СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

1-ра сентябрь-Хаарийн де

Нажмите, чтобы узнать подробности

Урокан  чулацам:  1-ра сентябрь – Хаарийн де                                     

1алашонаш:

  1. Классера бераш довзар.
  2. Берашна школехь леларан бакъонаш йовзийтар.
  3. Берийн ойлаярх кхетам кхиор.
  4. Дешархойн кхоллараллин кхетам кхиор.
  5. Декъалдарца цхьаьна зезагаш дала 1амор.
  6. 1аматашца чидаме хилар кхиор.

 

Г1ирс:  космосера Хаарийн  паччахьера деана кехат,йиъ соврат,космически ракета, КОСМОДРОМ- дош т1ехь долу кехат, кхечу совратан яхархо Ла-Ла, дешархойн фамилии,ц1е,ден ц1е т1ехь йолу кехаташ,школан бакъонаш т1ехь йолу кехат, 1аматаш чохь космосера яийтина посылка.

Урокан д1аяхьар.

Кечамбар.

- Бераш,ма хаза ду шу тахана,б1аьрг ма хила шуна.

- Тахана муьлха деза де ду вайна? ( 1-ра сентябрь – Хаарийн де).

- Ма хаза ю и шун зезагийн курсаш! Х1унда еана аш уьш школе?

- Хьанна хаьа шуна, зезагаш д1а муха дала деза,реза мила ву хьажа?

Дешархоша шайн хьехархочунна зезагаш ло,Хаарийн денца и декъал а веш.

- Дела реза хуьлда шуна, х1ара хаза,исбаьхьа зезагаш даларна а, довха  дешнаш аларна а. Х1окху Дезчу дийнахь суна а лаьара ала шуьга цхьа довха дешнаш, бераш, Дала аьтто бойла шун х1окху атта боцчу школан некъа т1ехь,шуьгахь,дай-наной,шортта собар а, кхетам а хуьлда, безам а, вовшийн ларар а  ма эшадойла вайна массарна а.

2.Урокана т1едиллар.

Хаарийн паччахьера кехат.

- Вай долчу еана кхечу совратан яхархо Ла-Ла,шеца х1ара космосера кехат а дахьаш. Хьовсий вай,х1ун ду цу т1ехь?

«Хьоме бераш,ас кхойкху шу хьалхарчу космически гездаре йистйоцчу Хаарийн  галактике. Шу хир ду  4 сайрата т1ехь. Теша, шун гездар пайдехь а, хьашт долуш а хиларе. Хаарийн паччахь».

3. Бераш довзар.

- Бераш,космос гезъян доьлхий  вай./Х1аъ/

- Стенна т1ехь гезйо космос? (ракета т1ехь).

- Х1ара вайн ракета ю. Кху т1ехь г1ур ду вай космос гезъян. Ракети чохь, х1ораммо шен-шен меттиг д1а а лоцуш,д1аэца х1ара билеташ. ( Д1ало дешархойн фамилеш, ц1ерш т1ехь йолу кехаташ).

- Со тахана шун капитан ву. Массара а шайн меттигаш д1алецин?

- Иштта куьйгаш д1алацал.

- Муха г1овг1а йо ракетано? (у-у-у-у)

Массо цхьаьна д1адоьлху хьалхарчу соврат  т1е.

- Ладог1а: 3,2,1, д1аяхийта (ууууу)

 

4. Соврат №1. Школехь леларан бакъонаш йовзийтар.

- Вай охьадисси хьалхарчу соврат т1ехь. Кхузахь 1аш ву Низаман паччахь. Массо стага цуьнан т1едахкарш кхочушдо. Вайна а арахецна цо аш  школехь кхочушдан дезачун

бакъонаш т1ехь йолу грамота. Ладог1ал цаьрга дикка.

1. Лаьий хьуна т1ай тилла,

Седарчийн леларе а хьежа,

Аренца лело машен а

Я иза йига лакхене.

Дика болх бе школехь ахь,

Доггах деша хьажалахь.

2. 1уьйрана хьалххе самавала,

Дикка ц1анъелахь  ахь хьайн юьхь.

Школехь бага ма г1иттае,

Мара  партех ма бетта.

3. 1амаве хьой низаме,

Х1умнашца лечкъаргех ма ловза.

Х1ора книгин а лерам бе,

Хьайн портфель а ц1ена латтае.

4. Г1ур вац цкъа а таллархо

Талла,карахь топ а йоцуш,

Дуьтур дац дечигпхьеро

Цкъа а ж1ов а,хьостам  ц1ахь.

Ахь  а цкъа а диц ма де

Тетрадь, книжка  ц1ахь.

5. Т1емалочун – беречун

Детица лепаш гур д у тур,

Ахь  а низамехь латтае

Парта, книжка,тетрадь цхьаьна.

  1. Школехь тхан цхьа 1едал ду,

Боьха леларш чу ца буьту.

  1. Х1орда кеманан тоба

Цу т1е кхойкху шакарца.

Ткъа шу,доттаг1ий, школа чу

Д1акхойкхуш, бека горгали.

 

  1. Парта – иза маьнга бац,

Цу т1ехь вижа мегар дац.

Хьо 1е цу т1ехь хаий нийса

Леларца хила,хила ма везза

Урокашккахь а дукха ма ле,

Пхиъ даккха а хьажа веза.

  1. Хьалаг1овтта бертахь гуттар

Хьехархо веъча класса чу.

  1. Хьехархочо хоттий - хьалаг1атта.

Охьахаа олий - охьахаа.

Жоп дала лаьий - г1овг1а ма е,

Меллаша куьг хьайн хьалаайде.

