СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Разработка открытого урока "Билгалдашах 1амийнарг карладаккхар"

Нажмите, чтобы узнать подробности

Хьехарсахьтан 1алашо: Билгалдашах дешархоша 1амийнарг шардар, т1едузар, т1еч1аг1дар.

Берийн къамел кхиор а, йозанан каллиграфи тояран т1ехь бен болх д1абахьар а.

Просмотр содержимого документа
«Разработка открытого урока "Билгалдашах 1амийнарг карладаккхар"»


Диллина хьехарсахьт

Нохчийн мотт

6 класс



Коьчал: «Билгалдашах 1амийнарг карладаккхар»













нохчийн меттан, литературин хьехархо

Мучураева Р.Т.













Хьехарсахьатан коьчал: Билгалдашах 1амийнарг карладаккхар.



Хьехарсахьтан 1алашо: Билгалдашах дешархоша 1амийнарг шардар, т1едузар, т1еч1аг1дар.

Берийн къамел кхиор а, йозанан каллиграфи тояран т1ехь бен болх д1абахьар а.

Дешархойн ненан матте безам кхиор, ч1аг1бар.

Бераш Даймехкан 1аламе безам болуш кхетош-кхиор а, церан могшалла ларъяран т1ехь тидам латтор а.

Хьехарсахьтан г1ирсаш: «Нохчийн мотт», 6-чу классана 1амат.

«Нохчийн мотт», 1-ра дакъа, хьехархойн училищан дешархошна 1амат.

«6-чу классехь нохчийн мотт хьехар», хьехархочунна г1о-1амат.

«Юккъерчу школехь нохчийн мотт хьехар» г1о-1амат.

«Юккъерчу школийн лакхарчу классашкахь ненан мотт, литература хьехар» г1о-1амат.

«4-8-чуй классашкахь нохчийн мотт хьехар» г1о-1амат.

«Х1ицалера нохчийн мотт» И.Арсаханов.

Гайтаран г1ирсаш, тайп-тайпана кепасуьрташ.

Хьехархочун белхан тептар.

Йозанан у, кирб1елиг.





Хьехарсахьтан некъ:

I.Хьехарсахьтан болх д1ах1оттор. 2 мин.

  1. Маршалла хаттар.

  2. Журнал кхочушдар

  3. Гайтаран г1ирсаш, кепасуьрташ кечдар.

  4. Хьехарсахьтан коьчал а, хьехарсахьтан декъашхошна хьалха х1иттош долу декхарш а довзийтар.



II. Ц1ахь бина болх таллар. 4 мин.

Дешархоша ц1ахь т1едилларца кхочушдина (т1адамийн метта оьшу билгалдешнаш яздеш шаьш хила дезачу дожаршкахь) 79-г1а шардар вовшийн толлу.

Оцу хенахь шина дешархочо йозанан уьн т1ехь болх бо т1едилларан кехаташца.

1-ра т1едилларан кехат

  1. Маса кеп ю билгалдешнийн?

  2. Легаде токхе гуьйре дешнийн цхьаьнакхетар.

2-г1а т1едилларан кехат

  1. Муха ду мухаллин билгалдешнийн даржаш?

  2. Легаде можаниг лааме билгалдош.

III. Билгалдешнех 1амийнарг карладаккхар шардар, т1едузар. 29 мин.

Дешархой шайн хаарийн бараме хьаьжжина шина тобане бекъна бу.

Хьехарсахьт къийсабаларан кепехь д1ахьо.



  1. Фронтальни хаттарш:

-Муьлха къамелан дакъош 1амийна вай?

-Ц1ердош, билгалдош.

-Оьрсийн маттахь х1ун олу царах?

-Имя существительное, прилагательное.





Дешархочо доьшу х1етал-матал:



Ас гойту х1уманан билгало:

Бос, барам, чам, стенах йо,

Шун къамел тодеш, ас хаздо,

Цундела даима оьшу со,

Алал – х1ун ю теша со?





-Муьлхачу къамелан декъах лаьцна ду х1етал-метал?

-Билгалдашах.

