15-г1а урок
Урокн ц1е: «Аьзнаш»
1алашо: берашна тайп-тайпана аьзнаш довзийтар. Мукъа , мукъаза аьзнех лаьцна юкъара кхетам балар.
Кхочушдан лерина жам1аш
1.Предметни: берийн кхоллалур бу кхетам: аз х1ун ю. Шен аларе хьаьжжина аьзнаш мукъа , мукъаза хилар хуур ду.
2.Метапредметни:
-
Регултяивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто, учебника т1ехь гойтучу суьртийн г1оьнца. Берашна 1емар ду цу планан рог1алла ларъярца дешаран навыкаш караерзо. Познавательни: берашна хуур ду аз вай олуш , вайна хезаш долчух олуш хилар. Берашна 1емар ду тайп –тайпанчу аьзнашна юкъаро мукъа аьзнаш довза. Берашна 1емар ду аьзнийн схеманаш яхка , цу схеманашкахь оьшуч аз каро , билгалдаккха хьехархочун т1едилларца.
-
Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочуьнга ладог1а , цуьнан хаттаршна жоьпаш дала. Берашна 1емар ду вовшашка хаттарш дала , царна жоьпаш дала. Берашна хуур ду шаьш бинчу белхан мах хадо.Берашна 1емар ду тобанашкахь болх бан , шайн накъосташна г1о дан. Билгалбохур бу кхачамбацарш, кхиамаш а.
3.Личностни: берийн лаам кхоллалур бу нохчин мотт бовза а дика 1амо а. 1аламе безам кхоллалур бу.
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
-Де дика хуьлда шун бераш!
-Диканца дукха ехийла!
2.Дешаре шовкъ кхоллар.
-Аса х1инца цхьацца адамаша, кхийолчу х1уманаша х1ун до аьлла жоттар ду, аша цара деш дерг гайта.
Легашка хьожуш х1ун ала олу лоьро? (А-А-А-А-А-А-А)
-Алал массара А-А-А-А.
Ио1а тайниг муха тахкайо? (ААА-ААА-ААА)
Ж1аьлаша резадоцуш хилча х1ун до? («Г1-г1-г1»)
Бумбарис «къамел» муха до? («Ж-ж-ж» - деш)
Чуьрко лере йог1ий х1ун олу? («Зз-зз»)
Х1ун хеза вайна гезгамашано моза лаьцча? («З-з-з»)
Говр муха терса? («И-х1и-х1и-х1и-х1и»)
-Аша гайтинчу х1уманийн багахула йолуш ериг х1ун ю ? (Берийн жоьпаш)
-Х1ора оцу х1уманийн багахула долуш дериг аз ду. Х1ун 1амор ду вай тахана? (Берийн жоьпаш)
Вай тахана 1амор ду аьзнаш.
3. Аьзнех лаьцна юкъара кхетам балар.
-Х1ун 1амо ду вай хьалхара? (Аьзнаш довза)
-Х1ораммо шех лаций ала?
-Бераш, аса шуна цхьацца хьолехь д1агойтар ду адамаш кхийолу х1уманаш , вай 1амийнарш , аша аса д1агайтинчу суьрта т1ехь гуш дериг шайн озаца схьаала.
-Аша х1инца х1ун элира ( А-А-А)
-Х1ун дара аша аьлларг ? (Берийн жоьпаш)
-Аша аьлларг аз дара.
-Гуш дуй вайна цхьанхьа аз? (Дац)
-Хезий вайна аз? (Хеза)
-Олий вай аз? (Олу)
-Х1ун ю аьлла хетта шуна аз? (Берийн жоьпаш)
-Вайна хезаш , вай олуш дериг иза аз ду.
-Лакхал аз массара. (А-А-А)
-Озаца х1ун дало? (Аз лакхало)
-Вуьшта аьлча цуьнан мукъам а бу. Иза мукъа аз ду.
