Классал арахьара мероприятии.
Тема: Адамийн кхолламаш.
Кхеторан 1алашо: яздархойх лаьцна долу хаарш (ц1ераш меттах1иттийнчух) карладахар, т1еч1аг1дар; нохчийн къам ц1ерадакхарх лаьцна хууш дийцаре дар.
Кхиоран 1алошо: дешаржшн ДайШхке болу безам кхиор, къинхетаме хилар, доьналла кхиор, къаьмнийн доттагТалла кхиор.
Кхиоран 1алошо: берийн корматалла лакхаяккхар, къамел кхиор.(эшарш, сценкаш, стихаш дийцарш, хаамаш).
Гайтаман г1ире: плакаташ, стендаш, яздархойн портреташ, берийн суьрташ, яздархойн бераша дехкина суьрташ, берашна йина х1уманаш.
Мероприятии д1аяхьаран некъ.
1 Хьехархочун хьалхарадош.
Де дика хуьлда массера. Дешархойн ц1арах, сайн ц1арах хьешашка марша дог1ийла ала лаьа сунна.
Х1окху вайн президиумехь хевшина 1аш болу хьеший бовзуьйтур бу ас шуна:
1.
2.
3.
4.
Таханлера вай цхьанакхетар доьзна ду «Адамийн кхолламаш» бохучу темица. Адам! Кхоллам! Адамаш! Кхолламаш! Адамийн кхолламаш! Ма к 1 орте дукха ойла йойту оцу дешнаша.
Х1ун ю и кхоллам? Хьенан карахь бу те адамийн кхоллам? Дуй те вай вешан кхолламан дай?
Йиш юй те вай вешан кхоллам хийца? И ойланаш меттахъехира х1окху 1аьнан шийлачу февраль батто.
XI ара февраль бутт вайн къоман дахарехь ша-тайпа бутт хилла д1ах1оьттина.
Къузткъа шок хочу-кх х1окху февраль беттан 23 чу дийнахь маца а цкъа вайн къам ц1ера даьккхина.Шо шаре мел долу карлаюьйлу и хан. Вайна и ханйиц ца йолуьйтуш, и карлайоху вайн нохчийн бакъболу яздархоша, поэташа, дешан говзанчаша. Амма дашна мел говза поэт, яздархо хиллехь а,
1 едало ца битина уыи юьстах. Оцу яздархоша шайн халкъаца екъна г1айг!а а, бала а, къахьо а.
Махках бовларал совнаха, шайн къомах баьхна генарчу Калыман набахташкахь бахкийна уын 1 едало.
Амма шайн кхолларалин некъах юха ца бевла уьш, я кхерабелла а, я осал хилла а.
Дайн оьзда г1иллакхашца Къоман сий лардеш,
Атта дац чекхвала Къонаха хилла.
Къонахчо атта некъ Цкъа а ца лехна Атта некъ лоьхучух
Къонах ца хилла. ( Орцуев Мадарсолта )
Оцу къонахойх къонахой бу шайн дахаран чолхечу заманахь кхолламо зийнарш:
Са1идБадуев Мохьмад Мамакаев Мохьмад-Салахь Г адаев 1 абди Дудаев
Гоц шуна, оха царна дитина десса г1анташ. Уьш вайца хевшина 1аш болуш санна хетта вайна.Вайца къамелаш деш, вайга ладоьг1уш болуш санна хетала вайна. Цкъа а бицлур бац уьш вайна.
Соьца таханлера вайн цхьанакхетар д1ахьуш ю чу классера дешархо. Цуьнга дош лур ду ас.
Д1ахьушйолчо:
Юккъерачу б 1 ешерашкахь цхьана Малхбален пачхьалкхехь къизапаччахь хилла боху. Шеен г1уллакхех лаьцна дуьйцуш болу поэташ к 1 орда а бина, царна язъян дихкина хилла цо.Ла ца доьг1нарг вуьйр ву аьлла. Массо а поэт ца язъеш сецна, паччахьо бохург а дина, цхьа поэт воцург.
Цунна арз эцна, везир вахна паччахьана т1е.
-Сийлахьниг,- аьлла цо,- цхьа поэт ву шеен болх ца сацош, хьан омра кхочуш ша деш. Х1ун та1зар хоржу ахь цунна?
-Цхьа а та1зар а, - аьлла паччахьо. Шайна дихкина аьлла, ца язъеш севцарш поэташ бац, цундела цаьрга кхул т1аьхьа а ма язъяйта.
Ткъа оцу поэтан дезза совг1ат де, вайн пачхьалкхехь коьрта поэт ве цунах. Ишира хабар доккха маь1на долуш ду. 1едалан дайн, поэтийн юкъаметтиган даима а хилла чолхе. Бакъдерг лачкъа а дина, 1 едална товш долчу arlop, харцдерг дийца йишйолуш вац поэт. Нохчийн литературан историно иза гойту къеггина.
Вай лакхахь мА-аллара, инзаре тамашина ойла йойтуш дош дан а ду «кхоллам».
Ладуг1ур вай х1инца дешархоша шайн лехамашца кечбинчу яздархойх лаьцна хаамашка.
