СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

ОГЭ 2 вариант 2021 Чеченский язык

Нажмите, чтобы узнать подробности

Подготовка к ОГЭ по чеченскому языку

Просмотр содержимого документа
«ОГЭ 2 вариант 2021 Чеченский язык»


2 ВАРИАНТ


Болх кхочушбаран инструкци


Экзаменационни болх кхаа декъах лаьтташ бу, шена чохь 9 т1едиллар а долуш.

Нохчийн меттан экзаменационни болх кхочушбарна луш 3 сахьт 55 минот хан ю (235 минот).

1-чу декъана юкъадог1у цхьа т1едиллар. Иза ладоьг1начу текстан буха т1ехь билгалдаьхначу хаттаршна жоьпаш даларца кхочушбен жима йозанан болх бу. Тексте шозза ладуг1у.

И т1едиллар кхочушдо къаьстинчу кехата т1ехь.

2-г1а дакъа лаьтта 7 т1едилларх (2-8). 2-чу декъан кхо т1едиллар кхочушдо ешначу текстан буха т1ехь.

2-8-чуй т1едахкарийн жоьпаш д1аяздо дешан (дешнийн цхьаьнакхетаран), терахьан, терахьийн хьалха-т1аьхьаллин кепехь белхан текстехь жоп яздан билгалйинчу меттехь.

Нагахь 2-чу декъан т1едахкаршна нийса жоп ца яздинехь, цунна т1е сиз хьакхий, юххехь керла жоп д1аязде.

3-чу декъан т1едиллар кхочушдо 2-чу декъан 6-8-чуй т1едахкаршца айхьа болх беш ешначу текстан буха т1ехь.

3-чу декъан болх болош, далийначу кхаа т1едилларх (9.1, 9.2 я 9.3) цхьаъ харжа. Оцу т1едилларна, ялийначу клишех пайда а оьцуш, дуьззина йозанан жоп ло.

И т1едиллар кхочушдо къаьстинчу кехата т1ехь.

Экзаменехь бакъо ло орфографически луг1атах пайдаэца.

Т1едахкарш кхочушдеш, черновиках пайдаэца мегар ду. Белхан мах хадош, черновик т1ехь дина йозанаш лоруш дац.

Ахь кхочушдинчу т1едахкаршна яьхна ерриге а баллаш вовшахтуху.

Хьайн ма-хуьллу дукха т1едахкарш кхочушдан а, баллаш яха а хьажа.

Дала аьтто бойла!



1 дакъа


Тексте ла а дог1ий, къаьстинчу кехат т1ехь 1-ра т1едиллар кхочушде.

Цкъа хьалха т1едилларан лоьмар д1аязъе, цул т1аьхьа–йозанан болх.


1

Тексте ла а дог1ий, жима йозанан болх кхочушбе.

Хаалахь, хьо декхарийлахь ву, х1ора хаттарна дуьззина (1-2 предложеница) жоп дала.

Йозанан белхан барам 50 дашал к1езиг хила ца беза.

Нагахь ладоьг1начу текстан буха т1ехь билгалдаьхначу хаттаршна жоьпаш даларца кхочушбина йозанан болх ма-ярра схьаязйина ладоьг1на текст елахь, оцу белхан ноль баллаца мах хадабо.

Жоьпаш терахьашца билгалдаха.

Хаттарш къаьстинчу кехата т1е схьаяздан ца оьшу.

Йозанан болх кхочушбе ц1ена а, йоза къаьсташ а.


Хаттарш:

1.Халкъан уггаре доккха хьал х1ун ду?

2.Нохчийн къам шена т1ех1иттинчу халонех чекхдалар стенах доьзна дара?

3.Хьалха заманахь берана дуьненах, 1аламах, динах, оьздангаллех болу кхетам хьан луш хилла?

4.Вайнехан доьзалехь бераш кхетош-кхиош мила хилла?

5.Х1ун лаьттина ишттачу доьзалшкахь, цара х1ун лардина?


2 дакъа


2-8 т1едахкарийн жоьпаш хуьлу белхан текстехь жоьпана билгалйинчу меттехь д1аяздан дезаш долу терахь, терахьийн хьалха-т1аьхьалла я дош (дешнийн цхьаьнакхетар). кхочушде.