-Х1унда ду иза мукъа? (Цуьнан мукъам бу)
-И х1ун дара аша динарг? (Оха аз элира)
-Муьлха аз элира аша? (З-З-З)
-Лакхалой аз (З)? (Ца лакхало)
-Цуьнан мукхам бац. Иза мукъаза аз ду.
-Х1унда ду иза мукъаза? (Цуьнан мукъам бац)
-Аз (Ж) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ду)
-Х1унда? (Иза ца лакхало , цуьнан мукъам бац)
-Аз (Г1) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ду)
-Х1унда? (Иза ца лакхало , цуьнан мукъам бац)
-Х1ун 1еми шуна? Х1ораммо шех лаьцна ала.
4. Сада1аран миноташ
Бераш кхаа тобане доькъу. Шайна девзаш долчу дийнатех аз тардеш xlopa тоба 1аьха.
I.Eтт. 2. Уьстаг1 З.Газа
(«Му-у-у») («Б1е-е-е») («М1е-е-е»)
Хьехархочо xlopa тобанна т1ехволуш стоьла т1е куьг тухуш хотту: «Кхузахь мила ву?» Бераша жоп ло. Юха олу цо: «Хьала-г1овттал, бежнаш, атто санна корта ластабел, куьйгашца мозий д1алахкал; уьстаг1ий, аша цхьажимма буц кхаллал, юха довдал.
Гезарий, гаьннаш т1е кховдал, кхузза кхоссалол: цкъа хьалха-к1егар, т1аккха - хьалха.
5.Суьрташца , аьзнийн схеманашца болх бар. Аьзнаш къастор.
-Х1ун 1емар ду вайна х1инца?
-Х1ара х1ун ю? (У ду)
-Маса дешдакъа ду У дешан? (У цхьаъ дешдакъа ду)
-Муха ю цуьнан схема? (Нисса д1а цхьа сиз ду)
-У дешан масс аз ду? (Цхьаъ ду)
-Муьлханиг ду и? (У ду)
-Алал УУУУУУ .Мукъа ду я мукъаза ду аз (У)? (УУУУУУУ мукъа ду)
-Х1унда ду иза мукъа? (Иза лакхало , цуьнан мукъам бу)
-Мукъачу озан шен схема ю , иза еък1ов чохь билгалйоккху. Мукъа аьзнаш схеми чохь ц1ечу басаца билгалдоху. (Хьехархочо д1агойту схема)
-Карае иштта схема шайн учебника т1ехь? (Берашна карайо)
-Шайгарчу схеманашна юкъахь карае У дешан схема. Къоламаш схьа а эций басе ялае иза. (Хьехархочо бераша бина болх бустуьйту учебника т1ехь гайтинчу схемица)
-Х1ара х1ун ю ? (Зу)
-Маса дешдакъа ду ЗУ дешан? (ЗУ цхьаъ дешдакъа ду)
-ЗУ дешан масс аз ду? (Хьехархочо цхьацца аз олуш гойту берашна масса аз ду)(Шиъ ду)
-Муьлханиг ду хьалхара? (Аз (З) ду)
-Алал массара (ЗЗЗ). Аз (З) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ду)
-Х1унда? (Иза лакха ца ло, цуьнан мукъам бац)
-Муьлха аз ду шолг1а? (Аз (У) ду)
-Алал массара (УУУ). Аз ( У) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа ду)
-Х1унда ? (Иза лакхало, цуьнан мукъам бу)
(Хьехархочо д1агойту зу дешан схема).
-Зу дешан схема х1ара ю. И х1оттийна еък1ов йоькъуш шина декъе. Х1ара аз (З) ду. Схеми т1ехь иза схьакъастийна (У) озах.Иза муъаза аз ду. Мукъазчу озан сийна бос хуьлу схеми т1ехь. Х1ара аз (У) ду. Схеми т1ехь иза схьакъастийна (З) озах . Мукъа аз ц1ечу басца билгалдоккху схеми т1ехь.
