СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Презентация к уроку Арсанукаев 1абдулмуслиман Шайхин стихашкахь повесть «Тимуран тур».

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Презентация к уроку Арсанукаев 1абдулмуслиман Шайхин стихашкахь повесть «Тимуран тур».»

 Хьехарсахьтан ц1е:  Арсанукаев Шайхи «Тимуран тур».

Хьехарсахьтан ц1е:

Арсанукаев Шайхи «Тимуран тур».

 1алашонаш. 1аморан:  дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар; кхиоран: Шайхи Арсанукаевн дахарх а, кхоллараллах а лаьцна хаамаш балар а, «Тимуран тур» поэмин чулацам бовзийтар а, поэмин исторически бух бовзийтар а; кхетам-кхиоран: 1аламе болу безам алсамбаккхар.

1алашонаш.

1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар;

кхиоран: Шайхи Арсанукаевн дахарх а, кхоллараллах а лаьцна хаамаш балар а, «Тимуран тур» поэмин чулацам бовзийтар а, поэмин исторически бух бовзийтар а;

кхетам-кхиоран: 1аламе болу безам алсамбаккхар.

 Эпиграф:  «Доьзалехь бийцар дастам а хеташ,  Хьо винчу ненан мотт д1атесна ахь.  «Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ»!–  Бохуш, и сийсазбан ца хета иэхь.»  (Ш. Арсанукаев)

Эпиграф:

«Доьзалехь бийцар дастам а хеташ,

Хьо винчу ненан мотт д1атесна ахь.

«Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ»!–

Бохуш, и сийсазбан ца хета иэхь.»

(Ш. Арсанукаев)

 Догдаийтаран мур.   Х1етал-металш: 1 . Б1ог1ам а ца хоттош дина раг1у? 2. Тата ца деш, г1ара а ца йеш корах  чуйог1ург? 3. Цхьа дог долу ши ваша?

Догдаийтаран мур.

Х1етал-металш:

1 . Б1ог1ам а ца хоттош дина раг1у?

2. Тата ца деш, г1ара а ца йеш корах

чуйог1ург?

3. Цхьа дог долу ши ваша?

Нийса дуй талла. Х1етал – металш: Стигал. Серло. Тукар.

Нийса дуй талла.

Х1етал – металш:

  • Стигал.
  • Серло.
  • Тукар.
 Ц1ера болх таллар.  1. Хаттарш а, т1едахкарш а.  - Хьенан ц1арх къамел ду «Сий делахь, Латта!»  байтехь далориг?  - Байта т1ехь схьакарадай, даладе б1ахочо  йинчу ч1аг1онан дешнаш.  - Муьлха т1ом бу байта т1ехь буьйцург?  Мостаг1чун къизалла муха гойту поэто?  - Байтан коьрта маь1на х1ун ду?  2. Синквейн «1алам» йо.

Ц1ера болх таллар.

1. Хаттарш а, т1едахкарш а.

- Хьенан ц1арх къамел ду «Сий делахь, Латта!»

байтехь далориг?

- Байта т1ехь схьакарадай, даладе б1ахочо

йинчу ч1аг1онан дешнаш.

- Муьлха т1ом бу байта т1ехь буьйцург?

Мостаг1чун къизалла муха гойту поэто?

- Байтан коьрта маь1на х1ун ду?

2. Синквейн «1алам» йо.

Синквейн. 1алам. Хаза, ц1ена. Тово, ларво, оьшу. Вайн 1алам лардан деза. Дахар.

Синквейн.

1алам.

Хаза, ц1ена.

Тово, ларво, оьшу.

Вайн 1алам лардан деза.

Дахар.

 Арсанукаев Шайхи Абдулмуслимович  (1930 – 2012)

Арсанукаев Шайхи Абдулмуслимович

(1930 – 2012)

Нохчийн поэт Арсанукаев Шайхи вина 1930 – чу шеран август беттан 15 – чу дийнахь Веданан районерчу Дишни – Ведана йуьртахь 1абдумуслиман а, Цуцин а доьзалехь.  Казахстанехь, нохчийн халкъ шен Даймахках  д1акъастийнчу хенахь, да, нана кхелхина 1954 – чу  шарахь.  1949 – 1952 – чуй шерашкахь хинволчу поэто доьшу  Семипалатинск – г1аларчу финансови техникумехь.  Даймахка ц1адирзинчул т1аьхьа чекхйоккху Нохч –  Г1алг1айн пачхьалкхан хьехархойн институтан  филологин факультет (цул хьалха ша заочно доьшуш  хилла Москвара финансови институт д1а а тосий).  1952 – 1958 – чуй шерашкахь Казахстанехь финансови  органашкахь белхаш бо.
  • Нохчийн поэт Арсанукаев Шайхи вина 1930 – чу шеран август беттан 15 – чу дийнахь Веданан районерчу Дишни – Ведана йуьртахь 1абдумуслиман а, Цуцин а доьзалехь.

