СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

"1а" 1.Мамакаев.

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«"1а" 1.Мамакаев.»

Чеченская литература (дешаран книжка) 2 класс.


тема: «1а» 1.Мамакаев.

1алашо: 1.Мамакаевн дахар , кхолларалла , цуьнан керла стихотворени «1а» йовзийтар: нийса, кхетан , авторан дог –ойла а гойтуш, стихотворни тексташ еша 1амор; 1аламан тидам бан, цуьнан хийцамаш ган, 1алам довза, деза 1амор.


Билгалбаьхна кхиамаш:берашна хаа р ду шайн маттаца хьакъ долчу кепара 1аьнан сурт х1отто, авторан лаам нийса д1акхачош.Берашна 1емар ду тидаме хила, ойлаяр алсамдер ду, мотт шарлур бу.


Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

Бераша схьадуьйцу «Цхьана меттехь ца соцу мало» Г.Балл.


2.1алашо йовзийтар.

-Муьлха дакъа долийна вай тахана учебникан?(1а)

-Стенах лаьцна хир ю цу т1ера произведенеш)

-Муьлха произведени йоьшур ю вай дуьххьара?Х1ун болх бийр бу вай иза толлуш?

-Суна евзарю..

Суна 1емар ду..

Суна хуур ду..

-Вай тахана д1адолош ду керла учебникан дакъа «1а» .Кх у декъа т1ехь вайна евзар ю 1аьнах лаьцна произведенеш.Тахана , х1ара дакъа д1адолош вай йоьшур ю 1.Мамакаевн « 1а» ц1е йолу стихотворен.


3.Мотт шарбар.


31ийдигна з1ок етта къорза хьоза, зоканчуьра морза меллазовкх хьоьгу газа.


31оьмалг т1ера з1уга, д1ай-схьай ма къерза.


-Д1адеша чехка аларш цкъа хьалха меллаша, чехка.Дагахь ала хьажа.


Дагардар

Хорбаз суна,

Хохашхьуна,

Хорсам кхунна,

Хелиг цунна.

Паьхьависнарг

Хьо ма ву.

Б1аьргашахь

ДГахьаббийр бу.

-Д1адеша дагардар.Чехка.


4.Керла тема хьехар.

а)Хьехархочун дош.


Мамакаев 1аьрби –нохчийн г1араваьлла яздархо ву.

Иза вина 2 декабрехь 1918 шарахь Лахара-Неврехь ахархочун доьзалехь.Жима волуш байлахь висина жималла д1аяхна берийн ц1ахь Серноводскерчу. 1аьрбис дешна рабфакехь.

Мамакаевс болх бо «ленинан некъ» ц1е йолчу газета т1ехь, оццу хенахь чекхйоху драматурган курсаш.

Мамакаевн произведенеш зорбанехь араевлла 1934 шарахь «теркан тулг1енаш» ц1е йолчу сборникехь.

1941 шарахь схьалаьцна набахти чу воьлна революцина дуьхьал ву аьлла . Цигахь цо даьккхина ах шо.Цигара араваькхча болх бо яздархойн союзехь воккхахволу консультанат.Цу хенахь Нохч-Г1алг1айн театрехь дуьххьара х1оттайо цуьнан шиъ пьеса .Амма юха а нохчий махкахбахаран хьокъехь вистхилла аьлла юха а набахти чу вуллу поэт.Т1аккха магадана ссылке хьажаво яздархо, цу хенахь цуьнан хала дахар бахьна долуш яздан таро ца хиларе терра произведенеш яц 1956 ш кхаччалц.

Ссылкера поэт вог1у Казахстане, кхузахь бара цуьнан доьзал.мамакаев болх бан волало «Къинхьегаман байракх ц1е йолчу газетан редакцехь.

1957 шарахь мамакаев ц1а воьрзу Сибрехара.Цунна бакъо ло Яздархойн Союзехь болх бан, амма цо схьа ца оьцу шена дела парт билет. И г1уллакх бахьна долуш дукха халонаш хуьлу мамакаевна 1едалера.

1958 шарахь яздархо кхелхина шеен доттаг1чун поэтан А. айдамировн ц1ахь.

аь)Хьехархочо д1айоьшу стихотворени «1а»


-Шеран муьлха зама ю стихотворенит1ехь ялийнарг?

-Стенах тера ду лайн чимаш?

-Муха бу шаш?

-Муха ю буьйсанаш?

-«К1айн юрг1а тесна» бохучух муха кхета хьо? (Моссо а метте ло 1уьллу)

-«Хьаннаша шайн сийна куйнаш охьадехкина бохучух муха кхета шу? (Дитташ т1ера охьаэгна г1ш)

-Стенга д1адахана олхазарш?


5.Сада1аран миноташ.

Са а даь1на, арадевлла,

Ян дохкуш ду тхо зарядка.

Сихха шуд1ах1иттий довла,

Цхьана меттехь юхадовда.


Куьйгаш д1асадахийта,

Цецдевлла шаьш моттийта.

Юха хьалха охьатаГа, (3-4-зза)

Охьата1а, хьалата1а. (3-4-зза)


Хьаж т1е куьгшайн х1оттаде,

Когашд1асахилабе,

Аьтту arlop доьрзуш, (3^-зза)

Аьрру arlop доьрзуш, (3-4-зза)

Гонах до л чу н тидамбе.


Динарг х1инца тоийта,

Дог1машмалдеш, д1ах1итта.

Мох чуоза, арахеца, (3-4-зза)

Вайн зарядка ели х1инца.

6.Керла теа кхин д1а а хьехар.

а)бераша д1айоьшу 1.Мамакаевн стихотворени «1а»

аь)Бераша суьрташ дохку 1аьнан темина.


7. . 7.Рефлекси.

Х1ун дан ницкъ кхечи шун?Х1ун диси ца далуш?

Суна евзи…

Суна 1еми..

Аса д1айиши..


8.Жам1 дар.

-Муьлха Стихотворени йийши вай?

-Мила ву цуьнан автор?

-Стенах лаьцна я ра иза?


9.Ц1ахь бен болх .

Аг1о-73-74 дагахь 1амо





Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!