СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Видеоролик в музее 1. Мамакаева

Нажмите, чтобы узнать подробности

Заочная экскурсия в музей легендарного поэта А.Мамакаева.

Просмотр содержимого документа
«Видеоролик в музее 1. Мамакаева»

Музейхь хьошалг1ахь

Д1адаханчу к1иранах йочане денош дара. Кху дийнахь къеггина хьаьжначу малхо серладаьккхинера дерриге а 1алам. Тхо, Ищерерчу юккъерчу школера дешархой, дахара тхаьш дукхе-дукха хенахь дуьйна сатийсинчу ширачу юьрта Лаха-Невре хьошалг1а. Тхан цига дахаран 1алашо яра: Мамакаев Эду – Хьаьжица цхьаьнакхетар а, дерриге а цуьнан дех Мамакаев 1аьрбих лаьцна довза а. Тхан ненан меттан а, литературан а хьехархочо дуккха а исбаьхьа хаза дуьйцура тхуна Мамакаев 1аьрбих, Эду-Хьаьжих, музейх лаьцна. Ткъа ас цхьа ч1ог1а сатеснера кхуза кхача. Дуьххьара со д1акхаьчча ас дийшира:



Музей керта яьлча, цхьа тамашийна ойла хилира сан. Цхьа хан- зама юхахьовзийча санна, хеттехь а, со хила йиш йоцчу метте кхаьчча санна, цхьа къайле-м яра цу пенаш юккъехь, цу къайлене сихха кхача лаьара.

Тхо хьовхачу, эсалчу, йоккхачу йовхонца т1еийцира Эду- Хьаьжас а, цуьнан х1усамнанас Амината. Цатору хьеший баьхкича санна хьаьвзира тхуна Аминат Халимовна а, Эдуард Арбиевич а. Эдик хьалхалера лента хьовзон магнитофон тоеш воллура тхо цига кхаьчначу хенахь. Ца хаьттича 1ен ца елира со: « И х1ун ю?». Эдика цхьа к1еда, цхьа хаза делира жоп: «Магнитофон ю. Х1окху лента т1е д1аяздина ду 1аьрбин (шен ден) къамел

(Дала мукъ лахь юха а г1ур ю со цига, цуьнга ла а дуг1ур ду). Цул т1аьхьа тхо дигира Амината йоккхачу «Хазне».

1.Къамел-дийцар уьйт1ахь, 1аьрбин х1олламна уллохь. Уьйт1ахь доьг1на синтарш дара. Уьш нохчийн г1арабевллачу яздархоша а, иллиалархоша а, политикаша а доьг1на дара, цхьадерш даккхий дитташ хилла лаьттара, уьш доьг1на дикка хан хиларан билгало яра иза. Х1ора диттах оьллина чалтар яра, т1ехь и синтар хьа-м а, маца а доьг1на а яздина.

Ас дийшира Дагаев Валидан, Джамалханов Зайндин, Айдамиров Абузаран, Усманов 1имранан, и. д1.кх. ц1ерш т1ехь йолу чалтарш. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа ларийна ца хиллера шен дог1у синтар д1адог1а. Цунна лерина сирчу хьочан дитт дара т1ехь кхозуш чалтар йолуш. «Кадыров Ахьмад-Хьаьжа 2004ш. 11 май».

2. Раг1у к1елахь, кхерчана (товхана) уллохь къамел. 3.1арбин ц1а, цуьнан х1уманаш а, куьган йозанаш а.

Цул т1аьхьа йиллира, туьйранахь санна, хьалхара не1. Не1 д1аеллаяларца, со кхийтира цу къайленах, со кхечира ширачу заман чу. Б1аьргашна хьалхха иштта сурт х1оьттира. Уггаре а хьалха хиллачу нохчийн меттан хьехархочун сурт, уггаре а хьалха хилла горгали, суртдоккхург, суьрташ, истангаш, нохчийн духар, пена т1ехь кхозу верта, башлакх, герз, дечиган маьнга, пенашца а, маьнги т1ехь а истангаш дара. Тхуна дийцира вайн наноша истангаш муха деш хилла. Истангашка хьаьжча гора, уьш куьган говзанчаш хилла хилар. Иштта шира радио приемникаш.

