СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

"1аьнан суьйре" Ш.Арсанукаев

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«"1аьнан суьйре" Ш.Арсанукаев»

Дешаран урок.   Тема: «1аьнан суьйре» Ш.Арсанукаев 3 класс

Дешаран урок.

Тема: «1аьнан суьйре» Ш.Арсанукаев

3 класс

Мотт шарбар.   Лакха кхевдинарг лаха шершина,   лаха кхевдинарг лакха шершина.

Мотт шарбар. Лакха кхевдинарг лаха шершина, лаха кхевдинарг лакха шершина.

Аре мажло, дог1а доьлху, арахь т1унло.

Аре мажло, дог1а доьлху, арахь т1унло.

Денош дахло, ялта кхуьу, бошмаш денло.

Денош дахло, ялта кхуьу, бошмаш денло.

Деша ло , 1ам х1утту, де дахло.

Деша ло , 1ам х1утту, де дахло.

Аренгахь ло, мехаш хьокху, хина ша бо.

Аренгахь ло, мехаш хьокху, хина ша бо.

Керла тема хьехар. «1аьнан суьйре» Ш.Арсанукаев

Керла тема хьехар.

«1аьнан суьйре»

Ш.Арсанукаев

Арсанукаев Шайхи (1930 – 2012)  Арсанукаев Шайхи вина 1930 шеран 15 августехь Дишни-Веданахь хьуьнан белхахочун Iабдулмуслиман доьзалехь. Исбаьхчу Iаламехь дIадахна поэтан бералла.  Да Iабдулмуслим а, нана Цуца а кIантий дешийта лууш хилла. Дика доьшуш юьртара школа чекхъяьккхина Шайхис.

Арсанукаев Шайхи (1930 – 2012)

Арсанукаев Шайхи вина 1930 шеран 15 августехь Дишни-Веданахь хьуьнан белхахочун Iабдулмуслиман доьзалехь. Исбаьхчу Iаламехь дIадахна поэтан бералла.

Да Iабдулмуслим а, нана Цуца а кIантий дешийта лууш хилла. Дика доьшуш юьртара школа чекхъяьккхина Шайхис.

1944 шарахь нохчийн халкъ махках даьккхича, Казахстанан Новопокровски районера юккъера школа чекхъяьккхина. Цул тIаьхьа 1949 шарахь финансийн техникуме деша воьду Арсанукаев Шайхи. Иза Нохчийчу цIаверззалц Казахстанехь финансийн органашкахь болх бина. Амма школехь волуш дуьйна стихаш язъеш волу Шайхи шен дахар финансийн органашца доьзна Iа лууш вацара. Цо заочно доьшуш чекхйоккху Нохч-ГIалгIайн педагогически институтан нохчийн оьрсийн моттий, литературий хьоьхуш йолу филологин факультетан отделени..

1965 шарахь Веданан районан «Колхозан дахар» цIе йолчу газетан редакторан заместитель хIоттаво Арсанукаев Шайхи. 1973 шарахь Нохч-ГIалгIайн яздархойн Союзо арахоьцучу «Орга» альманахан коьрта редактор хIоттийна. Цул тIаьхьа, 1986 шарахь Нохч-ГIалгIайн Республикин яздархойн Союзан правленин председатель хаьржина. Шен дахаран тIаьххьарчу шерашкахь Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн литературин, фольклоран кафедрехь доцент лаьттина.

1965 шарахь Веданан районан «Колхозан дахар» цIе йолчу газетан редакторан заместитель хIоттаво Арсанукаев Шайхи. 1973 шарахь Нохч-ГIалгIайн яздархойн Союзо арахоьцучу «Орга» альманахан коьрта редактор хIоттийна. Цул тIаьхьа, 1986 шарахь Нохч-ГIалгIайн Республикин яздархойн Союзан правленин председатель хаьржина.

Шен дахаран тIаьххьарчу шерашкахь Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн литературин, фольклоран кафедрехь доцент лаьттина.

Арсанукаев Шайхи кхелхина 2012 шеран 13 мартехь Соьжа-ГIалахь. Школе вахале дуьйна а туьйранаш тIехь долу книгаш йоьшуш а, стихийн шатайпа екар хазахеташ, баккхийчара уьш йоьшуш ладегIа лууш хилла жима Шайхи. Стихаш язъян волавелла школехь доьшуш волуш, амма зорба ца тухуьйтуш еххачу хенахь латтийна. Арсанукаев Шайхин стихаш зорбанехь дуьххьара гучуевлла 1959 шеран юьххьехь. «Кавказ» цIе йолу стихотворени поэтан дуьххьара араевллачу произведенех хилла. Оцу муьрехь «Орга» альманаха тIехь а, республикин газетийн агIонаш тIехь а, юкъарчу сборникаш тIехь а алссам арайилина цуьнан стихотворенеш. Цара гойту волалуш волу поэт исбаьхьаллин дош довза а, цунах говза пайдаэца а Iемаш хилар, шена гонахарчу Iаламе, адамийн дахаре иза леррина хьоьжуш хилар.

Арсанукаев Шайхи кхелхина 2012 шеран 13 мартехь Соьжа-ГIалахь.

Школе вахале дуьйна а туьйранаш тIехь долу книгаш йоьшуш а, стихийн шатайпа екар хазахеташ, баккхийчара уьш йоьшуш ладегIа лууш хилла жима Шайхи. Стихаш язъян волавелла школехь доьшуш волуш, амма зорба ца тухуьйтуш еххачу хенахь латтийна.

Арсанукаев Шайхин стихаш зорбанехь дуьххьара гучуевлла 1959 шеран юьххьехь. «Кавказ» цIе йолу стихотворени поэтан дуьххьара араевллачу произведенех хилла. Оцу муьрехь «Орга» альманаха тIехь а, республикин газетийн агIонаш тIехь а, юкъарчу сборникаш тIехь а алссам арайилина цуьнан стихотворенеш. Цара гойту волалуш волу поэт исбаьхьаллин дош довза а, цунах говза пайдаэца а Iемаш хилар, шена гонахарчу Iаламе, адамийн дахаре иза леррина хьоьжуш хилар.

Поэтан дуьххьарлера книга араяьлла 1965 шарахь. «Лаьмнашкахь Iуьйре» цIе а йолуш, поэзин гулар яра иза. Цу тIехь зорбатоьхнера авторан дуьххьарчарах йолу стихашший, поэмий. ХIетахь дуьйна ши-кхо шо моссаз дели керла книгаш арайийлина Арсанукаев Шайхин. Царах ю «Безаман шовда». Стихаш (1967), «ЦIеран суй». Стихаш, поэма (1969), «Новкъахь». Стихаш, поэма (1970), «Сийна некъаш». Стихаш, драматически поэма (1973), «Лакхенан гIиллакх». Стихаш, драматически поэма (1975), «Тешам». Поэмаш (1976), «Керла де». Стихаш, поэма (1980), «Ушармин Ших». Драматически поэма (1982), «Кхолламан сизаш». Стихашкахь роман (1987), «Лаьмнийн иллеш». Стихаш, драматически поэма (1991), «Сийна гене». Стихаш, поэмаш, драма. Хьалхара том (2009), «Уьш хийца тарлуш дац». Стихаш, драма-легенда, поэма, стихашкахь роман, гочдарш. ШолгIа том (2009). Оьрсийн маттахь Соьлжа-ГIалахь а, Москвахь арахецна поэтан книгаш

Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!