СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Саракаев"Г1иллахи г1опехь"

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Саракаев"Г1иллахи г1опехь"»

   Хьехарсахьтан ц1е:  Классал арахьара дешар.  Саракаев Хьамзат «Ширачу г1опехь».

Хьехарсахьтан ц1е:

Классал арахьара дешар.

Саракаев Хьамзат «Ширачу г1опехь».

 1алашонаш. 1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар; кхиоран: Саракаев Хьамзатан кхолларалла йовзийтар шордар, цуьнан «Ширачу г1опехь» говзар йовзийтар; кхетам – кхиоран: исбаьхьаллин литературе болу безам к1аргбар.

1алашонаш.

1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар;

кхиоран: Саракаев Хьамзатан кхолларалла йовзийтар шордар, цуьнан «Ширачу г1опехь» говзар йовзийтар;

кхетам – кхиоран: исбаьхьаллин литературе болу безам к1аргбар.

Хьехаран кепаш: текст къастош йешар; дешархошца йешначух лаьцна къамел дар.  

Хьехаран кепаш: текст къастош йешар;

дешархошца йешначух лаьцна къамел дар.

 

 Догдаийтаран мур.  Кицанаш. 1. Массо а х1уманал мерзаниг – хьанал къинхьегам. 2. Маттаца ма сихло, дечу г1уллакхца сихло. 3. Мало – хало, собар – кхетам.

Догдаийтаран мур.

Кицанаш.

1. Массо а х1уманал мерзаниг – хьанал къинхьегам.

2. Маттаца ма сихло, дечу г1уллакхца сихло.

3. Мало – хало, собар – кхетам.

 Ц1ера болх таллар.  Сочиненийн жам1 дар.  Хьехархочо бераша йазйинчу сочинении хьокъехь дуьйцу,  билгалйоху церан дика, ледара аг1онаш. Т1ейог1учу хенахь  муьлхачу г1алатех ларбала деза, дуьйцу. Г1оли йолу ши – кхо  сочинени д1айоьшу, дешар­хошна муха йазйан йеза  хаийтархьама.  Хьехархочун дош.  Урокан тема, 1алашо йовзийтинчул т1аьхьа текстан дакъош  д1адоьшу хьехархочо. Текст д1айешале хаийта деза повесть  йоккха хи­лар, цу т1ера дакъош бен классехь довзийта йиш  цахилар. Дешархоша шаьш садо1учу хенахь йеша мегар ду  йерриг повесть.

Ц1ера болх таллар.

Сочиненийн жам1 дар.

Хьехархочо бераша йазйинчу сочинении хьокъехь дуьйцу,

билгалйоху церан дика, ледара аг1онаш. Т1ейог1учу хенахь

муьлхачу г1алатех ларбала деза, дуьйцу. Г1оли йолу ши – кхо

сочинени д1айоьшу, дешар­хошна муха йазйан йеза

хаийтархьама.

Хьехархочун дош.

Урокан тема, 1алашо йовзийтинчул т1аьхьа текстан дакъош

д1адоьшу хьехархочо. Текст д1айешале хаийта деза повесть

йоккха хи­лар, цу т1ера дакъош бен классехь довзийта йиш

цахилар. Дешархоша шаьш садо1учу хенахь йеша мегар ду

йерриг повесть.

Саракаев Хьамзат Бекович  (1927 – 1913)

Саракаев Хьамзат Бекович

(1927 – 1913)

Саракаев Хьамзат Бекович нохчийн сийлахь йаздархо, публицист ву. Хьамзат Саракаев вина 1927 – чу шарахь 31 декабрехь Веданахь. Россин Йаздархойн союзан декъашхо ву Саракаев. Цо нохчийн матте даьхна Толстойн дийцарш: «Хаджи – Мурад», «Казаки», «Набег», «Рубка леса».  Саракаевс ша йазйина произведенеш: «Ибрагим Бек», «Эдалханан некъаш», «Эдалханан доттаг1ий», «Малхана т1аьхьа» и. кх. д1. Саракаев Хьамзата белхаш бина Нохч – Г1алг1айн редакцехь воккхачу редакторан даржехь, «Низам», «Вайнах» журналашкахь, «Терк» газетехь. Дукха йу Саракаевс берашна лерина произведенеш. Цо царна т1ехь дуьйцу берашна гуттар дезашдерг, церан ловзарш.

Саракаев Хьамзат Бекович нохчийн сийлахь йаздархо, публицист

ву. Хьамзат Саракаев вина 1927 – чу шарахь 31 декабрехь

Веданахь. Россин Йаздархойн союзан декъашхо ву Саракаев.

Цо нохчийн матте даьхна Толстойн дийцарш: «Хаджи – Мурад», «Казаки», «Набег», «Рубка леса».

Саракаевс ша йазйина произведенеш: «Ибрагим Бек», «Эдалханан некъаш», «Эдалханан доттаг1ий», «Малхана т1аьхьа» и. кх. д1.

Саракаев Хьамзата белхаш бина Нохч – Г1алг1айн редакцехь воккхачу редакторан даржехь, «Низам», «Вайнах» журналашкахь,

«Терк» газетехь. Дукха йу Саракаевс берашна лерина

произведенеш. Цо царна т1ехь дуьйцу берашна гуттар дезашдерг,

церан ловзарш.

 Сада1аран минот. Йаздеш, доьшуш г1елделча,  Айдеш куьйгаш ластадо. Хьалаг1овтту, д1асахьовсу, Делалой тхо охьаховшу .