1 .Гадаев Мохьмад- салахь лаьцна хаам бийр бу 10-чу «б» классера дешархочо «Къонахойх къонаха» Г адаев Мохьмад-Салахьана лерина стих
автор: Орцуев Мадарсолта-д1айоыпу 6 класс.
Бадуев Cal идах лаьцна хаам бийр бу 10 «б» классера дешархочо
1 абди Дудаев, хаам бийр бу классера дешархочо
Мамакаев Мохьмадах лаьцна хаам бийр бу классера дешархочо
(Х1ора хаам чекъбаллалц нохчийн мукъамаш: «Даймахке сатийсар», Ц1ен берд», «Дай баьхна латта», Димин 1умарин мукъамаш хозуьйту).
Д1 ахьушйолчо:
Вай ладуьйг1ира шайн дахар а, кхоллам а къасттина чолхе а, хала хиллачу яздархойх лаьцна. 1 едало сий дайина, бехбина, ц1ераш яйина хиллачу яздархойн ц1ераш юхаметтах1иттийна ца хиллехь (возвращенные имена), вайна довзаза дуьсур дар& дерриге а цара вайна делларг.
Цара вай халкъан культурехь, дахарехь цкъа а йовр йоцу йоккха Лар йитина. Шайн дин д1а ца тосуш, оьздангаллех ца бухуш, шайн мотт ца бицбеш, шайх эца масал дитина цара т1аьхьенашна, исбаьхьаллин хазалла а йитина. Бахар а, балар а хилла церан хаза. Вайн нохчийн даима а хилла динца дерг ч1ог1а, къинхетаме хилар, carl а далар, закат далар.
Закат д1адалар санна ду тахана уып буьйцуш вайн цхьаьнакхетар. Ссылкашкахь, набахташкахь хилла ца1аш, шайн халкъацамахках баьхна уьш. Амма кхолламо махкана гена бахарх цкъа а ца дицдина дай баьхна латта, хьомсара нана-Даймохк.
Вайн дерриге а халкъан кхоллам цхьа кхоллам хилла д1ах1оьттира 1944 шарахь 23- чу февралехь. Цхьана дийнахь-цхьа кхоллам- цхьана халкъан!
Стих «Дага1ийжамхойн чурт» д1айоыиу.
Карладели, юха а карла,
Шовзткъе и доьалг1а шо. .
Лайна хало, хьегна бала,
Делхий дегнаш нехан цо.
Таханлерчу гуламо.
Беллачарна гена махкахь,
И чурт xIottoih делхий цо.
Пайракх огуш, кечдеш наха Д1ах1оттий и т1улган чурт Карладели махках даьхна, Буьрса денош, ирча сурт.
Ц1а сатуьйсуш, винчу махка 1 ожалло вайх къастийна. Хийла доьзал Сибир-махкахь, Каш а доцуш бисина.
Мацаллина бесташ белла,
Д1 абохка а ца кхуьуш.
Дага1ийжамхой биц ца белла,
Юха а карлабевли уып.
(автор: Орцуев М.)
Д1ахьушйолчо:
Шайн дедайша, денаноша ц1 ера дахарх лаьцна дийцинарг довзуьйтур ду вайна.
5. Д1 ахьушйолчо:
Кхолламо Даймахках баьхна уып, жима воккха а, къона а, могушниг, помгашниг.
Цхьаннах а ца бира къихетам. Адамаш! Декъаза адамаш! Кхоллам! Декъазчу адамийн кхолламаш.
Стих д1айоыиу 9 «б» классера дешархочо.
Иишхаьлла, лаг сеттош,,
Хьаькам лен волу,
X1 ора дош % 1 аьвше ду,
Дагах чекхдолу:
«1едална ямартло аш Ярна хийла,
Махках шу даха,
Сацам бу хилла».
И х1ун ду цо дуьйцург?
Хьан бакъо елла?
Суд юй кху дуьнен чохь,
Я закон дела?
Дийнна халкъ бехке дан,
Мила ваьхьна, ала.
Суд юй кху дуьнен чохь Халкъ бехке лара.
Исторехь цахезнарг,
Цахалларг цкъа а.
Хьераваьлла стаг сацо Вац теша цхьа а.
Инзаре и г1алаш Хьаьнгара даьлла.
Сталина д1ахаахь Коьртаха ваьлла.
)
I,
Дакаев Са1идбекан байт «Даймохк» (дешархочо дагахь йоыиу). Ма сирла ц1а ду хьо,
Хьоме Даймохк!
Сан кийрахь деттало Хьан аьрха дог.
Ладоьг1у ас цуънга Ойлане волий, 4 Деттало шатай па Еш сунна г1оли.
Ма хаза сурт ду хьо Ца 1ебаш хьежарх!
Де-дийне ч1аг1луш бу Сан хьоьга безам.
Хьан къона к1ант ву со,
Кху дийне кхаьчна Хьан сибат сан б1аьргийн Нуъро схьалаьцна.
Хьан лекхчу лаьмнашка Хьоьжу со тахана.
