СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до 24.05.2025

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Шардарш. Причасти.

Нажмите, чтобы узнать подробности

Шардар №1. ДIаеша. Шайца уьйр йолчу цIердешнашца схьаязъе причастеш.

I. Паччахьан Iедало къоьллица, мацаллица, харцонашца бIарзбина ламанан Нохчийчоьн бахархой гIевттира I877-чу шарахь. 2. Ахьа боху, шайгара дIадаьккхина латта гIалгIазкхашна делла. 3. Шайн цIийцIа оьцу цара шаьш лело латта. 4. Аьхке дIаялаза елахь а, суьйре гIеххьа шийла яра лаьмнашкахь. 5. Чуеанчу хIусамнанас сихха хьалалатийра мехкадаьтта дутту шиша долу стогар. 6. Эццахь саца а сецца, ша хIинца динчу къамеле ладуьйгIира Анзора. (С.Х.). 7. БIаьхаллин орцано гIовттийра вайн майра тIемалой.

Шардар №2. Хандешан билгалзачу кепах оьшшучу терахьехь а, дожарехь а причасти а кхуллуш, схьаязъе.

1) Нуркишас а, Мадас а (дийца) хIумма а керла дацара Гати-юьртахошна. 2) Иза ду оцу меттигашкахь (лелха) тIемашкахь вайн кхиамаш хиларан коьртачу бахьанийх цхьаъ. 3) Лорис-Меликовс (дийца) бакъдерг хьалххе ца (ган) штабан начальник, шена хьалха (Iилла) кехата тIе къоламца цхьацца сурташ дохкуш Iара. (А. Айдам). 4) Генах (хада) гIа наггахь дитта кIел охьадужуш хаалора. (I. Гайс). 5) Кхузахь (чуван) хехо, къайлах кхуьнга бIаьрг а (тоха) къайлавелира. (М. Мам). 6) Хьажмурда (йохъян) хIусаме кхаьчча, (сапаргIатдала) йоккхаера нана. 7) Шена еана хIуманаш (дIайилла), ша цIахь дина гIуллакхаш дагардан волавелира Хьажмурд. 8) Пхьаьрса кIел бепиг (дан) (ван) Iумар лами тIехула уча велира. (Х. Берс). 9) Амма адаман йовхоно (деша) чимаш, хин тIадамаш а хуьлий, юьхьа тIехула охьадогIура. (Хь. Сар). I0) БIаьсте тIаьхьа (ян) Iаьнах ма кхера, Iа (тIаьхьадан) гуьйренах кхера. (кица).

Шардар №3. Причастешна буха сиз а хьокхуш, дIаяъзе предложенеш.

I. Боьра буьззина догIучу хе деш долу шабарш халла бен ца къаьстара, олхазарша лоькху тайп-тайпана эшарш сов дукха хиларна (Э.Х.). 2. Лам тIера охьадогIу хи шийла а, чехка а дара. 3. Юкъаеллачу мархаша стигал къайлаяьккхинера. 4. Махо лоькхучу диттан гIаша барз бинера бешахь (Э.Х.). 5. Доцца яздина, дика чулацам болу дийцарш дара керлачу сборника тIехь. 6. ХитIа цхьаьна гулделла доьлхучу бераша школерчу хьехархочуьнца къамел дора. 7. Чехка догIучу догIано дашийнера хьуьнхара цIа догIу бераш.

Шардар №4. ДIаеша. Схьаязъе, тIадамийн мета догIуш долу дешнаш а хIиттош.

Бенос …. Цунна цхьанхьара схьахезира … пондаран дукха хаза, дукха исбаьхьа аз. Цуо дегIана там а бина, жима бер санна, ша-шена … иза. Цуо … йиш адамийн матте яккха шена хуур дацахь а, хIинца йиш къаьсттина Бенон даг чу …. … ойланаша хилларг дицдира Бенона. Килсехь горгалин чIогIа … татано, оцу сохьтехь юха а метта … иза (А.С.).

ГIоьнна дешнаш: Iадхьокхучу, ладуьйгIира, велакъежира, лоькху, йижира, дагаяьхкинчу, тоьхначу, даьллачу, валийра.

