СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Шардарш. Билгалдош.

Нажмите, чтобы узнать подробности

Шардар №1. Схьаязъе ялийна предложенеш. Билгалдешнашна буха тулгIенан сиз хьакха.

1.Хез-хезаш дIахезира и гIуллакх хьалха юххерчу, тIаккха генарчу ярташкарчу нахана. Схьаэха бевлира нах, цIен олхазар дохка шайна бохуш. Цунна моьттуш хилла, ша цу охазаран жижиг диъяа, къон лур ву. 2.Говран цIоганах баьккхина мерз а белла, дIабахна Iаьржа гила. КIантана, тохара санна, мерза наб тIегIоьртина. Урх хецна йитча, махаца чехкалла къуьйсуш, юхаоьзча, стигалан Iаьршашка хьалагIерташ, вадийна элан юьрта дIакхачийнна Iаьржачу дино жимахволу ваша. 3. Хино к1айн заза кхоьхьура, акказийн к1айн заза. Цуьнан цхьа баьццара юбка ма ю, г1одаюккъехь доьхка а долуш. Мохь г1аьттира кертара схьа, зударийн мохь, ц1ог1анаш [3, а. 222].

Шардар №2. Лахахь долчу билгашлдешнашца цIердешнаш а далош, дешнийн цхьаьнакхетарш хIиттаде. Кеп: тиша керт.

Тиша, бора, юткъа, дера, кIеда, мокхазан, тийна, воккха, эсала, синкъераме, мокха.

Шардар №3. Далийначу лаамазчу билгалдешнех -иг я -ниг суффикс тIе а тухуш, лааме билгалдешнаш кхолла. АстагIа – Гомха – Мела – Сиха –

Шардар №4. Барам, амал, бос, чам гойтуш долу билгалдешнаш а далош, дIаязде лахахь далийна цIердешнаш.

Лам, кIалд, божал, урамнекъ, синтар, дешархо, машен, ойла, тIуо, сту, тIаргIа, тхов, лар, аре, гIант, мача, гIирс, хьач, юрт, нах, Iаж, буьйса, хи, къонах, дохк, мох, нана, сискал, неI, гIала, лом, поэт, пьеса, концерт, торт, костюм [1, а. 10-14].

Шардар №5. ХIора бIогIамалгана пхиппа мухаллин билгалдешнаш а далош, хьалаюза таблица. Шайна луу шиъ билгалдош схьа а харжий, ши предложении хIоттае.

Бос гойтурш

Чам гойтурш

Барам гойтурш

къорза

кIон

стомма

Шардар №6. МаьIница догIу синонимаш а далош, хийца дешнийн цхьаьнакхетарш. Билгалдаккха церан тайпа. Кеп: керла синтар – къона синтар.

Лекха аз, воккха хьаша, нисвелла стаг, керла йовлакх, хилла Iаж, таханлера газет, лекха цIа, чомехь кхача, мехехь дама.

Шардар №8. ХIора бIогIамалгана ялх-ялх юкъаметтигаллин билгалдешнаш даладе. Цаьрца кхо-йиъ предложени хIоттае.

ХIума стенах йина ю

ХIума мичара схьаяьлла гойтурш

ХIума мацалера ю гойтурш

Дечиган

Бешара

Стохкалера

Шардар №7. Xloкxy лахарчу цlердешнашна хьалха догI-догlу билгалдешнаш язде.

Кеп: цIен байракх.

…байракх .бай .шекъа .lаж

.кlopa .шекар .тlул .малх

Билгалдешнашна кlел тулгlенан сиз хьакха [15, а. 97-98].

Шардар №8. Лаамечу билгалдешнашца маьIница догIу цIердешнаш а далош, уьш цхьаллин терахье а дохуш, дIаязде. Кеп: селханлеранаш – селханлера бепиг.

Ондийнаш, стохкалеранаш, можанаш, аьрганаш, юххеранаш, стомарлеранаш, гаттийнаш, лоханаш, сийнанаш, къорзанаш, керланаш, иранаш, ангалинаш, йоргIанаш, охьаранаш,мукъазнаш, боьмашнаш, чIамаранаш, ледаранаш, ломаранаш.

Шардар №9. Шина богIамалгIа декъа билгалдешнаш: 1) терахьашца хийцалуш дерш; 2) терахьашца ца хийцало билгалдешнаш.

Лекха шахьар, меран аз, баьллан мутт, бодане чоь, кIеда хьокхам, гуьйренан Iуьйре, мела хи, говран кхес, къегина куьзга, аренан олхазар, луьра мостагI, жима къонах, луьста зезагаш, готта некъ, лоха говр, доккха тIай, кIайн гIабали, мукъаме байт, онда кIант.

