СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Открытый урок по родному литературе "Хьуьнхахь 1а"

Нажмите, чтобы узнать подробности

Тема: « Хьуьнхахь 1а» Хь. Хасаев. (Аг1о  85-87)

1алашо: Хь. Хасаевн «Хьуьнхахь  1а»  ц1е йолу дийцар довзийтар , нийса  а , кхеташ а , шера а дийцаран тексташ еша 1амор. Ойлаяр , къамел дар кхиор.

Билгалбаьхна  кхиамаш: берашна  1емар ду хезаш а , меллаша а дийцаран тексташ еша. Берашна 1емар ду  чулацамах  кхета. Берашна  хуур ду хьехархочун  хаттаршна жоьпаш дала, чулацамах лаьцна шайн хаттрш х1итто. Берашна   хуур ду  1ьнан 1аламан тидам бан.

Просмотр содержимого документа
«Открытый урок по родному литературе "Хьуьнхахь 1а"»

Нохчийн литература

Тема: « Хьуьнхахь 1а» Хь. Хасаев. (Аг1о 85-87)

1алашо: Хь. Хасаевн «Хьуьнхахь 1а» ц1е йолу дийцар довзийтар , нийса а , кхеташ а , шера а дийцаран тексташ еша 1амор. Ойлаяр , къамел дар кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду хезаш а , меллаша а дийцаран тексташ еша. Берашна 1емар ду чулацамах кхета. Берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала, чулацамах лаьцна шайн хаттрш х1итто. Берашна хуур ду 1ьнан 1аламан тидам бан.

Урок д1аяхьар.

1 . Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо?( Стихо творени «Лайн чимаш» дагахь 1амо)

-Хьан йуьйцур яра стихотворении схьа.

2. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха дийцар ду вайна тахана 1амо билгалдаьккхина ? («Хьуьнхахь 1а»)

-Мила ву цуьнан автор? (Хь. Хасаев)

-Х1ун болх д1ахьур бу аша и дийцар дика 1амийта?

-Вайна тахана девзар ду Хь. Хасаевн «Хьуьнхахь 1а» ц1е йолу стихотворении. Шуна 1емар ду нийса , шера а , кхеташ а дийцаран тексташ еша. Хаттарша жоьпаш дала а , шайн хаттарш х1итто а 1емар ду шуна.

3. Керла тема хьехар.

а) Хьехархочо д1адоьшу Хь. Хасаевн «Хьуьнхахь 1а» ц1е йолу стихотворении.

аь) Чулацамах къамел дар.

-Шеран муьлха зама ю дийцар т1ехь ялийнарг? (1а)

-1аьнан муьлха билгалонаш ялийна дийцар т1ехь? (Арахь шийла ю , ло ду диллинаЮ хьуьнхахь олхазар дац хезаш, пхьагал к1айн ю)

-Мила ву дийцаран турпалхо? Хьена ц1арах дуьйцуш ду дийцар ? (Автор ша ву дуьйцуш)

-И стенга ваханера ? (Хьуьхах)

-Кхин мила вара цуьнца? (Бека)

-Муха дара хьуьнхахь? (Хьуьнхахь тийна ду , татанаш дац. Олхазарш цхьадерш бовхачу махка д1адахана , важа дерш гуш дац)

-Х1ун деш 1ара х1ара шиъ? (Чай молуш 1ара)

-Х1ун сурт гиира цу шина? (Едда йог1ура пхьагал. Иза кхера а елла Бекина т1е йог1аелла лаьттара. Бека цунна т1евог1авелла)

-Х1ун дира Бекас? (Шок туьйхира , пхьагал д1аедира)

-Х1ун дагадеара шина накъостана? (Пхьагал кхечу экхано эккхийна хилар)

-Стено эккхийна хилла иза? (Цхьогало)

-Муьлха олхазарш далийна дийцар юкъа? (Хенак1ур, ц1ийзарг, текха хьоза)

-Стенга левчкъина хуьлу 1ай сагалматаш?

-Муха лела веза хуьн чохь? (Меллаша)

-Х1унда? (Хьуьнан бахархой ца къахко)

4. Сада1аран миноташ.

Эх1, ма хаза бу-кха из а!

Муттанах и ма бу буьзна.

Куьг ахь кховдош лаккха,

1аж цу т1ера баккха.

Мохо генаш лестадо,

Соьга 1аж ца баккхало.

Кхоссалуш, куьг кховдор ду,

Сихха 1аж схьабоккхур бу!

Эх1 Ма 1аж бу-кха из а!

Муттанах и ма бу буьзна.

(Бераша байташ т!ехь дуьйцург до.)

6. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а)Бераша массара цхьана меллашачу озаца массара цхьана д1адйоьшу Хь Хасаевн «Хьуьнхахь 1а » ц1е йолу дийцар.

аь)Бераша массара цхьана ч1огачу озаца массара цхьана д1ад оьшу Хь Хасаевн «Хьуьнхахь 1а » ц1е йолу дийцар

б) Бераша хаттарш х1иттадо чулацамах лаьцна.

-Х1ун ду шуна дийцарехь тамашийна , ца кхеташ хисинарг? Стенах лаьцна хаа лаьа шуна?

Билгалонна хаттарш

Сагалматаш стенга йоьлху 1ай?

Муьлха олхазарш дуьсу 1а доккхуш?

Муьлханиг ду текха-хьоза?

6.Рефлекси.

-Муьлха кхиамаш кхочушбан ницъ кхечи шун? Х1ун диси шун дан ницкъ ца кхаьчна ? Х1ун бахьна ду ш Х1н дина аша билгалдаьккхина доцуш?уна и кхиам кхочуш ца хилар.

7. Жам1 дар.

-Муьлха произведени и евзира шуна?

-Мила ву цуьнан автор?

-Стенах лаьцна ю иза?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шера д1адеша Хь. Хасаевн «Хьуьнхахь 1а» ц1е йолу дийцар.




























































































































































Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!