-1-
1илманан - талламан болхбар дешархошна карадерзор.
Школехь хьехарехь а, кхетош-кхиорехь а, доккхачу маь1нехь ду дешархой, шайна хьоьхучул сов, шаьш ойлаярца керла довзийтинчунна т1аьхьакхиа, и т1едуза хууш 1амор. Цунах олу 1илманан-талламан болхбаран некьаш, кепаш царна йовзийтар, и кхочушдан царна 1амор, Муьлхха а предмет я тема хьоьхучохь хьехархочо мелла а хан билгалъян езаш х1ума а ду и, х1унда аьлча цу некъо бераш 1амадо х1уманах я хиламан шаьш ойла ян, цуьнан мах хадо, и т1едуза а.
Ткъа нохчийн литературин урокехь дешархошна 1илманан-талламан болхбар 1амор иштта д1адахьа деза. Хууш ма - хиллара филологин 1илманийн цхьа дакъа ду литература таллар (литературоведение). Исбаьхьаллин литературин говзарш йовзийтар, уьш таллар, церан 1алашо, меттан башхаллаш и. д1. кх., а ду литература талларо кхочушдешдерг.
Цундела хьехархо xlapa я важа говзар шен дешархошна д1аешарх парг1ат ца волу, цо уьш кхетабо цунах. Дукхахьолахь хьехархоша пайдаоьцу кеп ю муьлхха а авторан кхолларалла хьехарехь литературин критикаша я кхечара цунах лаьцна язбина бовзийтарх, уьш дешархошка бешийтарх а. Ткъа хьехаран корматалла дика карайирзинчу хьехархочо, оцу белхех пайдаэцна ца 1аш, берашца цхьаьна и кхочушдаран кепах кест- кеста пайдаоьцу.Цу кепара цо шен дешархой кхетабо 1илманан arlop литература муха толлу.
Нохчийн поэтан Мамакаев 1аьрбин «Берзан бекхам» ц1е йолчу стихотворенин масална т1ехь гойтур вай и муха кхочушдо. И герггарчу кепехь иштта хир ду.
1. «Берзан бекхам» стихотворенин авторх болу хаамаш:
а) Мамакаев 1аьрби Шамеуддинович вина 1918-чу шеран 2-чу декабрехь терка йистерчу Лаха-Неврехь хьехархочун доьзалехь.. Жимчохь да воцуш висира 1аьрби, хало лайра. Bopxl шо кхаьчна волуш иза шен девашас деша д1авелира Серноводскерчу берийн дешаран шахьаре.
б) Мамакаев 1аьрбин нохчийн литературе болу безам гучуболу
рабфакехь доьшуш волуш.
в) Исбаьхьаллин сурт хаза х1оттош язйора 1аьрбис шен стихаш.
Цо дуьйцура дег1ана йина чов йоцуш, лазочу безамах, доттаг1аллех, винчу лаьттан хазаллех, эсалчу б1аьстенан 1уьйренах, винчу юьртах валаран сингаттамах, жан мотт ларбечу 1уьнан - дагах чекхдолучу дерриге а дахарх а.
Сталински та1зар лаьттинчу хенахь банний бехк боцуш лаьцна, чувоьллина ехха хан яьккхина Мамакаев 1аьрбис. Юха ц1а вирзинчул т1аьхьа 1957-чу шарахь дуьйна иза вара Нохч-Г1алг1айн яздархойн Союзан правленехь консультант.
Шена т1ехь 1едало латтийнчу харцонаша, дахаран халонаша талхийнера Мамакаев 1аьрбин могашалла. Иза ц1еххьана кхелхина 1958-чу шеран 26-чу августехь Мескатахь, яздархо Айдамиров Абузар волчу хьошалг1а ваханчохь.
2. «Берзан бекхам» стихотворени дешархошна ешар:
Даккъаш дийшош, юккъе яьлла,
Тийна буьйса. Эсал бутт,
К1еза санна, аркъал баьлла,
Мархийн марахь ловзуш бу.