Сада1аран минот.

Йаздеш, доьшуш г1елделча, Айдеш куьйгаш ластадо.

Хьалаг1овтту, д1асахьовсу,

Делалой тхо охьаховшу .

 1аматца болх бар. «Ширачу г1опехь» повестан «Керлачу дахаре» дакъа дешар.  Дешархошца къамел дар.  Муха д1адоьдура берийн дахар «опорни школехь»?  Бешахь х1ун тайпа белхаш бора дешархоша? Мича 1алашонца лелайора и  тайпа бошмаш дешаран хьукматашкахь? (Х1инца санна шортта кхачанан  сурсаташ дацара цу хенахь. Цул сов, берашкахь къинхьегам кхио безара.  Кегий долуш дуьйна бераш (1амадора цхьацца г1уллакхаш дан. Оцу бешахь  кхиийнарг церан столови чу кхочура.)  Аьхка х1ун деш лелара цу хенара бераш?  Т1ом чекхбаьллачул т1аьхьа берашна дукхадеза ловзарш муьлханаш дара?  Молйохарг ловзар д1адахьаран къепе йийца.  Къийсадаларш мича кепара хуьлура берийн?  Стогалла къовсуш долчу зерах лаций дийца.

1аматца болх бар.

«Ширачу г1опехь» повестан «Керлачу дахаре» дакъа дешар.

Дешархошца къамел дар.

  • Муха д1адоьдура берийн дахар «опорни школехь»?
  • Бешахь х1ун тайпа белхаш бора дешархоша? Мича 1алашонца лелайора и

тайпа бошмаш дешаран хьукматашкахь? (Х1инца санна шортта кхачанан

сурсаташ дацара цу хенахь. Цул сов, берашкахь къинхьегам кхио безара.

Кегий долуш дуьйна бераш (1амадора цхьацца г1уллакхаш дан. Оцу бешахь

кхиийнарг церан столови чу кхочура.)

  • Аьхка х1ун деш лелара цу хенара бераш?
  • Т1ом чекхбаьллачул т1аьхьа берашна дукхадеза ловзарш муьлханаш дара?
  • Молйохарг ловзар д1адахьаран къепе йийца.
  • Къийсадаларш мича кепара хуьлура берийн?
  • Стогалла къовсуш долчу зерах лаций дийца.
 Туннель чу довла лууш х1унда дара бераш?  (Кхерам эшорхьама.)  Цициг к1елхьара муха даьккхира бераша?  Дуста вовшашца х1етахьлерчу, х1инцалерчу берийн ловзарш?  Уьш вовшех къаьсташ хилар стенца доьзна ду шуна хетарехь?  Цу хенахьлерчу муьлхачу ловзарх ловзур дара шу?  Йаздархочо цу берийн дахарх лаьцна х1унда йаздина шуна  хетарехь?  Х1ун пайдениг девзи шуна оцу дахарх лаьцна?
  • Туннель чу довла лууш х1унда дара бераш?
  • (Кхерам эшорхьама.)
  • Цициг к1елхьара муха даьккхира бераша?
  • Дуста вовшашца х1етахьлерчу, х1инцалерчу берийн ловзарш?
  • Уьш вовшех къаьсташ хилар стенца доьзна ду шуна хетарехь?
  • Цу хенахьлерчу муьлхачу ловзарх ловзур дара шу?
  • Йаздархочо цу берийн дахарх лаьцна х1унда йаздина шуна

хетарехь?

  • Х1ун пайдениг девзи шуна оцу дахарх лаьцна?

   Дешнаш т1ехь болх бар.    Туннель - лаьтта бухахула биллина некъ.   Оьг1аз – г1ала – Червленная.   Темирхан – Шура – Буйнакс.    Кхимар – бат.    Фланге – кхузахь: мог1ана аг1оне.    Казармаш – салтий чохь болу чоьнаш.    Цейхгауз – т1еман г1ирс чохь болу ц1а (склад).

Дешнаш т1ехь болх бар.

Туннель - лаьтта бухахула биллина некъ.

Оьг1аз – г1ала – Червленная.

Темирхан – Шура – Буйнакс.

Кхимар – бат.

Фланге – кхузахь: мог1ана аг1оне.

Казармаш – салтий чохь болу чоьнаш.

Цейхгауз – т1еман г1ирс чохь болу ц1а (склад).

 Синквейн.  Бералла.  Хаза, ирсе.  Ловзу, велаво, самукъадолу.  Бералла - уггаре а хаза хан.  Хазахетар.

Синквейн.

Бералла.

Хаза, ирсе.

Ловзу, велаво, самукъадолу.

Бералла - уггаре а хаза хан.

Хазахетар.

Рефлекси йар: Суна хии… Суна хазахийти… Со ца кхийти…

Рефлекси йар:

Суна хии…

Суна хазахийти…

Со ца кхийти…

 Ц1ахь бан болх.  1. «Ширачу г1опехь» повестан дакъош деша. 2. Арсанукаев Шайхин биографи йешар.

Ц1ахь бан болх.

1. «Ширачу г1опехь» повестан дакъош деша.

2. Арсанукаев Шайхин биографи йешар.

 Массарна а хуьлда шуна баркалла!  Беркате хуьлда шун хаарш а!!!

Массарна а хуьлда шуна баркалла!

Беркате хуьлда шун хаарш а!!!


Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!