СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Тема: Бехке воцу стаг вийча, хуьлуш долу къа а, дог1у та1зар а. 7 класс -этика

Категория: ОРКиСЭ

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Тема: Бехке воцу стаг вийча, хуьлуш долу къа а, дог1у та1зар а. 7 класс -этика»

Урок № 2

Класс – 7

Терахь ______

Тема: Бехке воцу стаг вийча, хуьлуш долу къа а, дог1у та1зар а.

1алашо: адаман дахаран мах хадорах лаьцна 1амийнарг т1е а

ч1аг1деш; бехке воцу стаг вийча, цунна хуьлуш долу къа а,

дог1у та1зар довзийтар;оьздангаллин гурахь стаг латтор

довзийтар а; къоман

г1иллакхехь къона т1ехье кхиор а.

Урокан г1ирс: «Нохчийн г1иллакх-оьздангалла»,

«Даккхий къинош»

Урокан некъ

  1. Догдаийтаран мур


-Хьо адам ду, ахь цундела

Лардан деза 1алам хаза:

Дита хьоза стиглахь лела,

Сема лу а дажа басахь.


II. Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур


- Муха хадош хилла адаман дахаран мах нохчашна юкъахь?

- Муха дехаре боьлхуш хилла нах, нагахь ца хууш цхьаьннан карах стаг велча?

- Т1евуьту стаг барми т1ехь вигаран маь1на хьан дийр дара аш?

- Моццул беза лерина стеган дахаран мах?

- Муха аьлла цунах лаьцна Къуръан чохь?

- Г1иллакхашка хаьжжина, стеган мах хадор муха хилла нохчашлахь?


II Керла тема: Бехке воцу стаг вийча, цунна хуьлуш долу къа а, дог1у та1зар а.


- Дала бусалба стеган мах инзаре базбина бу. Везачу Дала Адам пайхамар кхоьллича маликашна Адаман а, цуьнан бусалбачу т1аьхьенан мах-сий мел деза ду хаийтархьама, маликашка Адамна суждане г1о аьлла. Хьаьжин ц1ийнан дозаллина х1ора шарахь миллионаш адамаш цига доьлху, т1аккха а Элчано хьаьжин-ц1ийнна хьалха а х1оьттина, аьлла: Дала гергахь хьан сий доккха ду, амма бусалбачу стеган сий хьол деза ду. Везачу Дала аьлла: шена хуъушехь, бехк боцуш стаг вийнарг, Делан оьг1азло г1уш, цунна Дала не1алт кха1кхор ду, 1аламат доккха та1зар цунна т1ехь латтош, гуттаренна жоьжахати чохь лаьттар ву иза. Везачу Дала аьлла: хьаъ доцуш стаг вийнарг долу адамаш дийча санна лору; валарх, я кхерамах, я мацаллах стаг къелхьара ваьккхинарг долу адамаш дендича санна, лору. Делан Элчано аьлла: дуьне къуьйсуш, бусалба ши стаг вовшех латахь, велларг а, и вийнарг а, ший жоьжахати чохь хир ву. Делан Элчано аьлла: Далла гергахь дуьне доьхна д1адаларал деза ду хьакъ доцуш, бусалба стаг вер.


Дешнаш т1ехь болх:


Ялсамане –

Жоьжахати –

Хьаьжин ц1а –


III 1амийнарг т1еч1аг1дар


- Билгалдаккхар: шена хуъушехь, бусалба стаг бехк боцуш вийначун тоба дан йиш ю.

Делахь а, тоба дарца, цо ша вийначунна д1адала дезаш долу хьакъ т1ера ца дужу.

Дуьненчохь дацахь а, эхартахь д1адала дезаш ду цо ша вийначуьнан хьакъ.

- Дала маликашка Адамна суждане г1о аларан бахьана х1ун хилла?

- Бусалба стеган сий стенца дуьстина Дала?

- Хьакъ доцуш стаг вийнарг муха лору Дала?

- Валарх, я мацаллах, я кхерамах стаг к1елхьара ваьккхинарг муха лору Дала?

- Дуьне къуьйсуш, ши стаг вовшех леттехь, х1ун та1зар хир ду боху Дала шинне а?


V. Урокан жам1 дар.


- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;


VI. Рефлексин мур


-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?


Ц1ахь бан болх: язйинарг схьайийца.





Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!