СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Презентация: Дешан нийса а'тардина маь1наш

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Презентация: Дешан нийса а'тардина маь1наш»

Хьехарсахьтан ц1е:  Дешан нийса а, тардина а маь1наш.

Хьехарсахьтан ц1е:

Дешан нийса а, тардина а маь1наш.

 1алашонаш. 1аморан:  дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар; кхиоран:  дешнийн маь1на цхьаъ а, масех а хила йиш йуй хаийтар; тардина (т1едеана) маь1на нийсачух къасто хаар; омонимийн башхаллаш йовзийтар; кхетам – кхиоран: нохчийн матте болу безам к1аргбар.

1алашонаш.

1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг

карладаккхар;

кхиоран: дешнийн маь1на цхьаъ а, масех а хила йиш йуй

хаийтар; тардина (т1едеана) маь1на нийсачух къасто хаар;

омонимийн башхаллаш йовзийтар;

кхетам – кхиоран: нохчийн матте болу безам к1аргбар.

 Догдаийтаран мур.  Кицанаш чекхдаха: Ч1ерана нека 1амо ма… Тешаме воцург… Тоьпо цхьаъ бен ца вийна, матто…

Догдаийтаран мур.

Кицанаш чекхдаха:

Ч1ерана нека 1амо ма…

Тешаме воцург…

Тоьпо цхьаъ бен ца вийна, матто…

  Нийса дуй талла.  Кицанаш:  Ч1ерана нека 1амо ма г1ерта.  Тешаме воцург кхераме ву.  Тоьпо цхьаъ бен ца вийна, матто эзар вийна.

Нийса дуй талла.

Кицанаш:

Ч1ерана нека 1амо ма г1ерта.

Тешаме воцург кхераме ву.

Тоьпо цхьаъ бен ца вийна, матто эзар вийна.

 Дешархойн долчу хаарийн актуализаци йаран мур.  1. Ц1ера болх тобанашкахь вовшийн таллар.  2. Х1ора тобано 5 нохчийн, 5 т1еэцна дешнаш даладо.  3. Лексика стенах олу?  4. Лексически а, грамматически а маь1на билгалдаккха дешнийн:  дитт, синтар, пондар, бер, х1орд.

Дешархойн долчу хаарийн актуализаци йаран мур.

1. Ц1ера болх тобанашкахь вовшийн таллар.

2. Х1ора тобано 5 нохчийн, 5 т1еэцна дешнаш даладо.

3. Лексика стенах олу?

4. Лексически а, грамматически а маь1на билгалдаккха дешнийн:

дитт, синтар, пондар, бер, х1орд.

 Гайтаран диктант.  Тарх.  Дашо марха йара буьйса йоккхуш,  Тархан некъахь д1атевжина йовха…  Д1айахара 1уьйррехь и шен новкъа,  Стиглахула синкъераме ловзуш.   Амма т1уьна лар йисира хоршахь,  Къеначу цу тархан, иза г1ийла  Лаьтта х1инца, ойланаш йеш шийла,  Тийна тийжаш йесачу цу арахь.  (Гочйинарг – Сулаев М.)

Гайтаран диктант.

Тарх.

Дашо марха йара буьйса йоккхуш,

Тархан некъахь д1атевжина йовха…

Д1айахара 1уьйррехь и шен новкъа,

Стиглахула синкъераме ловзуш.

Амма т1уьна лар йисира хоршахь,

Къеначу цу тархан, иза г1ийла

Лаьтта х1инца, ойланаш йеш шийла,

Тийна тийжаш йесачу цу арахь.

(Гочйинарг – Сулаев М.)

 Т1едиллар. 1. - Интонацица д1айеша байт.  - Муха бу оцу байтан чулацам?  - Х1унда кхета цунах дика?  - Муьлхачу исбаьхьаллин г1ирсаша г1о до байта т1ехь дуьйцург  гуш санна хилийтархьама?  Тарх дешан лексически маь1на муха ду?  Х1оттайе цунна дошаман статья.  Тарх – тархан, тархана, тархо, тархе, й; д. тархаш, й; 1) скала;  2) льдина.

Т1едиллар.

1. - Интонацица д1айеша байт.

- Муха бу оцу байтан чулацам?

- Х1унда кхета цунах дика?

- Муьлхачу исбаьхьаллин г1ирсаша г1о до байта т1ехь дуьйцург

гуш санна хилийтархьама?

  • Тарх дешан лексически маь1на муха ду?

Х1оттайе цунна дошаман статья.

  • Тарх – тархан, тархана, тархо, тархе, й; д. тархаш, й; 1) скала;

2) льдина.

