СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Презентация "Ненан мотт дахаран хазна"

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Презентация "Ненан мотт дахаран хазна"»

  Преподаватель чеченского языка и литературы  Нагиева Зулихан янарсаевна

Преподаватель чеченского языка и литературы

Нагиева Зулихан янарсаевна

 НЕНАН МОТТ - ДАХАРАН ХАЗНА   Ненан маттах 1амийнарг карладаккхар: Меттан маь1наш; Стенна оьшу мотт; Кхечу къамнийн яздархоша вайн меттан хадийна мах; Мотт ларбан беза.

НЕНАН МОТТ - ДАХАРАН ХАЗНА

Ненан маттах 1амийнарг карладаккхар:

  • Меттан маь1наш;
  • Стенна оьшу мотт;
  • Кхечу къамнийн яздархоша вайн меттан хадийна мах;
  • Мотт ларбан беза.

Нохчийн Республикан Куьйгалхочун  Указ 11.05. 2007 ш. Соьлжа – г1ала № 207 Нохчийн мотт 1алашбаран, кхид1а шарбаран, кхиоран, нохчийн культура кхиорехь, къоман башхалла ларъярехь цо лело маь1на лакхадаккхаран 1алашонца: «Нохчийн республикехь меттанийн хьокъехь» долчу Нохчийн Республикан законна куьг яздина апрелан 25-г1а де –Нохчийн меттан де д1акхайкхо». Нохчийн Республикан Куьйгалхо Р.А.Кадыров.

Нохчийн Республикан Куьйгалхочун Указ

11.05. 2007 ш. Соьлжа – г1ала № 207

Нохчийн мотт 1алашбаран, кхид1а шарбаран,

кхиоран, нохчийн культура кхиорехь, къоман башхалла ларъярехь цо лело маь1на лакхадаккхаран 1алашонца:

«Нохчийн республикехь меттанийн хьокъехь» долчу Нохчийн Республикан законна куьг яздина апрелан 25-г1а де –Нохчийн меттан де д1акхайкхо».

Нохчийн Республикан Куьйгалхо Р.А.Кадыров.

 «Юха а де доьду даьлла,  Дахар а дацдели вайн,  Дика болх ца бинехь цхьанна,  Иза а т1епаза дай».

«Юха а де доьду даьлла,

Дахар а дацдели вайн,

Дика болх ца бинехь цхьанна,

Иза а т1епаза дай».

Нохчийн мотт Юкъараллин дахарехь меттан маь I на кхаа кепара ду. Хьалхарчу маь I ница аьлча, мотт адамийн уьйран г I ирс бу, х I унда аьлча адамаш вовшашца г I иллакхе а, къинхетаме а, тарлуш а, мегаш а хила деза, бертахь де-хаш хила декхарийлахь ду, вовшашца шайн дагара нийсонца а дуьйцуш.  Шолг I ачу маь I ница аьлча, мотт кхиаран г I ирс бу, х I унда аьлча, тахана цахиънарг, кхана I амош, кхана цахиънарг, лама I амош, адамаш кхеташ, кхуьуш хила дезаш ду, х I унда аьлча дахарехь хаа а, довза а дезаш дуккха а х I ума ду. Бераш ишколе деша х I унда даьхкина? Дешар- I илма а, дуккха а шайна оьшуш йолу дешаран предметаш а I амо даьхкина уьш ишколе. Кхоалг I ачу маь I ница аьлча, мотт къийсаман г I ирс бу, х I унда аьлча зуламаш деш, адамашна бохамаш, цатамаш, вонаш деш лелаш зуламхой а хуьлу. Зуламхошна а, вочу х I умнашна а дуьхьал къийсам латто безаш хуьлу. И дерриге а маь I наш юкъалоцуш аьлча, мотт адамийн уьйран а, кхиаран а, къийсаман а г I ирс бу.

Нохчийн мотт

Юкъараллин дахарехь меттан маь I на кхаа кепара ду. Хьалхарчу маь I ница аьлча, мотт адамийн уьйран г I ирс бу, х I унда аьлча адамаш вовшашца г I иллакхе а, къинхетаме а, тарлуш а, мегаш а хила деза, бертахь де-хаш хила декхарийлахь ду, вовшашца шайн дагара нийсонца а дуьйцуш. Шолг I ачу маь I ница аьлча, мотт кхиаран г I ирс бу, х I унда аьлча, тахана цахиънарг, кхана I амош, кхана цахиънарг, лама I амош, адамаш кхеташ, кхуьуш хила дезаш ду, х I унда аьлча дахарехь хаа а, довза а дезаш дуккха а х I ума ду. Бераш ишколе деша х I унда даьхкина? Дешар- I илма а, дуккха а шайна оьшуш йолу дешаран предметаш а I амо даьхкина уьш ишколе. Кхоалг I ачу маь I ница аьлча, мотт къийсаман г I ирс бу, х I унда аьлча зуламаш деш, адамашна бохамаш, цатамаш, вонаш деш лелаш зуламхой а хуьлу. Зуламхошна а, вочу х I умнашна а дуьхьал къийсам латто безаш хуьлу. И дерриге а маь I наш юкъалоцуш аьлча, мотт адамийн уьйран а, кхиаран а, къийсаман а г I ирс бу.