Казахстанехь, нохчийн халкъ шен Даймахках

д1акъастийнчу хенахь, да, нана кхелхина 1954 – чу

шарахь.

1949 – 1952 – чуй шерашкахь хинволчу поэто доьшу

Семипалатинск – г1аларчу финансови техникумехь.

Даймахка ц1адирзинчул т1аьхьа чекхйоккху Нохч –

Г1алг1айн пачхьалкхан хьехархойн институтан

филологин факультет (цул хьалха ша заочно доьшуш

хилла Москвара финансови институт д1а а тосий).

1952 – 1958 – чуй шерашкахь Казахстанехь финансови

органашкахь белхаш бо.

2. 1958 – чу шарахь Нохчийчу ц1а боьрзу Шайхин доьзал. Кхунах шех Веданан районан коьрта финансист хуьлу (районан финотделан заведующи). И болх 1965 – г1а шо кхаччалц бо цо. Амма поэт хила дуьнен чу ваьлларг йозанан балхо д1аийзавора. 1965 – чу шарахь «Колхозан дахар» районан газетан редакторан заместитель х1оттаво Арсанукаев. Кхид1а йолчу ханна цуьнан болх а, дерриг дахар а литературица доьзна нисло. 1967 – 1973 – чуй шерашкахь Нохч – Г1алг1айн книгийн издательствехь редакторан болх бо. 1973 – 1984 – чуй шерашкахь «Орга» альманахан коьрта редактор лаьтта (Мамакаев Мохьмадал т1аьхьа). 1986 – 1997 – чуй шерашкахь Нохч – Г1алг1айн йаздархойн Союзан правленин председатель волуш къахьоьгу.

2. 1958 – чу шарахь Нохчийчу ц1а боьрзу Шайхин доьзал. Кхунах шех Веданан районан коьрта финансист хуьлу

(районан финотделан заведующи). И болх 1965 – г1а шо кхаччалц бо цо.

Амма поэт хила дуьнен чу ваьлларг йозанан балхо д1аийзавора. 1965 – чу шарахь «Колхозан дахар» районан газетан редакторан заместитель х1оттаво Арсанукаев. Кхид1а йолчу ханна цуьнан болх а, дерриг дахар а литературица доьзна нисло.

1967 – 1973 – чуй шерашкахь Нохч – Г1алг1айн книгийн издательствехь редакторан болх бо.

1973 – 1984 – чуй шерашкахь «Орга» альманахан коьрта редактор лаьтта (Мамакаев Мохьмадал т1аьхьа).

1986 – 1997 – чуй шерашкахь Нохч – Г1алг1айн йаздархойн Союзан правленин председатель волуш къахьоьгу.

3. 2000 – чу шарахь дуьйна Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн литературин, фольклоран кафедрехь доцент волуш болх бира Арсанукаев Шайхис. Байташ йазйан волавелла школехь доьшуш волуш дуьйна. Дуьххьарлера байташ зорбане йийлина 1960 – чу шерийн йуьххьехь «Колхозан дахар», «Ленинан некъ» газетийн аг1онаш т1ехь. «Лаьмнашкахь 1уьйре» Шайхин стихийн хьалхара гулар арайелира 1965 – чу шарахь. Х1етахь дуьйна цо арахецна ткъа байтийн а, поэмийн а гуларш: «Безаман шовда» (1967), «Ц1еран суй» (1969), «Новкъахь» (1970), «Стихи» (оьрсийн маттахь, 1977), «Тешам» (1979), «Керла де» (1980), «Голубые вершины» (оьрсийн маттахь, 1981), «Ушармин Ших» (1982), «Роща любви» (оьрсийн маттахь, 1988), «Лаьмнийн иллеш» (1991).

3. 2000 – чу шарахь дуьйна Нохчийн пачхьалкхан университетан

нохчийн литературин, фольклоран кафедрехь доцент волуш болх

бира Арсанукаев Шайхис.

Байташ йазйан волавелла школехь доьшуш волуш дуьйна. Дуьххьарлера байташ зорбане йийлина 1960 – чу шерийн йуьххьехь «Колхозан дахар», «Ленинан некъ» газетийн аг1онаш т1ехь.