-Х1ара х1ун ю? (Г1аз ю)
-Г1АЗ дешан маса дешдакъа ду? (Г1АЗ дешан цхьаъ дешдакъа ду)
-Маса аз ду Г1АЗ дешан? (Г1 ,А, З кхо аз ду)
-Х1ара Г1АЗ дешан схема ю.
-Муьлханиг ду хьалхара ? (Аз (Г1) ду)
-Аз (Г1 ) мукъа ду я мукъаза ду? (Аз (Г1 ) мукъаза ду)
-Аз (Г1) мукъаза ду.
-Иза схеми т1ехь сийначу басца билгалдо. Басе ялае шайгара схема.
-Муьлханиг ду шолг1а аз? ( Аз (А) ду)
-Аз ( А) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа ду)
-Вай схеми т1ехь иза кхузахь ду. Мукъа аз ц1ечу басца билгалдо схеми т1ехь.
-Муьлханиг ду кхоалг1а аз? ( Аз (З) ду).
-Аз (З) мукъа ду я мукъаза ду? (Аз (З) мукъаза ду)
-Мичахь ду и вай схеми т1ехь? (Бераша гойту)
-Муьлха бос хила беза цуьнан? (Сийна)
-Х1ун 1еми шуна х1инца?
-
Суна евзи аьзнийн схеманаш.
-
Суна хии мукъа аз ц1ечу басца билгалдой, мукъаза аз сийначу озаца билгалдой.
6. Жам1 дар.
-Х1ун ю аз?
-Аьзнаш масса кепара хуьлу?
-Муьлхачу озах олу мукъа аз? Мукъаза?
-Муха билгалдоккху мукъа аз схемехь? Мукъазниг?
7.Рефлекси.
-Дагаяйита вайн план.
-Х1ун дан ницкъ кхечи х1ораннан?
Суна евзи…
Суна 1еми…
Суна хии..
16-г1а урок
Урокн ц1е: «Аьзнаш»
1алашо: берашна тайп-тайпана аьзнаш довзийтар. Мукъа , мукъаза аьзнех лаьцна юкъара кхетам балар.
Кхочушдан лерина жам1аш
1.Предметни: берийн кхоллалур бу кхетам: аз х1ун ю. Шен аларе хьаьжжина аьзнаш мукъа , мукъаза хилар хуур ду.
2.Метапредметни:
-
Регулитивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто, учебника т1ехь гойтучу суьртийн г1оьнца. Берашна 1емар ду цу планан рог1алла ларъярца дешаран навыкаш караерзо. Познавательни: берашна хуур ду аз вай олуш , вайна хезаш долчух олуш хилар. Берашна 1емар ду тайп –тайпанчу аьзнашна юкъаро мукъа аьзнаш довза. Берашна 1емар ду аьзнийн схеманаш яхка , цу схеманашкахь оьшуч аз каро , билгалдаккха хьехархочун т1едилларца.
-
Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочуьнга ладог1а , цуьнан хаттаршна жоьпаш дала. Берашна 1емар ду вовшашка хаттарш дала , царна жоьпаш дала. Берашна хуур ду шаьш бинчу белхан мах хадо.Берашна 1емар ду тобанашкахь болх бан , шайн накъосташна г1о дан. Билгалбохур бу кхачамбацарш, кхиамаш а.
3.Личностни: берийн лаам кхоллалур бу нохчин мотт бовза а дика 1амо а. 1аламе безам кхоллалур бу.
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
-Де дика хуьлда шун бераш!
-Диканца дукха ехийла!
2.Дешаре шовкъ кхоллар.
-Аса х1инца цхьацца адамаша, кхийолчу х1уманаша х1ун до аьлла жоттар ду, аша цара деш дерг гайта.