 Дуьненчохь са мел долу х1ума ненан кийрара схьа даьлла ду. Х1ун хир ду ненал сийлахь а, деза а. Нанас оьздачу маттахь кхетош – кхиош, набарна дийшош, хазачу мукъамехь илли олуш, дагчу бижийна вайна х1ара ненан мотт.  Ткъа вай нохчий ду. Дуьне къоьллича хьана оьздангаллийца, майраллийца, комаьршаллийца, яхьца г1арадаьллачу къоман адамаш ду вай. Нохчийн нанас нохчийн маттахь г1иллакх-оьздангалла а хьоьхуш, схьадог1у вай таханлерачу дийне. Къоман культура ненан маттаца йоьзна ю. Ненан маттахь хьоьху дика мел дерг а. Нохчийн маттахь вайн оьзда г1иллакхаш довзуьйту хьехархоша.

Дуьненчохь са мел долу х1ума ненан кийрара схьа даьлла ду. Х1ун хир ду ненал сийлахь а, деза а. Нанас оьздачу маттахь кхетош кхиош, набарна дийшош, хазачу мукъамехь илли олуш, дагчу бижийна вайна х1ара ненан мотт.

Ткъа вай нохчий ду. Дуьне къоьллича хьана оьздангаллийца, майраллийца, комаьршаллийца, яхьца г1арадаьллачу къоман адамаш ду вай. Нохчийн нанас нохчийн маттахь г1иллакх-оьздангалла а хьоьхуш, схьадог1у вай таханлерачу дийне. Къоман культура ненан маттаца йоьзна ю. Ненан маттахь хьоьху дика мел дерг а. Нохчийн маттахь вайн оьзда г1иллакхаш довзуьйту хьехархоша.

 Буьйцуш мотт боцуш халкъ хуьлийла дац, цундела вай хаддаза ларбан беза, дола дан деза х1аллак ца хуьлуьйтуш, 1алашбеш схьабеанчу вешан меттан. Мотт д1абаьлча халкъан тезет, ловзар-синкъерам, дика-вон д1адолу. Ткъа уьш д1адевлачу халкъах халкъ ала йиш яц, уьш шен халкъана ямарт хиллачарех лаьтта кхераме дог1маш ду. Вайн халкъах вайна кхане а йолуш халкъ хила лаахь, угара хьалха нохчийн мотт, олуш ма- хиллара, баьрче баккха беза вай.  Нохчийн мотт, хьалдолуш а, бийца атта а бу. Шен ненан мотт доггах безаш воцчунна, Даймохк а безар бац.

Буьйцуш мотт боцуш халкъ хуьлийла дац, цундела вай хаддаза ларбан беза, дола дан деза х1аллак ца хуьлуьйтуш, 1алашбеш схьабеанчу вешан меттан. Мотт д1абаьлча халкъан тезет, ловзар-синкъерам, дика-вон д1адолу. Ткъа уьш д1адевлачу халкъах халкъ ала йиш яц, уьш шен халкъана ямарт хиллачарех лаьтта кхераме дог1маш ду. Вайн халкъах вайна кхане а йолуш халкъ хила лаахь, угара хьалха нохчийн мотт, олуш ма- хиллара, баьрче баккха беза вай.

Нохчийн мотт, хьалдолуш а, бийца атта а бу. Шен ненан мотт доггах безаш воцчунна, Даймохк а безар бац.

          Бекалахь, ненан мотт, ца хедаш, ца соцуш. Хьайн хазчу мукъамца тхан дегнаш делош! Бекалахь, ненан мотт, тхан деган мерз хилий. Бакъонца, машарца даха ницкъ луш!

 

  •  

Бекалахь, ненан мотт, ца хедаш, ца соцуш.

Хьайн хазчу мукъамца тхан дегнаш делош!

Бекалахь, ненан мотт, тхан деган мерз хилий. Бакъонца, машарца даха ницкъ луш!

БЕХЪЕЛЛА БЕДАР МА Ц!АНЛУР Ю ЙИТТАХЬ, ТИШЛАХЬ А ОЬЦУР Ю КХИН, АММА АХЬ СИЙ БЕХДАХЬ ЙИШ ЯЦ И ДИТТА , КАРОР ДАЦ ДУЬНЕН ЧОХЬ И Ц!АНДАН ХИ !

БЕХЪЕЛЛА БЕДАР МА Ц!АНЛУР Ю ЙИТТАХЬ,

ТИШЛАХЬ А ОЬЦУР Ю КХИН,

АММА АХЬ СИЙ БЕХДАХЬ ЙИШ ЯЦ И ДИТТА ,

КАРОР ДАЦ ДУЬНЕН ЧОХЬ И Ц!АНДАН ХИ !


Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!