2


Синтаксически анализ.

Д1аеша текст.


(1)Лам-м лаьтта, Органах ял а оьцуш, шен когашкара охьаяьржина хьун дебош. (2)Ка хьоькхуш лелийна, дахдина мекх санна, 1инца д1аяхло буьрса хьун. (3)Гаьннаш д1аса а тийсина, шуьйрра къерза хенара нежнаш; царах орамаш хьерчадо куьцечу пепнаша. (4)Хьуьнан маша буцуш, хьийкъина хьерчачу б1аьллангах пебетташ, ц1ен къегаш лаьтта стех дуьзна гаьннаш.


Нийса грамматически бух къастийначу жоьпан вариант билгалъяккха. Д1аязъе цуьнан лоьмар.


1) охьаяьржина хьун дебош (1-ра предложени)

2) д1аяло хьун (2-г1а предложени)

3) орамаш хьерчадо (3-г1а предложени)

4) хьийкъина гаьннаш (4-г1а предложени)

Жоп _______________________________________________________________________


3


Пунктуационни анализ.

Оьшу сацаран хьаьркаш х1иттаде. Айхьа х1иттийначу ц1оьмалгийн терахьаш схьаязде.

Произведени йоьшуш (1) яздархочун (2) исбаьхьаллин идеях кхета йиш ю (3) нагахь санна цо шен кхетам а (4) ойла а исбаьхьаллин вастехула (5) дахаран суьрташца гайтича. Оцу идеях кхета таро хуьлу (6) яздархочун ерриге а произведение ша а ешна (7) цуьнан чулацам дика бевзича.

Жоп ________________________________________________________________________


4


Синтаксически анализ.

Предложенера т1едерзар схьаязде.


Хьан декаро, хьан хазачу мукъамо сан кийрахь дукха хенахь дуьйна схьа лаьттина йолу г1айг1а яшийна д1аяьккхинера, сан жима олхазар!


Жоп ________________________________________________________________________


5


Орфографически анализ.

Билгалдаьккхина дош яхдаран нийса т1еч1аг1дар далийначу жоьпан вариант билгалъяккха. Оцу жоьпан лоьмар д1аязъе.

1)ЙОХ-ЪЯЛА – дош сехьадоккхуш, «Ъ» шайна хьалхарчу элпех (дешдекъах) къасто мега.

2)ЦХЬА-К1ЕЗЗИГ – ЦХЬА боху дош т1екхетарца кхолладелла чолхе куцдешнаш дефисца яздо.

3)МОК-ХА – дош сехьадоккхуш, шалха элпаш декъа мега.

4)КХОЧУШЙО – цхьана дешдекъах лаьттачу хандешан г1оьнца кхолладела чолхе хандешнаш цхьаьна яздо.


Жоп _________________________________________________________________________



Текст д1а а еший, 6-9 т1едахкарш кхочушде.


(1)...Кегийрачу г1улчашца болар эцна йоьдура Хеда. (2)Ц1еххьана сацаелира и. (3)Некъа юккъехь, т1емаш д1аса а тесна, 1уьллура мокха кхокха. (4) Цхьана гауро, 1одаца т1улг тоьхна, божийначух тера дара миска. (5)Цуьнан цхьа т1ам берриг а ц1ийх буьзнера.

(6)Меллаша т1е а яхана, схьаийцира йо1а кхокха. (7)Цунах къахка а, д1абада а де дацара пекъаран. (8)Йоь1ан каракхаьчча, меллаша т1етт1адахара цуьнан б1аьргийн туьтеш. (9) Кхокханах къахетта, кхоьлира жимма хьалха ирсах деттаделла йоь1ан дог. (10) Цуьнгара дакъа кхаьчча санна, кхоьлина д1ах1оьттира аьхкенан малх бийлинчу арахь а. (11) Чан йойуш, куьйса дог1а а хьаьрсира…

(12) Лазийна кхокха а эцна, маса ц1ехьа яхара Хеда. (13)Х1инца цунна Бабин орца оьшура.