Хьехархочо йозанан уьн т1ехь а, дешархоша шайн тептарш т1ехь а д1аяздо лахара ц1ердешнаш:

Гуьйре, г1аш, дог1а, мархаш, аре.

Т1едиллар: оцу ц1ердешнашна уллохь язде билгалдешнаш, хила дезачу терахье а, дожаре а х1иттош.

Х1ора тобанан векало кхоккха цхьаьнакхетар д1аяздо:

Дашо гуьйре, можа г1аш, шийла дог1а. К1айн мархаш, бовха мох, юьзна аренаш.

Т1едиллар: д1аяздинчу цхьаьнакхетаршна юкъарчу билгалдешнашна буха тулг1енан сизаш хьакха.



  1. Билгалдешнийн грамматически билгалонаш йийцаре яран некъ.



-Х1ун гойту билгалдашо?

-Билгалдашо гойту х1уманан билгало.

-Муьлхачу къамелан декъаца уьйр хуьлу билгалдешан?

-Билгалдешан ц1ердешца уьйр хуьлу.

-Шайн грамматически билгалонашца х1ун ду ц1ердешан а, билгалдешан а юкъара дерг?

-Терахьашца а, дожаршца а хийцадалар ду.

-Оцу къамелан дакхойн цхьатера доцург х1ун ду?

-Билгалдош лаамаза а, ламе а хуьлу. Дийцамехь лаамаза билгалдош къастам хуьлий лела. Ц1ердешнийн и билгалонаш ца хуьлу.







  1. Кхоллараллин болх.

Йозанан уьн т1ехь д1аоьллинчу кехатна т1ехь язбина бу кхоллараллин белхан чулацам.



(Дашо) гуьйре.



Ц1еххьана т1екхечира (токхе) гуьйре. (Лекхачу) стиглахула мохо (к1айн) мархаш идайора Оьхура (шийла) дог1анаш. Цара новкъарло йора (юьзначу) аренашкахь (сиха) болхбечу юьртахошна.

(Г1ийлачу). (тийначу) хьаннашкахь самукъане дацара. Дуккха а олхазарш тоххара (бовхачу) мехкашка д1адаханера.Охьаоьхучу (дашочу) г1аша когаш к1ела (можа) кузаш тийсинера.



(Хьаьъначу), (кегийрачу) татолашна чохь (бес-бесара) г1аш т1ера охьаэгначу (диттийн) а, стиглахула уьдучу (мархийн) а суьрташ гора.



Хьалхарчу тобанан векало доьшу дийцар, къовларшна юкъара дешнаш а ца доьшуш.

Юха шолг1ачу тобанан векало доьшу дийцар, къовларшна юкъарчу дешнашца цхьаьна.

-Муха тодина билгалдешнаша гуьйренан 1аламан сурт? Х1ун башхалла ю шина текстана юкъахь?

-Х1окху дийцаран чулацамехь билгалдешнаша гуьйренан 1алам исбаьхьаллин васташца, хаздеш, тодеш, кхета атта долуш сурт х1оттадо.



  1. Сочинени – дийцар.



Йозанан уьн т1ехь д1аоьллина ду гуьйренан 1аламах лаьцна «Гуьйре» ц1е йолу сурт.

Х1ора тобанан векало оцу суьртах лаьцна шаьш язйинчу жимачу сочиненин-дийцаран чулацам боьшу.

  1. Къовсадаларан кепехь болх д1абахьар.

-Билгалдешнаш муха хуьлу?

-Билгалдешнаш лаамаза а, лааме а хуьлу.



-Лаамаза билгалдош стенах олу? Дийцамехь муьлха меже хуьлий лела иза?

-Ц1ердашца уьйр а йолуш, цуьнца цхьаьна лелаш долчу билгалдашах лаамаза билгалдош олу. Иза дийцамехь къастам хуьлий лела.

-Оьрсийн маттахь х1ун олу цуьнах?

-Оьрсийн маттахь цуьнах определение олу.

-Хьан бийр бара къастам бохучу дашна фонетически таллам?