Эрзан зурма г1ийла елхош,
Жан мотт ларбеш, 1ийна 1у,
Барзо уг1уш, боьрнаш декош
Хезна, дай-й ладуг1уш ву.
Г1ийла-г1ийла уг1уш, барзо
Тийна буьйса елхайо.
Лаьмнех, хьаннех яйна марзо,
Берзан йорт цо, техкаш, йо.
Бена йоьдий, араоьккхий,
Т1аккха гу т 1 е хьаьвза и ...
Хьаьнга, стенга орцах кхойкхуш,
Батте х1унда тийжа и?...
Хьанна йоьлхуш нана-барзо
Буьйса шена къахьйина?:
(Берзан бекхам бовзаза волчо
Берзан к 1еза лачкъийна).
Эвлан пхьарчех х1азарш хиллалц
К1езе кхойкхуш, йилхира и...
Адмех «декъий» хуьлчу хенахь,
Техкаш, новкъаелира и.
Тийра yrlap... Чухчахьера «Делккъе» яьлла. Делхош дог.
1уьно, берзан бала балхош,
Бетта мерзех г1ийла п1елг.
Миска, д1асахьаьжна, тийна - (Маса гондхьа хеза аз!..» - Алух б1аьргаш лепош 1ийна,
Эвла юккъе хьаьвзи борз.
«Хьанах лата? Х1ун де хьанна?
Лойша схьа сан деган аз!..»-
Т1аккха к1омсарш етташ, цхьаьнна-м
Кертахь бин цо дохнах х1оз...
Бежнаш 1оьхуш, ж1аьлеш леташ,
Адмийн орца даьллера.
Амма берзан дагна хезаш
К1езан аз ду божлара!
Т1аккха, ерриг айаелла,
Г1уьнжар б1аьргех туьйсуш ц1е.
Кхерам байна, са д1аделла,
Хьаьди нана божли т1е.
Нана орцах кхачар хии
Жимчу берзан к1езанна!
З1арах м1араш туьйсуш, ц1ийза,
Доьлху, доьлху бер санна!
Дуьхьлох яьлла, масех хьайба
Божлахь барзо цестира.
Т1аккха... (берзан бекхам) барзо
Х1усамдех катуьйхира.
Ен-м тарлора - борз ца кхоьру:
Ненан безам! Ненан дог.
Нахах, ж1аьлех тийсалора,
Гатте хьовзий... Ели топ
Юьйжи... г1аьтти. Юха кхин цкъа
Даш синметта кхетта, мерци
X1унда? X1унда кхийти х1инцца?
Кхин цхьа г1улч ю кхача к1езе...
Сетташ, текха борз божлехьа,
Аз хезачу б1аьрг боьг1на,
Г1атта г1ерта. Цхьамма ц1ийла
Йожий, коьртах хен тоьхна.
Божле г1ийла хьаьжна, нанас
Т1аьххьара б1аьрг карчийра.
Божлахь, з1арах м1араш тесна,
К1еза делла карийра...
2. Цул т1аьхьа кхочушбан болабо дешархойн г1оьнца стихотворени т1ехь 1илманан-талламан болх.
а) Бераша шайн тетрадаш т1е схьаяздо оцу стихотворени юкъара шаьш ца кхета дешнаш, йа дешнийн цхьаьнакхетарш. Хьехархочо царах лаьцна буьззина кхетам ло дешархошна. Уьш герггарчу хьесапехь xlopш хила тарло:
Эрзан зурма - оьрсаша цунах свирель олу. Иза эрзах бина мукъаман (музыкальни_ г1ирс бу, цу т1ехь тайп-тайиана мукъамаш алало.
Жан мотт - буса жано (уьстаг1аша) садо1у меттиг, г1оти а олу цунах. Оьрсаша - загон, кутань.
Боьрнаш - нийса боьранаш аьлча ду, лаьмнашкахь таь1начу меттигах олу. Оьрсаша-лощина.