Даима со хьоьстуш Уьш соьца хилла*
Турпала садоь1уш Лаьгга уьш майра.
Шайгарчу марзонах Бузош сан кийра.
1аламо хазйинчу Хьан бошмийн кийрахь.
Шал шийла шовданаш Халд аза дека.
Хьогалло гатвина Некъашца лелаш.
Церан хиш мийлина Даггара дезаш.
Сан Даймохк. хьоме мохк.
Къонахийн нана Хьо хестош сан иллеш Д1ауьду генна.
Дийцарца хьан хазчу 1аламах лаьцна Па-бацо литтина Ц1ена дош хецна.
«Нанас берахь дуьйна» (хор). Дикаев Мохьмад - автор. Нанас берахь дуьйна Суна хьо марзбина Хьоьга дагар дуъйцуш.
Хийла ойла йина
Сан дай баьхна латта. ^
Сан ирс долу' Даймохк.
Ахь кхиийна ахи стаг вина г 2 Со новкьа велира.
Хьуна гена ваьлча,
Генахь зама яьлча,
Даго лоькху зурма Суна хьо хетара,

Сан дай баьхна латта,
Сан ирс долу Даймохк,
Малх бицбина, нур кьагийна Сунна хьо лепара.
XIopa йог1у кхане Хьоьца йоккхур, бохуш.
Винчу махка кхача Ас сатийсинера,

Сан дай баьхна латта,
Сан ирс долу Даймохк,
Хьох кьаьстина, дог диллина 1алур ца хиллера.
4
Нанас берахь дуьйна Суна хьо марзбина Хьоьга дагар дуьйцуш Хийла ойла йина Сан дай баьхна латта.
Сан ирс долу Даймохк.
Ахь кхиийна, ахь стаг вина Borlyp декъалхилла.
Абузар Айдамировн «Вина мохк» байт (д1айоьшу дешархочо). Бераллехь со хьоьха Къаьстинчу хенахь,
Суо жима бер долуш Ас ма биттара,
Карий хьо ас дагахь Латтийнчу суьрта^ь Сих-сиха гкнаха Сунна ма-гарра.
Ахь со ткийцира,
Нанас бер санна,
Хьаьстина хийла са Тийсинарг хьайга.
Хьан лаьмнаш, аренаш.
Баьццара хьан наш Ас дагахь ларйина Массанхьа сайца.
Ткъа х!инца ца 1ебаш Хьоьга мел хьежарх.
Г у л акха вуъйлуш ^с Хьоьга б1аьрг бетта.
Сийначу духарца Кхелина 1алам,
Шен к1ант - со ткэца Кечделла моьтту.
Хьох хьегош, со х1унда хьийзаво кхело?
Ишта а вайн оьмар дс^г 1аббол яц.
Ахь тасахь - кхин мохк бац сан дог-б1аьрг дело. Хьан некхах д!ахадахь - кхин кхача бац.
Геналлехь хан яларх, хетац хьо хийра, Муьлххачу хьан маьПехь хета сайн ц1ахь. .. .Берриг хьо тарби ас сайн жимчу кийра. Со велча - хьайн кийра тарвелахь ахь.
Я фонограмма, я дешархойн хоро д1алокху: эшарш «Пум-Азин арахь», «Ц1ен-берд».
Къоналло Гехавой, оьций д1ахьой,
Ял йоцуш вирзинарг, лар йоцуш вов.
Уьйрашна вицвелча, Далла а вицлой,
Базло бах лахьти чохь унханан тхов.
Даим со хьегначу Ц1ен-Берде г1ой,
Цуьнга бГаьрг тохалаш, аьтту хилахь.
Цигахь диънера сайн бераллин той,
Цигахь лиънера сай чурт а, хилахь.
Пеллой lain хетало безна и мохк.
Малх хьуллуш б1аьрг тоьхча генара д1а,
Хьомсара ламанах хьерчаш 1а дохк - Гуш сана хеталой, вехха со 1а.
Дог-мерза гул а лой, Ц1ен-Берде г1ой,
Дагахь хьу ясталаш б1аьста, гурахь.
Сан метта б1аьрг тохий, сан бГаьрга гой.
Сан берд аш хвастал аш, ганза со л ахь.
Цигахь диънера ас бераллин той,
Цигахь лиънера сайн чурт а дагахь.
Пепнаш к1ел т1улг бог1ий, гонаха берд хьой. Безамна б1арлаг!а^лаш цигахь.
Дакаев Са1идбек «Нохчийчоь» (дешархочо байт юьйцу). Дуъне хьоьстуш Ховха 1алам доьлу,
Стигла екхна,
Йоцуш марха, дохк.
Башха хазлуш,
Денна серлаюьйлу,
Сан Нохчийчоь - Лаьмнийн маьрша мохк.
Д1огахь курра,
Стигла айабелла,
Башлам лаьтта,
Дерриг тергалд^ш.
Маржа зама,
Хьо мел хийцаелла Парг1атонна Юентий г1иттабеш.
Сайн ницкъ хилча
Хьан сурт даг чохь дуьллуш,
Кхуллуп лапа
4
1