«Лаьмнашкахь 1уьйре» Шайхин стихийн хьалхара гулар арайелира 1965 – чу шарахь. Х1етахь дуьйна цо арахецна ткъа байтийн а, поэмийн а гуларш: «Безаман шовда» (1967), «Ц1еран суй» (1969), «Новкъахь» (1970), «Стихи» (оьрсийн маттахь, 1977),

«Тешам» (1979), «Керла де» (1980), «Голубые вершины» (оьрсийн маттахь, 1981), «Ушармин Ших» (1982), «Роща любви» (оьрсийн маттахь, 1988), «Лаьмнийн иллеш» (1991).

4. «Тимуран тур» стихашкахь повестан а, нохчийн литературехь дуьххьара стихашкахь йазйинчу «Кхолламан сизаш» романан а автор ву Шайхи. 2009 – чу шарахь зорбане йаьлла поэтан хаьржинчу говзарийн ши том ( «Сийна гене», «Уьш хийца тарлуш дац»). Арсанукаев Шайхин стихаш зорбане йийлина гуьржийн, украинийн, туркойн, казахийн, дуккха а кхечу къаьмнийн меттанашкахь арайийлинчу йукъарчу гуларшкахь. Кхечу къаьмнийн тоьллачу поэтийн стихаш нохчийн матте гочйеш а боккха болх бина Шайхис. Кхоллараллин белхан лаккхара мах хадош, 1980 – чу шарахь поэтана  «Нохч – Г1алг1айн АССР – н культурин хьакъволу белхало» ц1е йелира, 1989 – чу шарахь дуьйна Нохч – Г1алг1айн АССР – н халкъан поэт а, 2005 –чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикин сийлахь гражданин а вара Шайхи. 2009 – чу шарахь Нохчийн Республикин Президентан Кадыров Рамзан Ахматовичан Указца Арсанукаев Шайхина совг1ат до «Нохчийн республикина хьалха хьуьнарш гайтарна» мидалца.

4. «Тимуран тур» стихашкахь повестан а, нохчийн литературехь дуьххьара стихашкахь йазйинчу «Кхолламан сизаш» романан а автор ву Шайхи. 2009 – чу шарахь зорбане йаьлла поэтан хаьржинчу говзарийн ши том ( «Сийна гене», «Уьш хийца тарлуш дац»).

Арсанукаев Шайхин стихаш зорбане йийлина гуьржийн, украинийн, туркойн, казахийн, дуккха а кхечу къаьмнийн меттанашкахь арайийлинчу йукъарчу гуларшкахь. Кхечу къаьмнийн тоьллачу поэтийн стихаш нохчийн матте гочйеш а боккха болх бина Шайхис.

Кхоллараллин белхан лаккхара мах хадош, 1980 – чу шарахь поэтана

«Нохч – Г1алг1айн АССР – н культурин хьакъволу белхало» ц1е йелира, 1989 – чу шарахь дуьйна Нохч – Г1алг1айн АССР – н халкъан поэт а, 2005 –чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикин сийлахь гражданин а вара Шайхи.

2009 – чу шарахь Нохчийн Республикин Президентан Кадыров Рамзан Ахматовичан Указца Арсанукаев Шайхина совг1ат до «Нохчийн республикина хьалха хьуьнарш гайтарна» мидалца.

 Дешнаш т1ехь болх:  ант – сакхт  пхьаьрчий – ж1аьлеш  назбар – г1айба  зов – звон, звук  баьчча – вождь  г1арол – караул, стража  гоьмукъ – копье  чхар – боккха т1улг  йийсар – пленник  г1аг1 – кольчуга  боьра – овраг, лощина  гечо – брод  саьнгар – канава, ров.

Дешнаш т1ехь болх:

ант – сакхт

пхьаьрчий – ж1аьлеш

назбар – г1айба

зов – звон, звук

баьчча – вождь

г1арол – караул, стража

гоьмукъ – копье

чхар – боккха т1улг

йийсар – пленник

г1аг1 – кольчуга

боьра – овраг, лощина

гечо – брод

саьнгар – канава, ров.