Шардар №10. ХIара лахара лаамаза билгалдешнаш лаамечаьрга дерзаде. Легаде царах 4 лааме билгалдош. Дожарийн чаккхенашна кIел сиз хьакха.

Сиха говр, боккха некъ, лекха лам, готта урам, кIайн коч, боьмаша кIади, бероза котам, жаIуьнан верта, тиша рагIу, цIен-можа бос, къора стаг, кIайн-къорза етт, тайша хьайба, серийн керт, стохкалера шо, таьIна-сийна пен, къинхетаме куьг, самукъане Iуьйре, дато пхьегIа, куьйса эрз, аьчган лами [6, а. 76].

Шардар №11. ДIаязде билгалдешнаш тIадамийн меттана оьшу чаккхенаш а йоьхкуш. Лакхахь билгалдаккха церан дожар а, легар а.

1.Массо а, цхьаьна а кхетта, юьртар… къаночунна тIебахна, тIехIоьттин… къиза… балех хIун дича хьалха девр дара-техьа аьлла, хатта. Хьаьвзин… Iасана тIе а тийжаш араваьлла… къена… стага аьлла: «Дас-нанас аьлларг деш волчу дикачу кIанта кху балех хьалхадохур ду вай». Уггаре дика… схьагулбира юьртахоша. 2. «Марша догIийла шу, беркат… хьеший! Схьадуьйла сан беркъа… хIусаме!».

Шардар №12. ДIаязъе, билгалдешнийн дожарш къовларшна юккъехь билгал а дохуш, чаккхенашна кIел сиз хьакха.

Дукха баланаш ловш, дуьненан Iазап токхуш, эзарнаш шерашкахула чекхдолуш, шен ненан мотт а, оьздангалла а ларъеш, Iалашъеш схьадеъначу нохчийн халкъан а, шен цIераш бIешерийн тIамаршкахь йисинчу дикачу дашца дайн аьзнаш хестош, нохчийн мотт кхиош, дебош, шорбеш, тIаьхьарчу тIаьхьенашка схьакхийдош, бакъдуьненчу дIаихначу нохчийн илланчийн а сийнна лору ас хIара сайн гIийла болх [10, а. 3]. Тхан юьртахь шен гIиллакх лардарца, оьздангаллица вевзинера цхьа жима къонах Iусман. Цо чIогIа сий дора воккхачун. Воккхачуьнга а, жимачуьнга а дика ладугIуш а, церан тергоеш а хуьлура иза. Баккхийчеран сий дар а, тергояр а кхочуш ца дича, йиш йоцу гIуллакх лорура Iусмана. Баккхичаьрца воккха а, кегийчаьрца жима а хила лууш вара иза. Ур-аттала шел жиманиг чувеача а, ша хиинчуьра хьалагIоттура иза. Новкъа воьдуш-вогIуш, даима а воккхачунна а, шел жимачунна а некъ буьтура цо. Воккхачо а, жимачо а аьлларг даима а кхочушдора цо, тIаьхьа ца туьттуш, диц ца деш. Баккхийчаьрца а, кегийчаьрца а иштта гIиллакхе а, кхетам болуш а хиларна, массарна а дукхавезара Iусман. ГIуллакх дечохь деш дерг баккхийчаьрга а, кегийчаьрга а ца кхочуьйтуш, ша дан гIертара иза, царна хало ца хилийта. Даима а баккхийчарах доззалла деш, церан лерам беш хиларца билгала а вара Iусман, цара дIакхехьна некъ шена сийлахь хетарна.

Шардар №13. Далийна билгалдешнаш юххе цIердешнаш дехкарца дешнийн цхьаьнакхетарш а хIиттош, классашца хийца а хуьйцуш, дIаязде. Кеп: деса гIутакх – еса чоь – беса тIоьрмиг.

Дуькъа, довха, декъа, дуткъа, дораха.

Шардар №14. Тайп-тайпана классаш йолу билгалдешнаш, улле маьIница догIу ши-кхоъ цIердош а дуьллуш, схьаязде.

Кеп: еса кIудал, еса чоь.

Воккха, еза, дайн, довха, боккха, декъа, дораха, бовха, баьсса, йовха, доца, дуькъа, декъана.

Шардар №15. ДIаязде, билгалдешнаш дустаран дарже а хIиттош.

