СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до 27.05.2025

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

План урока на тему "Ц1ердешнийн классаш" 5 класс чеченский язык

Нажмите, чтобы узнать подробности

План урока на тему "Ц1ердешнийн классаш" 5 класс чеченский язык 

Просмотр содержимого документа
«План урока на тему "Ц1ердешнийн классаш" 5 класс чеченский язык»























Урокан хьесап

коьчал: «Ц1ердешнийн классашца хийцадалар.»























Кечъйинарг: Шелара юккъерчу ишколин

нохчийн меттан и литературин а хьехархо

Насуханова Айна Умаровна



Класс: 5

Урок: Нохчийн мотт

Урокан ц1е: Ц1ердешнийн классашца хийцадалар.

1алашонаш: Ц1ердешнийн грамматически билгалонех цхьа билгало – классашца хийцадалар довзийтар.

Дешархойн къамел кхиор. Ц1ердешан классаш къасто а , предложенехь уьш лаха а 1амор. Текстаца болх бан 1амор.

Ц1ердешнийн классаш йовзарехула лулахошца хила еза юкъаметтиг къастор.

Т1етовжаман кхетамаш:ц1ердош, долахь а, юкъара а ц1ердешнаш, терахьаш.

Керла кхетамаш: нар, хехо, арц, боьмаша бос, ц1ехо-можа бос, датта.

Урокан тайпа: керланиг 1амор.

Урокан некъ: ахлехамийн (эвристический)

Урокан кеп: ловзаран, къовсадаларан.

Урок д1аяхьар

I.Урок вовшахтохар.

Де дика хуьйла шун!

Марша а дог1ийла шу кху уроке.

II.Дог – ойла т1еерзор.

Интерактивни у т1ехь масех сурт хир ду. Бераша сартийн башхалла къастор ю. Шаьш къастам муха бина дийца деза. (Дерриш ц1ердешнаш ду, шиъ доцург – боьмаша, ц1ехо-можа)

(юххедиллар 1)

III.Хаарийн актуализаци.

  1. Ловзаран кепехь д1ахьо хаарийн актуализаци.

«Ц1ердош» пачхьалкхехула дуьйладелла лелаш ду ц1ердешнаш, амма сарахь уьш х1ора а шайн х1усаме дерза дезаш ду. Церан х1усамаш къастайо, цара дечу г1уллакхца.

Ши х1усам хир ю шайн бахархошка хьоьжуш, уьш дешархоша д1анисбийр бу.

1 х1усам – цхьаллин терахь (йо1, хехо, бешахо, куьйгалхо, нар, датта)

2 х1усам – дукхаллин терахь (мехкарий, т1улгаш, баьллаш, иллеш)

Дешнаш т1ехь болх:

Нар – гранат

Датта – рябина

Хехо – охранник, сторож

Арц – т1ехь хьун йолу лам

Боьмаша – коричневый

Ц1ехо – можа – оранжевый

Хьехархочо масалаш даладо, ткъа дешархой х1усамашка д1айсабоьлху. Цул т1аьхьа дуьйцу, шаьш х1унда хиттина цига.

Кхузахь д1ахьо кхетош-кхиоран болх.

- Лулахошца муха хила веза?

- Шун кхетамехь дика лулахо муьлханаг ву?

- Шун буй дика лулахой?

- Ткъа шу дуй дика лулахой?

2. Долара ц1ердешнаш лоху интерактивни у т1ехь.

IV.Керла коьчал.

Йо1, хехо дешнашна уьш билгалдо хандешнаш лохуьйту.

- Йо1 ю олу вай я йо1 ву олу?

- Хехона х1ун эр дара вай?

- Классан гайтам олу иштта уьш доькъуш хилча.

- Нохчийн меттан ц1ердешнаш ялх грамматически классе декъало. Ц1ердешан грамматически класс билгалйолу цхьаллин а, дукхаллин а терахьехь оцу ц1ердашца уьйр йолчу дешнийн гайтамашка хьаьжжина.

Масала: йо1 йоьлу – мехкарий боьлу.

Грамматически класс къасто атта хир ду, нагахь вай цхьаллин а, дукхаллин а терахьашкахь долчу ц1ердашца г1оьнна хандош дилча:

1 класс: божарийн (ву, бу)

2 класс: зударийн (ю, бу)

3 класс: кхийолу (ю,ю)

4 класс: кхийолу (ду, ду)

5 класс: кхийолу (бу,бу)

6 класс: кхийолу (бу, ду)

V. Т1ечаг1дар.

1. Интерактивни у т1ехь 2 т1едиллар ло.

1. Лахара дешнашцадог1у ц1ердешнаш даладе.

Йог1у, йовха, бовха, довха, воьлу, уг1у, еара

2. Шаьш далийна дешнийн цхаьнакхетарех текст вовшахтоха.



VI. Сада1аран минот.

Видеоролик хоттайо, цуьнца бераш меттахдовлу.

VII. Дешархошка шайга болх байтар.

1амат т1ера 256 шардар йо.

Шардаран т1едиллар ду:

Ц1ердешнийн грамматически классаш билгалъяха. Кхаа ц1ердашца предложения лае.

VIII. Жам1.

Стенах олу ц1ердош?

Маса класс ю ц1ердешан?

Уьш муха къастайо?

Даладе масалш.

IX. Ц1ера болх.

Аг1о 140 шардар 257.(Х1ора классан гайтамна (в-б, ю-б, ю-ю, д-д, б-б, б-д) шина а терахьехь пхиппа дош даладе).

Аг1о 139-140 бакъо 1амо.

X. Рефлекси.

Тахана урокехь х1ун 1еми?

Х1ун девзи? Х1ун хии?



Пайдаэцна литература

  1. Овхадов М. Р., Махмаев Ж. М., Абдулкадырова Р. А. – Соьлжа-Г1ала : АО «Издательско-полиграфический комплекс «Грозненский рабочий», 2017. Нохчийн мотт 5 класс.

  2. Исмаилов А. Т. – Дош. (Нохчийн маттах йолу ойланаш).- Элиста: АПП «Джангар», 2005г. – 928 аг1о.

  3. Мациев А. Г. Нохчийн-оьрсийн дошам. – Москва. 1961. – 621 аг1о.


Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!

Закрыть через 5 секунд
Комплекты для работы учителя