Ахкарга чуьра мох ара муха болу? («С-с-с»)
Буса борз муха yrly? («У-у-у»)
Ж1аьлина дуьхьал доьрзий,цициго х1ун до? («Фр-фр-фр»)
Цхьаьнга кхойкхушх1ун олу вай? («Х1е-х1ей»)
Котаман к1орнеш т1е муха кхойкху? («Цип-цип-цип»)
-Аша гайтинчу х1уманийн багахула йолуш ериг х1ун ю ? (Берийн жоьпаш)
-Х1ора оцу х1уманийн багахула долуш дериг аз ду. Х1ун 1амор ду вай тахана? (Берийн жоьпаш)
Вай тахана 1амор ду аьзнаш.
3. Аьзнех лаьцна юкъара кхетам балар.
-Х1ун 1амо ду вай хьалхара? (Аьзнаш довза)
-Х1ораммо шех лаций ала?
-Х1ун ю х1ара? (Аьзнийн схеманаш)
-Х1ун дийр ду вай царна?
-Бераш, вай тахана а кхин д1ахьур бу аьзнаш 1амо болх . Шуна 1емар ду аьзнийн схеманаш яхка , шайн болх нийса хилар талла.
3. Аьзнех лаьцна юкъара кхетам балар.
-Х1ун 1амо ду вай хьалхара? (Аьзнаш довза)
-Х1ораммо шех лаций ала?
-Х1ара х1ун ю? (Пхьид ю)
-ПХЬИД дешан масса дешдакъа ду? (ПХЬИД дешан цхьаъ дешдакъа ду)
-Хьовсар вай масса аз ду ПХЬИД дашехь?(Хьехархочо ша хьалха, берашка т1аьхьа а олуьйтуш къастадо ПХЬИД дешан аьзнаш)
-ППП-хьалхара аз ду. Йилла цхьа еък1ов.
-ХЬХЬ –шолг1а аз ду. Йилла шолг1а еък1ов.
-ИИ- кхоалг1а аз ду . Айхьа йиллина шолг1а еък1ов екъа. Х1ара (ХЬ) озан дакъа ду, х1ара (И) озан дакъа ду. И шиъ аз цхьана еък1оа чу д1анисдо , уьш цхьанаэшарехь д1аолуш хиларна.
-ДД - кхоалг1а аз ду. Йилла цхьа еък1ов.
-Х1инца вай уьш басе ялор ю. Дагадаийта муха бос хьуьлу схемехь мукъачу озан? (Ц1ен бос хуьлу)
-Муха бос хуьлу мукъазачу озан? (Сийна бос хуьлу)
-Хьалхара муьлха аз дара ПХЬИД дашехь? (Аз (П) дара)
-Аз (П) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ду)
-Муха бос хила беза (П) аз билгалдечу еък1овн? (Сийна)
-Сина къоламца оьшу бос балабе цунна.
-Шолг1а муьлха аз дара ПХЬИД дашехь? (Аз (ХЬ) дара)
-Аз (ХЬ) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ду)
-Муха бос хила беза (ХЬ) аз билгалдечу еък1овн? (Сийна)
-Оьшу бос балабе муъазачу озана йог1учу эхана .
-Муьлханиг дара кхоалг1а аз? (Аз (И) дара)
-Аз (И) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа ду)
-Муха бос хила беза (И) аз билгалдечу еък1овн? (Ц1ен )
-Басе ялае важа к1айдарг.
-Муьлханиг ду ПХЬИД дашехь доьалг1а аз? (Аз (Д) ду)
-Аз (Д) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ду)
-Муха бос хила беза (Д) аз билгалдечу еък1овн? (Сийна)
-Басе ялае важа к1айдарг.
-Маса аз ду ПХЬИД дашехь? ((П), (ХЬ), (И), (Д) диъ аз ду)
-Хьала а ойбуш гайта (П) озан схема. (ХЬ) озан схема гайта.( И) озан схема гайта. (Д) озан схема гайта.
(Иштта толу важа дешнаш)
-Х1ун 1еми шуна? Х1ораммо шех лаьцна ала.
