СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Презентация по чеченской литературе "Ненан безам"

Нажмите, чтобы узнать подробности

Презентация по чеченской литературе "Ненан безам"

Просмотр содержимого документа
«Презентация по чеченской литературе "Ненан безам"»

 Презентаци   «Ненан безам»

Презентаци «Ненан безам»

Нана ма йу, шен сина эшам а беш, вай кхетош, вай кхиош, вай нисдеш, вайх нах деш йерг а, даккхий хилча а т1ехь, хьоьстуш, шен т1ома к1ел ийзош. Х1ора беранна шен нана дуьненал сийлахь а, ломал лекха а, маьлхан нуьрал хаза а, шовданал ц1ена а хета. Доьзалан марзо а ненехь йу. Нана йу доьзална юккъехь бартбийриг а, х1ораннан амалш к1адйеш, церан йукъаметтигаш, церан уьйраш хера ца йолуьйтуш, х1оранна а шен-шен меттиг д1айелла, эвхьазлонах, эхь-бехках, вовшийн хьаг1-гамонах ларбеш, церан нийса накъост хилла, кертан а, кхерчан а 1у хилла лаьтташ йерг.

Буса наб ца йарах, ца хуьлуш дера,  Кхуьучу доьзалах хьо йоккхаера.  Хьай лазам доьзалах ахь лечкъабора,  Аллах1ан кхолламна йара хьо къера.   Сан самуо йоцчуьнан тидам  ахь бора.  Дахаран башхаллех  кхетам ахь лора.  Кхолламо човхийна, со йоьхна хилча  Эсалчу хьехаршца  цатам байбора.   Хьан йелакъажаро дохдора дахар,  Эсала хьежаро хаздора дуьне.  Ховхачу куьйгашца дайдора лазар,  Со хьуна уллехь бен хиллий-те ирсе?!   Цхьа башха бу ненан доьзале безам.  Ирсе вуй хаалаш цунах къурд бинарг...   Мерза бу ненан доьзале безам   Аза Атагинская

- Сийлахь Нана! Хастам хьуна!  Берийн дуьхьа йаьхна хьо!  Генахь хиларх, тхаьш мацделча,  Хьан комаьрша куьйгаш го.  Нана, хьан йуьхь т1ера хершнаш-  Уьш хьан берийн некъаш ду.  Хьан камаьршой, къинхетаммий,  Хан мел ели, хьекъаш ду.  Йалсамане, цхьанхьа йелахь,  Ненан когаш к1елахь йу.  Нана резайинчу беран  Делахь йелсамане а йу!...  Сулейманов А

«НАНА»    Нана, со воьду хьан шерийн лорах,  Г1ийлачу хьан йуьхь т1ехь сан хьажар соьцуш.  Мел ч1ог1а сан шераш галморзах дийларх,  Хьо даим соьца йу, суна некъ хьоьхуш.    Хеназа хьо тишъеш, д1аидарх зама,  Доьзалан б1аьра, хьо, г1ийла ца хьежна.  Ахь даим соь баьхна нийсонца 1ама,  Б1аьргара хиш лечкъош хьо суна къежна.    Ерриге халонаш, хьайн даг чохь къуьйлуш,  Со новкъавоккхуш, ахь, ондда т1ай тилли.  Ткъа х1инца хьо йолуш самалхадуьйлуш,  Сан даг чохь кхуьуш ду дахаран илли!    Даудов Гилани

Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!