СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Сочинени х1унда бан беза баьпкан кхоам

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Сочинени х1унда бан беза баьпкан кхоам»



Сочинени «Х1унда бан беза баьпкан кхоам».

  1. Бепиг-иза Дала вайна деллачу рицкъанах уггаре коьртаниг ду. Сан кхетамехь, бепиг вайн кхачанах коьрта ду, тайп-тайпана, куьц-куьцара чомехь кечдина даарш диъча а ца вузу, бепиг диъча санна. «Х1унда дан деза баьпкан сий?». Оцу хаттарна жоп дала х1инцалера кегийчарна хуур дац, аьлла хета суна. Х1унда аьлча, царна Дела къинхетамца мацалла ца гина дела.

  2. Текстан автора Саракаев Хьамзата, мацалла а, хало а дика евзаш волчу, къеггина гайтина шиъ бен турпалхо воцчу, амма маь1на доккха долчу текстехь Дала хьайна луш долу рицкъ кхоаде, т1алам бе, цуьнан пусар де…, стиглара чуоьгуш дац иза, хьаналчу къинхьегамца даккха дезаш ду. И бепиг мел хала кхиош ду, мел къахьега деза и нехан стоьла т1е кхачийтархьама шена дика хуу дела, шен к1ант кхето г1ерта да. Баьпкан цуьрг бен дацахь а, цуьнан хама бан беза, лусар дан деза. Цуьнан дина ца 1аш, и йалта кхиош волчун а дан деза сий. К1ентан даг чу къинхетаме з1ийдигаш йуг1у дас. Кхин долуьйтур дац цо шегара и тайпа х1ума.

  3. Сайн дахарехь зеделлачуьнга хьаьжча, тахана а ган тарло вайна нехаш д1акхийсинчу меттехь 1охку дийна кхалларш, батонаш, кхидолу сурсаташ. Даллллааа хххьалллха ааа къилахь дддууу иии тайпа х1ума шегара далийтар. Бепиг д1а муха кхуссур ду? Казахстанехь, Г1ирг1азойн махкахь шаьш лайна мацалла дага а йог1ий, баккхийчу наха (х1инца-м уьш дукха бисна а бац) олуш хеза вайна нехаш йуккъе д1акхийсина баьпкаш дайча: « Х1етахь-м д1акхуссур дацара хьуна хьо хьо цхьаммо а. Аренашца к1ен буьртигаш а лехьош, буц йууш лелла тхо, мацалла ца дала г1ерташ».

  4. Х1ара сайн ойла ерзош, Арсанукаев Шайхин «Баьпкан юьхк» стихотворени мог1анаш далор дара ас:

«Баьпкан юьхк 1уьллу. Дийна баьпкан юьхк. 1уьллу и новкъахь. 1уьллу д1асалелачу адамийн Когаш к1ел!....» Халонаш, баланаш, мацалла гина долу вай х1унда дац х1уманан т1алам беш, пусар деш, х1унда ю вайгах и бендацаралла?


Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!