайдаоьцуш ю цо хоттийна «Нохчийн-оьрсийн словарь». Амма и цхьа болх хилла ца 1а цо шел таьхьа битинарг. Ша дуьненахь яьккхинчу хенахь иза ларийна 30 сов 1илманан болх язбан, шайна юкъахь 9 дошам а, масех учебник а йолуш. Царех коьрта лара дог1у: Нохчийн-оьрсийн словарь.

Шен ц1е яккхийтархьама араваьлла вацара Мациев Ахьмад, иза бан а бара шен халкъе а, матте а бакъ болу безам. Иза вевзачара иза вуьззина нохчийн къонах вара. Царех цхьаъ вара г1араваьлла политолог Абдурахман Авторханов.


Нохчийн мотт

Акха яр санна, и ца баьлла бацалахь,

Боьжна бац стиглара, эцна бац базарахь,

Цхьаьнггера юхалург баьккхина бацара –

Кхоьллина хилла и вай дайша азаллехь.


Ас лору дуьнен чохь мел долу меттанаш,

Нохчийн мотт – гуттар а сан оьзда дозалла,

Iожаллин цамгаро дIалаьцна, меттахь Iаш,

Цу маттахь дийр ду ас весет а доьзале.


Цу маттахь нанас со дуьххьара хьаьстина,

Цу маттахь некъан дош дадас а кхайкхийна.

Цу матто, – уггаре гергарчу сан сина –

Сан, генахь цхьа висча, дог-ойла айина. (Цуруев Шарип)


Хьехархо:

Коьмаьршачо Дала делла совг1ат а, аманат а ду нохчийн мотт. Далла гергахь, вайн дайша, нанойшна гергахь – и 1алашбеш, т1аьхьенга д1акхачо безаш ду вай. Б1ешерашкахь маршоне сатуьйсуш леттачу нохчаша зийнарг чу а лоцуш, муьлххачу къоман маттана дог1уш долу башха мог1анаш яздина халкъан поэта Мамакаев Мохьмада.


Шен ненан мотт халкъо

сий ойбуш 1алашбахь,

цу халкъан парг1ато

цхьаммо а хьошур яц.


(дош студенте)Шатаханова Марха

Мамакаев Мохьмад

Сан деган назманаш, ма 1ехка шу йийший,

Ма 1ехка чена к1ел, терхи т1ехь цхарйолий,

Г1овтталаш, аз айдай, вочунна д1овш хилий!

Кху халчу некъашкахь бакъдолчун еш г1оле.

Дог ц1енчу ойланца яхалаш халкъана,

Сан халкъан мостаг1чун садукъдеш хьовзалаш,

Диканна г1еттинчун маттаца лиэпалаш, –

Екалаш парг1атчу жа1уьнан шедагах.



Генарчу Г1ум-Азехь я шаьш кхолламо Иордане, Турце, кхечу мехкашка а кхиссарх а, шайн мотт ца бицбар бахьанехь, Делан лаамца- нохчийн къам ца дайна. Оцу маттаца, вовшашкара кар-кара оьцуш шайн т1аьхьенашка д1акхачийна цара къоман г1иллакхаш, 1адаташ, тарих.

Ша кхиийначу ненан мотт хаар Даймохк безар ду, вина мохк безар Иманах лерина.


Аюпова Заирас дуьйцур вайна мел говза аьлла нохчийн поэта Саидов Билала нохчийн матах лаьцна.


Ненан мотт( Аюпова Заира)

Хьох лаьцна яздина, дийца а дийцина.

Хьайна безахь – бохуш, хьеха а хьо бина.

Хьехорах пайда буй, хьо хууш ца хилча,

Хьо бийца хуур дуй, хьо безаш ца хилча.


Хьо бийца 1емар вац, дагна хьо цабезнарг,

Юьхь к1айн а лелар вац бийца ца хуург.

Нехан говра а хиъна, вон бере шех хилла,

Кхардамехь вехар ву, хьо хийра леринарг.


Хьо безаш волчунна, пондаран аз ду хьо,

Хьайца уьйра йоцчунна, гихь беза мохь бу хьо.

Хьо хушш волчунна Жовх1арийн х1онс ю хьо,

Хьайца шовкъ йолчунна, чам тайна стом бу хьо.


Хьо ца безаш волучо, шен нана лорур яц,

Ненан сий ца дечо, мехкан сий лардийр дац.

Ненан мотт ца хаар, шен кхерч цаларар ду,

Кхерчан да ца хилар, меттаза вахар ду.