4.1арбин ден Шамсуддин ц1а.

(1920-1921 шерашкахь Теркан округан милицин штаб лаьттина.)



Д1о пенах кхозучу вертано дуьйцура дара, мотт хууш хилча дуккха а. Т1амах чекхдаьлла иза а. Чухула тоьхна ц1ен к1адин ду вертанан. Т1ам т1ехь байракх меттана ц1ечу аг1ор духуш хилла иза. Иштта кхеташонна гулбан безачохь б1аьхой, б1аьччанан кхайкхам ахилла иза. Мел геннара гуш хилла хир ду-кх ц1ен верта. Пенаха кхозучу истангана т1ехула кхозура цхьана хенахь мукъа ца хилла герз. Хетара уьш тхайга хьуьйсуш санна. Со-м г1еххьачул озалора царех.

5.1арбин ненан ц1а. Цхьа шатайпа аьхналла хаалора цу чохь. Моьттура Жухират х1инц-х1инца 1арби валош чуйог1ур ю. Мах хаза дуьйцура Амината. Ма лаьара 1ен хьоьга иштта хаза къамелаш дойтуш.





Цхьана сонехь лаьтташ бара дечиг пондар. Къанвелла, г1ора доцуш, вистхила де а доцуш, воккха стаг санна, мерзаш доцуш, аз дайна, мотт хаьдда лаьттара иза. Хьенан самукъа даьккхина хир ду цо шен дахарехь? Хьенан дог 1овжош, б1аьрг белхина те цо? Шен аз хилча-м дуккха а дуьйцур дара цо!

Бераш лаьттара ч1ог1а ладуг1уш. Аминат дуьйцура, ткъа дешархоша хоьттура. Цо говзачу маттаца жоьпаш лора дешархойн хаттаршна. Хеталора, музей чохь йолу йийбар наб кхетта йижина йолуш санна. Уьш сама ца яха, царна г1овг1а ца ян, къамел музей чохь меллаша дора. Х1ара чоь хьешан ц1а долчух тера дара. Дехьара ши чоь: берийн ц1а а, кхача кечбеш йолу чоь а яра. Цу шинна юккъерачу пенах дара жима кор. Коран цхьана аг1ора стогар х1оттийча шинна а чохь сирла хуьлуш хиллера. Амма суна хийтира: даиманна х1усамненан г1уллакх кхача кечбеш хуьлу аьлла. Ткъа берийн чоь уллохь хилча, нанна шен доьзалан 1уналла дан, ша сиха йолчохь, корехула б1аьрг тухуш, атта хилла хир дара цунна.

Кора хьалха лаьттара когаца хьовзош хилла урчакх. Ма г1елъелла лаьттара иза. Хийлаза цуьнан чкъург хьийзаш, ненан г1ийлачу узаме ладуг1уш, мерзачу набарна вижна хир ву, цу эчиган жимачу маьнги чохь 1аьрби. Х1инца кхача кечбеш йолу чоь юьйцур ю ас. Пенах чоь яьккхина, аннаш дохкуш, йина терха яра. Цу т1ехь дара кхийра кедаш, к1айчу кхийран пхьег1аш, дечиган 1айгаш. Лахха лаьттара ц1естан шун, чара, яйнаш, к1удалш. Х1ора к1удалх лаьцна дуьйцура Амината. Иштта цу чохь яра шура чекхйоккху машен а. Х1усамнанас 1уьйрре г1оттуш, шура а йоккхий, т1о боккхуш хиллачух тер аду. Яцара хьаха х1умма а сеттийна -м, хьоме лелийна, беркате куьйгашца. Цу чохь мел долу х1ума шен-шен меттехь товш яра. Хетара, х1усамнана х1инцца г1уллакхаш а дина ара яьлча санна, бераш ловза дахча санна, тийна дара.

