СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Презентация "Нохчийн меттан байташ"

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Презентация "Нохчийн меттан байташ"»

Урок-презинтаци кечйинарг: МБОУ «СОШ с.п Мекен-юрт».Маканерчу юккъерчу юкъарадешаран школан нохчийн меттан а, литературан а хьехархо Нагиева Зулихан Янарсаевна

Урок-презинтаци кечйинарг: МБОУ «СОШ с.п Мекен-юрт».Маканерчу юккъерчу юкъарадешаран школан нохчийн меттан а, литературан а хьехархо Нагиева Зулихан Янарсаевна

 Нохчийн мотт Акха яр санна и ца баьлла бацалахь. Боьжна бац стиглара, эцна базарахь. Цхьаьнггера юхалург баьккхина бацара, Кхоьллина хилла и вайн дайша азаллехь. Ас лору дуьненчохь мет долу меттанаш, Нохчийн мотт – гуттар а сан оьзда дозалла, Iожаллин цамгаро д1алаьцна меттахь 1аш. Цу маттахь дийр ду ас весет а доьзале Цу маттахь нанас со дуьххьара хьаьстина, Цу маттахь некъан дош дадас а кхайкхина. Цу матто, - уггаре гергарчу сан синна Сан, генахь цхьа висча, дог- ойла айина.   Цуруев Шарип

Нохчийн мотт

Акха яр санна и ца баьлла бацалахь.

Боьжна бац стиглара, эцна базарахь.

Цхьаьнггера юхалург баьккхина бацара,

Кхоьллина хилла и вайн дайша азаллехь.

Ас лору дуьненчохь мет долу меттанаш,

Нохчийн мотт – гуттар а сан оьзда дозалла,

Iожаллин цамгаро д1алаьцна меттахь 1аш.

Цу маттахь дийр ду ас весет а доьзале

Цу маттахь нанас со дуьххьара хьаьстина,

Цу маттахь некъан дош дадас а кхайкхина.

Цу матто, - уггаре гергарчу сан синна

Сан, генахь цхьа висча, дог- ойла айина. Цуруев Шарип

Ненан мотт Ваккхарх со кхолламо Цу х1ордал дехьа, Хилах со мел генахь- Цу пана – махкахь, Кхолламо мел варх суо Бакъ- харц а чеха, Оьздалла ларйийр ю Сайн ненан маттахь! Сайн нохчийн маттахь ду Шовданийн илли, Бохь- лекхчу ламанийн Баьццара дари. Хийлачу турпална Ахь ц1е тилли, Къонаха, бийца и- Тоьлларг а ларий! Ненан мотт, хьо ю сан Марзо, ницкъ,г1ора, Муьлхха а дозалла До ас хьан ц1арца. Халонна хьалха а Ца х1отта гуора, Iамий ахь, Баркалла – Буьйцу сий дарца!

Ненан мотт

Ваккхарх со кхолламо

Цу х1ордал дехьа,

Хилах со мел генахь-

Цу пана – махкахь,

Кхолламо мел варх суо

Бакъ- харц а чеха,

Оьздалла ларйийр ю

Сайн ненан маттахь!

Сайн нохчийн маттахь ду

Шовданийн илли,

Бохь- лекхчу ламанийн

Баьццара дари.

Хийлачу турпална

Ахь ц1е тилли,

Къонаха, бийца и-

Тоьлларг а ларий!

Ненан мотт, хьо ю сан

Марзо, ницкъ,г1ора,

Муьлхха а дозалла

До ас хьан ц1арца.

Халонна хьалха а

Ца х1отта гуора,

Iамий ахь, Баркалла –

Буьйцу сий дарца!

Ненан мотт Со вина Кавказан ломахь, Къоьжачу баххьашна юккъехь, Аьрзунийн баннашна лулахь Нанас со техкийна берахь.  Цигахь со набарна товжош, Цо олу аганан илли Декара дог хостуш, довха, Сан нохчийн маттара илли.  Сарахь цо туьйранаш дуьйцуш, Со цунах хьерчара кхоьрш, Я халкъан илли цо олуш, Д1атуьйра набаро хьостуш.  Шаьш хьегна баланаш балхош,  Вайн халкъан турпалхой хестош. Вайн дайша даьхна и иллеш Декара дог 1ийжош, доруш. Айдамиров Абузар

Ненан мотт

Со вина Кавказан ломахь,

Къоьжачу баххьашна юккъехь,

Аьрзунийн баннашна лулахь

Нанас со техкийна берахь.

Цигахь со набарна товжош,

Цо олу аганан илли

Декара дог хостуш, довха,

Сан нохчийн маттара илли.

Сарахь цо туьйранаш дуьйцуш,

Со цунах хьерчара кхоьрш,

Я халкъан илли цо олуш,

Д1атуьйра набаро хьостуш.

Шаьш хьегна баланаш балхош,

Вайн халкъан турпалхой хестош.

Вайн дайша даьхна и иллеш

Декара дог 1ийжош, доруш.