Дешархочо йозанан уьн т1ехь а, шайн тептарш т1ехь а бо оцу дашна таллам:



Къастам, къас-там, 6 элп, 6 аз.

Къ –(къ) –мукъаза, легашна т1ера,

А –(а) –мукъа аз,

С –(с) –мукъаза, къора,

Т –(т) –мукъаза, къора,

а – (а) –мукъа аз,

м – (м) –мукъаза, зевне.

- Лааме билгалдош стенах олу?

- Лаамачзу билгалдешнашна т1е иг я ниг суффиксаш кхетарца кхоллалучу билгалдашах лааме билгалдош олу. Предложенехь шайн маь1не хьаьжжина подлежащи, кхачам я т1едерзар хуьлий лела.

  1. Дозуш долу къамел кхиор

Йозанан уьн т1ехь д1аоьхкина ду гурахь хуьлучу стоьмийн а, дуганан а дешархоша шаьш дехкина суьрташ. Д1аязйина ю церан ц1ераш.



Т1едиллар: х1ора ц1ердашна бухахь язде лексически маь1ница дог1уш долу билгалдешнаш.

I

Iаж

ц1ен,

мерза,

боккха,

муьста

II

кхор

баьццара,

мерза, боккха, ношбелла.

III

хьайба

можа.

мерза,

онда,

йоккха.

IV

кемсаш

1аьржа, мерза,

яккхий,

еха.



-Муьлхачу тобано алсам далор дара ц1ердешнашца дог1уш долу оцу стоьмийн билгалонаш гойтуш долу билгалдешнаш? Хьалха шайн тептарш т1ехь яздина яьллачу тобанан веа векало йозанан уьн т1ехь д1аязбо лакхарчу дешнашца бина болу болх.

И дешнаш юкъа а далош, дешнийн цхьаьнакхетарш х1иттаде:

Ц1ен 1аж, ношбелла кхор, мерза кемсаш, можа хьайба.



Царех муьлхха а дешнийн цхьаьнакхетарш юкъа а далош, цхьацца предложени д1аязъе. Оцу предложенешна шаьш 1амийна кхамелан дакъош а къастош, таллам бе.

Предложени хаза муьлхачу тобано х1оттийна хьовсург ду вай.





билг.

ц1ерд.

хандош

билгал.

ц1ерд.

Ц1ечу

1ежех

юьзнера

диттан

к1ело.





билг.

ц1ерд.

ц1ерд. хандош

билг.

ц1ерд.

Мерзачу

кемсех

чам баьккхира

воккхачу

стага.

-Барта д1аеша предложенеш.

-Муьлхарш ду аш билгалдаьхна къамелан дакъош?

-Х1ора тобанан векало йовзуьйту предложенеш, довзуьйту шаьш билгалдаьхна къамелан дакъош.

-Вайн аренашкахь юьртабахамхоша гурахь лелош, чудерзош ялташ дуй?

-Вайн юьратбахамхоша гурахь чудерзадо дуга. Гурахь чудерзадо сула а, ц1ен дуга а.



Х1окху предложенина йозанан уьн т1ехь а, тептарш т1ехь а синтаксически таллам бийр бу вай:

Юьртабахамхоша хьийкъина ялташ машинашца хьатта кхоьхьу



Х1ун до?

кхоьхьу

сказуеми

Хьа?

юьртабахамхоша

подлежащи

Х1ун?

ялташ

нийса кхачам

Муьлха ялташ?

хьийкъина

къастам

Мича кхоьхьу?

хьаьтта

меттиган латтам

Стенца кхоьхьу?

машинашца

лач кхачам



Вай х1инца гуьрйренан де лаамазчу билгалдаша морфологически таллам бийр бу чалтар (схема) а х1оттийна:



билгалдош

тайпа

лаамаза я лааме

дожар

легар

терахь

гуйренан (де)

юкъамет-тигаллин

лаамаза

ц1ерниг

шолг1а

цхьаллин

IV Дешархоша шаьш бен болх. 6мин.