Кху чуьра ара а девлла, кхечу ц1а чу дахара тхо. Х1ара-м ц1а хилла ца 1аш, ша ма-ярра хазна яра. Ц1а чохь горга стол ду. Суна хетарехь, цу стоьлан горга хиларца иман-беркат алссам хилла хир ду, гобаьккхина доьзал цхьана охьахууш. Пенах кхозучу суьртийн чот яц. Ткъа стоьла т1ехь лаьтта (суна хьалхалерачу кинофильмашкахь гина) патифон. Иза-м х1инца а болх беш яра. Амината гайтира тхуна цо болх муха бо, пластинка т1е а х1оттийна, лакхийтира. Дерриге а шен ган дезаш ду.

Дийцира нохчийн «Г1улгаш» ловзарех лаьцна. Суна цкъа ца хезнера «Баттам» боху дош. Баттам иза к1удал хилла жимачу йо1а лелош. Хи йистехь мехкарий муха къаьсташ хилла а дийцира. Юткъа бертиг йолу(зудаберан г1одаюкъахь тера) кудал мехкарша лелош хилла. Гай шуьйра долу к1удал зударша лелош хилла. Иштта хиира, к1удал белш т1е юьллуш, цу к1ел эхинг дуьллуш хилла мехкарша, ткъа зударша бухка тосуш хилла. Бухка тхуна гайтира.

Гуттур а со цецъяьккхира х1окху товхана т1ехь хиллачу берано. Диттан генах бина бара иза. Ма говза хилла-кх вай Нохчий!



Дечиган маьнга, цу т1е тесна черт(циновка) эрзах дина. Цуьнан б1е шо ду. Шиъ нохчийн ага, тускар. Лаккхахь, пенах кхозу кад (репродуктор). Х1ора юьртахь г1уркх буьххьехь кхозуш хилла. Керла-керла хаамаш беш. Йоьхна латта йиш ца хилла. Амма х1инца болх бийр болуш бара кад. «Пенсе» бахийтина.

Ма хаза дуьйцура Амината шен мардех 1аьрбих лаьцна. Ма дуккха а дара дийца. Амма къаста дезара , муха йолу а ца хууш хан яьллера. Тхо д1асакъастале, тхуна книгашца, шен куьга яздеш, Эдуард Арбиевича совг1аташ дира. Ма дика адамаш ду-кх вайн! Дала могушалла лойла шуьшинна Эду-Хьаьжа, Аминат. Хьо санна к1ант хуьлийла лаьара х1ора а ден!. Кет1а делира ший а, тхан 1одикаеш, юха дуьйла бехира хьошалг1а.

Дийца а, яздан а дуккха а ду. Со чекхъйолуш доьху ас, сан цхьа долчу г1алаташна гечдар. Лаьара вай массо а музей доьлхийла.

Бестужев-Рюмин дешнашца дерзор ду ас: «Музей-одно из самых могущественных средств воспитания народного самосознания».





«Суна цхьа х1ума ала лаьа, накъостий, вайлахь(вайлахь х1ара х1ума дуьсур доцийла хаьа…). Цхьа а тайпа бехк а боцуш, шен халкъий, Даймохккий безар доцург, хийла к1ант х1аллакьхили Сибрехан аренашкахь, набахтийн хьерашкахь. Вай нах делахь, вайна уьш бицбала йиш яц шуна. –Со теша 1арби санна болу к1ентий, вай а, вайн халкъо а цкъа бицбийриг цахиларх!»

1-Хь. Хамидов.



«Нохчийн мокхазо нохчийн ламанах баьккхина суй бара 1арби».

А.Сулейманов.



«Вуьззина къонахчун дошший, цуьнан г1уллаккхий цкъа а довш дац. Цундела 1арби тахана а вайца ву».

А.Айдамиров.



















Здесь Арби и сегодня ждёт гостей.


Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!