– (14) Эх1, баркалла ма хуьлда хьуна т1ехь х1ара та1зар диначунна, ма т1улгах дина дог хилла-кх цуьнан кийрахь, – бохуш, даггара дов дора йоккхачу стага.

– (15) Баба, х1ун де ас кхуьнан лазийначу т1омана? – хаьттира Хедас.

– (16)Дера, Хеда, ца хаьа суна-м , цунна х1ун дича бакъахьа хир дара а, – элира Бабас. – (17)Молханел дарбане ю олура ц1ечу аьттан шура.

(18)Цуьнца била а билина, ц1еначу шаршух аса а яьккхина, д1абихкича х1ун дара те?

(19)Нанас д1адиллина ц1ена киса карийра Хедина шайн чохь. (20)Ц1ечу аьттан шура а йолуш яра,кхеран шайн атто елла, бамба а схьаийцира чов ц1анъян.

(21)Лоьралла дан х1оьттинчу Хедас бошхепа шура йоьттина, цу чу а 1уьттуш, бамбица ц1анбира кхокханан лазийна т1ам. (22)Цу хенахь, йо1ана хаа а луш, к1ен буьртигел хиш 1ийдалора кхокханан б1аьргех. (23)Делахь а, дарба ца лелийча ца долура. (24)Т1е етташура а юьллуш, байн д1ахьарчийра Хедас ша билина т1ам. (25)Юха, баьхьна, шайн цициг т1е ца кхочче, раг1у к1еларчу сов х1ума чуюьллучу ц1а чохь бен а кечбина, д1ахаийра, юххехь даа хьаьжк1ан буьртигаш а, мала хи а дуьтуш.

(26)Шолг1ачу 1уьйранна сов ц1а чу яьлла Хеда йоккхаеш сецира. (27)Хьаьжк1аш д1а а йиъна, кисин асина юккъера схьа а баьлла, когаш т1ехь чухула д1асалелаш бара кхокха.

(28)Дика хиллера Бабин дарба. (29)Чов ерза йоьллехь а, т1ам меттабан генахь дара. (30)Ц1еххьана дагадеана, Мокхалаг аьлла ц1е тиллира цунна йо1а.

– (31)Схьабоьл, Мокхалаг, кхин цкъа д1абехкий вайша хьан т1ам,– олуш, Хеда шена т1екхевдича, цуьнан маттах кхеташ санна, д1а ца бодуш, сецира кхокха. – (32)Вайшимма тахана жимма т1о а хьокхур бу хьан чевнна. (33)Хьоналла дика ю ма элира Бабас.

(34)Иштта жимачу лоьро дарба лелош, д1аделира кхин а ши де. (35)Х1инца мелла а тобала буьйлира Мокхалаг. (36)Цуьнца цхьаьна Хедех буола а. (37)Цо хьалхатесна а, куьйган кера юккъехь кховдийна а к1а, хьаьжк1аш юура, цуьнгара хи а молура. (38)Йо1 ч1ог1а тайнера цунна .(39)Цхьана Хедин сакъераделла ца 1ара кхокханах. (40)Диллина гуонах хьийзаш дара кхуьнан ши йиша а, ваша а. (41)Амма Хедина бен куьйга т1е а, белша т1е а ца хуура Мокхалаг.

– (42) Мел хьекъал долуш а бу!–цецъюьйлура Хеда.

(43) Денна ч1аг1луш дара кху шиннан гергарло.

(44)Кестта, ша т1ома ара а болуш, буьйса яккха кхеран сов ц1а чу а боьдуш, тобелла д1аболабелира Мокхалаг.

(Абубакарова П.З.)



6


Текстан чулацаман анализ.

«Ирсах деттаделла йоь1ан дог кхоларан х1ун бахьана дара?» бохучу хаттарна нийса т1еч1аг1даран хаам жоьпийн муьлхачу вариантехь бу?


1) Дарбанна оьшу г1ирс ца карийра Хедина.

2)Кисин асина юккъера схьа а баьлла, чухула д1асалелаш кхокха гира цунна.

3)Лазийначу кхокханах къахийтира йо1ана.

4)Бабас дов динера йо1ана.


Жоп _______________________________________________________________________



  1. 7


Меттан суртх1отторан г1ирсийн анализ.