Айдамиров Абузар

Нохчийн мотт Кхераме дац сунна мехаш, Къизачу зуламан ор а. Нохчийн мотт соьца мел беха Онда бу сан лаьттахь орам.  Генарчу шахьаршкахь шелло,  Ца хезаш вай меттан аьзнаш.  Даймахках хьоьгуш со г1елло,  Хийрачу мохо веш аьшнаш. Нохчийн мотт- хьо синна г1ортор, Хьоьца дут хан хилларг, хиндерг… Лар яйъа милла г1ортарх, Лар йовр яц- т1улга т1ехь йитнарг… Ахмадов Муса

Нохчийн мотт

Кхераме дац сунна мехаш,

Къизачу зуламан ор а.

Нохчийн мотт соьца мел беха

Онда бу сан лаьттахь орам.

Генарчу шахьаршкахь шелло,

Ца хезаш вай меттан аьзнаш.

Даймахках хьоьгуш со г1елло,

Хийрачу мохо веш аьшнаш.

Нохчийн мотт- хьо синна г1ортор,

Хьоьца дут хан хилларг, хиндерг…

Лар яйъа милла г1ортарх,

Лар йовр яц- т1улга т1ехь йитнарг…

Ахмадов Муса

 Мотт Вайн мотт бу 1аламал ч1ог1а. Хьекъале цо йоьг1на лард, Доккху цо къайленийн дог1а. Къаьмнашлахь цо кхуллу барт. Амма и харцахьа балахь. Зуламаш цо дебадо. Цуьнца вай хастам бо, баг1ахь, Турпалш а вай хьехабо. Халкъашна цкъа бакъдерг кховдош, Цкъа делхош харцонан дерз, Ду иза – бакъдолчун шовда, Ду иза – къинойн а герз. Йоккха ю цу меттан къайле: Кхоьру со, и малбахь ас, Тешнабехк цо барна сайна, Талхадеш сан деган аз. Сулаев Мохьмад

Мотт

Вайн мотт бу 1аламал ч1ог1а.

Хьекъале цо йоьг1на лард,

Доккху цо къайленийн дог1а.

Къаьмнашлахь цо кхуллу барт.

Амма и харцахьа балахь.

Зуламаш цо дебадо.

Цуьнца вай хастам бо, баг1ахь,

Турпалш а вай хьехабо.

Халкъашна цкъа бакъдерг кховдош,

Цкъа делхош харцонан дерз,

Ду иза – бакъдолчун шовда,

Ду иза – къинойн а герз.

Йоккха ю цу меттан къайле:

Кхоьру со, и малбахь ас,

Тешнабехк цо барна сайна,

Талхадеш сан деган аз.

Сулаев Мохьмад

Ненан мотт Воккхаве со хуьна хуучу Кхечу къамнийн меттанех, Хьайниг бицбеш 1амо дезна уьш Хьуна ца моьттинехь…  Сулеймано Ахьмад.

Ненан мотт

Воккхаве со хуьна хуучу

Кхечу къамнийн меттанех,

Хьайниг бицбеш 1амо дезна уьш

Хьуна ца моьттинехь…

Сулеймано Ахьмад.

Нохчийн мотт Да ваьлла ца волуш, Да вала ца вуьтуш, Ког хецна ца болуш, Т1ам баржо ца кхуьуш, Г1амарлахь х1у санна, Овкъарлахь суй санна, Бихкина 1илманна, Бихкина иллина. Iиллина биллина Биллина 1иллина… Абдулаев Леча

Нохчийн мотт

Да ваьлла ца волуш,

Да вала ца вуьтуш,

Ког хецна ца болуш,

Т1ам баржо ца кхуьуш,

Г1амарлахь х1у санна,

Овкъарлахь суй санна,

Бихкина 1илманна,

Бихкина иллина.

Iиллина биллина

Биллина 1иллина…

Абдулаев Леча

Ненан мотт Хьо безаш волчунна Пондаран аз ду хьо, Хьайца уьйр йоцчунна Гихь беза мохь бу хьо. Хьо хууш волчунна Жовх1арийн х1онс ю хьо, Хьайца шовкъ йолчунна Чам тайна стом бу хьо … Хьо ца безаш волчо Шен нана лорур яц, Ненан сий цадечо Мехкан сий лардийр дац.  Ненан мотт цахаар  Шен кхерч цаларар ду, Кхерчан да цахилар Маьттаза вахар ду. Хьайн ненан мотт хаахь, Дозалла ас до хьох, Даггара и безахь, Ас хастам бо хьуна. Цунах ма херлолахь, Мел дукха вахарах, Ненан мотт хьайн бацахь, Байлахь вуй, хаалахь! Саидов Билал

Ненан мотт

Хьо безаш волчунна

Пондаран аз ду хьо,

Хьайца уьйр йоцчунна

Гихь беза мохь бу хьо.

Хьо хууш волчунна

Жовх1арийн х1онс ю хьо,

Хьайца шовкъ йолчунна

Чам тайна стом бу хьо

… Хьо ца безаш волчо

Шен нана лорур яц,

Ненан сий цадечо

Мехкан сий лардийр дац.

Ненан мотт цахаар

Шен кхерч цаларар ду,

Кхерчан да цахилар

Маьттаза вахар ду.

