Айдамиров А. «Ненан мотт»
(1929-2005)
МБОУ «СОШ №1 с. Гехи»
.
Хьехархо: Астамирова А.А.
Лаьар-кха сайн оьмар
Жимма яхлойла,
Хьомечу халкъана,
Махкана ваца
/Абузар Айдамиров/
А. Айдамиров «Ненан мотт»
Со вина Кавказан ломахь,
Къоьжачу баххьашна юккъехь.
Аьрзунийн баннашна лулахь
Нанас со кхиийна берахь.
Цигахь со набарна товжош,
Цо олу аганан илли
Декара, дог хьоьстуш довха,
Сан нохчийн маттара илли.
Сарахь цо туьйранаш дуьйцуш,
Со цунах хьерчара кхоьруш,
Я халкъан илли цо олуш,
Д1атуьйра цо набара хьоьстуш.
Шаьш хьегна баланаш балхош,
Вайн халкъан турпалхой хестош,
Дайн-дайша даьхна и иллеш
Декара, дог 1ийжош, доруш.
Цу иллийн дешнашца гора
Даймехкан исбаьхьа суьрташ,
Маршоне, Даймахке безам
Вайн дайша къийсамехь гайтар.
Ненан мотт хьуна т1етийжаш,
Хьоьца шен баланаш балхош,
Хьоьца шайн дог-ойла г1иттош,
Ловш 1ийра уьш буьрса денош.
Хьоьца ду суна мел дезнарг,
Вина мохк, нанас сан хьестар.
Хьоьца ду сан велар, велхар, Дахаре сан болу безам.
Хьоьца ду суна мел дезнарг,
Вина мохк, нанас сан хьестар.
Хьоьца ду сан велар, велхар, Дахаре сан болу безам.
Бекалахь ненан мотт, тахна,
Дуьнене машаре кхойкхущ
Лаьтта т1ехь Къинхьегам, Нийсо,
Вошалла, Ирс, Машар кхайкхош.