  1. Урокехь хьо вела ма вела,

Хьайн г1ант а д1аса ма хехка.

Хьехархочун лерам бе

Лулахочунна новкъарло ма е.

  1. Т1ех ма детта,кура ма вала,

Школехь массарна г1о дан хьажа.

Оьг1аз ма эха,майра хила

Доттаг1ий т1аккха карор бу.

-  Хьан кхочушйийр ю и бакъонаш?  Хьалаайал  куьг.

5. Соврат №2.  Школах лаьцна х1етал – металш.

- Д1адоьлху вай шолг1ачу соврата т1е. Кечдел куьйгаш.

Ладог1а: 3,2,1, д1аяхийта                                                               (УУУУУ)

- Х1инца вай охьадиссина х1етал-металийн соврат т1е.

- Муха хета шуна,стенах лаьцна хир ду х1ара х1етал-металш? (школех)

Ма сингаттаме ду, вежарий,

Нехан букъа т1ехь хехкаяла.

Цхьамма суна ши ког белча,

Со-сой уьдуш лелар яра.   (ранец)

Колл яц,амма г1аш ду,

Коч яц,амма тегна ю.

Адам дац,амма дуьйцу. (книга)

Шен  ч1аба кхерам боцуш

Басарш чу цо хьекхайо.

Басар динчу ч1абанца

Хьоькху альбоман аг1он т1е.  (карс)

 

Сан мужалт сийна ю,

Массо аг1о т1ехь сизаш  ду.

Дешархочунна г1о дархьама

Нийса мог1а д1аязбан.  (тетрадь).

Едда йоьддушехь яздан хаьа,

Амма шу доцуш ца 1ало.

Соьца доттаг1алла лело луург

Иза дохко цкъа а вер вац.

Мел дукха, дика дешнаш

Яздан цунна хуур ду. (ручка)

Нийсалла ­– сан коьрта амал. (линейка).

Со шуна оьшу низам лело,

Эрна аг1онаш ма листа,

Со йолччера д1аеша. (закладка)

Суна дерриг хаьа,массо 1амаво,

Амма къамел ас ца до.

Соьца гергарло лело луучо

Дешар 1амадан ма деза.  (книга).

  1. Соврат №3. Къамел дар: 1амат – хьан доттаг1а.

- Д1адоьлху вай кхечу соврат т1е. Куьйгаш кечде.

- Ладог1а: 3,2,1,д1аяхийта (УУУУУУУУУУ)

- Вай охьадиссина Хаарийн дуьненан  кхоалг1ачу соврата т1ехь. Х1окху соврата т1ехь куьйгалла деш ю Книгийн паччахь.

- Мила ву кхузахь 1аш?  (Кхузахь 1аш ю Книгийн паччахьан йо1.)

Цо вайна совг1ат дина  (посылка схьагойту)

- Х1ун хета шуна, х1ун ю кху чохь?  (1аматаш)

- Нийса боху.  1аматаш – вайн тешаме доттаг1ий ю. Цара вайна дукха х1ума дуьйцу, дукха х1ума 1амадо.

- Муха лело еза 1аматаш – доттаг1ий?

( 1аматаш ч1ог1а лерана лело езаш ю, мужалт т1е х1ума а хьарчош,закладка а юьллуш,1аматаш д1аса кхисса мегар дац….).

( 1аматаш д1ало).

 

  1. Кхоллараллин т1едиллар. Къоламашца болх бар.

Х1инца вай д1адоьлху т1аьххьарчу соврат т1е.  Куьйгаш кечде.

- Ладог1а:3,2,1,д1аяхийта (УУУУУУУУ)

- Х1инца вай охьадисси сурт дилларан соврат т1е. Х1окху соврат т1ехь 1аш болчу бахархойн массеран а басарш ду,карсаш ду,къоламаш а ду,кехат а ду.  Шайн синхаамаш а,ойланаш а,дешнаш а суьртийн г1оьнца схьаолу цара. Нагахь церан дика дог-ойла елахь – цара сурт къегинчу басаршца дуьллу, дог-ойла вуон елахь – таь1начу басаршца дуьллу сурт.

Шун школерчу хьалхарчу дийнах лаьцна хетарг хаа лаьа царна.

Т1едиллар : схьагайта шайн дог-ойла хьалхарчу дешаран дийнах суьртан г1оьнца кехатан вукху аг1ор.

( Дешархоша шаьш болх бо, хьехархо класса чухула лела, берашна г1о а деш).

 

  1. Жам1 дар.  Совг1аташ д1адалар.

Кху т1ехь  вайн хьалхара космически гездар Хаарийн дуьнена т1е чаккхенга доьду. Класса чу доьрзу хан т1екхаьчна.

- Куьйгаш кечдел.

- Ладог1а: 3,2,1, д1аяхийта (УУУУУУ)

- Вайн гездар кхиамца чекхдели.

-  Гездарехь шуна угаре хазахеттарг х1ун дара?  ( Бераша шайна хетарг дуьйцу).

-  Шуна евзи школехь кхочушъян езаш йолу бакъонаш. Школах лаьцна долчу х1етал-металшна жоьпаш а дели. 1аматаш а д1акхечи,уьш х1инца шун доттаг1ий хир ю, тхо теша, уьш аша ч1ог1а лерана а лелош,ларъяр хиларх. Ч1ог1а хаза суьрташ дехки аша шайн школера хьалхарчу дийнах лаьцна. Цундела Хаарийн паччахьна шуна совг1аташ дала лаьа.

( Совг1аташ д1ало).

Урок чекхйолуш суна лаьа дайшна-наношна дош дала.

( Дайн – нанойн цхьаьнакхетараллин векало, церан  ц1арах дош олу).