Хьайн ненан мотт хаахь, ас дозалла до хьох,

Даггара и безахь, ас хастам бо хьуна.

Доттаг1а, варелахь, цунах ма херлолахь,

Ненан мотт хьайн бацахь, байлахь вуй хаалахь!

Саидов Билал


Дала шегарчу хьикматаца, лаамца халкъаш къаьмнашка декъна. Делан кхел дуьненахь лелаш хиларан билгало ю х1ора къоман шен мотт хилар.Ткъа Даймохк безаро дайн г1иллакхаш лараро гойту стеган Ийман а, оьздангалла а. Делан къинхетамца вайн бусалба ду, вешан мотт 1алашбан, иза безаран бухехь Даймохк беза а декхар ду вай. Халкъан барта кхолларалла, г1иллакхаш, 1адаташ довза а , царах царах кхета аьтто бо матто. Цул сов, оцу меттан йозано д1абахначу вайн дайшна а, т1екхуьучу чкъурана аюккъе шен хьесап далур доцу мехала з1е тосу. Оцу йозано гойту вайна вайн дайн динах, 1аламах…хилла кхетам. К1орггера ненан мотт бевзаш, и безаш волчуьнгахь г1иллакх, яхь, оьздангалла ца хила йиш яц.


Матас а, Шамильс а д1айоьшур ю вайн г1арваьллачу яздархочо Айдамиров Абузаран байт.

Айдамиров Абузар

Со вина Кавказан ломахь,

Къоьжачу баххьашна юккъехь.

Аьрзунийн баннашна лулахь

Нанас со кхиийна берахь.


Цигахь со набарна товжош,

Цо олу аганан илли.

Декара, дог хьоьстуш довха,

Сан нохчийн маттара илли.


Сарахь цо туьйранаш дуьйцуш,

Со цунах хьерчара кхоьруш,

Я халкъан илли цо олуш,

Д1атуьйра набаро хьоьстуш.


Шаьш хьегна баланаш балхош,

Вайн халкъан турпалхой хестош,

Дайн-дайша даьхна и иллеш

Декара, дог 1ийжош, доруш.


Цу иллийн дешнашца гора

Даймехкан исбаьхьа суьрташ,

Маршоне, Даймахке безам

Вайн дайша къийсамехь гайтар.


Ненан мотт, хьуна т1е тийжаш,

Хьоьца шен баланаш балхош,

Хьоьца шайн дог-ойла г1иттош,

Ловш 1ийна уьш буьрса денош.


Хьоьца ду суна мел дезнарг,

Вина мохк, нанас сан хьестар.

Хьоьца ду сан велар, велхар,

Дахаре сан болу безам.


Бекалахь, ненан мотт, тахна,

Дуьнене машаре кхойкхуш,

Лаьтта т1ехь Къинхьегам, Нийсо,

Вошалла, Ирс, Машар кхайкхош.


Мел говза аьлла оьрсийн яздархочо Паустовскийс маттах лаьцна.

Ткъа нохчийн поэташа, прозаикаш, 1илманчаша Мамакаев Мохьмада, Абузар Айдамировс, Тимаев Вахас, Мациев Ахьмада, Джамалханов Зайндис, Сулейманов Ахьмада, сулаев Мохьмада, Гадаев Мохьмад- Салехь иштта кхин д1аберш нохчийн яхь, оьздангалла ларъеш баьхна. У ь ш яздархой, поэташ, 1илманчаш хила ца 1аш, нохчийн меттан хьехархой хила. Ма хаза, ц1ена, аьхна бара цара буьйцу нохчийн мотт.


Кибиев Мусбекан Байт д1айоьшу Матас, Шамильс а

Кибиев Мусбек


Цинцашка декъалой, бердах

Хецало чухчари санна,

Даточу цинцех бу тера

Нохчийн мотт муьлххачух вайна.


Аганахь хийла хьо техкий,

Хьо буьйцуш наноша, дайша.

Заманах чехка чекхбевлла,

Уьш д1атий, дитина вайша!


Ткъесан шед хьоьх ян ца дезна,

Шаьлтанах баттара баха,

Къонахийн г1иллакхе боьрзу

Нохчийн мотт -буьйцург вайнаха.


Туьран чов йирзина йолу,

Меттан чов йоьрзуш яц цкъа а! -

Г1иллакхан новкъа бер долу,

Нохчийн мотт буьйцуш ша даккхахь.