 Дешархошка шайга болх байтар. Ши – кхо предложени х1оттайе тарх бохучу дашца.  Цул т1аьхьа бина болх толлу.  Тархаша т1ера чухьоьжура кегий нах.  Йоккха тарх йара х1ордан кеманна дуьхьалнисйелларг.  Хаттарш.  - Маса лексически маь1на ду тарх дешан?  (Масех маь1на ду).  - Х1иттайе шайн предложенеш, д1айазйе.

Дешархошка шайга болх байтар.

  • Ши – кхо предложени х1оттайе тарх бохучу дашца.

Цул т1аьхьа бина болх толлу.

Тархаша т1ера чухьоьжура кегий нах.

Йоккха тарх йара х1ордан кеманна дуьхьалнисйелларг.

Хаттарш.

- Маса лексически маь1на ду тарх дешан?

(Масех маь1на ду).

- Х1иттайе шайн предложенеш, д1айазйе.

 Керла коьчал хьехар.  Дешан коьртачу декъана йукъара маь1на хуьлу, масала: г1ала, хи аьлча,  вайна дагахь муьлхха а г1ала, хи хила тарло.  Дешан ши маь1на хуьлу: нийса а, т1едеана (тардина) а.  Дешан т1едеана маь1на цуьнан коьртачу маь1нех схьадолуш а, цунах  кхуьуш а ду, масала: корта (стеган, тхьамда, хин корта, книжкин корта),  масала: м1ара (п1елган, ч1ерий лоьцу, х1ума йуу).  Дешнийн т1едеанчу маь1нийн коьрта тайпанаш къастор вай. Дешнийн  т1едеана (тардина) маь1на коьртачу декъана шина кепара ду:  1) билгалонаш цхьатерра хиларна, цхьана х1уманан ц1е кхечу х1уманан  ц1е хуьлий, лелаш ду дешнийн т1едеанчу маь1нийн цхьа тайпа,  масала: нийсачу маь1нехь: к1оран ц1е, дечиган ц1е, т1едеанчу  маь1нехь: т1еман ц1е; нийсачу маь1нехь: адаман мара, т1едеанчу  маь1нехь: кеманан мара; нийсачу маь1нехь: рег1ан дукъ, т1едеанчу  маь1нехь: ворданан дукъ, меран дукъ, халонан дукъ; нийсачу  маь1нехь: стеган ког, т1едеанчу маьнехь: хечин ког, г1антан ког .

Керла коьчал хьехар.

Дешан коьртачу декъана йукъара маь1на хуьлу, масала: г1ала, хи аьлча,

вайна дагахь муьлхха а г1ала, хи хила тарло.

Дешан ши маь1на хуьлу: нийса а, т1едеана (тардина) а.

Дешан т1едеана маь1на цуьнан коьртачу маь1нех схьадолуш а, цунах

кхуьуш а ду, масала: корта (стеган, тхьамда, хин корта, книжкин корта),

масала: м1ара (п1елган, ч1ерий лоьцу, х1ума йуу).

Дешнийн т1едеанчу маь1нийн коьрта тайпанаш къастор вай. Дешнийн

т1едеана (тардина) маь1на коьртачу декъана шина кепара ду:

1) билгалонаш цхьатерра хиларна, цхьана х1уманан ц1е кхечу х1уманан

ц1е хуьлий, лелаш ду дешнийн т1едеанчу маь1нийн цхьа тайпа,

масала: нийсачу маь1нехь: к1оран ц1е, дечиган ц1е, т1едеанчу

маь1нехь: т1еман ц1е; нийсачу маь1нехь: адаман мара, т1едеанчу

маь1нехь: кеманан мара; нийсачу маь1нехь: рег1ан дукъ, т1едеанчу

маь1нехь: ворданан дукъ, меран дукъ, халонан дукъ; нийсачу

маь1нехь: стеган ког, т1едеанчу маьнехь: хечин ког, г1антан ког .

2) х1уманийн вовшашца маь1нийн уьйр хилар бахьана долуш,  цхьа х1ума дагалацарца, цуьнан г1оьнца кхин маь1на билгалдеш  а нисло дешан т1едеанчу маь1нийн шолг1а тайпа, масала:  деши (золото), т1едеанчу маь1нехь: стеган дика амалш, оьзда  г1иллакхаш, ц1ена дог хилар билгалдеш олу: ц1ена деши ду и  к1ант, - олий; нийсачу маь1нехь: дашо сахьт, т1едеанчу маь1нехь:  дашо куьйгаш.  Пхьег1ийн а, царах тера йолчу кхечу х1уманийн а ц1ерш йаха  тарло, царна чохь йолчу х1уманийн а, церан масаллин а маь1на  билгалдеш, масала: ши хедар диира, тас д1акхосса йахара и.

