Подготовила
Учительница чеченского языка и литературы
МБОУ «СОШ с.п. Мекен-Юрт»
Нагиева Зулихан Янарсаевна
Об объявлении Дня чеченского языка
Указ Президента Чеченской Республики от 11.05.2007 N 207
В целях сохранения, совершенствования и дальнейшего развития чеченского языка, повышения его роли в развитии чеченской культуры и самобытности:
1. Объявить 25 апреля - день подписания Закона Чеченской Республики "О языках в Чеченской Республике" - Днем чеченского языка.
2. Указ Президента Чеченской Республики от 15 апреля 2005 г. N 90 "Об объявлении Дня чеченского языка" отменить.
3. Настоящий Указ вступает в силу со дня его опубликования.
Президент Чеченской Республики Р.А.КАДЫРОВ
г. Грозный
11 мая 2007 года
N 207
Мамакаев
Мохьмад
Амаевич
(1910-1973)
«Шен Ненан мотт халкъо, сий ойбуш, 1алашбахь,
Цу халкъан парг1ато.
Цхьаммо а хьошур яц.»
Иштта яздина Мамакаев Мохьмада
Ненан маттах лаьцна!
« Нохчийн мотт хаза а, хьалдолуш хилар ч1аг1дина оьрсийн яздархоша а,
1илманчаша а. Ткъайоьссалг1ачу б1ешарехь ваьхначу Кавказан этнографа
воккхачу 1илманчас Петр Карлович Услара иштта аьлла вайн маттах лаьцна:
«Нохчийн мотт ч1ог1а къен хетар даржош берш,
цунах цхьана а кепара кхетам боцу нах бу.
Мелхо а, и мотт, шен г1оьнца адаман ойланан
уггаре к1оргера аг1онаш а йийцалур йолуш
ч1ог1а хьалдолуш бу».
« Оьрсийн гоьваьллачу яздархочо Л.Н. Толстойс
иштта хастаме дош аьлла вайн маттах:
«Нохчийн мотт уггаре хьалдолчу а,
мехалчу а меттанех цхьаъ бу,
нагахь хьуна кхоччуш дика хууш белахь».
Абузар Айдамиров
Гоьваьллачу нохчийн халкъан яздархочо Айдамиров Абузара аьлла ду:
«Ненан мотт - иза халкъан юьхь ю, орам бу. Шен мотт ца хилча, халкъ хуьлуш дац.
ХIора нохчо, нагахь санна шен халкъ а, Даймохк а безаш велахь, шен ненан мотт Iамош а,
хууш а хила веза. Iамадейша дуьненан дерриге меттанаш,
амма цкъа хьалха шайн ненан мотт Iамабай,
оцу маттахь яздан а, деша а Iамадай…»
Ненан Мотт
Доьзалехь бийцар а дастам а хеташ, Хьуо винчу ненан мотт дIатесна ахь. "Сов къен бу дешнашна,бац атта кхеташ"!- Бохуш,и сийсазбан ца хета иэхь.
ЛадогIа цкъа соьга, "хьекъале корта", ЛадогIа, яккхи дIа лергара потт: Йистйоцу хIорд санна, бу хьуна шорта Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт.
ГIиллакхе, оьзда бу доттагIче буьйцуш, МостагIче вистхуьлуш -- ду ира герз, Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш, Бека и,шех хуьлий хьан деган мерз!
Мерза бу, моз санна, ша безачунна, Ламанан шовданал цIена бу и. Лермонтовс, Толстойс а ладегIна цуьнга, Услара даггара хестийна и.
БIешараш хийла а ихна и бекаш, Хьацарлахь, къийсамехь кхиъна и бу. Кхоьллинчу халкъана хьанала бецаш Даиман ша хилла нохчийн мотт бу.
Вайн халкъан ойланаш, дахар а гIийла Далхадеш, къийсамна гIиттина цо. Нохчочун майралла, оьздалла хийла Зевнечу иллешкахь екийна цо!
Кхидолчу къаьмнашна шайниш а санна, Нохчашна шайн ненан мотт хьоме бу. Нагахь хьо ца вагIахь хьайн халкъацанна, Хаалахь, декъазниг,- хьо цхьалха ву!
Нохчийн маттах кицанаш
- Вина мохк мазал мерза бу.
- Дикачу пхьидо шен 1ам хестабо.
- Воккхачо аьлларг дайна дац. Воккхачо аьлларг динарг дохко ца ваьлла.
- Воккхачо аьлларг цадинарг бердах вахна.
- Нанас йина чов лаза ца лозу.
Ненан маттал хаза а, сийлахь а х1ума дан а дац, хила йиш а яц.
Мел нуьцкъала, массо а аг1ор бийца таро йолуш бу вайн нохчийн мотт.
Нохчийн маттахь ду кхин д1а а хаза а, к1оргера маь1на йолуш кицанаш.
Хазнашлахь хазна ю Ненан мотт къоман. Ненан мотт мел беха, Къам дуьсу даха.
Ткъа нагахь мотт шен лахь, Къам, лей, дIадолу, Ненан мотт бицбинарг Сийсазво наха.
Нохчийн мотт и - халкъан Синхазнийн хьоста - Къийсамехь ларбина Массо а ханна. РагI хIинца хьоьгахь ю, ДIаэций, хьаста, Ден весет кхочушде, Къонахчо санна.
Ларбе мотт, Хазбе и, Ца еш мало. ТIаккха, хьайн весет деш, КIанте дIало.
Арсанукаев Шайхи
Весет