Берзан йорт - берзан болар.
Эвлахь ж1аьлех х1азарш хиллалц - к1адделла ж1аьлеш д1адийшшалц. Адамех «декъий» хуьлчу хенахь - адамийн набарш ч1аг1ъеллалц. Чухча-хьер - седанан ц1е. Оьрсаша - Большая Медведица.
Чухча-хьер делккъе яьлла - буьйса юккъе яхана.
Даьхнийн х1оз - кхузахь: цистина гобаьккхина даьхний охьадехкина. Дуьхьлох яьлла - кхузахь: къевлинчу не1арх чуяьлла.
Хен тоьхна - кхузахь: тоьпан бух тоьхна я стомма дечиг тоьхна.
Цхацца я шишша жутт (строфа) цхьамма я йоьшуш, дешархошка шайгга йоьшуьйту и стихотворени. Т1аккха хьехархочо хаттарш даларца цаьрга шайгга кхочушбойту цу т1ехь талламбаран болх. Хаттарш иштта х1итто тарло:
а) Х1ун бахьана ду борз синтембайна леларан? И муьлхачу дешнаша дуьйцу?
Жоп: Берзан бекхам бовзаза волчо Берзан к1еза лачкъийна.
б) Борз къиза экха ду, ткъа кхузахь цунах дог х1унда лозу вайн?
Жоп: Шен к1орнеш – к1езий адмаша лачкъа а дина, холчах1оьттина нана ю борз.
в) Х1ун дог-ойла кхуллу берзан 1ожалло, к1еза даларо а?
Жоп: Муьлхха а садолу х1ума, адамаш санна, дуьне а, дахар а, шайн
к1орнеш, наной безаш ю. Шех ч1ог1а къахоьтуьйтуш, дог 1овжадо берзан 1ожалло, ткъа жима к1еза - иза жима бер ма ду, шен нанна т1екхача г1ерташ дог а иккхина делла.
Барзехь муьлхха а садолчу хьуманийн ненан васт, ткъа к1езанехь беран васт гойтуш йолу меттигаш билгалъяха. Уьш герггарчу хьесапехь иштта билгалйохур ю дешархоша:
Бена йоьдий, араоьккхий,
Т1аккха гу т1е хьаьвза и ...
Хьанна йоьлхуш нана-барзо Буьйса шена къахьйина?:
Эвлан ж1аьлех х1азарш хиллалц К1езе кхойкхуш, йилхира и...
«Хьанах лата? Х1ун де хьанна?
Лойша схьа сан деган аз!..»-
Амма берзан дагна хезаш
К1езан аз ду божлара!
Кхерам байна, са д1аделла,
Хьаьди нана божли т1е.
Ен-м тарлора - борз ца кхоьру:
Ненан безам! Ненан дог.
Х1унда? Х1унда кхийти х1инцца?
Кхин цхьа г1улч ю кхача к1езе...
Сетташ, текха борз божлехьа,
Аз хезачу б1аьрг боьг1на,
Божле г1ийла хьаьжна, нанас
Т1аьххьара б1аьрг карчийра.
Эсал бутт,
К1еза санна, аркъал баьлла,
Мархийн марахь ловзуш бу.
Нана орцах кхачар хии
Жимчу берзан к1езанна!
31арах м1араш туьйсуш, ц1ийза,
Доьлху, доьлху бер санна!
И болх бинчул т1аьхьа дешархошка шайна хезначух а, гиначух а кичча долу масалш даладойту.
«Берзан бекхам» стихотворенин муьлхха а 5-6 строфа дагахь 1амор т1едуьллу дешархошна. Оцу стихотворенин сюжетера шайна луъучура меттиган сурт дилларан къовсам-конкурс а д1акхайкхадо. Цу кеппара дешархошца цхьаьна хьехархочо керла тема йовзийтаран а и ястаран а кеп 1аламат дика жам1 долуш хуьлу массо a aгlop.