Дахаран г1иллакхийн кхерчахь,

Оьзда дош олучу меттехь,

Г1иллакхан собарца керча

Нохчийн мотт, кхеттарг хьоьх кхеттехь.


Нохчийн мотт, хьан дош а олуш,

Хийла тур баттара даьккхи

Мурдаша (дашца дош кхоллуш!)

Маршонна парг1ато яьккхи.


И куьзга ду хьуна, эшахь,

Нохчийн мотт -буьйцург вайнаха:

Лом г1отту хьо буьйцуш, теша,

Куьзганахь, кийрахь вай даха!


Буьрса т1ом кхехкабо дашо,

Ткъесан х1оз туьрах бо т1аккха,

Дато а, дашо варкъ дашо,

Нохчийн мотт бийца ахь баккхахь.




Саьхьарчу иллешкахь бекна

Нохчийн мотт - маршонна ала!

Дахарца 1ожалла екъна

Нохчийн мотт сий дарца кхалла!


Назманчас назманаш олуш -

Пайхамар, асхьабаш базбеш,

Нохчийн мотт, синхаам болу

Т1емашка, хьо матто хазбой.


Мотт ц1армат буьйцучух къехкаш,

Лийр бар-кха къонахий тахна,

Шоллаг1а лийр бар-кха, кхехкаш,

Дог лоцуш, берд эккхаш санна.


Мотт хууш доцчу вай вешан,

Лелачу г1иллакхах доьхна,

Лийр вар-кха къонах, ца вешаш,

Дог эккхаш, дагах катоьхна.


Хийла ц1ий 1енийна дайша,

Цхьамзан т1ехь накха а сецош,

Хьан, сан сий, нохчий, ца дайа,

Бахна уьш 1ожалла эцна.


Меттан сий, вайн сий ца дайа,

Т1еман лар юьлуьйтуш хица,

Дитна сий дайша, дедайша,

Х1ай, нохчо, оькъуш дерг х1инца.


Хьехархо:

Вайн халкъан иэсехь бисинчу хиламех цхьа башха хилам бу, Ширди-Махкахь ваьхна а волуш, дешна 1еламстаг, масла1атан да хилла а волчу Махьмудан Мохьмадан хьокъехь. Стаг вийна дов хилла, цадоьрзуш шерашка даьлла. «Хьо ваг1ахьара, Мохьмад, масла1ате, дерза туьгуш дац-кх х1ара х1ума» аьлла, наха дехарца вигина хиллера Мохьмад. Х1ара хьалха а волуш, х1орш вийначу стеган нахана т1ех1иттинчу заманчохь, «шайга стаг вита аьлла даьхкина шу?» аьлла, церан наха юьхь т1е туйнаш туьйхира бохура Мохьмадана. Са а тоьхна, кхин совдаьккхина х1ума а ца олуш, шен юьхь т1е куьг хьаькхна туйнаш д1а а даьхна, «Детта аш х1ара туйнаш. Шу тахана х1орш детта ду, тхо х1орш д1адаха бен дац» аьлла хиллера Махьмудан Мохьмада. Оцу меттехь наха и пхьа битина а хилла. И бу-кх нохчийн мотт, шен дашо ц1окъболатал ч1аг1делла дегнаш даьстина болу.

Г1ийла ву-кх шен къоман маттаца йолу з1е хаьдда я уьйр малъелла стаг! Шена шен маттахь 1оттар йича а, я ловц боккхуш хастам бича а кхетар вац и. Цу тайпанчу стагаца вистхуьлуш - хьуна хьуо мотт ца луьйш хета, я хьуо д1алуьйшверг къора хета.

Делахь а, кхин цхьа х1ума а ду. Цхьа а лазам бац тахана бийца ца луучо а, цабезачо а нохчийн мотт ца бийцар, я и ца 1амор. Нохчийн мотт нохчаша бийцина бу, нохчаша буьйцуш кхид1а д1ахьур болуш а бу, кешнийн хьаьрма, эхарта кхаччалц. Нохчий болчу нохчаша! Нохчийн мотт д1а а бер бац! Цунах тешаш мел ду нохчий а хир ду-кх вай, Дала мукълахь!


Байт д1айоьшу хьехархочо, автор Илесов 1аьрби.


Везачу Дала хьекъал а, собар лойла вайна, вайн дайша дитина кост-весет ненан мотт 1алашбар, нохчаллах ца дохар-кхочушдан. Аллах1а шен къинхьетамах ма дохийла вай.




Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!