Шардар №5. Причастешна улло къовларшкахь церан хан бигал а йоккхуш, дIаязъе предложенеш.

Орцан хьуьнан юккъехула бовлуш, шайн могIанаш дохийна призывникаш а, уьш новкъабохурш а, эбелла, шиша-кхоккха цхьаьна богIура. Луьста сенъелла хьун къорра гIергIара. Байн хьоькхура аьхкенан мела мох. Синкъерамие декара олхазарш. ЦIеначу хьуьнан хIавао дегIана там бора: тайп-тайпанчу зезагийн эеллачу хьожанна кортош чохь шатайпа зов зов лаьттара. Анна Львовна кест-кеста тIаьхьасоцура, зезагаш лехьош. ТIаккха Увайс некъаца нислучу шена дика девзачу Селитина наггахь бен цIерш а ца хуучу диттех, бецех, зезагах лаьцна дийца велира (С.М.).

Шардар№6. Лаамза причастеш лаамечу кепе ерзош, цхьаллин, дукхаллин терахьехь дIаязъе.

Кеп: лайна хало, лайнарг, лайнарш.

Аьлла дош, лоькху пондар, туху вота, даьккхина ор, огу тIулг, хохку говр, делла совгIат, веана хьаша, кхочушден долу тIедиллар, сенъелла буц, заза доккху долу стоьмаш.

Шардар №7. Лаамазчу причастешна кIел – цхьа сиз, лаамечарна кIел ши сиз хьокхуш, схьазъе.

I. Батталучу кийрара схьаеттачу йовхоно дакъийна балдаш вовшахлетара, цуо мотт мосазза хьокху (М.М.). 2. Ахьа дийцахьа, Iабдулла, кхунах дан дезарг (Я.М.). 3. И бохург хIун ду? Цкъа галваьлча, вухуш хуьлу? Ахьа деанчуьнга со ладугIуш ву-кх! Ша дуйцург Семеновна дош цахетар ца лалора цуьнга (М.Н.). 4. Дог доккхадеша, йолучу бIаьстено шен хаза тIамарш хецна Кавказан лаьмнаш чу. 5. Хьалхаваьлла вогIу бере сирачу говрахь вара. 6. Таллархочуо йийна борз коканан кондарна уллохь Iуьллура. 7. Цунна тIаьхьа вогIург кест-кеста дIасахьожура. 8. Цо йийнарг хьалха гуро лаьцначуьра дIаяхна борз хиллера. 9. АхьмадгIаьрга веана хьаша буьйса йоккхуш сецира, ткъа ИбрахIимгIаьрга веанарг сихха дIавахара.

Шардар №8. ДIаязъе предложенеш. Причастин карчамашна буха сиз хьакха. Хьалхарчу кхаа предложенехь запятойш яхкаран бахьана дийца.

Шен хенахь дина ламаз мелехь ду. Тахана дан билгалдина гIуллакх кханенга ма тетта. Геннахь хезара ловзаргахь етта вота а, лоькху пондар а. Шайн хеннахь, сатосуш, малх, анайист цIийеш, хьалагIоьртича, арабевлла, базарара шайн гIуллакхаш чекхдаьхна, цIехьа бирзина, ворданашкахь, говранашкахь, варраш тIехь, гIаш бердах чувулучу кхаьчна дуьхьала богIура, шаверриг бохург санна, жима а, воккха а цIе яккха йишйоцчу кIотаран бахархой.

БIаьранегIарш тоьхна-а – хиш оьхуш дара цуьнан уьш, – геннара, вехха соьга схьа а хьаьжна:

Дукха хан ю Шемална хIара имамалла шен кIантана дита ойла йолу. БойсагIаран майраллех хьоьгуш, даим цунна суждане оьхучу ГIеза-Махьмина хиира иза цхьа доьхнарг ала воллийла. Шайна тIаьхьа толлуш богIучу Хьаьж-Мурдан ал Хунзахи, Ахьмат-Ханан ал Сахали бIонах бевдда, лаьмнашкахула малхбузехьа гIерта хIорш мацалло а, хьогалло а бIарзбира. Лаьмнашкахь шаьш тIенисбеллачу жаIуьнера,дуккха а мах белла, хи ийцира цара.