Сту, етт (ондалла). 2 Эчиг, бамба (дозалла). 3 Болат, эчиг (чIогIалла). 4 Терк, Соьлжа (доккхалла). 5. «Мерседес», «Жигули» (чехкалла) 6. Аьхке, гуьйре (йовхалла) 7. ЦIенош, божал (локхалла) 8. Поп, акхтарг (нуьцкъалла) 9. Да, кIант (къоналла) I0. Моз, шекар (марзалла) 11. Нана, десте (хьомсаралла) 12. Журнал, газета (стоммалла) 13. Эвтара, Соьлжа-гIала (ширалла) 14. ДоттагI накъост (тешамалла).

Шардар №16. ДIаязъе предложенеш. Билгалдешнашна буха сиз хьакха. Билгалдешан юьхьанцарчу даржах дустаран дарж де. Дийца, муьлхачу суффиксийн гIоьнца кхолладелла дустаран дарж.

1) - Исбаьхьа шаьлта ю, исбаьхьа, - элира Воронцовс леррина ирйина юккъехула харш долу болатан шаьлта баттара ах схьа а яьккхина. 2) ТIеюьйхина цIена кетар а, еха гIовтал а, цIена кIайн тIергIан пасаташ а йолчу воккхачу стага кехат дIа а эцна, бохчи чу диллира. 3) ТIехь еха гIовталш а, пазаташ, пошмакхаш а йолчу ялхоша дIахилош, тIехилош гIанташ нисдира охьаховшучарна. 4) Элан стус французийн маттахь дIадийцира иза морса мекхаш долчу хьаьрсачу инарле, эла дуьйцучура сецча. 5) Коча тIехула детин тайца тегна чимчаргIа долчу боьмашчу гIовтална тIехула дуьйхина деха кIайн чоа а тIехь вара Хьаьжа-Мурд. 6) Даккхийчу корашка оьхкина сийна бойнаш йолчу цIа чу а ваьлла, шен башха даккхий доцу, малхо дагийна куьйгаш, некха тIехь кIайчу чоьин ши йист хотталучу меттиге а диллина, шена дика хуучу гIумкийн маттахь Хьаьжа-Мурд вистхилира. 7) Цунна дуьхьал лаьтташ вара синкъераме Хан-Махьма, шен кIайн цергаш гаж а йина, бIаьрнегIарийн чоьш доцу Iаьржа ши бIаьрг а къегош. 8) Столана уллохь лаьттачу кIедачу гIанта тIе охьахиира Лорис-Меликов. 9) Амма вукхо, ша деш долу гIуллакх юкъах а ца дуьтуш, йиш хаьллачу озаца чорда – хIан-хIа, са ца гатло, - аьлла. (Л. Толстой) [26, а. 73].

Шардар №17.ХIокху билгалдешнех муьлхачарах ца кхоллало дустаран дарж.

Къорза, кIон, еакIов, горга, ал, беламе, ирча, гома, кIеда, зевне, безамехь, куьцехь, сийна, къона, догцIена.

Шардар №18. ТIера схьаязъе. Дийца, муха кхолладелла билгалдешнаш.

1) Лалуев Бауддис пондарх пIелгаш а тухуш, шеггара яьккхина забаре йиш лекхира мохь туххуш. 2) Ког ма-боллу дIахьаьддачу Мохьмада, баганан дечиган дакъаделла баххьаш деара, мор боьттина. 3) Этка кхоорах гIуллакх хир доцийла хиъна, кисанара урс хьаладаьккхира цо. 4) Советан Iедал доккхуш пролетарски революцин мурдаш хилла дIахIиттира нохчийн майра кIентий. 5) ДIаоьхура тIеман буьрса денош. Цхьана дийнахь Зайнап йолчу чугулбелира лулара зударий. 6) Даймахкана кхерам тIехIоьттинчу муьрехь хIораннан кхерча къиза бала боьссича шен кIентан доьналлехь йокхаера Тахбика. 7) Март баттахь йоькхане денош а даьхкина, малх хьаьжна хьалаяла тохаелира регIан басонца буц.

Шардар №19. ХIара билгалдешнаш юкъа а далош, предложенеш хIиттае. Дийца, уьш муха кхолладелла.

Тешаме накъост, къармазе буьйса, Органан тулгIе, хитIара хьер, гIорасиз стаг, чомехь юург, сийсаза ямартхо, бIаьрзе стаг, регIара поп, чIамара етт, зене хIума, беса юьхь, сийлахь стаг, маьттаза къамел, стохкалера шо, чомахь гIуллакх, лаамаза билгалдош, шегара ахча, сайгара книгаш, шакарийн аьзнаш, станаран ира дитт, собаре стаг [12].

Шардар №20. ХIора богIамалгана оьшу суффиксаш тIе а тухуш пхиппа билгалдош даладай, хьалаюза таблица.

-ха

-ра

беламе

гомха

даггара

19.03.2021 00:40


Рекомендуем курсы ПК и ПП