 Керлачу хаарийн дуьххьара д1алацар.  Хьехархочун дош: 1. 16 – чу б1ешеран чаккхе. 1395 – чу шеран б1аьста, апрель баттахь, Нохчийчу кхочу Астаг1чу Тимаран доккха эскар. Оццу баттахь Терк – хин йистошца Астаг1а Тимара т1ом бо кхечу мехкашд1алецархочун – Тохматышан – эскарца. Тохматыш оьшу. Цул т1аьхьа Тимар йерриг а Дег1астанахула чекхволу. Шина шарахь сов олалла до Астаг1чу Тимара КъилбаСеда – Кавказехь. Оцу муьрехь нохчаша а, кхечу къаьмнаша а хаддаза дуьхьало йо мехкашд1алецархочун г1ерашна. Оцу къаьмнийн г1ортор хилла уггар хьалха церан к1ентийн майралла, доьналла, маршоне дозадоцу безам, шолг1а – йукъа хьаннаш, хийла б1еннаш шераш хьалха дуьйна лардина лаьмнаш. Астаг1а Тимаран б1о, ламанхой кхин къарбала а ца тигна, эрна цхьанаметта ца латтархьама, йухабоьрзу. 16 –чу б1ешеран йуьххьехь дуьйна нохчий шайн аренца долчу латтанаш т1е охьакхалха буьйлало.

Керлачу хаарийн дуьххьара д1алацар.

Хьехархочун дош:

1. 16 – чу б1ешеран чаккхе. 1395 – чу шеран б1аьста, апрель баттахь, Нохчийчу кхочу Астаг1чу Тимаран доккха эскар. Оццу баттахь

Терк – хин йистошца Астаг1а Тимара т1ом бо кхечу мехкашд1алецархочун – Тохматышан – эскарца. Тохматыш оьшу. Цул т1аьхьа Тимар йерриг а Дег1астанахула чекхволу. Шина шарахь сов олалла до Астаг1чу Тимара КъилбаСеда – Кавказехь. Оцу муьрехь нохчаша а, кхечу къаьмнаша а хаддаза дуьхьало йо мехкашд1алецархочун г1ерашна. Оцу къаьмнийн г1ортор хилла уггар хьалха церан к1ентийн майралла, доьналла, маршоне дозадоцу безам, шолг1а – йукъа хьаннаш, хийла б1еннаш шераш хьалха дуьйна лардина лаьмнаш. Астаг1а Тимаран б1о, ламанхой кхин къарбала а ца тигна, эрна цхьанаметта ца латтархьама, йухабоьрзу. 16 –чу б1ешеран йуьххьехь дуьйна нохчий шайн аренца долчу латтанаш т1е охьакхалха буьйлало.

2. Иштта бу оцу шерех болу историн хаамаш. Изза т1еч1аг1до нохчийн ширачу хабарша. Х1инца йолуш йу оцу заманан хиламаша кхоьллина меттигийн ц1ерш, масала: Астаг1а Тимаран Саьнгарш, Тимаран ор. Вай лакхахь хьахийначу историн хиламех йу нохчийн вевзаш волчу поэтан Арсанукаев Шайхин «Тимуран тур» поэма. Историн хиламаш Арсанукаев Шайхис шен поэмехь исбаьхьаллин дешнашца буьйцу, ткъа исбаьхьаллин дош синхаамашна т1е1аткъам ч1ог1а болуш хуьлу историкийн доццачу тоьшаллел. Произведени кхуллуш авторо шена хьалха х1оттийна 1алашо Астаг1чч Тимаран а, нохчийн а вовшашна дуьхь – дуьхьал латтар гайтар хилла ца 1а, цо кхузахь гайтина Нохчийчуьра х1етахьлера политикин а, 1ер – дахаран а хьелаш, йукъараллин д1ах1оттаман башхаллаш, луларчу къаьмнашца хилла йукъаметтигаш, х1етахьлерачу къизачу хенахь даьхначу адамийн синкхетам, дуьнене хьежамаш.

2. Иштта бу оцу шерех болу историн хаамаш. Изза т1еч1аг1до нохчийн ширачу хабарша. Х1инца йолуш йу оцу заманан хиламаша кхоьллина меттигийн ц1ерш, масала: Астаг1а Тимаран Саьнгарш, Тимаран ор. Вай лакхахь хьахийначу историн хиламех йу нохчийн вевзаш волчу поэтан Арсанукаев Шайхин «Тимуран тур» поэма. Историн хиламаш Арсанукаев Шайхис шен поэмехь исбаьхьаллин дешнашца буьйцу, ткъа исбаьхьаллин дош синхаамашна т1е1аткъам ч1ог1а болуш хуьлу историкийн доццачу тоьшаллел. Произведени кхуллуш авторо шена хьалха х1оттийна 1алашо Астаг1чч Тимаран а, нохчийн а вовшашна дуьхь – дуьхьал латтар гайтар хилла ца 1а, цо кхузахь гайтина Нохчийчуьра х1етахьлера политикин а, 1ер – дахаран а хьелаш, йукъараллин д1ах1оттаман башхаллаш, луларчу къаьмнашца хилла йукъаметтигаш, х1етахьлерачу къизачу хенахь даьхначу адамийн синкхетам, дуьнене хьежамаш.