Шардар №9. Схьаязъе предложенеш. Причастийн дожар билгалдаккха.

I. Махо лоькхучу диттан гIаша дийнна барз бинера бешахь. 2. Доцца яздина дика чулацам болу дийцарш дара керлачу гулам тIехь. 3. ГIаш вогIучу жимчу кIанта тхоьга хаттар дира. 4. Тхо оьху оьздангаллин цIа доккха а, сирла а ду. 5. Биликъисца йогIу Линда лекха а, хьеъкале а яра. 6. Чехка догIучу догIано башийнера хьуьнхара цIа богIуш болу дешархой. 7. Кагбелла Iуьллу къолам Iаьржа хиллаера. 8. Маьлхан зIаьнаршца дохделла де суьйренга лестара.

Шардар №I0. Балийна причастийн карчамаш юкъахь а болуш, предложенеш хIиттае. ДIаязъе уьш.

I. Дукха хан йоцуш бераш аьхкина долу … 2. Оцу хьоло холчухIоттийна волу … 3. Геологашна цигахь карийна долу … 4. Меллаша оцу новкъа вогIуш волу … 5. И шена гина хазахетта йолу … 6. Вовшашка къамелаш деш болу … 7. Ша чоьхьаваьлча, ца латтийна болу …

Шардар №11. Схьаязъе предложенеш. Хаттарш а хIиттош, къастаде, хIун меженаш ю предложенехь причастин карчамаш.

Шу хиллий тхан юьртахь? Мел хазачу меттехь ю иза! Грозный-гIалара дIабоьду асфальтан некъ лома хьала болало. Аса иштта аьлча, шуна ма мотталаш, тхна юрт лома буьххехь ю. ХIан-хIа, яц. ТIехь гIулгех ловза а мегар долчу шерачу, шуьйрачу урамийн шина а агIор гIароле хIиттина, ракеташ санна, лаьтташ лекха акхтаргаш ду. ХIора Iуьйранна схьакхеттачу малхо уггар хьалха серладоху оцу курачу акхтаргийн баххьаш. Юртахойн хIусамашна, стадионна, котамаш кхобучу фермашна тIехулаа а долий, додий дIадоьду маьлхан зIаьнаршца эккхийна буьйсанан IиндагI. (М.Ж.).

Шардар №12. ДIаеша. Схьаязъе, причастин карчамна буха сиз а хьокхуш.

I. ДаудгIеран уьйтIахь кемсийн рагIух кхозхучу элекстрически чиркхана гонаха, вай даьлла накхармозий санна, хьийза садолу хIуманаш – полларчий, бумбарин тайпана чхьаьвригаш (К.Д.). 2. Аса ешна байташ, хьалххе Iамийна йолу, хазахетарца тIеийцира кегийрхоша. 3. ЦIен басар хьаькхначу аннийн цIаьнкъахь баржош тесна куз Iуьллура (М.Н.). 4.Диканаш а, вонаш а гина. Цунна гинера, хIинца шена тIехула болатан машенаш хехкалуш аренаш, къорачу хьаннаша хьулйина лаьттина, оцу хьаннашна юккъерчу ирзош тIехь наха дечкан нох текхийна зама. (А.А.). 5. Дистинчу хино охьакхоьхьу дечигаш лоьцуш, берашца кхузахь хийлазза хиллера СаIид (Д.I.). 6. Лекхачу стигалахь шийласхьакхетта къегина бутт юккъе бахнера (М.М.). Шайн хеннахь, сатосуш, малх, анайист ц1ийеш, хьалаг1оьртича, арабевлла, базарара шайн г1уллакхаш чекхдаьхна, ц1ехьа бирзина, ворданашкахь, говранашкахь, варраш т1ехь, г1аш бердах чувулучу кхаьчна дуьхьала бог1ура, шаверриг бохург санна, жима а, воккха а ц1е яккха йишйоцчу к1отаран бахархой.(А.А.).

19.03.2021 01:27


Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!

Закрыть через 4 секунд
Комплекты для работы учителя