Хьайн ненан мотт хаахь,

Дозалла ас до хьох,

Даггара и безахь,

Ас хастам бо хьуна.

Цунах ма херлолахь,

Мел дукха вахарах,

Ненан мотт хьайн бацахь,

Байлахь вуй, хаалахь!

Саидов Билал

Ненан мотт Доьзалехь бийцар а дастам а хеташ Хьо винчу Ненан Мотт д1атесна ахь. «Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ», Бохуш, и сийсазбан ца хета иэхь. Ладог1а цкъа соьга, «Хьекъале корта». Ладог1а, яккхий д1а лергара потт. Йист йоцу х1орд санна, бу хьуна шорта. Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт. Г1иллакхе, оьзда бу доттаг1чуьнга буьйцуш. Мостаг1чеуьнга вистхуьлуш ду ира герз, Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш Бека и шех хуьлий хьан деган мерз! Б1ешераш хийла а ихна и бекаш. Хьацарлахь, къийсамехь кхиъна и бу. Кхоьллинчу халкъана хьанала бецаш Даим а ша хилла нохчийн мотт бу. Вайн къоман ойланаш, дахар а г1ийла. Далхадеш , къийсамна г1иттийна цо. Нохчочун майралла, оьздалла хийла Зевнечу иллешкахь екийна цо! … Кхидолчу къаьмнашна шайниш а санна, Нохчашна шайн ненан мотт хьоме бу. Нагахь хьо ца ваг1ахь хьайн халкъацанна, Хаалахь, декъазниг, хьо цхьалха ву! Шайхи Арсанукаев

Ненан мотт

Доьзалехь бийцар а дастам а хеташ

Хьо винчу Ненан Мотт д1атесна ахь.

«Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ»,

Бохуш, и сийсазбан ца хета иэхь.

Ладог1а цкъа соьга, «Хьекъале корта».

Ладог1а, яккхий д1а лергара потт.

Йист йоцу х1орд санна, бу хьуна шорта.

Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт.

Г1иллакхе, оьзда бу доттаг1чуьнга буьйцуш.

Мостаг1чеуьнга вистхуьлуш ду ира герз,

Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш

Бека и шех хуьлий хьан деган мерз!

Б1ешераш хийла а ихна и бекаш.

Хьацарлахь, къийсамехь кхиъна и бу.

Кхоьллинчу халкъана хьанала бецаш

Даим а ша хилла нохчийн мотт бу.

Вайн къоман ойланаш, дахар а г1ийла.

Далхадеш , къийсамна г1иттийна цо.

Нохчочун майралла, оьздалла хийла

Зевнечу иллешкахь екийна цо!

… Кхидолчу къаьмнашна шайниш а санна,

Нохчашна шайн ненан мотт хьоме бу.

Нагахь хьо ца ваг1ахь хьайн халкъацанна,

Хаалахь, декъазниг, хьо цхьалха ву!

Шайхи Арсанукаев

Нохчийн матте дина до1а

Хьоьца юста хьакъ яра Кавказан лекха, сийна стигала-

Цуьнан малха к1ел хийла а хенан йохалла г1а хец на ахь.

Хьоьца юста хькъа яра Кавказан лаьттан хаза дикалла-

Цуьнан басарехь а хийла хенан йохалла ирс эцна ахь.

Дайн и латтий, стигаллий тхан безамаша дузу вовшашца.

Хьо- сан нохчийн халкъан безаман нур, б1ешерашкахьлера аз,

Б1ешерашкахьлерачу цу безаман бакъ стом, ца дужу заз!

Тхайн хьо кхоллархьама 1аламо тхо кхоьллина ду бохийца.

Балхахь, т1амехь, ловзаршкахь сан халкъо б1ешерашца шардина,

Б1аьвнал ч1ог1а, тоьпал нийса, туьран диттал ира ду хьан дош.

Кхакханал я кхерчан ц1арал аьхна хета иллеш халкъана,

Бухахь жаг1а гун и шовда санна сирла, хьан дош дагна товш.

Апарин цу т1улганнийн, хин х1ора тулг1енний вайн кхолламо,

Цхьаьна уьш хилийта, биллина мур боца хета баьхна ас

Сайн иллешкахь. Илли илли дац хьан дешнашца ца кхоьллинарг

Хьоххий, Даймахкаххий волуш, дог иккхина, соцур ду сан аз…

Маьлхан дуьнен чохь мел ду Кавказан латтий, стигаллий,нохчой,

Беззашехь сох бисарх, вала да хьан хир ву нана-лаьмнашца,

Байлахь буьсур бац хьо, лекъар дац хьан иллийн мерза аьзнаш а.

Буо хир дац сох соьцанна мел ду: дайн стигаллий, дайн латтий, хьой.

Х1окху дахаре, хьоь болчу безамо сайн дог а дагадеш,

Хьан дешнашца дийца г1ерта со а сайн дайн латтий, стигаллий.

Доьху, хьо дагахь а болуш вахар, валар суна хьаналде,

Нохчийн мотт-сан шира, сирла безам, дахаран ирс, деган ц1ий.

Супаев Руслан


Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!