2) х1уманийн вовшашца маь1нийн уьйр хилар бахьана долуш,

цхьа х1ума дагалацарца, цуьнан г1оьнца кхин маь1на билгалдеш

а нисло дешан т1едеанчу маь1нийн шолг1а тайпа, масала:

деши (золото), т1едеанчу маь1нехь: стеган дика амалш, оьзда

г1иллакхаш, ц1ена дог хилар билгалдеш олу: ц1ена деши ду и

к1ант, - олий; нийсачу маь1нехь: дашо сахьт, т1едеанчу маь1нехь:

дашо куьйгаш.

Пхьег1ийн а, царах тера йолчу кхечу х1уманийн а ц1ерш йаха

тарло, царна чохь йолчу х1уманийн а, церан масаллин а маь1на

билгалдеш, масала: ши хедар диира, тас д1акхосса йахара и.

 1амийнарг т1еч1аг1дар.  Берашка шайга болх байтар.  1. Кхочушдо шардар № 191.  2. Тетрадаш т1е д1айазйе предложенеш. Уьш синтаксически  талла.  Нанас к1антана туьйра дийцира.  Г1уллакхаш сихха чекхдехира йо1а.  Ахьмадна ца хаьара ша стенгахь ву.  Говр чехка йог1ура.

1амийнарг т1еч1аг1дар.

Берашка шайга болх байтар.

1. Кхочушдо шардар № 191.

2. Тетрадаш т1е д1айазйе предложенеш. Уьш синтаксически

талла.

Нанас к1антана туьйра дийцира.

Г1уллакхаш сихха чекхдехира йо1а.

Ахьмадна ца хаьара ша стенгахь ву.

Говр чехка йог1ура.

 Сада1аран мур. Оха йазди, дукха йазди, Йозано тхан п1елгаш к1адди. Хьалхий – т1аьхьий идалаш. Кхийса – кхийса – кхийсалуш, Ида, ида, к1ад ца луш.

Сада1аран мур.

Оха йазди, дукха йазди,

Йозано тхан п1елгаш к1адди.

Хьалхий – т1аьхьий идалаш.

Кхийса – кхийса – кхийсалуш,

Ида, ида, к1ад ца луш.

 1амийнарг карладаккхар.

1амийнарг карладаккхар.

 1амийнарг т1еч1аг1дар, карладаккхар. Д1адеша дешнаш. Къастаде цхьа маь1на долу а, дукха  маь1наш долу а дешнаш.  Моз, мохь, ботт, мотт, кор, дуга, йуьхь, шура, к1алд, лерг. Билгалдаха цхьа сиз хьакхий нийсачу маь1нехь долу  дешнаш, ши сиз хьаккхий тардинчу маь1нехь долу  дешнаш.  а) Декъана гонах т1улган керт йинера.  б) Иза т1улган дог долуш вара.  в) Шийла кхаъ кхечира нене.  г) Шийла хи малийра аса некъахочунна.

1амийнарг т1еч1аг1дар, карладаккхар.

  • Д1адеша дешнаш. Къастаде цхьа маь1на долу а, дукха

маь1наш долу а дешнаш.

Моз, мохь, ботт, мотт, кор, дуга, йуьхь, шура, к1алд, лерг.

  • Билгалдаха цхьа сиз хьакхий нийсачу маь1нехь долу

дешнаш, ши сиз хьаккхий тардинчу маь1нехь долу

дешнаш.

а) Декъана гонах т1улган керт йинера.

б) Иза т1улган дог долуш вара.

в) Шийла кхаъ кхечира нене.

г) Шийла хи малийра аса некъахочунна.

 Жам1 дар. Х1ора дешан лексически маь1на ду. Дешнаш цхьа маь1на долуш а, дукха маь1наш долуш а хуьлу. Дешнаш нийсачу маь1нехь а, тардинчу маь1нехь а лела. Алар а, йаздар а цхьатерра долчу дешнех х1ун олу, хьан эр дара?

Жам1 дар.

  • Х1ора дешан лексически маь1на ду. Дешнаш цхьа маь1на долуш а, дукха маь1наш долуш а хуьлу. Дешнаш нийсачу маь1нехь а, тардинчу маь1нехь а лела.
  • Алар а, йаздар а цхьатерра долчу дешнех х1ун олу, хьан эр дара?

Рефлекси йар: Суна хии… Суна хазахийти… Со ца кхийти….

Рефлекси йар:

Суна хии…

Суна хазахийти…

Со ца кхийти….

 Ц1ахь бан болх. 1. 1амайо бакъо 38. 2. Кхочушдо шардар № 192.

Ц1ахь бан болх.

1. 1амайо бакъо 38.

2. Кхочушдо шардар № 192.

Хьоме бераш, даггара баркалла хуьлда шуна! Беркате хуьлда шун хаарш а!!!

Хьоме бераш,

даггара баркалла хуьлда шуна!

Беркате хуьлда шун хаарш а!!!


Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!