СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Урок родной литературы в 10 классе. "Ирсан орам"

Нажмите, чтобы узнать подробности

Конспект урока чеченской литературы на тему "Ирсан орам"( Корень счастья")

Просмотр содержимого документа
«Урок родной литературы в 10 классе. "Ирсан орам"»

Урокан ц1е: «Ирсан орам» романан дакъош а доьшуш, текст т1ехь болх бар..

Урокан 1алашо: «Ирсан орам» - роман кхолларан истории йовзийтар. Сийлахь боккха Даймехкан т1еман хенахь къинхьегаман коллективо тылехь бен болх гайтаран башхаллаш.

Урокан г1ирс: Яздархочун сурт, роман, конспект.


Урок д1аяхьар:


Вовшех дагадовлар.

Ц1ахь елларг хаттар.

Урокана оьшу г1ирс кечбар.

Журнал кхочушдар.

Урокан керла керла коьчал йовзийтар.

Урокан жам1 дар.


Ц1ахь бан болх балар.


Урокан хаттарш т1едахкар:

-«Ирсан орам» -роман кхолларан истории йовзийтар кхолларан истории йовзийтар -«Г1амар»-поэма хьенах лаьцна ю, мила ю цу т1ехь йуьйцург?

«Ирсан орам» -роман хьенах лаьцна ю?

- Керла коьчал йовзийтар

«Ирсан орам» - роман кхолларан истори: Ша ца кхоош къахьоьгуш а, оьрсийн литературан диках йолчу произведенех 1емаш д1аихначу шераша кхиийра цуьнан кхоллараллин коьрта амал: ядархо даимана сема яра Даймахканний, халкъанний хьалхахуьттучу декхаршна. Даймехкан т1ом болчу хенахь иза Джамбулски областан Чалан-Тау поселкехь ехаш яра. Цигахь цунна гора вайн мехкан шайн-шайначу къоман векалшца, цхьабартболуш, доттаг1аллица республикан хьуьнарш. Кхузахь йолало иза дукхапланови йолчу романа т1ехь болх бан. Ткъа шаре д1акхочуш болх бира цо гинарг, лайнарг исбаьхьаллин хорме дерзош. 1964 шарахь араелира цуьнан романан хьалхара книга – «Ирсан орам» романехь болчу къинхьегамхой. Кхолламаш, идейни т1етовжамаш романехь говзаллица нохчочун Акаев Русланан, цуьнан оьрсийн зудчун Вассин кхолламца боьзна бу. Вассин да- Грозный-г1алин промыслин белхалочо Советан 1едал доккхуш д1аделла шен дахар. Изий, Русланан да оОьздий ши доттаг1 вара, цундела цуьрриг тамашийна дац Руслан дайн турпаллин хьуьнарех масал оьуцш кхиъна хилар. Цундела кхеташ ду вайна иза, Исрапил къинхьегаман халкъо шен парг1ато къуьйсучу хенехь царна г1оьнна цига вахара. Юха Даймахка веъча Руслан хьалхачулла а каде хьийза, балхана чувулу.

Т1еч1аг1дар

Романан дакъош комментареш еш дешар.

Урокан жам1 дар.

Хь. Х1ун хии вайна керла тахана урокехь? Д. «Ирсан орамехь» - роман язъяран исторех лаьцна хии-кх.

Исаева Марем йина 1898-чу шеран 20-чу декабрехь Одессехь. Циггахь 2-чу Одесски гимназехь дешна, цул т1аьхьа – Соьлжа-Г1алахь гимназехь а 1920 шеран мартехь Маръям Нохчийчоьнан халкъан йоза-дешаран отделан школе даха хан кхачаза долчу берийн г1уллакхаш лелочу подотделан зеведующи х1оттийра. Дуьххьара цо кхоьллина берашна лерина произведенеш.1924-чу шарахь Исаева Марьяма Ростов-на-Дону г1алахь Къилбседа Кавказан крайн женотделехь болх бо, Ростовски университетехь деша а доьшуш.30-г1а шерашкахь цо язйо «Г1амар», «Революционерийн илли» поэмаш.1937-1943-чуй шерашкахь Исаева Марьяма Нохч-Г1алг1айн краеведчески музейн директоран болх бо.Казахстанехь берийн бошмашкахь кхетош-кхиорхочун белхаш бина цо.1957-чу шарахь, вайнах ц1а бирзича, шен корматалла а, дуккха а ницкъаш а д1ало юкъараллин а, кхолларалин а балхана. Дахаран т1аьххьарлера ткъа шо – цуьнан кхоллараллехь угаре эвсаралле мур бара.

Ц1ахь бан болх балар.


«Ирсан орам»- роман еша, чулацам схьабийца.


Проверила зам. диретора по УВР______________ Салманиева Я.Н. 06.02.2013.г



Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!