1-ра вариант
1.Ц1ердош –къамелан дакъа ду.
Цо гойту:
-
дар йа хилар;
-
х1уманан билгало;
-
х1ума.
2. Ц1ердешан ____ дожар ду.
1) 5
2) 6
3) 9
4) 8
3. Сатоссуш байчу мохо ловзабаьккхира х1орд.
А) х1ара предложении айдаран йу;
Б) дийцаран йу;
В) хаттаран йу.
4. Идриса урокаш 1амайора.
А) подлежащи нийса билгалдаьккхина;
Б) подлежащи нийса билгал ца даьккхина;
В) подлежащи … ду.
5.Х1окху мог1арехь массо дешнашкахь «и» йаздан деза:
1) гуьйр…г, тайн…г, ширдол…г, луьйд…г;
2) пез…г, буьйд…г, т1ийр…г, шел…г;
3) леж…г, к1он…г, хел…г, к1айн…г;
4) гер…г, пот…к, циц…г, лопп..г.
6.Х1окху мог1арера шадолу билгалдешнаш дожаршца хийцалуш дац:
1) Ц1ен, можа, баьццара, боьмаша;
2) Ал, раз, пурх, лач;
3) Кехатан, сийнаниг, лоха, шийла;
4) Горга, муьста, т1аьрсиган.
7.Х1окху дешнийн цхьаллин терахь ца хуьлу:
1) З1аьнарш, хьелий, дой, леш;
2) Йоькаш, чуьйраш, букъарш, булкъаш;
3) Аьрцнаш, дошлой, ахкарш, г1одмаш;
4) Т1одий, баххьаш, гаьънаш, лоьдгаш.
8.Х1ара дешнаш дукхаллин терахьехь ца лела:
1) Сий, малх, адамалла, акхалла;
2) Йетт, йехк, шело, хулчи;
3) Недарг1а, лоччар, кохьар, ковра;
4) Зорх, г1ум, битам, бай.
9.Х1окху предложенехь нийсайаздаран г1алат ду
1) Иштта бохурий ца цо?
2) Зина-м ма йара цигахь.
3) 4) Палс маббу хеца ког.
10.Х1ара дешнаш нийсайаздина дац:
1) Цалору дерг, цахуу дерг, цамоьтту дерг;
2) Цалуург, цахиънарг, цахезарг;
3) Ца моьттуш, ца гуш, ца хьожуш;
4) Цалаьийла, цахетийла, цаалар.