  1 . 1амат – хрестоматица болх бар.  Цкъа хьалха хьехархочо, цул т1аьхьа дешархошка  д1адоьшуьйту «Тимуран тур» поэмин дакъош.  2. Кхетарх дуьххьарлера таллам.  Хаттаршна жоьпаш:  -  Муьлхачу стихкхолларан барамехь йазйина йу «Тимуран тур»  поэма? (Деадешдекъех лаьтташ йолу дактиль, рифмаш ж1арийн.)  - Турпалхойн сурт – сибат гойтуш муьлхачу исбаьхьаллин г1ирсех  пайда оьцу поэто?  -  Мила вара мотт бахьаш веанарг?  - Х1ун 1алашо йолуш веанера иза?  - Х1ун хьехар дира цо Тимурна?  - Схьабалийна йийсарш муьлхачу хьолехь бара?  - Мискачу йийсарех х1ун хилира?

1 . 1амат – хрестоматица болх бар.

Цкъа хьалха хьехархочо, цул т1аьхьа дешархошка

д1адоьшуьйту «Тимуран тур» поэмин дакъош.

2. Кхетарх дуьххьарлера таллам.

Хаттаршна жоьпаш:

- Муьлхачу стихкхолларан барамехь йазйина йу «Тимуран тур»

поэма? (Деадешдекъех лаьтташ йолу дактиль, рифмаш ж1арийн.)

- Турпалхойн сурт – сибат гойтуш муьлхачу исбаьхьаллин г1ирсех

пайда оьцу поэто?

- Мила вара мотт бахьаш веанарг?

- Х1ун 1алашо йолуш веанера иза?

- Х1ун хьехар дира цо Тимурна?

- Схьабалийна йийсарш муьлхачу хьолехь бара?

- Мискачу йийсарех х1ун хилира?

 Самукъане материал.  Кроссвордан йеак1овш хьалайуза, дог1у  дешнаш а йаздеш.   1. Дийнан хан.  2. Уьстаг1ан к1орни.  3. Дайн г1иллакхаш,  ламаст.  4. Балахьегар.  5. Къаьмнийн тайпа.  6. Пачхьалкхехь куьйгалла  дийриг.

Самукъане материал. Кроссвордан йеак1овш хьалайуза, дог1у дешнаш а йаздеш. 1. Дийнан хан. 2. Уьстаг1ан к1орни. 3. Дайн г1иллакхаш, ламаст. 4. Балахьегар. 5. Къаьмнийн тайпа. 6. Пачхьалкхехь куьйгалла дийриг.

 Нийса дуй талла:  1   1 уь а  1 й р х а  1 е а д а  1 р аь а з  1 р т а е п б д и а л

Нийса дуй талла:

1

1

уь

а

1

й

р

х

а

1

е

а

д

а

1

р

аь

а

з

1

р

т

а

е

п

б

д

и

а

л

 Урокан жам1.  - Мила ву Тимур?  - Бахьана х1ун ду цуьнан Нохчийчу варан?  - Накъостий муха бу Тимуран?  - Дийца царах лаций?

Урокан жам1.

- Мила ву Тимур?

- Бахьана х1ун ду цуьнан Нохчийчу варан?

- Накъостий муха бу Тимуран?

- Дийца царах лаций?

 1. Хаарийн мах хадор.  2. Рефлекси йар:   Суна хии…  Суна хазахийти…  Со ца кхийти…

1. Хаарийн мах хадор. 2. Рефлекси йар: Суна хии… Суна хазахийти… Со ца кхийти…

 Ц1ахь бан болх:      Арсанукаев Шайхин кхолларалла 1амо.  Аг1онаш 111 – 123 йеша, чулацам хаьа.

Ц1ахь бан болх:

  • Арсанукаев Шайхин кхолларалла 1амо.
  • Аг1онаш 111 – 123 йеша, чулацам хаьа.

Массарна а даггара баркалла!  Беркате хуьлда шун хаарш!!!

Массарна а даггара баркалла!

Беркате хуьлда шун хаарш!!!


Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!