4. Сада1аран миноташ
Бераш кхаа тобане доькъу. Шайна девзаш долчу дийнатех аз тардеш xlopa тоба 1аьха.
I.Eтт. 2. Уьстаг1 З.Газа
(«Му-у-у») («Б1е-е-е») («М1е-е-е»)
Хьехархочо xlopa тобанна т1ехволуш стоьла т1е куьг тухуш хотту: «Кхузахь мила ву?» Бераша жоп ло. Юха олу цо: «Хьала-г1овттал, бежнаш, атто санна корта ластабел, куьйгашца мозий д1алахкал; уьстаг1ий, аша цхьажимма буц кхаллал, юха довдал.
Гезарий, гаьннаш т1е кховдал, кхузза кхоссалол: цкъа хьалха-к1егар, т1аккха - хьалха.
5. Суьртах лаьйна дийцар х1оттор.
-Х1ара х1ун ю? (Сурт ду)
-Х1ун дийр ду вай суьртана? Х1ораммо шех лаций ала.
-Х1ара х1ун ю ? (Татол ду)
-Муха ду татол? (Татол ду доккха , ц1ена)
-Стенгара схьадолу татол? (Татол лаьмнашкара схьадолу)
-Муха ду татолан хи ? (Татолан хи сирла а , ц1ена а ду)
-Стенгахула охьадог1у татол? (Татол охьадог1у хьуьнахула)
-Х1ун ю татолан йистошкахь? (Татолан йистошкахь ю лекха хьун)
-Муьлха ч1ерий хуьлу хи чохь?
-Шу долчохь дуй иштта хаза татол? Муха лело деза татол? (Ц1ена лело деза)
-Татол чу нехаш кхийса мегар дуй? (Дац)
-Х1унда? (Берийн жоьпаш)
-Татол чохь ду шортта ч1ерий , кхина дукха х1уманаш, хи бехдича уьш лийр ду. Татолан хи молу акхароша, хи бехдича акхарой лийр ю. И татол х1ора адаман ц1а чу дог1уш , молуш ду. Хи бехдича адамаш а цомгаш хир ду.
-Х1ун 1емира шуна?
-Х1ара х1ун ю ? (Ч1ег1ардиг ду)
-Маса дешдакъа ду Ч1ЕГ1АРДИГ дешан? (Кхоъ дешдакъа ду)
-Схьеми т1е а хьовсий ала. Маса мукъа а з ду Ч1ЕГ1АРДИГ дашехь? (Кхоъ ду)
-Муха хиира шуна? (Схемехь кхоъ ц1ен еък1ов ю)
-Схьеми т1е а хьовсий ала. Маса мукъаза а з ду Ч1ЕГ1АРДИГ дашехь? (Пиъ ду)
-Муха хиира шуна? (Схемехь пхиъ сийна еък1ов ю)
-Х1ара х1ун ю ? (Ч1ег1ардигаш ду)
-Маса дешдакъа ду Ч1ЕГ1АРДИГАШ дешан? (Диъ дешдакъа ду)
-Схьеми т1е а хьовсий ала. Маса мукъа а з ду Ч1ЕГ1АРДИГАШ дашехь? (ДИЪ ду)
-Муха хиира шуна? (Схемехь йиъ ц1ен еък1ов ю)
-Схьеми т1е а хьовсий ала. Маса мукъаза а з ду Ч1ЕГ1АРДИГАШ дашехь? ( Ялх ду)
-Муха хиира шуна? (Схемехь ялх сийна еък1ов ю)
-Х1ун 1емира шуна?
6. Жам1 дар.
-Х1ун ю аз?
-Аьзнаш масса кепара хуьлу?
-Муьлхачу озах олу мукъа аз? Мукъаза?
-Муха билгалдоккху мукъа аз схемехь? Мукъазниг?
7.Рефлекси.
-Дагаяйита вайн план.
-Х1ун дан ницкъ кхечи х1ораннан?
Суна евзи…
Суна 1еми…
Суна хии.