  1. Нийсаниг харжар (тестировании)



Х1ора дешархочуьнга т1едилларан кехат (тест) ло, т1ехь барх1 хаттар а долуш. Х1ора т1едиллар нийса кхочушдича, дешархочунна х1оттайо цхьа балл. Оценкаш х1иттайо х1окху кепара:

«5»-8балл, «4» - 6,7 балл, «3» -4,5 балл, «2» - 3 балл.



  1. Билгалдош:

а) къамелан дакъа;

аь) предложенин меже;

б) предложенин тайпа.

  1. Билгалдашо:

а) х1ума билгалйо;

аь) х1уманан билгало гойту;

б) х1уманан дар я хилар гойту.

  1. Билгалдашо билгало гойту:

а) ц1ерметдешан;

аь) ц1ердешан;

б) х1уманан.



  1. Билгалдешан даржаш хуьлу:

а) 5;

аь) 3;

б) 2.

  1. Дешнийн цхьаьнакхетар билгалдаккха:

а) т1ееара гуьйре;

аь) берзан дог;

б) хьоькху мох.

  1. Билгалдош дозуш ду:

а) хандашах;

аь) ц1ердашах;

в) ц1ерметдашах.



  1. Билгалдешан кхолладаларан некъаш:

а) 4;

аь) 3;

б) 2.

  1. Д1адаха ца оьшу дешнаш:

а) 1алам, б1аьсте, гуьйре, г1аш;

аь) лард, чаккхе, орам, дешхьалхе, га;

б) дешархо, хьехархо, вахархо, яздо.

  1. Билгалдешнийн тайпанаш ду:

а) доладерзоран, яххьийн, гайтаран;

аь) юкхаметтигаллин, хаттаран,

б) мухаллин, юкъаметтигаллин, доладерзоран.

  1. Билгалдешан уьйр хуьлу:

а) терахьдашца;

аь) ц1ердашца;

б) хандашца.



  1. Литературица йолу з1е.

Нохчийн гуьйренан 1аламах лаьцна кицанаш.

-Гуьйренан 1аламах лаьцна кицанаш хаьий шуна?Схьадийцал.





Хьалхара тоба:

-Гурахь: черка дог1а деъча, пунт хатт болу.

-Гурахь 1айг дог1анах ворда хатт болу.

-Гурахь даьккхинчу к1орнех котам ца хилла



Х1инца шолг1ачу тобане ладуг1ур ду вай.

-Гурахь: хинболчу сайл, карара лекъ тоьлу.

-Гуьйре юьзна хуьлу, б1аьсте меца хуьлу.

-Юьзна еъна гуьйре кхиъна йо1 санна ю.



Шина а тобанна цхьа кица ло, элпийн метта терахьаш дохкуш, яздина ду и. Терахьийн метта элпаш дехкича, кица дешалур ду. Хьалха болх бина ваьллачу дешархочо доьшу кица.

3-г1а т1едилларан кехат.

5.29.25.1.33: 37.8.25.14.1. 7.21.6.1. 7.8.41.37.1.,

23.29.20.27. 32.1.27.27. 3.21.18.29.

Гурахь: чехка дог1а деъча, пунт хатт болу.









V.Хьехарсахьтан жам1 дар. 3 мин

  1. Шина а тобанан векале шен тобанан декъашхоша бинчу белхан мах хадабайтар.

  2. Хьехарсахьтан декъашхошна хьалха х1иттийна хилла долу декхарш а, 1алашо а кхочушхиларан мах хьехархочо хадор.

  3. Хьехарсахьтехь жигара дакъа лаьцна хьуьнаре дешархой а, ледара хаарш долу бераш а билгал а дохуш, комментарешца классан тептар т1е а, берийн детаьптарш т1е а оценкаш х1иттаяр.



VI. Ц1ахь бан болх балар. 1 мин.

  1. Билгалдешнех долу хаарш т1едузуш, шардеш, 1-12-чуй пораграфийн бакъонаш ешар, 1амаяр

  2. Т1едилларца 73-г1а шардар кхочушдар.

  3. Горгали бекарца жигара дакъа лоцуш бинчу балханан баркалла а аьлла, дешархошца 1одика яр, уьш парг1ат битар.


Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!