Меттан суртх1отторан г1ирс–метафора шеца йолу предложени билгалъяккха.


1) Некъа юккъехь, т1емаш д1аса а тесна, 1уьллура мокха кхокха.

2) Йоь1ан каракхаьчча, меллаша т1етт1адахара цуьнан б1аьргийн туьтеш.

3) Лазийна кхокха а эцна, маса ц1ехьа яхара Хеда.

4) Нанас д1адиллина ц1ена киса карийра Хедина шайн чохь.


Жоп ________________________________________________________________________


8


Лексически анализ.

4-чу предложенера «миска» бохучу дашна синоним ялае. Д1аязъе иза.


Жоп ________________________________________________________________________



3 дакъа


2-чу декъера ешначу текстах пайда а оьцуш, къаьстинчу кехата т1ехь 9.1, 9.2 я 9.3 т1едахкарех кхочушде ЦХЬАЪ. Сочинени язъян йолаяле, д1аязъе хаьржинчу т1едилларан лоьмар:9.1, 9.2 я 9.3.



9.1


Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, сочинени–ойлаяр язъе, халкъан хьехархочун Ш.И.Абдуразаковн «Нохчийн мотт башхачу жовх1арех юьзна йоккха хазна ю. оцу жовх1арех бу ойланан муьлхха а аг1о гайта таро хуьлуьйту меттан суртх1отторан г1ирсаш» бохучу дешнийн маь1на а достуш.

Хьайн жоп т1еч1аг1деш, ешначу текста т1ера ши масал даладе.

Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.

Лингвистически материал т1ехь тема схьайоьллуш, 1илманан я публицистически стилехь болх язбан таро ю хьан.

Сочинени д1айоло мегар ду Ш.И.Абдуразаковн дешнашца.

Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.

Ешначу текстана (ялийначу текстана) т1е а ца тевжаш язбинчу белхан мах хадош бац. Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.

Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.


Клишеш:

1.Цу т1ехь яздархочуьнца реза ца хила йиш яц …

2.Х1ара тезис т1еч1аг1ъеш, хьовсур вай...

3.Масала, текстан… предложенехь …

4.Лакхахь далийначу масалшка хьаьжча …

Магадо: ялийна клишеш хийца.


9.2

Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе сочинени-ойлаяр.

Дийца, муха кхета хьо х1окху предложенин маь1нах: «Эх1, баркалла ма хуьлда хьуна т1ехь х1ара та1зар динчунна, ма т1улгах дина дог хилла-кх цуьнан кийрахь, – бохуш, даггара дов дора йоккхачу стага».

Сочиненехь айхьа ешначу текстера хьайн ойлаяр нийса хилар гойтуш долу ши т1еч1аг1дар (аргумент) даладе.

Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.

Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.

Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.

Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.


Клишеш:

1.Еллачу кийсакан маь1нах со иштта кхета …

2.Шен текстехь авторан 1алашо ю …

3.Х1окху тезисан нийса хилар текстера…предложенешца т1еч1аг1до вай.

4.Цу тайпанна, баккъалла а ойла нийса …

Магадо: ялийна клишеш хийца.



9.3

Муха кхета хьо КЪИНХЕТАМ бохучу дешан маь1нах? Кепе а далош, комментари е айхьа цунах билгалдаьккхинчунна.

Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе «Къинхетаме стаг» темина сочинени-ойлаяр айхьа билгалдаьккхинчун буха т1ехь. Къинхетамах лаьцна айхьа билгалдаьккхинарг т1еч1аг1деш, ши масал-т1еч1аг1дар даладе: цхьа масал-т1еч1аг1дар даладе ешначу текстера, шолг1аниг - хьайн дахарехь зеделлачух.

Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.

Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.

Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.


Клишеш:

1.Къинхетам – иза … Сан кхетамехь, …

2.Текстан авторна хетарехь, …

3.Дахарера масал далош, ала лаьа …

4.Цу т1ера схьа жам1 дан таро ю …

Магадо: ялийна клишеш хийца.




«Кхолламан цхьа де»

Терахь

Жоп

2

2

3

13467

4

сан жима олхазар

5

4

6

3

7

2

8

пекъар



Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!